Бакъонан метта къаьркъа а, дешан маршо а: Нохчийчохь хьалхара тIом болуш хилла журналисташ

Инарла Лебедь ву Оьрсийчоьнан журналистийн хеттаршна жоьпаш луш Нохчийн Ичкерия Республикехь дийцарш дIадаьхьначул тIаьхьа, 1996-чу шеран гезгамашин-бутт

Дуьххьара Нохчийчохь тIом боьду мур - башха хан йу Оьрсийчоьнан журналистикана. Дукхахболчу хаамийн гIирсаша маьршша дуьйцура оцу конфликтах лаьцна Iедалшна товш доцург а, принципиале дерг а. Оцу заманчохь журналисташ бетталлора пачхьалкхан херонах, кампанийн дуьххьара дезинформаци лелон гIертарх, салтийх а, Ичкерин маршонехьа гIертачу цхьаболчу гIаттамхойн гамонах а.

ТIеман журналисташа муха болх бира Нохчийчохь хьалхара тIом болуш? Бозуш боцчу хаамийн гIирсийн маршо иштта сиха кхача стенна йира? Ичкерин Iедалхошна билггал битира Кремло информацин тIеман толам, муха хаало и тахана Оьрсийчоьнна тIехь? И хеттарш Кавказ.Реалии сайто дира, хIетахь Соьлжа-ГIалахь хиллачу Оьрсийчоьнан а, арахьарчу мехкийн а репортерашка. Уьш лоьцура цигахь, церан балхана тIелетарш дора.

Бомбанех лечкъина Нохчийчоьнан бахархой газет доьшуш бу. 1994-чу шеран дечкен-беттан 24-гIа. Неменов Александран а, Морковкин Анатолийн а сурт

"Уьш цигахь бац"

1991-чу шеран дечкен-баттахь, марсхьокху-беттан путч хилла, СССР йоьхначул тIаьхьа Оьрсийчохь низам тIеийцира "Хаамийн гIирсех". Цо дIакхайкхийра дешан маршо, йихкира муьлхха а цензура а, информацин пачхьалкхан монополи а, иштта бакъо йелира бахархошна а, организацешна а дуьхьало а йоцуш шайн зорбанаш арахеца.

Телерадиокомпанийн а, зорбанан гIирсийн а доккхаха долу дакъа пачхьалкхан карахь дара (РТР, ИТАР-ТАСС, "РИА Но­вос­ти", "Рос­сий­ская га­зе­та"), амма 1992-чу шеран йуьххьехь гучубийлира долара хаамийн гIирсаш а. Къаьсттина йаккхий медиагруппаш олигархийн долахь йара: "Сибнефть" Березовский Борисан (ОРТ, "Коммерсанть", "Национальная служба новостей), "Мост-банк" кхоьллинчу Гусинский Владимиран (НТВ, "Новая газета"), "Норникель" долахочун Потанин Владимиран ("Известия", "Комсомольская правда").

Нохчийчоьнан Ичкери Республикехь хуьлуш долчун леррина терго йан буьйлабелира официалехь хьлхара тIом дIаболабалале керла зорбанан гIирсаш. 1994-чу шеран лахьан-беттан 26-чохь президентана Дудаев Джохарна оппозицихь йолу Ханна вовшахтоьхна кхеташо вербовка йинчу Оьрсийчоьнан эскархошца цхьаьна Соьлжа-ГIала чугIоьртира. Штурмехь дакъалецира мел лахара а 1200 стага, 40 гергга танкаш, гIагI диллина тарнспортераш, йаккхийчу машенашкара автомат кхуьйсурш а. Соьлжа-ГIалин йуккъе кхаьчна уьш, боьгIначу гуро лецира – Дудаевн эскаро колонна хIаллакйира.

Дудаев Джохар, Нохчийн Ичкерия Республикин хьалхара президент

Йийсаре ийцира 21 танкхо, хаамбира Свобода Радиохь. Ичкерин президентан пресс-гIуллакххоша оцу йукъанна дIахьедира 70 гергга эпсар лаьцна аьлла, царех цхьаъ эххар а кхелхира. Салтийн нанойн Комитето хаамбира, буьйцурш Кантемировн дивизин салтий а, эпсарш а бу аьлла.

