"Терроран" артиклехула бехкевинчу Дагестанера вахархочо дIахьедина Iазапаш хьегарх а, шен бизнес дӀайаккхарх а

Гайтаман сурт

Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело 11 шо набахтехь даккхийта таIзар кхайкхийна Дагестанера вахархочунна Ибнухажаров Джабраилна терроризмна ахча латторна а, тӀемалошна гӀо дарна а, бакъо йоцуш патармаш а, оьккхуьйтург а латторна а. Ша бехкевечо дӀахьедар дина, и гӀуллакх харц хиларх а, ницкъаллин структурийн белхахоша шена тIехь ницкъбарх а.

Талламхоша бахарехь, ХIинжа-ГIалара вахархочун уьйраш хилла гIаттамхошца 2017-чу шеран чиллан-баттахь дуьйна. Цара шена йелла Макаровн тапча а, патронаш а цӀахь латтийна цо, иштта гӀо латтош хилла царна шен ахчанца.

Ибнухажаров Джабраила чIагIонаш йо, шена дуьхьал долийна бехкзуламан гӀуллакх шегара бизнес схьайаккха Iалашонца кхоьллина хиларх: бехкевечо куьйгалла деш хилла "ХIинжа-ГIала-Истамбул", "Талгиспецстрой" олучу гIишлошйаран компанийн. Цо дийцарехь, ахча дехьадаьккхина хилла цо эцначу машенах, амма цунна хууш ца хилла, йохкархо къайлах лелачу террорхошца воьзна хиларх лаьцна. Хьалхо Ибнухажаровн адвокато дӀахьедира, шен клиент полисхоша хьийзош хилла аьлла. Иза лаьцначул тӀаьхьа доларчу хӀусаме дӀавигинера, цул тӀаьхьа бен ца валийнера иза ХIинжа-ГIалара Кировн кIоштарчу чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан декъе.

Тапча а, патронаш а низамхоша тийсина хилла цунна, чӀагӀдо бехкевечо. Цунна тоьшалла ду, 2017-чу шарахь охан-баттахь кхечу бехкзуламан гӀуллакхна бехкевечуьнгара изза тапча йаьккхина хиларо, билгалдаьккхина гIуллакхан материалашкахь. Ницкъаллин структурийн органаша ца дийцира кхелехь и тапча ИбнухажаровгIеран цIа чохь муха нисйелла 2019-чу шеран лахьан-баттахь.

Лакхарчу кхело и цхьанацадар къаста ца дира, тӀе ца эцна тешийн тоьшаллаш а, шайна юкъахь Талги юьртарчу бахархоша цхьаьнатоьхна латкъам а болуш. Эххар а Къилбаседа кӀоштан кхело бина сацам бакъбина.

• 2019-чу шарахь лахьан-баттахь Дагестанан прокуратуран гӀишлонна тIебаьхкира лаьцначу Ибнухажаров Джабраилан а, Магомедов Магомедгаджин а 50 сов гергарчара, цул тӀаьхьа машенийн некъ дӀакъевлира цара. Протестхоша дийцарехь, маьрша духарш дуьйхинчу полисхоша бӀаьргех хи доккху газ хецнера нах дӀабохийта. Цул сов, Советан кӀоштан чоьхьарчу гӀуллакхийн декъе йалийнера полисхоша пхи зуда а, цхьа стаг а, бакъо йоцуш митингехь дакъалацарца административан низамаш дохийна аьлла, протоколаш хIиттийра царна.

• Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело тӀечӀагӀбина Къилба кӀоштан тӀеман кхело Дагестанерчу Хасав-Юьртан кӀоштан вахархочунна Абдурахманов Ӏабдурахьманан хьокъехь бина сацам. "Исламан пачхьалкх" олучу тобанан тIемало ву бохучу шен вешина Шема эзарнаш Американ долларш кхехьийтарна кхел йинера цунна.

• Оьрсийчуьрчу адвокаташа а, бакъонашларъярхоша а билгалдоккху, дукха хьолахь тӀемалой санна гойтуш болчара кхелехь дӀахьедарш дарх, хьалхара таллам бечу хенахь шайн тIехь гӀело а йеш, тоьшаллаш дайтина шайга бохуш.