Талхадов Хьамзат. Весет

Your browser doesn’t support HTML5

Талхадов Хьамзат. Весет

Талхадов Хьамзат

Весет

Цкъа мацца кхачор ду
Сан некъан тача,
Сан керта кхочур ю
Тезетан рагI.
Я воьлхуш со идарх,
Кхийдорах ахча,
Iожалло духур ду
Суна шен гIагI.

ДоIанца, даггара
Куьйгаш а лаций,
Вехалаш, адамаш,
Аш Деле со.
Со шайна везначо,
БIаьрхиш а хеций,
Эцалаш шаьш дезаш
Къаьстинчун дог.

Со шуна, адамаш,
КъинтIера ваьлла,
И дехар шуьга а
Деш ду-кха ас.
Вистхилар доцуш со
Новкъахь тIехваьллехь,
Гечъелаш ларамза
Ас йина вас.

Шайн ховха белшашна
ТIетийжаш ваьхнарг,
КъинтIера шу довлахь,
Эрна ца вов.
Нагахь аш дош алахь
Сох лаьцна аьхна,
Базлур бац суна тIехь
Упханан тхов.

Аш гечдахь, шен къинош
Гечдо, бах, Дала,
Цул боккха кхаъ бац-кха,
Адамаш, кхин.
Оьшуш дац сан каш а,
Я чурт а кхала,
Аш суна ца гечдахь,
Эрна ду и.