ФИФА-н куьйгалхошна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх схьадилина Швейцарехь

Швейцарин полицино лецна ФИФА-н куьйгалхой.

Оьрсийчоьнний, Катарний футболан дуьненан чемпионаташ дIаяхьа бакъо ялар кхаьънашца доьзна хилла бохучу шеконашца футболан дуьненан масех лаккхара куьйгалхо лаьцна Швейцарехь.

Кхаари Iуьйранна сахуьлучу хенахь Швейцарерчу полисхоша гобинера Цюрихерчу уггаре а дезачарех пхи седа болчу хьешийн цIийна. Йоккхачу къайленехь кечина а, дIаяхьна а хиллачу леринчу операцица Iедалхоша лехнарш а, лийцинарш а амма террорхой бацара. Цара Baur au Lac отелехь лехнарш ФИФА цIе йолчу дуьненаюкъарчу футболан цхьаьнакхетараллин куьйгалхой бара.

Лерина операци йолаелла дукха хан ялале сонтачу хьешийн цIийнера, цхьа буьйса йоккхург 600 еврона тIера 4000 эзар еврога кхаччалца мах болчу, лаьцна араваьккхира 6 стаг. Уьш берриш а тайп-тайпанчу пачхьалкхашкара векалш санна ФИФА футболан цхьаьнакхетареллехь лакхарчу даржашкахь а болуш, цу цхьаьнакхетараллин мехалчу сацамашна тIеIаткъам бан йиш йолу нах бу.

Коррупцина бехке беш болу уьш Африкера а, Латин Iамеркера а орамаш долуш бу, ткъа, Швейцарерчу Iедалхоша бинчу хаамашца, цаьргахула я царна шаьшна кхаънаш даларца 2018-чу шарахь Оьрсийчохь а, 2022-чу шарахь Катарехь а футболан дуьненан чемпионат дIаяхьаран бакъонаш цу шина пачхьалкхана ялийтархьама тIеIаткъам бина хила тарлуш ду. Карарчу хенахь Цюрихерчу хьешийн цIийнахь лийцинарш чохь хиллачу чоьнашкахь полицино талларш ду дIахьош, церан долара компьютерш а, кехаташ а, мобилан телефонаш а схьаяьхна Iедало.

Ала догIу, Цюрихехь лаьцна волу ялх стаг Цхьаьнатоьхначу Штатийн Iедалхоша бинчу хаамца лаьцна хилар а, царна цу пачхьалкха экстрадици ян там болуш хилар а. Цхьаьнатоьхначу Штатийн юстицин министралло журналисташка бинчу хаамашца, лийцинчара кхаънаш далар-ийдар а, цара шаьшна хIинца бехке дохкуш долу коррупцица доьзна талораш а Iамеркан лаьтта тIехь лелийна, цундела церан дов цигахь хоттур ду.

Цуьнца цхьана иштта Швейцарино а схьадиллина ФИФА куьйгаллерчу итт стагана дуьхьал бехкталламан гIуллакх. И нах шеконе лийцина ахча диларна а, шайн даржех пайда а оьцуш, харцонашца ахчанаш дахарна а, кхаьънаш эцарна-даларна а, ткъа иштта электрона ахчанаш дIай-схьай тийсарца бозбуанчаллаш лелорна а.

Хийлаза Оьсрийчоь а, Катар а, ткъа иштта царна и бакъо елла йолу дуьненаюкъара футболан федераци ФИФА а журналисташа а, коррупцица къийсам латторан жигархоша а бехке еш яра, кхаьънех а, даржех а, санечу контрактех а чемпионат ян бакъо эцна бохучунна.

Иштта ши кIира хьалха тIеIаткъамечу немцойн АРД телеканало еха филм гайтира, 1998-чу шарахь дуьйна ФИФАн куьйгаллехь волчу Блаттер Йозефан коррупцин машанех а, цуо шен доттагIчунна Путин Владимирна Оьрсийчохь футболан чемпионат дIаяхьа бакъо яларца бинчу томах а, и бахьана долуш ша Блаттер зенехь ца висарх а лаьцна.

Таханналца схьа цхьанна а кепара я футболан федерацино а, я ша Блаттера а цу филмехь гайтинарг харц дина дац, я цу хьокъехь цхьа а дIахьедар дина а дац. Ткъа Германехь хIетахь дуьйна политикийн могIаршлахь ондоха дека доладелла Оьрсийчоьнера 20I8-чу шарахь футболан чемпионат дIаяхьа бакъо схьаяккха еза боху аьзнаш.