Соьлжа-ГIалана динчу тIелатарна шаьш гунахь дац элира Кремло. Оьрсийчоьнан тIеман министран Павел Грачевн дешнашца, нагахь санна Нохчийчохь билггал Оьрсийчоьнан десантхой хиллехь, "шина сахьтехь йист йоккхур йара проблемийн", ткъа "къепе дIанисйан тоьар йара десантхойн цхьа полк". Нохчийн агIо йиллина йара – шолгIачу дийнахь, лахьан-беттан 27-чохь, йийсаре лецна оьрсийн танкхой масех телеканалан керлачу хаамийн эфирехь гайтира. Шаьш штурмана бехке дац аьлла, керстдан кхин дIа йиш йацара Кремлан.

Черкасов Андрей

Йийсархошца видео дуьххьара нахала йаьккхира НТВ канало, хIетахь цигахь болх беш вара тележурналист, тахана "Смотри в оба" подкаст дIахьош волу Черкасов Александр.

"Оцу йийсархоша кадрехь шайн цIераш йохура, шайн тIеман дакъойн цIераш а, бакъ дац бохийла йацара. Журналисташа декхаребира хьаькамаш а, тIемалой а уьш йийсархой хилар бакъдар, нохчийн чоьхьара къестамаш бун йолахой бу а ца бохуш", - элира Черкасовс редакцица хиллачу къамелехь.

Фотографан, "Собеседник" газетан а, "Столица" журналан а лерринчу корреспондентан Воронов Владимиран хIетахь аьтто хилира вербовка йинчу салташна мел ахча делла хаа. Цо дийцарехь, шина йийсаре эцначу танкхочуьнца хилла интервью "зорбане йаьккхира цхьа а цензура а йоцуш".

"Цхьаъ прапорщик вара, тахана санна дагайогIу суна цуьнан фамили – Потехин. Йогучу танк чуьра иза хьалаваьккхинера нохчаша, йуьхь а, ший куьйг а даьгнера цуьнан. ШолгIа соьца къамелдинарг – сержант-салти вара Чикин, контрактхо ву аьлла дIакхайкхийнера иза. Цара дуьйцура шайна вербовка муха йира. И динчун цIе а цхьана йоккхура цара, - дивизин къастийначу декъан хьаькам, подполковник Дубин хиллера иза. Царна 300 долларш ахча а делла – дIахьовсийнера уьш", - дагалоьцу журналисто.

Потехин Николай а, Чикин Алексей а Оьрсийчоьнан агIоне дIавелира кхинболчу йийсархошца 1994-чу шеран дечкен-беттан 9-чохь.

Танкашца штурм йеш 1994-чу шарахь хилла эпизод Кремлан уггар а хьалхарчех миф хилира – "Уьш цигахь бац" аьллачу цIарца. Оьрсийчоьно кхин дIа а масийттаза пайдаийцира цунах, масала, 2014-чу шарахь ГIирмина аннекси йеш, Донбассехь тIом боьдуш, Украинана тIелеттачу хенахь салтех лаьцна а.

Шуьйтахь бу оьрсийн салтий. Неменов Александран сурт

Iайн пазаташ"

Муьлххачу тIамехь а даим а хабарш хир ду – цхьадерш бух болуш хуьлу, цхьадерш шайггара дуьйцуш. Амма тIаьхьо гучуйер йолу пропаганда, Гуьржийчохь 2008-чу шарахь тIеман конфликт иккхинчу хенахь, Шемахь, Украинехь, хьалхарчу Нохчийчуьра тIамехь хилла йацара, билгалдоккху Черкасов Андрейс.

"ХIетахь ишта болх бан а ца хаьара. Моьттура, и оьшур а дац, Нохчийчуьра конфликт сиха дIайоьрзур йу. Даккхий ахчанашца, технологешца, концепцица йолу пропагандин машен гучуйаьлла, йаьржина хIинцалера Iедал долуш", - бохура журналисто.

Делахь а, оьрсийн салтий тIамехь бацара, йолахой бара цигахь боху миф йоцург а, официалехь эскарш чудахийтинчул тIаьхьа кхин цхьа "кIайн пазатех" миф а гучуйелира. Иштта олура Оьрсийчоьнан буьйраллина йукъахь, Ичкеригахьа тIемаш бечу арахьарчу пачхьалкхара йолахойх- зударех.

"Оцу "кIайчу пазатех" лаьцна репортаж а цхьаьна арахийцира: "Снайперийн-зударийн банда хаайелла" аьлла. Ма-дарра дийцича, цхьа а снайперш бацара уьш, журналисташ бара: "Новое время" гIирсера Ковальская Галина а, "Известия" газетера Дементьева Ирина а, - дагалоьцу журналисто Воронов Владимира. – Керлачу шарахь Дудаевн шахьарана штурм йале хьалха баьхкинера уьш Соьлжа-ГIала. Бомбанаш йеттара, шайн зударийн тIелхигех йуьзна рюкзакаш охьа а тийсина, шаьш лаьцначу петарера бевддера уьш, цул тIаьхьа йуха цу чу баха аьтто ца хиллера. ТIаьхьо оцу петар чохь цхьанна хIуманаш карийча кхоьллинера Прибалтикера кIайн пазаташ йоьхна снайперш-зударех лаьцна миф".

