Нийсса бутт хьалха, гIадужу-беттан 29-чохь, Дагестанан бIенашкахь бахархоша цхьана ханна дIалецира ХIинжа-ГIалара аэропорт. Оцу кепара дуьхьало йира цара Тель-Авивера догIучу кеманара пассажирашна-жуьгташна республике бахка. Гулбеллачара протест йора Израила ГIаззехь лелочунна, цара гIо дохура палестинхойн къомехьа, амма хезабора цара антисемитан кхайкхамаш. Оцу тIехула иттаннашкахь бехкзуламан а, 400 сов административан а гIуллакхаш ийдина.
Кавказ.Реалии редакцино кхелан материалийн буха тIехь къастийра, хIун боху бехкебечара къепедацарехула ийдинчу гIуллакхех лаьцна, хаьттира эксперташка ХIинжа-ГIалара аэропортера хиламийн хила тарлучу политикан тIаьхьенах.
Израильна дуьхьал лелийна къепедацарш дуьненан хаамийн гIирсийн тергоне девлира, цигахь хиллачара дуьйцура эргIадйахначу тобана дан хIума доцуш хьийзара полисхой, ткъа Оьрсийчоьнан оппозиционераша хилларг "эхь" ду элира. Къепедацаршкахь лазийра 20 стаг, полисхой а цхьаьна. Аэропортана динчу зенийн мах хадийна 300 миллион сом гергга. Бехкебечарна дуьхьал бахархойн искаш йаха тарло Уйташан администрацино, цаьргара и мах схьабоккхуш.
Йуьхьанца дуьйна Дагестанан Iедалхоша а, Кремло а дIахьедира, Украино леладайтина къепедацарш дара уьш аьлла. Къаьсттина спикерш тIетийжара, протестан акциш хIиттайе бохуш, кхайкхамаш бинчу "Утро Дагестана" телеграм-каналана. Оьрсийчоьнан парламентан хиллачу депутатаца Пономарев Ильяца йузура и канал хьалхо.
Оцу йукъанна протест йирзича "митинган" артиклехула 400 сов административан а, дуккхаъ а нах арабевлла къепедацараш лелорна 90 ца кхоччуш бехкзуламан а гIуллакхаш дуьхьал айдира. Административан протоколаш листира Дагестанера 30 гергга кхело. Жоьпалле ийзийначарна гIуданаш деттарна тIера чохь даккха иттех де-буьйса а туьхийра, аьлла ду дагестанхойн кхелийн базашкахь.
Таксхо, Украинехь тIемаш бинчун кIант, боккхачу доьзалан да
ГIадужу-беттан 29-чохь дуккхаъчу наха къепедацарш лелорах бехкзуламан гIуллакх гIаттийра Оьрсийчоьнан Талламан комитетан Дагестанера урхаллин къаьстина коьрта гIуллакхаш луьстучу кхоалгIачу декъан куьйгалхочун гIовса. Цул тIаьхьа оцу гIуллакхашна тIебирзира экономикан сферехь пачхьалкхан Iедална дуьхьал ден зуламаш толлучу урхаллин декъехь берш, аьлла ду Дагестанан Лакхарчу кхелан материалашкахь.
Декъашхой бехкебина нах вовшахкхетта къепедацарш лелорах йолчу артиклан шина декъехь – карарчу хенахь массарна а гIарабевллачу фигуранташна бехкаш дехкина шолгIачу декъехь, цо кхаа шарна тIера бархI шаре кхаччалц хан кхачайо дакъалацарна. Артиклан хьалхара дакъа – дуккха а нах вовшахкхетта къепедацарш лелор – цо бархI шарна тIера пхийтта шаре гергга колонихь йаккха хан кхачайо.
Карарчу хенахь кхелан картотеки тIехь иттаннаш аьрзнаш ду дина бехкебечарна дIасабовлар доьхкуш барамаш дуьхьал бахарна, церан цхьа дакъа зорбане даьккхина. СИЗОхь баккха бутт а, ткъе пхиъ де а кхайкхийна Халатов Камилна. Адвокато дIахьедира, цо дакъа лаьцна дац кхечу нахаца къепедацаршкахь, цо аэропортан бахам хIаллак ца бина, оцу меттигехь ларамза нисвеллера иза. Оцу тайпа бахьанаш билгалдаьхна апелляцин латкъамехь Халиков Заурбека а.
Иштта бехкебина мехкан бахархой Рабаданов Юсуп, Рамазанов Давлетхан, Карнаев Рамазан, Арбулиев Арсен, боккхачу доьзалан да Джанборуев Iумар, Тучуев Махач, Гаджиев Джамал.
