ТаIзар дина хилла Подмосковьера полисхочун болх бинарг ву "Ахмат" спецназан цхьахволу командир

Юнусов Бекхан (йуккъерниг). Кадыров Рамзанан телеграмера видео тIера йина скриншот

Нохчийчуьра "Ахмат" спецназан декъахь йолчу "Аид" тобанан куьйгалла деш ву Москван кӀоштахь полицин белхахо хилла Юнусов Бекхан. Шегарчу бакъонел а сов вийларна а, хьарамлонаш лелорна а таIзар дина ву иза. "Би-Би-Си Оьрсийн сервисна" иза мила ву къаьстина. Юнусов кест-кеста гучуволура нохчийн Ӏедалан пропагандин телеграм-каналашкахь а, социалан машанашкахь а, амма ша ца вовзийта туьтмаьжиг йуллий, вистхуьлуш вара иза.

Журналистийн хаамашца, стохка марсхьокху-баттахь "Аид" цIе лелош волчунна Майраллин орден йелира Кременскан агIор Украинана дуьхьал тIом барна. Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан хаамехь Юнусов аьлла фамили бен йацара йаьккхина. "Би-би-си Оьрсийн сервисна" шина хьасто тIечIагIйина цуьнан билггал йолу цIе.

Полицихь гIулакх дина ву Юнусов, 2016-чу шарахь социалан машанашкахь аккаунт лело волавелира иза, ша "Маьрсхо" ву а бохуш, иза гIаравелира "Химкера Бэтмен" аьллачу цIарца. Наркопритонашна тIелетара иза, цигарчу нахана йетта а йетташ.

2018-чу шарахь Юнусов бехкевира шегарчу бакъонел сов вийларна, йукъарчу рожехь йолчу набахтехь даккха диъ шо туьйхира цунна. Хенал а хьалха аравалийтина полисхо хилларг, амма 2022-чу шеран чиллан-беттан йуьххьехь иза бехкевира курхаллаш лелорна. Официалан версица, Юнусовс аьлла хиллера бизнесхочуьнга, ша миллион сом ахча лур дара, цо шен проблема йерзориг. Ницкъахо хилларг лаьцнера ахча дIалучу хенахь. 2023-чу шарахь, кхел хилале хьалха, Юнусовс контракт йинера "Ахмат" спецназца, иштта кIелхьара велира иза йуха а набахте хьажочуьра.

ХӀинца "Аид" кест-кеста пропагандин видеошкахь турпалхо хуьлу, цо жигара комментареш йо тӀамах лаьцна, шен хьаькамца, Кадыров Рамзанан уллерчу накъостаца Алаудинов Аптица цхьаьна. Цул совнаха, Юнусовс лелош йу 180 эзар стаг аккаунте йазвелла "Дневник мракоборцев" z-канал, цигахь цо ахча гулдо "гIоьнна".

  • Украинина дуьхьал бечу тӀамехь дакъалацарна Оьрсийчуьрчу "террорхойн а, экстремистийн а" тептарера дӀабоху хьалхо бехке бина хилла нохчийн "Ахмат" декъан эскархой. "Верстка" зорбанан гӀирсо къастийна оцу "лаамхойх" веа стеган цӀе – царна юкъахь бу теракт йарна а, гIаттамхошца дакъалацарна а бехкебинарш а.
  • Верриг а Украинин къайлахчу сервисаша Нохчийчуьра Украине тӀаме хьажийначу кадыровхой а, лаамхой бу бохучу нехан тептарш тӀехь 14 стаг вара. Хьалхо Росфинмониторинго террорхой а, экстремисташ а бу аьлла, тептаршкахь билгалбаьхна нах бу уьш. Царах цхьаъ дӀаваьккхинера реестрера 2022-чу шеран гIадужу-баттахь, ткъа кхин а виъ висина цу тӀехь 2022-чу шеран гIуран-баттахь.
  • "Ахмат" спецназан цхьахдолчу декъан командиро Батукаев Зелимхана кхерамаш тийсинера оппозицин нохчийн NIYSO боламан векална. Нохчийчуьра цуьнан долахь долчу цӀенна хьалха хIоьттина, Батукаевс видео йаьккхира, жигархочуьнгара керт-ков схьадоккхур ду ша, "цуьнан тайпа-тукхам лоллур ду" ша аьлла, кхерамаш туьйсуш.