Оьрсийчоьнан агIоно дIахьедора "Афганистанера Iаламат дукха йолахой" бахкарх а, дуьйцу корреспонденто. Оцу йукъанна, Нохчийчохь цунна дуьхьалкхетта оццу арахьарчу мехкийн бахархой, цо дийцарехь, йа журналисташ бара, йа арахьарчу "ЦIен жIара", "Доза доцу лоьраш" миссийн векалш бара уьш.

Соьлжа-ГIала. 1995-чу шеран дечкен-беттан 25-гIа де

1994-чу шеран дечкен-беттан 11-чохь Iуьйранна оьрсийн эскарш Соьлжа-ГIала гIоьртира кхаа агIонгара: Буьри-ГIалара ГIалгIайчухула, Къилбаседа ХIирийчоьнан Моздокан кIоштара а, Дагестанера а. Оцу хенахь дуьйна журналистийн проблемаш йоьзнера дIасалеларца, аьлла хета америкахойн Worldwide Television News (WTN) агенталлин продюсер хиллачу Сошин Дмитрийна.

"Конфликтан жигара фаза йолайаллалц журналисташ Буьри-ГIала богIура, парггIат Соьлжа-ГIала баха аьтто бара церан, йоллу республикехула буьйлабелла лела, цхьа а проблема йоцуш. Эскарш чудигинчул тIаьхьа цига кхача хало дара – Минералан хиш гIалин агIор чудоьлхура тхо, автобусаш лоьцура оха, долара жима машенаш а, иштта Соьлжа-ГIала кхочура тхо. Дикка чолхе бара и некъ, цкъацкъа чIогIа кхераме а хуьлура", - боху Сошина.

Официалехь долчу кехато ца ца босту некъ, ши ши къаьркъано чIогIа атта боьллура

Цхьаболчу корреспондентийн аьтто белира нохчийн делегацица республике чубаха, Оьрсийчоьнан Iедалхошца Буьри-ГIалахь дIадаьхьначу дийцаршкахь дакъалоцуш бара уьш, дагалоьцу пачхьалкхан ТАСС агенталлин фотографо. Кхерамзалла ларйеш, шен цIе къайлайахьар дийхира цо. Дийцарш дуьйладеллера дечкен-беттан 9-чохь, уьш йукъахдевлира официалехь тIом болабеллачул тIаьхьа – нохчий машенаш чу а хевшина, Соьлжа-ГIала йухабахара, оцу кортежца аьтто хилира цхьаболчу журналистийн гIала кхача.

ГIалгIайчуьра таксхошка гIо дийхира "Собеседникан" журналисто Воронов Владимира. Соьлжа-ГIала чугIойла дара Къилбаседа ХIирийчуьра Моздокехула а, амма и некъ биллина бара Оьрсийчоьнан тIеман министраллица барт бина, Оьрсийчоьнан тIеман дакъа долчу воьдуш а пурба оьшура.

Аккредитаци а, къаьркъанан шиша а

Нохчийчоьнан дозана тIехь болх бан бакъо лора журналисташна зорба тухучу пачхьалкхан комитетехь кхоьллинчу Хенан информацин центро. Башха чолхаллаш ца Iитталора бакъо йоккхуш, тхоьца къамелаш динчара бахарехь. Цхьа хуьлуш ма-хиллара процедура йара: редакцин цIарах официалан кехат дохьуьйтура пресс-центре, цуьнца цхьана сурт а, журналистан паспорта тIера хаамашца кечйина анкета а. Делахь а, аккредитацеш йоцург а, Оьрсийчоьнан Iедалхоша тIеман хенахь прессаца муха болх бан беза хьоьхуш цхьана а кепара инструкци арахецна йацара.

ТАСС агенталлин белхахочо дагалецарца, официалан агенталлин векал воллушехь, федералан эскарийн агIор болх бан аьтто банне а бацара. Пресс-центрашкахь латтабора корреспонденташ, цхьа наггахь, дукха хьолахь зIенаш йолчун, ка йолура декъе кхача.

