Масех бутт хьалха Австрера ши йоI, ши кхиазхо, цхьаннан I4, вукхун I5 шо долуш, шайн цIерачарех лачкъа а лечкъина, Шема яхнера. Боснихойн къомах йолу и шиъ, церан гергарчара а, меттигерачу Iедалхоша а чIагIдарехь, тIаьхьарчу хенахь Венерчу нохчийн маьждиге эха марзаелла хиллера.
Ткъа шаьш Шема дIакхаьчначул тIаьхьа Твиттерехула хаам бинера цара, шаьшшиъ ша шех Бусулба пачхьалкхе, амма бусулба Iелим наха шех ДаIиш олучу радикала исламхойн тобанах дIакхетта, аьлла. Цул тIаьхьа дукха хан ялале цу шиннах цхьаъ, пхийтта шо долу Сабина, цхьана цигахь тIом беш волчу нохчочуьнга маре яхна аьлла хаам а битинера цара интернетерчу социалан машанехь.
Шаьшшиъ и ши йоI боснихо елахь а, амма и шиъ Шема яхна аьлла хаам баьржича дуьйна схьа нохчашца дузуш ду меттигерачу къайлахчу сервисаша а, хаамийн гIирсаша а, ур-аттала цу шиннан гергарчара а церан цIеялар. Цу шиннаца доьзнарг хилла а ца Iа. Шемахь а, Иракъехь тIемаш бе радикалхой буьйцучохь хIора аьлча санна артикалана уллохь тоьхна дерш чот а, барам а боцуш цу Гергарчу Малхбалехь дебначу „шишанигIеран“ сарташ хуьлу, уьш къомана шаьш мел „шишаниш“ бацахь а.
Стенца доьзна ду теша иза? Билгал а бу-те нохчийн тIемалой Иракъерий, Шемарий тIом шайн ницкъашца дIахьош берш? Европехь цу тIеман кха тилла дечиг Iалашдерш берш а нохчи бу-теша? Вайнахалахь а, Европерчу хаамийн гIирсашкахь а дуьйцучуьнга ладоьгIча боккъал а хетадала сахьт дац и саннарг.
Амма кIоргера и хаттар талла волавелча, кхеташ хуьлу, цу регионехь тIемаш бечу ницкъашлахь билгал нохчий муджахIидш мискъазаратталла бен боцийла. Цхьа ша -тайпана бренд а хилла дIахIоьттина йолу „шишани“ боху цIе, цу къоман хьаса хьакхбелла а боцучара а тIаьхьа шаьш шайна а тоьхкуш, эвхьаза яьккхинехь а.
Тайп-тайпанчу хьостанаша чIагIдарехь, Европера Шемарчу тIаме а бахана, цул тIаьхьа ДаIиш тобанех дIакхетта нохчийн кегирхой Австрерчу вайнехан мухIажарийн доьзалшкара бу дукхахберш. Амма церан билгал долу терахь ур-атталла меттигерачу къайлахчу сервисашна а, цара мукIарло дарца, девзаш дацахь а, ахбIе стаге а ца кхочу хетарехь.
Кхин а кIезгох бу уьш кхечу Европерчу нохчийн диаспоарашкара цига бахана. ХIетте а йоццачу хенахь нохчашна тIехь кхолла а елла, царна тIехь йисина йолуш лаьтта ДаIишан коьрта ницкъ уьш бу бохуш йолу цIе.
Цу хIуманна саготтачу Австрерачу нохчийн диаспорийн векалша цхьа могIа гIулчаш лерина, и цIе бух боцуш вайнахана тIе тессина хилар гайта а, уггаре а хьалха цу Шема я Иракъе кегирхой оьхуш хилар нохчийн шайн къоман лазам хилар гайта а, цига вахнарг цхьаъ бен вацахь а. Цу Iалашонца Венерчу нохчийн-гIалгIайн кхеташонан векалша хIинцале а масийтаза вовшахкхетарш дIадаьхьна Австрехь вайнехан маьждигийн имамашца а, кегирхошна хьехамаш бечу дешначу нахаца а.
