Терроран тохарш дарехула йолчу артиклашкахула таIзарш дина Оьрсийчоьнан бахархойн терахь кху шарахь бархIозза лакхадаьлла, хаамбина Свобода Радионо, "Можем объяснить" телеграм-каналана тIетевжина.
Талламчаша зийна Лакхарчу кхелан департаментан хьалхарчу эхашарахь хIоттийна хилла статистика. 2023-чу шеран дечкен-баттера мангал-батте кхаччалц терроран тохар дар аьллачу Iедалан къепехула 39 стагана таIзар дина, стохка оццу муьрехь 5 стаг бен вацара жоьпе озийнарг.
Талламчийн хаамашца, и терахь кхиар доккхачу декъанна доьзна ду Оьрсийчоь Украинана тIелеттачул тIаьхьа тIеман комендатурех цIераш тийсарца а, Оьрсийчохь мобилизаци кхайкхорца а. Цкъа хьалха цIераш тийсар хулиганалла а, бахамна зен дар а ду аьлла, мах хадабора. Цул тIаьхьа Оьрсийчоьнан Коьртачу штабехь дIахьедира, тIеман комендатурех цIе тасар теракт санна лорур ду, оцу тIехула кхеле хIоттийначунна 15 шаре кхаччалц хенаш йеттар йу аьлла.
Товбеца-баттахь "Медиазона" гIирсо йаздира, Оьрсийчохь тIеман комендатурех цIераш тийсарх ах гIуллакхаш терроризман артиклашкахула толлуш ду аьлла.