"Штабехь болчара болх бан ца вуьтура, ткъа салтий кхоьрура чIогIа. Нохчий къамеле бовлура, ткъа тхайчара фотограф гучуволлушехь герз ойбура, тхан коьртеш тIехула кхийсарш йеш. Уьш-м, 18 шераш долу, Iадийна, гIорийна бераш дара", - дагалоьцу фотокорреспонденто.

Оьрсийн салти. Нохчийчоь, Хьалха-Мартана. Неменов Александран сурт

Оьрсийчоьнан агIонца болх бан таро цахилар билгалдаьккхира ишта Воронов Владимира а – 1995-чу шарахь оьрсийн эскархоша лецира иза шайн Ханкалара базехь цуьнан коллегица цхьаьна.

"Схьа ма кхоччура, пресс-центрехь соьцура тхо, республике кхача гIерташ. Аккредитаци а йолуш, официалан командировка и йоллушехь – гIуллакх ца хуьлура. Сайн зIенех тасавала дийзира сан. Тхуна хьийхира тIом болчу метте вертрлет тIехь гIо аьлла, амма Ханкала кхача везара цкъа хьалха. Цигахь къаьстира, беракема шолгIачу дийнахь бен хир дац аьлла. Цхьанхьа буьйса йаккха меттиг оьшура- уллохь йара пачхьалкхан зорбанан гIирсийн журналисташна лерина пресс-центр. Эскархойн доккха четар, 50 стагана- аьхна дара и. Цига дахара тхо. Цигахь тхоьга хоьттура: "Шу муьлш ду? Кхуза муха кхаьчна? Чу вуьту бакъо йуй?". Тхешан аккредитацеш дIагайтира аса, документаш, редакцин кехат, амма тхо лецира", - дуьйцу Вороновс.

"Дечиган хьаштагI" система, чохь цIано йен кехат дац, цуьнан метта – тIеман министраллин а, "Красная звезда" а газеташ

"ЧIогIа оригинале" дара боху цо лацар – журналисташ оццу 20 стагана леринчу пресс-четар чохь латтош бара белхан накъосташца цхьаьна.

"Бара цигахь "Красная звезда", "Парламентан газетин", "Оьрсийчоьнан газетин" белхахой. Царна мегаш дара федералашца болх бан, тхо - лецира. Четарчуьра арадовла йиш йац тхан, хIума кхалла кхузза дуьгура тхо, автоматаш бухахь. ШолгIа дуьгуш, эскархошна кIордийначух тера дара - герз доцуш богIура иза. Туалете а – конвойца. "Дечиган туалет" система йара цигахь итт стагана охьахаа меттиг а болуш. ЦIано йен кехат дац, цуьнан метта – тIеман министраллин а, "Красная звезда" а газеташ", - дагалоьцу Вороновс.

Чехин "Лидове новины" газетан корреспонденто Прохазкова Петрас дийцира Кавказ.Реалиин редакцтина, Оьрсийчоьнан аккредитацино кхин дIоггара гIо а ца дора журналисташна аьлла: "Тхан карахь йара и бакъо, ткъа салташа а, кеп-кепарчу тIеман хьаькамаша а шайна хеттарг дора. Цаьргара цхьа информаци йеха чIогIа хала дара. Блокпосташкахь кхаьънаш даларо гIо дора тхуна – къаьркъанан ши шиша делча дехьадовлийла йара тхан маьршша, кехато бакъо ца лора".

Прохазкова тешна йу, оьрсийн салташна дукхахболу журналисташ мостагIий хетара – ша къамеле ваккха хьийзачу цхьанна тIелеттера царех цхьахволу салти, ткъа Оьрсийчоьнан агIоно дечу тохаршна бухахь масийттаза нисйеллера журналист.

"Соьлжа-ГIалина гена доццучохь федералаш йохийна бахархочйн машенан сурт даккха хIоьттинера тхо. ГIали чохь IалагIож йара, дукхахберш дIаоьхура, IалагIож некъашца а йара. Оха камера хьала ма йоккхура, оьрсийн салташа герзаш детта долийра. ХIетахь тхо кечдина дацара, тхо "Пресса" йу аьлла, довзийта цхьа а билгало а йацара. Цхьана агIор, оьрсийн салташна тхо мила ду аьлла хета тарлора. Вукху агIор, камераш а, фотоаппараташ а йара тхоьгахь, амма Iовдална бен ца хуийла дацара тхо тIемалой доций. МогIарера нохчий тхо хиллехь а, тIаккха а тхуна тIе герзаш детта бакъо йацара церан. Ткъа цара диттира. Масийттаза дина хIума ду и", - боху Прохазковас.

