Тунтуев Аюба тIе ца буьту бехк

Ростов-ГIалахь кхеле валийначу Тунтуев Аюба бехк луьстучу хьалхарчу кхеташонехь дIахьедина, шена хIинца тIетоьттучу бехкана ша декъалара цахилар. 2000-чу шарахь оьрсийн эскархошна тIелатар динчу тобанехь хилла аьлла, юха а дов хоттуш ду Веданан кIоштарчу Хоттунерчу вахархочун Тунтуев Аюбан.

2005-чу шарахь Теркйистехь теракт дина аьлла набахтехь даккха 24 шо хан токхуш вара Тунтуев Аюб.