Владивостокера тамашийна тIеш

Дашо МаIа олучу хикеманаш лаьттачу айми тIехула тIай дар доладелира 2008-чу шарахь Товбеца-баттахь.


Охан-баттахь тIаьххьара дакъа дIахIоттийра, Дашо МаIа олучу хикеманаш лаьттачу айми тIехула тIай дар чекхдоккхуш.
 

Дашо МаIана тIехула долу тIай офицалан кепара схьадиллира Марсхьокху-беттан 11-чу дийнахь. Амма цу тIехула гIаш бен воьдийла дацара хьалхарчу шина дийнахь.

Цу шина тIех доккхаха долу, Босфор Малхбален-хидоькъе а, Русский-гIайре а хуттуш долу тIай ду, уггара доккха, кху дуьнентIехь машшаш а тийсина, дина дерг.

  
Охан-баттахь белхалоша тIаьххьара боршам дIатесира 1.104 метр йохалла йолчу Русский олучу гIайри тIе доьдучу тIайн.

 
Русский-гIайри тIе доьду тIай кху дуьнентIехь долчу тIайшна юкъахь уггара лекха курш болуш ду.

Русский-гIайри тIе доьду тIай дуста мегар ду Iамеркан Сан-Францискохь долчу Дашо Коьвнаш олучу тIайца.