Прохазкова Петра

Цхьана дийнахь ""Пресса" тIейаздина, ша эцна билгалонаш белхан машенан тховтIера дIайаха дийзира Прохазковин. Журналистийн тобана тIехь оьрсийн беракема дара терго латтош, уьш кхерабеллера, шайна тIе тохарна.

"Дуьненайукъара низамаш, бакъонаш Оьрсийчоьнан салташа лардийр ду аьлла, тешна Iойла дац. Дукхахболу журналисташ царан мостагIий хетара, хIунда аьлча, тхо тIамна дуьхьал дара. Билгалонаш лечкъийна ца Iаш, наггахь тхан хьулйан дезара гIагI диллина жилеташ а цхьаьна, эскархойн агIор агресси меттах ца йаккхархьама", - дагалоьцу журналисто.

Шуьйтара дIабоьлху оьрсийн эскархой. 1996-чу шеран чиллан-бутт. Неменов Александран сурт

Нохчий а, журналисташ а

WTN-н продюсеро Сошин Дмитрийс дийцира, аккредитаци нохчийн агIор болчарна а оьшуш йара аьлла: "Амма кехат, масала НТВ-н белхахочун, дIагайтина Iен а мегара. ХIунда аьлча, хIетахь массара а леррина терго йора оцу конфликтана тIехь, бевзара корреспонденташ – документаш хьала ца даха а мегара, нагахь санна, суьйранна хьан репортаже нохчийн тIемалой хьоьвсинехь".

Оцу йукъанна Прохазкова Петрина шена хенахь цхьаъ кхаьчна ца Iаш, масийтта аккредитаци йелира: "ХIетахь хIора нохчийн куьйгалхочо, политико, гIаттамхойн командиро дIасалора штампаш йиттина кехаташ. Нохчашна дезара, официалехь документаш хилар: цо шаьш цхьа чIогIа хоьтуьйтура. Тхо сих-сиха оьрсашна тIера нохчашна тIе довлу, цхьана вовшахтохараллина тIера кхечунна, и голаш тIехь йаздина, картолгашца мухIар таIийначу кехаташа тхуна чIогIа гIо дора. Коьртаниг – Оьрсийчоьнан блокпостехь галдевлла Ичкерин борз тIехь йолу аккредитацин кехат ца гайтичхьана. Йа федералхойн кехаташ вукхарна".

Журналисто бахарехь, нохчий атта бовлу хабаре, хIунда аьлча, царна лаьара шайх лаьцна дIахаийта: "Нохчашна и тIом шаьш Iалашдеш беш бара, шайн хIусамаш ларйора цара, хIетахь йуьххьехь журналистийн безам бара нохчийн агIоне. ГIаттамхой, тIеман командираш, администрацийн куьйгалхой – массо а хьийзара оьрсий салташа динарг дIагайта. Царна гайта хIума дан а дара".

Нохчийн делегацин куьйгалхо Имаев Iусман ву журналистан хеттаршна жоьпаш луш. 1995-чу шеран товбеца-беттан 22-гIа де. Неменов Александран сурт

Ичкерин агIончашца къамел дар цхьа шатайпа дара – хIора тIемалочунна ша лакхара буьйранча хетара, дуьйцу "Собеседникан" журналисто Воронов Владимира. Амма аьтто бара церан позицешна тIевала – цхьана дийнахь журналисташ ца ларийнера дIабаха, нохчаша царна гайтинера йаьса петар, цу чохь буьйса йаккха мегар ду аьлла.

"Болх бан цара гIо дора аьлча а, новкъарло ца йора цара. Цаьрга хоттийла дара: "КIентий, оха шуьца жимма болх бо?". Уьш дуьхьало йоцуш реза хуьлура. Прессе паргIат хьуьйсура уьш, Ичкерихь интерес йара цаьрца. Цундела информацин тIамехь толам баьккхира цара", - боху ТАСС агенталлин фотокорреспонденто.

Адамийн бакъонаш Iалашйечу "Мемориал" Центран кхеташонан декъашхочунна Черкасов Александрна хетарехь, массарна а дацара нохчашца болх бан атта, царех массарна а ца безара журналисташ.