Меттигерчу хаамийн гIирсаша, ала дашна, даима бехке деш дерш маьждигаш ду, ма-дарра муьлхарниг маьждиг ду аьлла цIе ца яккхахь а, амма „радикалхойн идеологи цигахь яржош ю“ бохучунна нундохуш. Цу хьокъехь шайн таллам дIабаьхьнера вайнехан кхеташонан декъашхоша.
Цу кхеташонан куьйгалхочуо Мусалатов Шайхис дийцарехь, маьждигийн имамаший, Iелим нахий кегирхойн радикализацина бехке бар данне а нийса дац, хIунда аьлча нийса бIостанехьа дерг, ткъа аьлча а, Шемарчу тIаме цхьа а вайн къомах волу стаг вахар нийса ца хилар ду цу наха шайн хьехамашкахь даима а дуьйцуш дерг.
Мусалатов Шайхи: „Кхузахь долчу вайнехан маьждигерчу дешначу наха дуьйцуш дерг цхьаъ ду- иза вайн тIом бац, вай цига даха оьшуш дац бохуш. Цига ваха дезаш делахь, шаьш уггаре а хьалха иза эр а дара. Амма вай цига гIерта оьшуш дац аьлла массара а цхьа барт болуш тIечIагIдина лаьтташ ду и хIума. Интернет ю-кх массара а бехке лоруш ерг. Цига Шема дIабаханчара а пропаганда йо, кхуза схьадуьйла бохуш.“.
Шеко а йоцуш, Шайхис ма-аллара, кегирхойх радикализацин лазар тухуш долу коьрта хьоста интернетера цIераш а, сибаташ а доцу жигархой болчух тера ду. Амма уьш хилла а ца Iа. Нагахь санна цхьана кхиазхочунна интернетерчу агIонашкахь радикалан исламхойн хабарш марзделлехь, шен лаамца, цIеххьана, цхьана бозбуанчаллийца санна Венера Шема кхачалур цхьа а воцийла кхеташ ду.
Дийна машанаш хила безаш бу цу зуламхойн, шаьш Iехийна кегийрхой дозанал дехьа баха кхоьллина. Иза гойтуш дара масех бутт хьалха Шема баха новкъабевллачохь лаьцначу исс нохчочун масало а. Шайна юккъехь цхьа къона зуда а йолуш ДаIишах дIакхета арабевлла болу и нах туркойн къомах волчу стага дIабуьгуш хиллера.
Изза, цу террорхойн боккха маша а, яккхий таронаш а хилар чIагIдо Германин коьртачу къайлахчу сервисан, шех БНД олучу, куьйгалхочуо Шиндлер Герхарда а. Шинари дийнахь Берлинехь дIаяхьанчу къайлахчу сервисийн цхьаьнакхетараллехь цуо дIахьедар дира, кху дуьненчохь уггаре а дика Iалашйина структураш а йолуш, шуьйра машанийн система а йолуш тоба ю ша шех Исламан Пачхьалкхе олуш йолу тоба, аьлла. Иштта ю цуьнан уггаре а яккхий ахчанийн таронаш а, тоьллачух герз а элира цуо.
И хIума тидаме эцча, шайн берашна цу радиклахоша тIеIаткъам барах кхерабелла болу Европера нохчийн дай-наной цу ницкъана дуьхьал гIорасиз болуш санна хетало. Къаьстина, шайн доьзалшкахь кхуьуш божаберш дерш. Маьждигашкахь хьехамаш бечара машаре дин кхайкхош а хилча, юкъараллехь массара а и радикалхойн къизалла емалйеш а хилча, муьлха гуш воцу мостагI ву-те бусулбачу кегирхошна оццул маьттаза дерг сел марздерш боху хаттар хIаваъэхь кхаза дуьсу.