"Исламан пачхьалкх" тобано Мосулехь дихкина ловзарш а, тархь ламаз а

Иракъ -- "Исламан пачхьалкх" тобано цхьа шо хьалха дуьйна дIалаьцна латтош ю Мосул. 2015. Манг.

Иракъан къилбаседехьа Iуьллуш йолу Мосул гIала дIалецира "Исламан пачхьалкх" тобано цхьа шо хьалха. Цигарчу бахархойн дахар хьалха а дацара атта. ХIинца иза кхин а халачу даьлла, цигарчу тIемлоша цхьацца дехкарш дар бахьана долуш. Уьш доьзна ду Рамадан олу сийлахь мархийн бутт тIекхачарца.

Диндайша дихкина цхьамоггIа цигарчу бахархоша бIеннаш шерашкахь лелош хилла хIуманаш. Царна юкъахь ду доминох а, нардех а ловзар. Цунах лаьцна дуьйцуш ду Иракъерчу ХIамрин (Hamrin) олучу хаамийн агенталло.

http://hamrinnews.net/now/3789.html

Керлачу Iедалша иштта дихкина махIибс (mahibs) олу ловзар а. Цунах Иракъера бахархой ловзуш Iедал ду сарахь хIумакхаьллинчул тIаьхьа буьйса йоллалц.

Цунах ловза ши тоба. Цу шина тобано рогI-рогIана цхьана стеган буйнахь мухIар дIалачкъадо. Вукха тобанера нах иза муьлхачу буйнахь ду къасто гIерташ хуьлу. Ловзар дIадоьрзуш цуьнах ловзучу нахана доькъу цазамаш а, шел дина мерза хиш а.

http://gulfnews.com/news/mena/iraq/old-foes-rely-on-game-to-foster-brotherhood-I.I3027I

Доминох а, нардех а, махIибсах а ловзучу метта тIемалоша юкъадаьккхина, масала, охьатохарх летар.

Исламан пачхьалкх олучу тобанера наха арабовла цамагадо зудашна марха дастталц.

http://www.rferl.org/content/islamic-state-iraq-mosul-one-year-later-prison/27063629.html

Цул сов, цара бакъо ца ло сарралц мархийн баттахь туьканаш схьаелла.

Цхьацца ловзарш дехкар а, зударшна керла низамаш юкъадахар а доцург кхин а керла хIуманаш юкъадохуш бу Мосулерчу керлачу Iедалийн векалш.

Масала, бусулба динца доьзна хIуманаш. Шайн куьйгакъеллахь йолчу меттигашкахь марха лоцур ду наха Мангал-беттан 19-чу дийнахь, аьлла дIакхайкхийра цара, дерриг а дуьнентIехь марха 18-чу дийнахь лоцуш а долуш.

Кхин цхьа церан омра доьзна ду ламазаш дарца. Исламан пачхьалкх шех олучу тобано дихкина бусулба сунниташ мархийн баттахь деш долу таравихI (тaraweeh) олу ламаз дар (нохчаша тархь олу цунах).

ТаравихI-ламаз парз дина тIедиллина дац бусулбанашна. Амма иза дар мелехь ду бохуш бусулба наха мало ца еш деш ду иза, Сауди Iаьрбийн пачхьалкхехь а цхьаьна.

Амма "Исламан пачхьалкх" тобано иза наха шаьш юкъадаьккхина хIума ду боху. Цуьнан Iилмашчаша тIедуьтуш дац и ламаз Сауди Iаьрбийн пачхьалкхерчу молланаша шайн лаамехь юкъадаьккхина хIума ду иза бохуш.

http://www.dw.com/ar/داعش-يمنع-صلاة-التراويح-ويتوعد-من-يقيمها-بالجلد/a-I8525335

ТаравихI дехкаро гойтуш ду мел гена йоцуш а, нисса шайн хетачунна тIехь лаьтташ а ю и тоба, бохуш чIагIдо Лондонерчу Паччахьан колледжан исламехула говзанча йолчу Керстен Карола.

Мосулехь муьлхха а таравихI ламаз деш гучуваьллачу стагана таIзар дан лерина бу "Исламан пачхьалкх" тобанан декъашхой.

Маршо Радион Иракъерчу корреспонденто бинчу хаамца, кху беттан 21-чу дийнахь тIемалоша нахана хьалха таIазар дира тархь динчу 8 меттигерчу дешначу стагана.

Керстен Каролана хетарехь, "Исламан пачхьалкх" тобано тархь ламаз дехкаро цунах догдаккха мега Мосулерчу бахархойн а, кхечу меттаигашкарчу бусулба нехан а. Гарехь, гергарчу хенахь суннитийн Iелам наха фетваш арахеца мегаш ду тархь ламаз дехкар емал деш, аьлла хета Керстенна.