"Маса журналист дIатаIийра Бамутан кIоштахь? Цигахь висира Соросан Фондан эксперт, США-н вахархо Кьюни Фред, цуьнан гочдархо Олейник Галина, уьш дIасалелош хилла Оьрсийчоьнан ЦIечу ЖIаран Комитетан ши белхахо а. 1995-чу шеран чиллан-баттахь ичкерихоша Iуналла дечу дозанаш тIехь вайра "Невское время" газетин корреспондент Шабалин Максим а, Титов Феликс а. Веданан гонашкахь вайра Челябинскера "Акция" газетана болх беш хилла Терентьев Александр. Тоьпаш туьйхира "Общая газетан" журналистана Чайкова Надина. Иза, Терентьева а санна, ичкерихоша бехкейира оьрсийн къайлахчу сервисашца йукъахь болх беш йу аьлла. Дуккха а бу уьш кхин а охьабагарбан. Оцу агIор а, вукху агIор а проблемаш нислора журналистийн, и бакъ дацара бохийла дац", - дерзийра бакъоларйархочо.

Ичкерин векалийн пресс-конференци: Закаев Ахьмад, Гелаев Руслан, Ахмадов Дауд. 1995-чу шеран гIадужу-беттан 20-гIа. Неменов Александран сурт

Маршо?

1994-чу шарахь Оьрсийчоьнан телехьожийлехь кхо канал йара тоьлла лоруш: ОРТ (хIинца – Хьалхара канал), РТР (ВГТРК), НТВ. ТАССАан белхахочо дагалоьцу: "Къаьсттина дукха гуш-хезаш йара НТВ – цигахь болх беш йара барам боцу говзанчийн команда. Амма ала догIу, пачхьалкхан телехьожийлехь а арайуьйлура чIогIа дика репортажаш. ХIетахь цигахь массо а хIума йара болх беш: Iедалхоша лелочуьнца реза цахилар, цунах лаьцна эфирашкахь дийцар а магош дара".

РТР-на Нохчийчуьра кхачочу сюжетех жоьпалла Сладков Александрна тIехь дара. Карарчу хенахь "тIеман корреспондент" ву иза, Оьрсийчоь Украине гIортарна а тIетайна ву иза, Евросоюзан йоллу пачхьалкхаша санкцеш йаьхна цунна дуьхьал пропаганда лелорна. 1994-чу шеран дечкен-баттахь 27 шо долчу Сладковс Соьлжа-ГIалахь репортажаш йехира Оьрсийчоьнан эскаро дечу тохаршна бухахь, хIетахь шахьарна штурм йан кечлуш бара уьш.

"Бен-башха а доцуш тIейетташ йу. Оха боьха мотт буьйцу, керланаш кечдо, ткъа керланаш иштта ду тхан [кадрехь – байинчу маьршачу нехан декъий]. Ирча хьал ду. Цхьа Въетнам йу-кх. Стенна? Сан деда тIамтIехь кеманхо хилла ву, бархI шарахь аса айса а авиацихь гIуллакх дина, суна хаьа, тIамтIехь и стенна оьшуш йу. Амма кхузахь – нана йаларг ду …ХIа, ца лаьа царна вайца цхьаьна даха – берш хIаллакбан беза?", - боху Сладковс шен репортажех кечйинчу документалан фильмехь.

29 шо гергга хан йаьлча, Украинана дуьхьал тIом дIахьош, Сладков Александра декъалбо шена бевзаш болу кеманхой церан денца, дозаллица билгалдоккху Нохчийчохь хиллачу тIамехь дакъалаьцнарш шена бевзаш хилар.

"ТIеман корреспондентаца" зIе таса хьаьжира Кавказ.Реалиин редакци, хIокху текстана лерина цуьнга хеттарш дан, амма Сладков Александра жоп доцуш дитира оха шега дахьийтина кехат.

Оьрсийчоьнан полисхочо видео йу дIайазйеш шен доттагIех, Нохчийчуьра эскарш арадаха масех де дисинчу хенахь. Червленная станица. 1996-чу шеран дечкен-бутт

Билгалдаккха догIу, хенан йохалла Оьрсийчоьнан Iедалхошца боьзна боцчу гIирсийн журналисташа хийцира шайн хьежамаш а, позицеш а.

Свобода Радион корреспондентан Бабицкий Андрейн репортажаш Нохчийчохь ши тIом боьдучу хенахь Свобода Радион "седанан сахьт" дара боху бакъоларйархочо Черкасов Александра. Амма 2014-чу шарахь Бабицкийс масех репортаж йира Украинан регионашна тIехь контроль латточу сепаратисташца, ткъа оццу шеран гурахь радиостанци дIатесира цо. 2015-чу шарахь дуьйна Донецкехь вехаш вара иза, цо йукъарлонаш леладора Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсашца а, "ДНР" олучуьра прессица а, цо шога критика йора Украинана, тIехIуьттура президентана Путин Владимирна.

