Теркйист, Невран кΙошт даима а лаьтта Терк хьадаран кхерама кΙел. Тахана а ду Терк дистина, гΙергΙаш. Цо шеца кест-кеста дΙахьо, херцаршка ерзадо яртийн кийсигаш
Цхьанна дарделча санна, гIовгIане, лаьхьанах тера «шах» деш, дегнаш кхерамах дузуш догIу кху некъехь Терк.
ХIинцачул исс шо хьалха даккхий зенаш динера бахархошна карзахе дистина деъначу Терко. Уггар зенаш динчу кIоштех яра Шелковскан кIошт а, Теркйист а. Де эшначу бахархошна Iедало иттаннашкахь керла цIенош а дугIуш, къаьсттина зе алсам хиллачу яртех яра Теркйистера Iелин-юрт.
Теркаца Iохкучу ярташна цу хенахьлера бохам карлабоккхуш беъна хIара мур а. Масех де ду, IалгIож- гаьргаш, дечигаш такхийна, гуш боцчу ницкъо чу гIалакхаш хьийзош, карзах дохуш санна, бурош хьийзош, чопа тоьхна буьрса Терк охьаоьху.
Буьйсанна, дукха паргIат а ца долуш, адаме сема хилар доьхуш, кхайкхамаш бина маьждигашкахь. ОьгIазе догIу хи чудожаре сатуьйсуш, кест-кеста бердаца шайна-шайна билгалонаш еш хаало бахархой. Цара дийцарехь, Терк дестаран бахьана лаьмнашкахь хаддаза догIанаш эхаррий, вуно довха денош латтаррий ду.
Терк тергалдан оьхучу наха кар-кара а оьцуш, бийцаре бо жимма а хица хилла хийцам а, хи цIеххьана карзахдаларан бахьанаш а. Цара чIагIдарца, царех цхьаъ ду, цхьа хIума-м гал а даьлла, Хирийн мехкан Мазалк-гIалина гергахь совдаьлла догIу хи цхьана хорша чухула дIадерзо йиш цахилар а. Берда йистехь ларамаза вовшахкхетта Iелин-юьртара бахархой бу бIокъажош дера догIучу Терках дуьйцуш.
КIира гергга хан яьлла жим-жима тIе а кхеташ Терк охьаоьхуш долу. Бахтиев Iадлан ву дуьйцуш.
Бахтиев: "Селхана, кху беттан 4-чу дийнахь, дукха Iуьйранна гIаьттина, билгалонна дечигаш йоьгIнера ас бердаца. Де-буьйса даьлча со хьаьжча, цхьа ша ахша бен дац тIекхетта хи. Ткъа 5-чу дийнан сарахь, изза юкъ ю ала мегар долуш, кхин хийцам бац, даламукъалахь».
Ишта къамелаш до Iелин-Юьртарчу бахархоша. Теркьхой дегайовха бу, цхьана-шина дийнахь шен буьрсалла юха а яьккхина, Терк чудужур ду аьлла.