Теракт кечйарна бехкевечу нохчочун хIусамнана кхелахойн кхеташоне ца йуьту

Висаев Апти

Теракт кечйеш хилла аьлла бехкевинчу Нохчийчуьра вахархочун Висаев Аптин хIусамнана Мутаева Iайша кхелан кхеташонера арайаьккхина сацам бовзийтале хьалха. Йукъараллин адвокат санна хьалхайаьлла а йара Мутаева.

Иза арайаккхаран бахьана лерина Хабаровскера 1-чу Малхбаленан гонашкара тIеман кхелан суьдхочо Пунтусов Дмитрийс, йоьдучу кхеташонехь цо даьхна хилла суьрташ Мутаевас шен телеграм-канале хIиттор. Шен гIоьнчас шега кхачийначу кехата тIера хиъна суьдхочунна цунах лаьцна.

Мутаевас бахарехь, цо суьрташ а, йа видео а йаькхина йац.

"Масех иттаннашкахь хиллачу кхеташонашкахь цкъа а бехк баьккхина бац соьгара. Аудио йазйира ас, зуламан-прцессуалан кодексо магош ду аудио йазйан. Оцу йукъанна дов хаттар а диллина ду, аудиофиксациш йан цхьана а кепара тоьхна дозанаш дац", - аьлла цо.

Кхеташо йоьдучу гIишлочуьра арайаьккхича а ца тоьаш, цунна ца магийнера коридор чохь саца а, кхеташо дIайаьлча СИЗО дIавуьгучу шен цIийндех бIаьргтоха лууш хиллера иза.

"Кхеташо йоьдучу чуьра со арайаккхарх сан кара кехат ца делира. Со тешна йу, низамца догIуш дац и. Апти а вара реза воцуш, кхелахочун оцу сацамна латкъам бийр болуш ву иза. Адвокато шена догIучунна кхелан кхеташонан протокол тIехь йаздира харцо йарх, оцу процессашкахь хилла а воцчу суьдхочо делла кехат шена гайта а элира. Кхул а хьалха хиллачу кхеташонехь сан цIийндена бакъо ца йелира, иза ган даьхкина бераш цунна гайта а", - дийцина Мутаевас Кавказ.Реалиин редакцига.

Цуьнан гIуллакх нахаладаккхарна кхелахоша Висаевна беш бекхам бу иза аьлла, дузу цо.

"Кхелахочун гIоьнчас ларамза элира, сан блогеран гIуллакхна тIехь шаьш терго латтайо аьлла. Инстаграмехь а, телеграмехь а ас диллина дуьйцу гIуллакхах лаьцна, йаздо сан хIусамдена дуьхьал даьккхина гIуллакх бух боцуш хиларх а. Оцу кепара кхелан цабезам гIаьттира Висаевн доьзалехьа а, адвокаташкахьа а, цара Висаевс дина боху йозанаш дина цахиларх говзанчашкара тоьшаллаш шайга дIакхачийначул тIаьхьа дуьйна. Къайлаваьхьначу тешаца дина бохучу цхьана йозанах хIоттийначу протоколехь ФСБ-н белхахочо нахаха куьйгашйаздина шеггара", - чIагIдо Мутаевас.

Хьалхо Мутаевас йовзийтира шен хIусамден интересаш Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхелехь а.

  • Бехбуьллучийн версица, шена вевзачу цхьана накъостаца хиллачу йозанашкахь Висаевс дехар дина хилла боху, 2021-чу шарахь Красноярскехь стигалкъекъа-беттан 9-чохь боьлхучу барамашкахь эккхийтар де бохуш. ТаIзаре хIоттийначо шена дохку бехкаш тIе ца лоцу. Цо чIагIонаш йо, шегара телефон дIайаьккхинчул тIаьхьа талламо шайггара тоьшаллаш гулдина ду бохуш.
  • Зазадокху-баттахь Висаевн дов хаттар Красноярскера Хабаровске дIаделира.
  • Оханан-баттахь Висаевс латкъамаш бира Хабаровскера талламан изоляторехь шена латточу хьелашна. Шен хIусамнене цо дахьийтинчу кехата тIехь далхийнера цо, йалх квадаратан метар йолчу камери чохь латтош ву ша аьлла.