Масийта Бундестаган депутато а, немцойн бундеслаьттанийн куьйгалхоша а, шайна юккъехь Бавари а, ХIессен а, Къилбаседа Рейн Вестфалли а йолуш, кхайкхамаш бира, Оьрсийчохь чемпионат дIаяхьарх болу сацам юхалиста беза, аьлла. Амма гIуллакх цу тIе дер ду бохучух тешаш берш кIеззиг бу тергамхошна юккъехь. Дукха яккхий лору цара Блаттеран зIенаш а, ФИФА федерацин дуьненан политикехь болу тIеIаткъам а.

Ца теша цунах иштта Маршо радиоца къамел дина волу спортхо, Советан шерашкахь Соьлжа-гIаларчу Терка футболан клубехь левзина хилла волу Сатуев Адам а. Цунна хетарехь, ФИФА а, УЕФА олуш йолу Европера футболан федераци а – уьш массарна а юйла а хууш, цхьанна а кепара чекх са ца гуш, дIакъевлина цхьаьнакхетараллаш ю. Шайн башхачу низамашца ехаш йолу. Цаьрца Кремлан дайн гергара доттагIалла хиларо тешам ца буьту, Оьрсийчоьнера футболан чемпионат дIайоккхур ю бохучуьнах.

Сатуев Адам а: „ФИФА, УЕФА – уьш цхьа тамашийна шуьйра бакъонаш йолуш федерацеш ю, дуккха а хIумнашна тIехь тIеIаткъам а болуш, шайна томехь долчу агIор сацамаш беш а йолуш. Сайга хаьттича, ас-м кхечахьа дехьа йоккхуьйтур яра Оьрсийчуьра дуьненан чемпионат, хIунда аьлча Оьрсийчоь тахана дуьненна а гуш а долуш, шен харцо толон гIерташ къахоьгуш ю.

Ткъа дуьненан чемпионат – иза футболан дуьненахь вуно боккха хилам бу. Спортан маьIна хилла а ца Iаш, политикан маьIна а ду цуьнца доьзна. Делахь а, ФИФА Оьрсийчоьнна дуьхьал а яьлла, цуо цуьнгара и бакъо дIайоккхур ю аьлла-м ца хета суна“.

Лийцинчарна юккъехь хийлаза журналисташа коррупцина бехке веш хилла волу, тIаьхьарчу ткъех шарахь ФИФА цхьаьнакхетараллин президент волу Блаттар Йозеф, шех масара а Заппе олуш волуш, вацахь а, амма ву цуьнан уггаре а гергарчех ши гIовса: цу цхьаьнакхетараллин вице-президенташ Уэбб Джеффрий, Фигередо Эухениой. ФИФАн прессица болхбаран декъо кхаарий дийнахь катоьхна дIасабаржийначу хаамехь лерина билгалдоккхуш ду, Блаттерца доьзна и лийцарш ца хилар.

Швейцарерчу Iедалхоша Оьрсийчохь а, Катарехь а футболан чемпионатш дIаяхьарх сацамаш баран хьелаш толлур ду аьлла дIахьедар динехь а, Москохара спортан хьукматхой хилларг шайх хьакхалуш а доцу кеп лелош бу цкъачунна. Иштта спортан министр а, ФИФА федерацин куьйгаллин комитетан декъашхо а волчу Мутко Виталийс Интерфакс агенталле дIахьедар дина, лийцинарш 20I8-чу шеран чемпионатах болу кхоллам билгалбоккхуш декъа а бацара, аьлла.

Цу юкъана, тамашийначу цхьанадарца, ши де даьлча, зазадоккху беттан 29-чохь оццу Швейцарерчу Цюрихехь дIаяхьа лерина ю хIорашарахьлера ФИФА-конгресс. Кху шарахь цу конгрессехь керлачу президентан харжамаш а бу хила безаш. ХIинцалца схьа ша кхин президентан дарже шен кандидатура юьллур яц баьхначу Блаттер Йозефа масех кIира хьалха хIетте а дIахьедар дира, ша шен дарж юха а къовсур ду аьлла.

Кхаари дийнахь Блаттеран уггаре а гергарчу гуонера нах лийцаро тIеIаткъам берий-теша цу харжамашна? Я „хичу ца воьду Заппе“ шех олуш волу Блаттер юха а, цхьа а зе-зулам а доцуш чекхвер-те рогIерчу шена гуонахьарчу IалагIожах?