"Маьрша информаци дIакхачочу коьртачу хьастанех йара Нохчийчохь тIемаш боьлхучу заманчохь Свобода Радион репортажаш. Трансформаци хилаза волчу Бабицкийс эхI аьлла материалаш йора. Цхьана хенахь цуьнца цхьаьна Нохчийчохь болх беш вара Евтушенко Саша, иза а тахана пачхьалкхан хаамийн гIирсашца болх беш ву. ЧIогIа дика дагадогIу суна, тхо, Свобода Радио а, "Мемориал" а НТВ-н белхалошца Бамуте доьлхура, цигахь дийнахь пхиппа йийсархочунна тоьпаш тухур йолуш йу бохура. Тхоьца хилла НТВ-ра и кIант а дехьавелира ницкъан "Iаьржачу агIор", - боху бакъоларйархочо.

"Собеседник" газетин а, "Столица" журналан а корреспонденто Воронов Владимира тешамца дIахьедо, Нохчийчохь хьалхара тIом боьдучу хенахь цензура йацара, массара а "массо а хIума ма-дарра зорбане доккхура". Цунна хетарехь, цензура техникехь а хуьлийла дацара, цунна лерина тIеман хьал кхайкхон дезара йоллу пачхьалкхехь, хIора редакцина хьалха автоматашца нах а хIиттош.

Кремлан агIор Iаткъам хаабелла бац Нохчийчохь тIом бечу заманчохь Эстонин политикна, хIетахь журналист хиллачу Михкельсон Маркона а. 1994-1997-чу шерашкахь Москвахь арахьарчу хаамех лаьцна хаамаш йазбечу Postimees газетехь редактор вара иза, ткъа 1995-чу шеран чиллан-баттахь дIайазйира цо цу хенахь Ичкерин президент хиллачу Дудаев Джохарца интервью.

"Оьрсийчоьнан журналисташ башха къаьсташ бацара хуьлучух лаьцна дуьйцуш: цара съемка йора, гойтура, дуьйцура даггара шайна гуш долчух. Арахьарчу зорбанаша дуьйцучуьнца цхьана а кепара бIостане репортажаш, Оьрсийчоьрнан Iедалхойн цхьана а тайпа пропаганда суна хаайелла йацара",- боху къамелдечо.

Черкасов Александр

Бакъоларйархо Черкасов Александр реза вац цо бохучуьнца: "Пачхьалкхо тIехь контроль латточу зорбанаша кеп-кепарчу центрашкара, ницкъаллин хьукматашкара повестка доуьйтура. ХIаъ, Оьрсийчоьнан Iедалхойн хIетахь ницкъ бацара кхечарна доза детта, амма пачхьалкхера схьа мел хезарг инзаре дара. Цхьа а альтернатива а йоцуш, кху заманахь вайна хетарг тидаме эцча, оцу кепара претензеш тамашен хоьтийла ду, амма хIетахь инзаре хетара информцентерера а, МВД-н пресс-центрера а, иштта кхин дIа болчара а дуьйцург".

Оцу йукъанна Черкасовс билгалдоккху бакъоларйархоша зорбане йаьхначу материалийн маьIне хилар. Доккхачу декъанна, дуккха а тексташ, книгаш, артиклаш хIетахь арахийцира "Мемориало".

"Оха хьесапаш дира, мел къаьсташ йу шина агIонгара йогIу информаци: официозан а, журналистиан а, официалан информаци бозуш боцчу журналисташа дуьйцучуьнца бIостане лаьлча. "Тхан цигахь дацара хи бухула лела кема: КIур бааржаран хроника: Кизляр-Первомайское" книга цунах лаьцна цу", - элира бакъоларйархочо.

ХIун дуьйцийла йу ма-дарра аьлча? Информацин тIамехь ийшира цIенна

Биллгал Кремль, прессехь хадочу механа реза йоцуш, шайн куьйгакIеларчу зорбанашца бехкейира йозуш йоцу медиаш "политикан хьал эгIорна, дуьненайукъара авторитет а, пачхьалкхаллин баххаш а эгорна, пачхьалкхан а, армин а интересашна йамартбовларна". Президенто Ельцин Бориса дIахьедира, масех гIирс Ичкерин агIончийн ахчанаша латтош бу аьлла. Коьрта аргумент йара, нохчийн тIемалойн позици бен цара гойтуш йацар.

