"Террорхо № 1037". ХIун ду хууш дарбан хIусамера веддачу "Басаевн нийсархочух"

Алханов Мохьмад

Аштаркхнера ницкъхой бу 39 шо долу Алханов Мохьмад лохуш – 2000 шерн Зазадоккху-баттахь Басаевн а, Хаттабан а тобанца Псковрчу десантхошна тIелетта иза, боху талламо. Ву иза набахтехь итт шо текхна а – терроран тохар дан кечлуш хьийзарна а, герза лелорна а, низамехь йоцчу тIемалойн гIеранехь леларна а. Цунна дуьхьал рогIехь айдина бехктакхаман гIуллакх толлуш, психиатрийн экспертизах чекхвоккхуш хилла иза Аштаркхнарчу лерринчу дарбан цIийнехь, ведда цигара.

ГIадужу-беттан 26-чу дийнахь, психиатрин хIусаман кертахула дIасаволавала аравалийтича, аьчка гуран чуь а саттийна, ша даьккхинчу Iуьргахула ведда иза. Федералан лехаме велла Алханов, 100 эзар сом дала диллина волу меттиг йовзийтинчунна.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин Аштаркханерчу урхалло интернетехула яржийна юург юхкучу туьканарчу видеокамеро лаьцначу суьртан скриншот – Алханов Мохьмад ву боху Iаьржачу духарахь, медицинан масканца лаьттарг. Ницкъхоша бахарехь, арахь а дIа ца йоккху цо шен юхь тIера маска.

Кхиазхо-тIемало?

Алхановх лаьцна дукха яц тIекхача йиш йолу информаци. Хьалха набахтешка иза хаьжош язвина ву Росфинмониторинган халкъаларчу террористийн, экстремистийн тептара, ноьмар 1037 а йолуш. Официало бахарехь, 1982 шарахь Нохчийчуьрчу Неврехь вина иза – хIетахьлерчу Нохч-ГIалгIайн автономин республикехь. Гуш ду шн даймахкахь тIом болалуш цуьнан шийтта шо хиллийла а, Псковрчу дивизин 6-чу ротина тIелетар дечу заманахь бехкевийриг кхиазхо хиллийла а.

Соьлжа-ГIалахь ехачу Алхановн зудчо Кагерманова Рашана хьалхо дийцира "Кавказский узелан" (Оьрсийчоьнан юстицин министралло "арахьарчу агентийн" таптара яздина и газета –ред.) журналисташка шен майра тIеман гIеранашкахь дакъалацарна а, герзаш лелорна а набахтехь итт шо текхна ву, аьлла. Маьршаваьлча Петербурге дIавахна иза ваха, цигахь кхаа шарахь Iийна полицин тергонна кIел – 2011 шарера схьа иштта латтош ву Оьрсийчохь тутмакхалла лайна вахархо.

Тхан аьтто ца белира ведда лела Алханов Оьрсийчоьнан кхело маца, стенна хьажийна хилла набахте гойту информаци йиллинчу хьостанашкахь схьакаро. Амма Петербургерчу Приморски кIоштан кхело листина карийра яхархочо Алханова Дарьяс Мохьмад Хасанович шен цIентIе язвинчуьра дIаваккхар доьхуш дина дехар. Сацамо бахарехь, 2018 шеран ГIуран-баттахь иза гIалара дIавахарца доьзна дIасакъасталц цхьаьна даьхна и шиъ. "Нохчийчоьнан полицин урхалло даийтинчу жоьпо бахарехь, Алханов М.Х. вехачу метте дIакхачийна иза кхеле кхойкху кехат", амма ца веъна кхеле.

Тарло оцу петарца доьзна листинчу орзо полицин тергамна бухавигина иза хила а – кхел йина бутт баьлча Оьрсийчоьнан Талламан комитето информаци яржайо, Псковрчу дивизин 6-чу ротина Басаевн гIерано тIелатар дарца доьзна кхин а цхьа декъашхо" лаьцна, олий.

Иштта дуьйзира Алхановца тIеман гIаттамехь дакъалацар а, тIеман гIеранахь лелар а, эскархойн дахарна тIе куьг дахьар а. Иза толлуш психиатриян дарбан хIусаме хьажийначуьра ведда иза.

Адвоката Зеленин Евгенийс тIе ца дуьту иза бехке хилар: тешаша дагалецарца, Басаевс дуьгуш ца хилла тIом бан кхианза долу бераш, Алхановн дегIаца яц я чов йина а, я дехха герз лелорца йоьзна ларш. Ткъа талламчаша бахарехь, иза тIом биначаралахь хиллийла хиина Оьрсийчуьрчу цхьана снайпера динчу тоьшаллехула – тIемаш бирзина 20 шо даьлча цунна вевзина боху Алханов.

Ша цхьана хIуманна бехке хеташ хиллехь, иза тоххара ведда хир вара Оьрсийчуьра, чIагIдо цуьнан керлачу зудчо.

"Сан бакъо яц и гIуллакх дийцаре даккха. Гезгмашин-баттахь суна сан клиенто кехатца хаийтина, муьлхачу хаамийн гIирсанна информаци а яла мегар ду. Кхечу журналисташна комментареш яла ца магийна суна цо", – элира Кавказ.Реалиига адвоката Зеленина.

Дохийна дахар

2000 шеран Зазадоккху-беттан 1-чохь 76-чу тIеман десантан дивизин 104-чу полкан 6-гIа рота Нохчийчуьрчу Улус-Кертанна тIехула лаьттачу «776» олучу раьгIнашахь тIаме хIоьттира баьччанийн Басаев Шемалан а, амиран Хаттабан а тобанца. Динахь-буса гергга бира тIом. Оьрсийчоьнан тIеман министран информацица, 90 десантхо хилла 2500 нохчийн тIемалошна дуьхьал лаьтташ, велла 84.

