Теракт кечйарна диъ шо хан тоьхна Германехь 17 шо долчу Нохчийчуьра вахархочунна

Немцойн полисхой, гайтаман сурт

2023-чу шеран гIуран-баттахь Къилбаседа Рейн-Вестфалехь Керлачу шарна хIоттийначу базарахь теракт йан дагахь хилла Оьрсийчоьнан вахархо, шен 15 шо долчу накъостаца цхьаьна хаамбина таламхоша.

Нохчийчуьра схьаваьлла жимстаг вехаш вара Германин малхбалехь йолчу Витшток гӀалахь. Нейруппин гӀаларчу кхело диъ шо хан тоьхна бехкевечу кхиазхочунна, 21 шо кхачанза болчу нахана таӀзар даран низамашца а догӀуш. Изза таӀзар динера масех кӀира хьалха цуьнца хиллачу накъостана.

ТаӀзар дина къизачу хьелашца стаг вен гIортар аьллачу буха тIехь, ткъа иштта йихкинчу цхьаьнакхетараллин билгалонаш лелорна бехке а вина. Кхелан процесс йоьдуш коьртачу декъана бехктакхаман гӀуллакхехь йолу йерриг а пункташ тӀечӀагӀйира.

Бехкевечу нохчочо шен накъостаца барт бина хилла Малхбузен Германерчу Леверкузен гӀалахь керлачу шарна хIоттийначу базарахь "ма-хуьллу дукха нах байа" машен эца, хаамбина DPA агенталле кхелан векало. "Машен тIехоьхкучу хенахь базарахь кIелхIарабевллачу нахана арсаш детта Iалашо хилла церан", - кхин дIа дийцинера агенталлица къамелдинчо.

Стохка шо чекхдолуш лецнера шеконаш йолу кхиазхой, церан Iалашонаш полицина йевзинчул тIаьхьа. Лецнарш кхиазхой хиларе терра, ФРГ-н низамашца а догIуш, кхелан кхеташонаш дIайаьхьнера зорбанан гIирсийн векалш чу а ца буьтуш. ТаIзарна латкъамбан а тарло.

• Немцойн федералан Бранденбургехь 16 шо долу Нохчийчуьра схьаваьлла жима стаг лацар гӀарадаьллера стохка лахьан-бутт чекхболуш. Полисхоша бахарехь, керлачу шеран базарахь теракт йан дагахь хилла иза.

• 200 эзар сов нохчий беха Европерчу пачхьалкхашкахь - уггар йаккхийчех диаспораш йу Францехь а, Германехь а, Австрехь а. Европел арахьа диаспора йу Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь, Канадехь, Гергарчу Малхбалехь, кхечу пачхьалкхашкахь а.