Иразиев Iийсан адвокато тидам байтира, бехкзуламан гIуллакхехь билггал хууш тоьшаллаш дац къепедацаршна иза гунахь хиларх. Бехкевийриг жима хилар а, шен да-нана кхаба йийбар вовшахтосуче балха хIотта иза декхаре хилар а бахьана далийра адвокато: цIе ца йоккхучу лазарца волу цуьнан да, Украинерчу тIеман декъашхо хилла, нана а. Ша Иразиев а ву букъца лазар долуш, цо даим а сингаттамехь латтаво иза.
КХИН А ХЬАЖА: "Муьшаца ца ийзийна адамаш гIурта йукъа". Политикан терроризмех дуьйцучу эксперто – Дагестанехь жуьгташна дуьхьал хIоттийначу акцихКхеле хIоттийначу кхечо, цуьнан цIе къайлайаьхьна, дийцира, ша таксхо ву, цундела шен балхаца доьзна нисвеллера ша къепедацаршлахь, цунах тешна да-нана а ду цуьнан – пенсхой, СИЗОхь латтон йиш йац иза – хьатIца бала хьоьгуш ву иза. Шен лаамехь тIевахна хилла иза Дагестанера чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин бехкзуламна бехке болу нах лоьхучу хьукматана.
Аэропортехь лелийначу къепедацаршна тIехула бехкебан тарло иштта гунахь боцурш а, и кхерамаш бух боцуш бац, бохура Кавказ.Реалиин редакцица хиллачу къамелехь дагестанхойн "Черновик" газетан политикан обзорхочо Магомедов Мохьмада.
"Кхузахь тера ду, мехкан куьйгалхочо бакъоларйаран органашна хьалха хIоттийна Iалашо йу. И кхочуш муха йийр йац цара", - аьлла хета къамелдечунна.
Iедална ца хезаш хилча
ХIинжа-ГIалара аэропортехь лелийначу къепедацаршна тIехула 300 сов административан протокол ду хIоттийна – транспортан инфраструктурина новкъарло йеш, дIахIоттийна къепе йохош нахана хьалха барамаш хIитторах. Зорбане баьхначу сацамаш тIера хиъна, лецначех дукхахболчара бехкаш тIе ца лоьцу, ларамза цигахь нисделлера шаьш бохуш.
Омаров Гаруна кхелехь дийцира, Уйташе шен шичин Амрун кIантана дуьхьал веанера ша, Дубайра цIа вогIуш вара иза аьлла. ХIетте а 10 эзар сом гIуда тоьхна цунна. Цуьнца цхьаьна лийцира иштта оцу пассажирна дуьхьал баьхкина цуьнан шичой МагомедовгIеран Нурмохьмад а, Гайдарбег а
Халкъаца дина къамел дацара, шайна хетарг бертахь дIадийца бакъо ца йелира царна
Тхан спикеран йоллу цIе йолчу Магомедов Мохьмада кхелехь кхетийра, таксхо ву ша, аэропортехь хуьлуш дерг хIун ду хьажа тIевеанера ша. Кхин фигуранташ Магомедов ИбрахIим а, цуьнан доттагI Исаев Шемал а цу сарахь Москва воьду шайн доттагI Нестуров Мохьмад новкъавоккхуш вара. Шинна а итт эзар соьмаш гIуданаш диттира.
"Митинган" артиклехула кхело чохь даккха ворхI дей-буьйсий туьйхира Алиев Магомедзагидна, цо дийцинера кхелехь, Iумратера цIа вогIучу гергара стагана дуьхьал веана вара ша аьлла.
Дагестанехь хилла талораш ладам боллуш тIаьхье йолуш дара: республика протесте йала кийча хилар гучуделира, Iедалхой а, муфтият а декхаре йира, бахархоша сагатдечу проблемин терго йан, билгалдаьккхира шен Кавказ.Реаллин редакцица хиллачу къамелехь кхузаманан глобалан хеттарш а, динца йоьзна проблемаш а толлучу "Кавказ. Машар. Кхиам" Центран президенто Сиражудинова Саидас.
"И талораш ца хилийта йиш ма йара, халкъан дог-ойла хууш хиллехьара, цуьнан терго йина хиллехьара. Шо шаре гулделла резадацар дIахаийта талораш Iаламат ирча кеп йара, халкъаца къамел дина дацара, оьгIазло дIайаккха меттиг ца битинера, шайна хетарг машарца дIа ала а", - бохура эксперто.
Цунна хетарехь, "хьаькамна хестадала, кара мел кхаьчнарг жоьпе озор ву". Сиражудинована тамашен хета, Iедалхоша цкъачунна массарна а шога таIзар дан ца хIоттар: "Йа шайн гIалатах кхета уьш, йа нахаца девне бовла ца лаьа".
Iалашо – дIадайар
"Дагестанна цхьа а политикан тIаьхье хилла йац, машанашкахь "антисемитан талораш" алар доцург кху баттахь кхин хилла хIума дац. Факташкахь аьлча, антисионитийн хьежамаш алсам болуш хIума дара и. Iедалхойн коьрта стратеги йу – хилларг информацица дIадайар, йукъараллера негативе йолу дог-ойла дIайаккхар", - аьлла хета Магомедов Мохьмадна.
