Your browser doesn’t support HTML5
Талхадов Хьамзат
Дагца къамел
Ма чехавехьа со,
Дестечо меран бер санна,
Сох даьлларг схьаала,
Делахь а мел къаьхьа и.
Кхул тIаьхьа сайн яккха
Йисинчу ерриге ханна,
Ца лаьа, дог, ахьа
Сайна бан ца богIу ницкъ.
Хьайл хьалхе къанвалар
ХIуьттаре ян гIертар ларий,
Со некъахь кIадваларх,
Ма билла ахь суна бехк,
Цкъа наггахь хьайн лазар
Ойланехь тергалдац алий,
Ларамза, лаамца
Ма детта и суна тIех.
ХIинца ахь ма-бохху,
Со хьоьца идалац чехка,
КIадбелла ас хIинццалц
Нуьйр йоцуш хихкина дин.
Цкъа наггахь ойлане
Со вожар суна ма дехка,
Ма иэгIа, сагатдеш
ТIадорах ас бIаьргийн Iин.
Ахь аьлларг а дина,
Мехкаршка бегаш беш сецча,
Бийлалуш, сан шераш
ТIехтухуш, вагаво со.
Къинхетам боцуш, ас
Ца кхеташ, сийна цIе тесна,
Геналле дIадаха
Сан шовзткъе вуьрхIийтта шо.