Мосулехь лаьцначу нохчийн йоIан накъостана ен кхел йина Иракъехь

Иракъерчу Мосулехь лаьцна Германера йоI Линда.

Your browser doesn’t support HTML5

Мосулехь лаьцначу нохчийн йоIан накъостана ен кхел йина Иракъехь

ДАIИШ тобанан могIаршлахь а хилла, цул тIаьхьа Мосул юьтучу хенахь Иракъерчу эскархойн карабахначу зударех дуьххьарлерачунна ен кхел кхайкхина Иракъерчу Iедало.

Германера Халипатан могIаршлахь тIом бан я ДАIИШ-ан тIемалошна гIо дан бахана хиллачу зударех цхьаъ ю иза. Хьалаолларца ен кхел йина йолу зуда Мароккора орамаш долуш ю.

Цуьнан 50 шо ду. ДАIИШ-ах дIакхета Иракъе ша яхале Германерчу Маннхайм гIалахь ехаш хилла немцойн паспорт долу Ламия цIе йолу зуда.

Иза ДАIИШ-ан могIаршлахь хиллачу Германера дIаяханчу еа зудчух цхьаъ ю. Масех бутт хьалха Ламия лоцучу хенахь цуьнца цхьаьна лецира цуьнан йоI Надя а, немцойн къомах йолу им диллина бусалба кхиазхо Линда а.

Яра цаьрца иштта Германера дIаяхана Фатима цIе йолу нохчийн къона зуда а. ХIинца цу еаннах уггаре а йоккхахчунна хьалаолла кхел йина иракъхойн Iедало. Ткъа вукху кхаана дов хIинца а хаттанза ду.

Ламия ша ДАIИШ-ах дIакхетале им диллинчу немцочуьнгахь марехь хилла. 2010-чу шарахь дуьйна цуьнан интернетера жигаралла толлуш хиллачу немцойн полисхошна радикалечу сайташкахь пропаганда яржорца билгалъялла хилла иза. Немцойн къайлахчу сервисаша цунах лаьцна кхоьллинчу досье тIехь билгалдаьккхина ду, и зуда цкъа хьалха радикалечу исламхойн даIаваташ немцойн матта гоч а деш, уьш даржош яра бохуш.

Шемахь тIом баьллачул тIаьхьа цига баха резаболу кегирхой лоьхуш а, царна юккъехь пропаганда еш а хилла иза, Iедалхоша чIагIдарехь. 2014-чу шарахь иза ша а дIаяхна Шема. Шеца шен цу хенахь кхиазхо хилла йолу йоI йигина цо. Цкъа хьалха ДАIИШ-ан коьртачу шахьарахь Раккъахь Iаш хилла йолу иза цигахь цхьана тIемалочуьнга маре яхана. Цигахь кхин цхьаъ бер дина цо, амма иза жимма тIаьхьа делла.

Иракъерчу кхело шен сацамна бух балош чIагIдарехь, Ламия вуно жигара рол ловзош хилла ДАIИШ-ан талорашкахь. Цо «террорхошна логистикан гIодеш а хилла, церан леламашна боккхачу тешамца белшашгIортош а хилла» - иштта элира журналисташка БагIдадерчу кхелан белхахочо.

Иза дацаре до кхело ен сацам бинчу зудчо. Немцойн къайлахчу сервисан векалш шеца Иракъерчу набахтехь къамел дечу хенахь цо аьллера, ша цхьанна а хIуманна бехке яц, аьлла. ДАIИШ-ера цхьа тIемало веза а велла, и бахьана долуш Шема яханера ша, аьлла.

Ламиян хьокъехь кхело бина сацам кхочуш маца бийр бу хууш дац. Хууш дац иштта, кхечу цуьнца лаьцначу ДАIИШ-ерчу зударшна, шайна юккъехь нохчо а йолуш, кхело хIун таIзар дан сацам бийр бу.

Венерчу университетан профессор Шмидингер Томас дуккхаъчу шерашкахь радикалхойн кхолламаш толлуш ву. Цо дуьйцу, Иракъерчу низамо къастам ца бо, ДАIИШ-ан могIрашлахь тIом бинарг зуда ю я боьрша стаг ву бохучунна юккъехь, бохуш.

Бакъду, шаьш лийцина эзарнаш ДАIИШ-ера зударий хьалаохка сатессина иракъхойн урхалла а яц боху цо: "Иракъерчу низамца террорхойн декъа хилларг вен вогIуш ву. Цу низамо къастам ца бо, масала, цхьа боьрша стаг ву ДАIИШтобанахь тIом бан вахнарг я цу тобанна инфраструктурехь я вуьшта муьлхачу а агIор гIодеш хилла зуда ю лаьцнарг.

И бохург ду муьлхачу а ДАIИШ-ехь дакъалаьцначу персонина Иракъехь вен кхел кхайкхон йиш ю – зударшна а, божаршна а. Амма Иракъерчу урхаллин интерес яц, эзарнаш зударийн хьалаохка.

Мелхо а, шаьш цу зударшна а, церан берашна а хIун дийр ду ца хууш проблема ю цу урхаллехь. ХIунда аьлча, и зударий цига дIабахана болчу пачхьалкхаша хIинцалца схьа цкха а интерес гойтуш яц, царна хIун дан деза бохучунна".

Немцойн урхалла къахьоьгуш ю, и зуда ен кхело бина сацам цунна набахтехь яккха хан тохарца Иракъерчу Iедалшка хийцийта гIерташ. Цу Iалашонца БагIдадера Германин векал масийтаза иракъхойн урхаллин декъашхошца цхьаьнакхетта аьлла хаам бира журналисташка Германин арахьарчу гIуллакхийн министраллин векало.