Къамелдечун жамIашца, регионалан Iедалийн таро йара федералан центр тешон, хилларг – "украинхошкахьа болчу мостагIийн ресурсаша" бахархошна питана даран жигара жамI ду аьлла.
Цунна тIетов политолог Галлямов Iаббаз а, Оьрсийчоьнан президентан спичрайтер хилла ву иза: "Путинна хетарг туьйлира, талорхой –"социалана гергара" бу, уьш цхьана а хIумана бехкебац аьлла. Ткъа билггал бехкеберш – америкахой а, украинхой а бу".
Кремлехь баккъал а кхоьру протесташ йуха а хиларна, кхин а шогачу кепехь
Билггал, талораш лелийна шолгIачу дийнахь кхерамзаллин Кхеташонан декъашхошца хиллачу цхьаьнакхетарехь Путин Владимира билгалдаьккхира: уьш "дукха хIуманна тIехь Украинан дозана тIера лелийна, арахьарчу мехкийн къайлахчу сервисийн агентурин куьйгашца лелийна ду. Изза дIахьедар хазийра Дагестанан куьйгалхочо Меликов Сергейс а:"Тахана билггал бакъ, йиллина информаци кхаьчна, Украинан дозанаш тIехь йамартхоша, бандеровцаша, эзар шерашкахь вай лоруш, вайна деза хетарг ца дезачара лелош хилар "Утро Дагестан" канал".
Дагестанан цIарах Оьрсийчоьнан парламентехь депутат волчу Хамзаев Султана кхайкхамбина дозанал а арахьа бехачу махкахошка, кара а вай, жоьпе хIоттаве Пономарев Илья. Иза бехкево "Утро Дагестан" телеграм-каналехула къепедацарш вовшахтохарна. Оппозицин политик хьалхо а воьзна хила тарло оцу ресурсаца. Амма тIаьхьо Пономаревс дIахьедира, стохка гурахь каналан авторш "йукъара бевлла", кхин дIа боьзна бац уьш цуьнца аьлла.
"Либералан мисси" фондан кхеташонан декъашхочунна Жаворонков Сергейна хетарехь, ХIинжа-ГIалара хиламаша политикан тIаьхье ца йитаро ши бахьана билгалдаьккхина нахана гергахь.
"Президентан харжамаш бу тIекхочуш, оцу чолхечу, йоккхачу регионехь кадрашкахь нах цIеххьана дIасахийцаро зенаш дан тарло. ШолгIа: Кремлехь баккъал а кхоьру протесташ кхин а шогачу кепехь йуха а хиларна", - билгалдоккху эксперто Кавказ.Реалиин сайтана йеллачу комментарихь.
Оцу йукъанна Жаворонков реза ву, протестийн билггал долу бахьана – "арахьара шпионаш бац", меттигерчу исламан йукъараллина радикализаци хилар ду. Амма цаьрца болх бан а, и проблема хиларх хаийта а, цо бахарехь, Iедалхой кийча бац.
- Дуьххьара дац тIаьххьарчу шерашкахь Дагестанехь дуккха а нах арабевлла, протесташ йен. Стохка гезгамашин-баттахь президенто Путина кхайкхийначу мобилизацина дуьхьал гуламаш хилира ХIинжа-ГIалахь, Москвара схьа мел кхочучу сацамашна муьтIахь йу Дагестан боху миф йохош. Дечкен-баттахь бахархоша трасса дIакъевлира газ а, ток а дIайаккхарна дуьхьал. Ала дашна, хIетахь Дагестанан урхалхочо Меликов Сергейс бехк биллира "украинхошкахьа болчу агенташна". ХIокху гезгамашин-баттахь бархI стаг лецира ЮНЕСКО Дуьненан тIаьхьалонан гIишлона – Сарыкум барханна уллохь нехийн полигон йарна дуьхьл акцихь дакъалаьцна волу. Протестан гуламан декъашхой хилира бIе сов маьрша бахархой.
- Дагестанера аэропорт дIалаьцначу йукъанна Кадыров Рамзана тIедиллира, Нохчийчохь къепедацаршка арабевлла нах "чубохка" аьлла: омра дира цо ницкъахошна, "кхузза хIаваэ герз тоха, ткъа боьалгIа патарма - хье йуккъе билла" аьлла.
- Телеграмо дIакъевлина "Утро Дагестан" канал, цигахь баржийра антисемитан талораш леладе бохуш, кхайкхамаш – цунах лаьцна дIахьедина сервис йукъайаьккхинчу Павел Дуровс. Telegram-н, Google-н, Apple-н, доллу цивиалан дуьненан а низамаш талхаден каналаш дIакъовлур йу, ницкъбан кхайкхамаш барна", - дIахьедира цо.