Iаьрбийн Пачхьалкхийн Лиган ойланца Шеман пачхьалкхан хьокъехь Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организацин Кхерамазаллин Кхеташоно кховдийначу резолюцина Оьрсийчоьно а, Китайно а вето кхайкхоро гIаьххьачул талхийна Малхбузенан а, Москохан а юкъаметтигаш. Цул сов, оцу сацамо харц билгало гайтина Шемахь цIий Iеночу, цу мехкан президентана Асад Башарна. Аналистийн хьесапехь иза кийча ву ницкъ бар кхин а эвсардаккха. Оццу хенахь, Шемахь жигара бевлла, хIинццалц, мелла а йистах лаьттина хилла Шемахь беха нохчий а, чергазий а.
Шемара дов доладелчхьана дуьйна массо а Москохе хьаьжна вара. ХIунда аьлча, Оьрсийчоь – ладамечух еккъа цхьа бертахо ю Шеман. Еххачу хенахь Шемаца тIеман а, экономикан а, дипломатийн а уьйраш латтош ю Москох Димашкъаца.
Тартусехь йолчу шен тIеман-хIурдан базех мелла а жигара пайда а йолаелла Оьрсийчоь. Дов марсадолуш лаьтташехь, цу пачхьалкхе герз кхехьар ца сацийна цо.
Амма оьрсийн арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс хьастагIа динчу къамело массо а кхетийра, дерриг а дуьне цхьанабертахь Шемара режим емалъян кечъелча, Оьрсийчоь царах дIакхетар йоцийла. «Шеман къоман хийцамашка болчу лаамна гIортор йо Оьрсийчоьно. Цо гIортор йира Iаьрбийн пачхьалкхийн Лиган хьажархой Шема бахийтарна. Шеман Iедалшка дийхира уьш чубита, аьлла» - бохуш вара Лавров. Ткъа хIинца Шеман политикан дахар хийца Iалашонца, дуьненаюкъара эскарш тIелатийта болчу сацамна шаьш дуьхьала дуйла хаийтира Лавровс.
Оьрсийн арахьарчу гIуллакхийн министро динчу къамело эргIадбахийта Шемара дуьхьалонан ницкъаш а, хIинццалц, мелла цу девнна йистах лаьттина хилла, оьрсийн паччахьан заманахь Шема дIакхелхина хилла кавказхой а. Даханчу оршот дийнахь Фейсбук тIера Shishan Fakhr al-Ummah (Нохчийн Дозалла Дар) тобано шайн агIонна тIе тоьхна, Рас аль-Iайн гIалахь хиллачу дуьхьалонан митингашка арабевллачеран карахь Ичкерин байракх а йолуш даьккхина сурт.
И сурт гучудаларх лаьцна дуьйцу Бибисера Iаьрбийн гIуллакхашкахула волчу аналисто Мурад БатIал Шишанис.
Мурад БатIал Шишани: Дуьххьара и сурт Фейсбук тIехь арахецна. Цхьа тоба ю «Нохчийн Дозалла Дар» бохуш цIе а йолуш. Цу тобанера а волуш, Суьйличура волчу цхьана нохчочо Даиев Рашида тIетоьхна иза. Цара дийцарехь Хьасата агIора йолчу Рас аль-Iайн гIалахь хилла ду иза. Цигахь болчу кавказхоша Iедална дуьхьала кхайкхамаш беш бу (хIокху шеран) Зазадоккхучу баттахь дуьйна. Суна хетарехь, хIетахь дуьйна, Оттоман импери йолуш оьрсийн паччахьан заманахь дIабахана кавказхой, дукха хьолахь цигахь бехаш бу. Израилан а, Iаьрбийна тIом баьллачу хенахь нохчийн Голанан (лакхенашна) уллехь дIатарбелла бара. Цу хенахь Димашкъе а, кхеченхьа а дIаса а бекъабелла, дIасабахана. Амма доккхачу декъана Рас аль-Iайнехь Iаш бу. Оцу Рас аль-Iайнехь даьккхина ду аьлла, Фейсбук тIе тоьхна дара иза.
