Дицдан омар делла нохчийн кинематографна а

"Дицдан омар" цIе йолчу кинон чуьра схьаэцна сурт, вайнах цIерабахарх лаьцна кино гайтар дихкина Оьрсийчохь

Масех нохчийн кинояккхархо ву таханлерчу дийнахь нохчийн къомана тIехIиттинчу уггар чолхечу киртигах кинош йохуш – къам цIерадаккхарх а, даханчу бIешарахь Нохчийчохь бола а бина, берзазчу тIамах а лаьцна. Оьрсийчохь церан кинош гайта магийна яц, къаьмнийн юкъаметтигаш йохор ю цара аьлла, бахьана а хIоттийна. Амма цу пачхьалкхал арахьа цу киношна совгIаташ ло, похIмаллин лакхара мах хадош. Оццу хенахь, арахьарчу хьажархойн нохчех а, Нохчийчоьнах а лаьцна ойла хийцало.
Нохчийн къомаха болчу режиссерийн лазам, шайн къоман лазаманна уллехь бу. Цундела хьовсу уьш уггар хьалха, къоман иэсехь а, дахарехь а кIорга лар йитинчу хиламех лаьцна кинош яха. Нохчийн къам цIерадаккхарх лаьцна кино яккха араваьллачу кинояккхархочо Коканаев Руслана, хетарехь, го баьккхина кечамаш бинера, и кино уггар хьалха Оьрсийчохь гайта.

Амма цунах гIуллакх ца хилла. Деношкахь Оьрсийчоьнан културан министралло дихкина цунна а и кино гайта, къаьмнийн юкъаметтигаш телхар ю аьлла. Маршо радиоца телефонехула динчу къамелехь кинояккхархочо дийцира.

Your browser doesn’t support HTML5

Коканаев Руслан - нохчийн кинояккхархо



Схьагарехь, нохчийн къам цIерадакхарх я, Нохчийчохь Кремло латтийна тIом, нохчийн бIаьргашна ма-гарра, Оьрсийчохь я Нохчийчохь буьйцийла хир яц Путинан Iедал мел ду. КГБен векал волчу цуо, шен карахь Iедалан ницкъ мел бу, цкъа а магор дац, НКВДен харцо а, къизаллаш а йийцар. Амма цо магадо, гомий-чIомий гIазакхий мотт буьйцу, юьхь-сибатца а стеган дегазалла кхуллучу кепара нохчийн къомаха векалш гайтар. И тайпа кинош Iаламат дукха ю Оьрсийчохь.

Къона режиссера Магомадов Руслана яьккхина кхин цхьа кино ю, «ЦIа» олуш. Иза а яц гайта магийна. «Чилла» цIе йолуш, кхин цхьа кино яьккхина цо, вайнах цIерабахарх лаьцна. Иза а, къайлаха-къулах гайтира, ур-атталла, Нохчийчохь а.

Кинош-хьовха, депортацех лаьцна Нохчийчохь интеллигенцин гулам вовшахтоьхна политолог, адамийн бакъонашларъярхо Кутаев Руслан ву, кисанахь наркотикаш карийна аьлла, лаьцна латтош. Оьрсийн а, церан муьтIахь долчу меттигера а Iедалша зуламаш дан мегаш ду. Цара юкъаметтигаш ца талхайо, церан хьесапехь. Царах лаьцна дийцаро талхайо.

ХIокхунах лаьцна алсам ладогIа сан «Заманан билгалонаш» цIе йолчу программехь, тIедогIучу кIиранан сарахь – Мангал беттан хьалхарчу дийнахь.