НТВ-н хилла журналист Черкасов Андрей аьттехьа а реза вац цуьнца: "ТIеман техникан ковра хIаллакйинера, дуккха а оьрсийн салтий байира. И лачкъадойла йацара, хIунда аьлча, Соьлжа-ГIалахь белхаш беш нохчийн агIор журналисташ а бара, дуьненайукъара агенталлаш а йара. 1995-чу шеран гIуран-баттера схьа дуьйна телехьожийлан тоба тIеман шина а агIор йолуш йара. Со НТВ-н хьалхарчу съемка йечу тобанца вара, федералан агIор Соьлжа-ГIала чуйеанера иза", - боху Черкасовс.

Оха хеттарш дина журналисташ реза бу, Нохчийчохь хьалхарчу тIамехь информацин Оьрсийчоьнан куьйгалла эшна хиларна. Ойу эшаман масех бахьана дара, чIагIдо журналисто Сошин Дмитрийс, прессаца къамелдаран протокол ца хилар – царех цхьаъ дара. Чоьте эца деза Ичкерин агIончийн лелар а, аьлла хета цунна.

"Цкъа делахь, Дудаевс сих-сиха интервьюш лора. Соьлжа-ГIалахь урхаллин гIишлона керла шо карадале, штурм йале денна бохург санна къамелаш дора цо журналисташца. Ичкерин тIемалойн командир Басаев Шемал вогIура нейтралан дозанаш тIе, зорбанашца цхьанакхетара, съемкаш йора оха цуьнца а. Цундела, шеко йац, со реза ву, агIо оцу бахьанашца тоьлаш йара информацин майданахь", - боху Сошина.

Цунна тIетов ТАСС-н фотокорреспондент а: "Цхьана парашютан полкаца оха хIара гIала схьайоккхур йу бохуш, тIеман министро а цхьаьна мохь бетташ хилча, эххар а берриш а ийгира цигахь, тIаккха хIун дуьйцур ду ахьа? Информационан тIамехь эшийнера уьш цIенна".

1996-чу шеран марсхьокху-баттахь Оьрсийчоьнна а, Нохчийн Ичкерия Республикана а йукъахь Хасав-Йуьртан бертан дийцарш дира. Берта бухахь куьйгаш йаздира ЧРИ-н тIеман ницкъийн штабан куьйгалхочо Масхадов Аслана а, Оьрсийчоьнан кхерамзаллин Кхеташонан секретаро Лебедь Александра а. Оцу документана куьйгаш йаздичхьана Нохчийчохь хьалхара тIом официалехь бирзира. 1997-чу шеран гIуран-баттахь Ичкерин президентан харжамаш хилира, цигахь туьйлира Масхадов Аслан.

Хасав-Йуьртахь Нохчийчоьнна а, Оьрсийчоьнна а йукъахь бертан дийцаршна куьйгаш йаздар

Кхо шо даьлча, "шолгIа тIом" болош, Оьрсийчоь дикка кечам бина йара информационан тIамна – толам баьккхина ца Iаш, кхин цкъа а и хила а ца хуьлуьйтуш. Нохчийчохь 1999-чу шарахь журналистийн болх муха нисбелира, деша Кавказ.Реалиин сайтехь дечкен-баттахь.

"Мемориалца" йукъахь кечйина, Кадыров Ахьмадах Нохчийчоьнан президент муха вира, текст йеша кхузахь.

***

1994-чу шарера 1996-чу шаре кхаччалц Нохчийчохь вийна 20 журналист. Церан цIераш йалийна "Коммерсанто": Чагиров Гелани, нохчийн телевизионан "Маршо" программин оператор; Элбаум Синтия, америкахойн фотожурналист; Ахмадов Билал, "Маршо" программин корреспондент; Житаренко Владимир, "Красная звезда" газетан леррина корреспондент; Нуриев Султан, нохчийн журналист; Йохен Пист, немцойн Stern журналан корреспондент; Валентин Янус, Псковн телехьожийлан оператор; Максим Шабалин, Феликс Титов, "Невское время" газетин корреспондент; Руслан Цебиев, нохчийн телехьожийлан Президентан каналан корреспондент; Малкан Сулейманова, "Ичкерия" газетин корреспондент; Фархад Керимов, Associated Press-ан оператор; Шамхан Кагиров, "Возрождение" а, "Российская газетин" а корреспондент; Евгений Молчанов, НТВ-н оператор; Виктор Пименов, нохчийн "Вайнах" телекомпанин оператор; Надежда Чайкова, "Общая газетин" корреспондент; Анатолий Ягодин, МВД-н чоьхьарчу эскарийн "На боевом посту" журналан корреспондент; Нина Ефимова, нохчийн "Возрождение" газетан корреспондент; Рамзан Ходжиев, ОРТ-н корреспондент; Иван Гогун, "Грозненский рабочий" газетин корреспондент

Редактор: Соколова Александра