Дохийна кхин а цхьа дахар ду иза. Цуьнан берехь а ехар ю Орсийчоьне оьгIазалла

"Виъ десантхо бен ца висина дийна оцу луьрачу тIамехь. Цаьргара хиина вайна, мел майра леташ воьжна церан 84 накъост. Уьш тоьлла, 1500 гергга волу бандит сацийна, вохийна, дIасаваржийна гонах. Хаттабхойн кхин аьтто а ца баьлла Селман-Тевзана баха, кхидIа а кхача – Ведана. Вайнаш бахьана долуш бандиташ мерза кхача буучух а, дIабуьйшучух а бевлла, декхаре хилира акхаевллачу кегийн тобанашкахь хьаннашкахула хьийза. Церан баккъаш тIе садоьIуш лелара церан синош дIаоьхуьйту вайн талламхой-иччархой", – иштта яздина "Сан тIом. Тоьлин хьелашкахь ваьхначу инарлин дагалецамаш" цIе йолчу шен книги тIехь юьйцучу хенахь Къилбаседа Кавказан тIеман гонан буьйранча хиллачу Трошев Геннадийс.

Kulturverein Ichkeria ("Синмехаллийн центр "Ичкери") юкъарлонан куьйгалхочо Исханов Хьусайна Нохчийчоьнан Ичкерин эскарехь тIемаш бина, лаьттина Нохчийчоьнан Ичкерин президентан Масхадов Асланан адьютантан даржехь - "и санна болу алхановгIар вайн ерриг а республика яьккхина бу", боху цо.

"Суна ца вевза и стаг ша, амма тIемаш лаьттачу заманахь вуно дукха кегийнах арабевллера агрессина дуьхьал, Оьрсийчоьнан эскаран зуламашна дуьхьалхIитта. Алханов санна болчу кегийнчийн хилла а яц къоналла – тIаьмо дIаяьхьна иза. Ше къам Iалашдан араваларна даккхина цо набахтешкахь итт шо. Кхин а тоха гIерта хан. Дохийна кхин а цхьа дахар ду иза. Цуьнан берехь а ехар ю Орсийчоьне оьгIазалла", – аьлла хета юкъархочунна.

Исхановс харцйо Псковрчу десантхошна дуьхьал Басаев Шемалан а, Хаттабан а тобанера ши эзар стаг лаьттина боху официалан информаци.

"Сан къамелаш хилла тешашца, оцу тIамехь дакъалаьцначаьрца. И лам баьккхинарш дуккха а кIезиг хилла - гIора кхачийна, халла когаш тIехь лаьтта тоба. Беламе терахь ду ши эзар – цхьана а тобанехь хилла бац оццул дукха нх Iхетахь", – чIагIдо Исхановс.

ТIаьххьарчу шерашкахь, - цо бахарехь, - белхазалла вуно лакхара йолчу даймахкара дIа а оьхуш, Оьрсийчоьнан яккхий гIаланашкахь белхаш лоьху нохчаша – Алханов Мохьмада а лелийна изза.

"Амма Оьрсийчуьрчу муьлххачу а гIалахь кхераме ду баха нохчийн кегийрхошна, уьш лоьцу, набахтешка хьийсабо муьлхха а бахьана лохий, атта ду "Кавказан къаьмнийн яххьашна" дуьхьал бехк кхолла", – боху Исхановс.

Соьлжа-ГIалица зIе хаьддачу муьрехь дуьйна иза шен цIахь ваьхна

Алханов Мохьмадца тIамехь хиллачу цхьана цуьнан накъоста, шен цIе цайовзийтар а доьхуш, иза хилла а вац Шуьйтан кIоштахь Псковрчу десантхошна дуьхьал тIом бечохь, дийцира Кавказ.Реалиига. Цо бахарехь, Нохчийчоьнан Теркйистехь а, Невран кIоштахь тIемаш бан декхарейинера куьйгалло "Терек" тоба. Оцу тобан баьтто ца баьлла ур-атталла 1999 шо доьрзуш, рогIераниг долалуш лаьттинчу Соьлжа-ГIаларчу тIемашкахь дакъалаца а – Оьрсийчоьнан эскарша 2000 шо долалуш массо а кепара хадийна хилла Теркйистан нохчийн коьртачу шахьарца йолу зIе.

Анонимо дийцарехь, цунна дика дагавогIу Алханов, махкахь шолгIа тIом болалуш цуьнан 17 шо хилла. Цундела туьйра ду ала тарло иза "Терек" тобанехь хилла бохург а, Соьлжа-ГIалица зIе хаьддачу муьрехь дуьйна иза шен цIахь ваьхна – уьш болчохь урамашкахула нах зуьйш лелара эскарш, хьуьйсура паспорташка, дуьйцу Алханов вевзачо.

Оьрсийчоьнан Талламан комитето бечу хаамца, таханенна Псковрчу десантхойх леттачу нахах схьакарийна 29 тIемало. 18 царех набахтехь такха хенаш йиттина, ву царалахь Латвера Ухейда Сулейман а, Украинера Малофеев Александр а. Шиъ вийна лоцучу хенахь, пхиъ ву лехамашка велла.

Адвокаташа а, бакъонашларъярхоша а дечу тоьшаллашца, Къилбаседа Кавказехь тIемаш барна жоьпе ийзочу наха аьрзнаш до кхелашкахь, шайгара дареш етташ даьхна, олий.