Хьовса гулбелла бΙеннаш нах а болуш, Кабулна гена доццуш тΙалибаша тоьпаш тоьхна шаьш оьздангаллах йоьхна лоручу зудчунна. ТΙаьхьо ТΙалибанан куьйгалхоша, ШарΙе а даьккхина теллина шайггара кхел йинчу нехан гΙуллакх. Оцу меттигерчу хьаькама тоьшалла дарехь, бекхам беш вийна зуда ерна бехке лору ши тΙалиб.
Кабулна 100 чаккхарма юьстахарчу Парван-кIоштан Кхимчок юьртахь йина тΙалибаша зудчунна тΙехь и шаьш Делан бекхам лору кхел. Тоьпаш тухуш баьккхина видеогайтам а баржийна.
Хин йистехь, гола хΙоттийна ю къона зуда, цунна маса тоьпаш тухуш, АллахIа зина дарна кхачош долу таΙзар ду шаьш дийриг, боху тΙалибех цхьамма. Цул тΙаьхьа пхи даьндарг йоссайо зудчун коьртах. Тоьпаш тохарцана, баккхийберца, маьхьарий бетта хин йистерчу терхеш тΙехь лаьттачу Кхимчок юьртан бахархоша.
Массех де даьлла и луьра сурт а хΙоттийна, юьртара тΙалибаш дΙабахана - Парван-кIошт Талибанах мукъаяьккхинчех ларалуш ю ОвхΙанистанехь. Амма хиллачо гойту, Карзай Хьамидан Ιедало хΙитточу эскарийн ханех, герзан духьалонех чекхбийла а, луъучу кхача а тΙалибашна хала доцийла.
Оцо юхьΙаьржа хΙоттийначу Ιедало ша, хIайт-аьлла, лохуш бу, боху, зуламхой. Амма мехкан бахархой боьлу оцу бух боцчу деза къамелех. Царна дагадогΙу дукха хан йоццуш, циггарчу БагΙрам-гΙаларчу НАТО-н авиабазе а баьхкина, тΙом эккхийтинчу тΙалибаша дина доккха зе.
Бакъду, оццул кура а дац Парван-кIоштан дас Cаланги Ιабдул-Басиран до къамел. Цунна гΙолехьа евза тΙалибийн таронаш а, шен куьйга кΙелхьарчу ницкъашка юьззина ца яло дуьхьало а.
Cаланги Ιабдул-Басир: «ТΙаьххьарчу хенахь гучубовла боьлла кхузахь тΙалибаш. Ιедало тΙемаш а болийна царна дуьхьал. Шайна бихкина латтабен кхузара некъаш кест-кеста ницкъаша босту цара. ТΙаьххьара а Ιедало алсамдаьккхина кхузарчу некъаш тΙе хаш хΙиттор а, уьш чΙагΙдар а».
Иштта дийцира Салангис, Парван кIоштан дас, тΙалибаша деношкахь зудчунна тоьпаш тохарх лаьцна а. Цо дийцарехь, тΙалибийн шина баьччана цхьана хеннахь тайна хилла и ткъеха шо долу йоΙ. Хьаькамо бахарехь, шиммо а цхьацца хенашкахь зина лелийна а хилла цуьнца. Юха, ши тΙалиб, зудчо шаьшший а Ιехийнийла хиича, веана шаьш йинчу цу къизачу кхела тΙе, боху Cаланги Ιабдул-Басира.
Бакъду, оцу кепара йина кхел шайна тΙеэццал хьерабевлла бац ТΙалибанан куьйгалхой а. Цара официалехь дацаре дина, шина тΙалибо бина бекхам шайн пурбанца бина бохург. Цул совнаха, Ιедалхочо боху, шена хезна, ТΙалибанан куьйгалло вен а кхачийна, кхел кхочуш йина ШарΙаца йогΙуш йоцчу кепехь зуда йийначу шина а тΙалибна тΙехь.
Cаланги Ιабдул-Басир: ТΙалибаша Ιедалан машен бердах яхча а, иза шаьш дина олу. Амма хΙинца хилларг, царна пайдехьа дац шайна тΙеэца. Зуда ШарΙаца догΙуш йийна йоцийла хаьа царна. Цундела хаамийн гΙирсашкахула гΙара а ца доккху иштаниг.
ОвхΙанистанехь, зина дар бахьане а хΙоттийна, ши зуда - йоΙ а, нана а - ен кхачийра тΙалибаша хΙинцачул бархΙ бутт хьалха ГΙазни-кIоштахь. ТΙулгаш диттина йийра и и шиъ.