Маршо радио: Шемахь долу хIара хьал доладелчхьана дуьйна, цунна юкъа ца гIерташ, йистах латтара оьрсийн паччахьан заманахь малхбале дIакхелхинчу кавказхойн векалш. Цунна шен бахьана дара боху аналисто.
Мурад БатIал Шишани: Суна хетарехь нохчий хила мега и гIуллакх дIакхоьхьуш берш. ХIунда аьлча, youtube.com тIехь гойтуш, кхеченхьа гойтуш нохчий хилла, гIебартой хилла (Iаьрбийн махкахь чергазий олу цара), тIаккха, дагестанхой а хилла шаьш оцу Шемарчу Iедална дуьхьала ду аьлла, кхайкхийна. Амма и (байракх хьалаайина хилларш) билггал нохчий бу-бац ца хаьа. Вайна ма-хаъара, Шеман Iедалша журналисташ чу буьтуш бац. Шайгахьа дуьйцурш бен ца бохкуьйту. Цундела, Осман импери йолуш Шема а, Урдане а, Туркойчу а бахана болу нохчий – уьш бекъабелла бу. Цхьаберш Иракъехь а бу. Царна хIинца цигахь (Шемахь) лаьттачу хьолахь лаьцна хIун хета хаалур дац цкъачунна. Амма youtube чухула а, кхечу социалан машанашкахула а шемахоша дIакхоьхьучу протесташна гIортор йо шаьш бохуш яздо цара. Иза бакъ ду, хьалха уьш политикина юкъа ца гIертара. Нагахь санна режим хийцаелла хIума хилахь, шаьш кIезиг хиларе терра, Iедалшка ницкъ ца байта. Массо а Iаьрбийн махкашкахь нах арабевлла шайна луьрчу режимаша бечу ницкъална дуьхьала. Цундела тIетайна хир бу уьш царна. Бакъду, байракхаш эцна арабевллаш Лавровс, аьлчи а, оьрсийн Iедало Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организацин Кхерамазаллин Кхеташонан резолюцина вето кхайкхорна дуьхьала бевлла бара. И хIума а дина, Iаьрбийн махкашкара нах шайх къахкийна Оьрсийчоьно. Фейсбук тIехь а, Твиттер чохь а цара (Iаьрбийн махкашкара наха) оьрсийн Iедална дуьхьала яздо. ХIокхул а хьалха цкъа а хилла дац и тайпа хIума Iаьрбийн махкашкахь.
Маршо радио: Хьалха санна, Iаьрбийн махкашкахь гIортор яц хIинца Оьрсийчоьнан. Ур-атталла, Кремло Нохчийчохь тIом бечу хенахь а, лечкъа а ца деш, оьрсашкахьа бара Iаьрбий. Ткъа хIинца, шайн къиза режимаш хийцарна Москох дуьхьала яларо, цуьнна Iаткъам байина болуш лаьтта Малхбалехь.
Мурад БатIал Шишани: Суна хетарехь сов йолуш ю Iаьрбийн махкашкахь Оьрсийчоьнна дуьхьала йолу оппозици. 1995-чу шарахь Нохчийчохь Оьрсийчоьно тIемаш бечу хенахь дийцара аса шортта, Iаьрбаша оьрсашна гIортор йича, нохчашна халахета, бохуш. Цара цунна дуьхьала алара, еккъа цхьа Оьрсийчоь бен яц Iамеркана дуьхьало еш, цундела озабезам бо шаьш оьрсашкахьа, олий. Алара, шайна халахета, нохчашна тIехь къизаллаш еш, таIзар деш а хиларна, амма Iамеркана дуьхьала яьлларг Оьрсийчоь бен яц, алара дукха хьолахь.
Ткъа хIинца и хьал чIогIа хийцаделла. Дукха нах резабоцуш бу-кх Оьрсийчоьно (Шемаца йоьзначу резолюцина) вето кхайкхорна.
Шемахь лаьттачу девнех а, цунна гонаха долчух а лаьцна дийцинарг вара Бибисера Iаьрбийн гIуллакхашкахула аналист волу Мурад БатIал Шишани.