"Тхо хIинца а оцу цIерпоштара охьадиссаза ду": нохчийн а, гIалгIайн а депортаци

"Винчу махкара". Юшаев Султанан сурт

Советан заманахь миллионашкахь юкъ-кара нахана депортаци йира, амма къаьмнийн башхаллашца дерриг а махках даьккхира 11 къам: немцой, полякаш, финнаш-ингерманландцаш, кхарачой, нохчий, гIалгIай, балкхарой, ГIирмера гIезалой, туркаш-месхетинцаш, гIалмакхой, корейцаш а.

Къьамнашна депортаци яран кеп-кепара мах хадабо Оьрсийчуьрчу а, Малхбузерчу а Iилманчаша. Нийса дуй-те депортацех дийцар, нуьйцкъаша махках бахарх а ца дуьйцуш, Европера Iилманчаш сих-сиха "депортаци" терминна тIера ца бовлуш хилча. Масала, вевзаш волчу фрнцхойн историко Куртуа Стефана чIагIдо, 1930-1940-чу шерашкахь хиллачу Сталинан депортацин "геноцидан хатI" дара бохуш. Нохчий а, гIалгIай а махках боху "Чечевица" операци исторехь уггар а йоккха къаьмнийн депортаци лору цо. Къам хIаллакдар элира цунах лаьцна политолога Авторханов Абдурахмана.

Депортацехь даьккхина 13 шо нохчийн а, гIалгIайн а иэсехь дисина ца Iаш, и тема охьа ца юьллу ю церан тIаьхьено а. ХIора доьзалехь, тӀаьхьенгара тӀаьхьенга дIакховдадо шаьш дийна диссарх, шайн гергара, доьзалера беллачех дийцарш. ХIокху доллу шерашкахь "ХIунда?" бохучу коьртачу хаттарна жоп оьшу, къаьмнийн иэсан истори ю хIара.

"Дина доцчух бина бекхам"

1944-чу шо доладелчхьана, 1943-чу шеран Лахьан-беттан 2-чохь кхарачойн халкъ а, ГIуран-беттан 27-чохь гIалмакхой махках баьхначул тIаьхьа НКВД-н эскарш Нохч-ГIалгIайчоьнан АССР-ра чудалон долийра. Официалехь бахархошка дIакхайкхийра, жимма са даIа тIама юкъара даьхна эскарш ду уьш, цул тIаьхьа тIаме юхадоьрзур ду аьлла.

Йоллу республикерчу эвлашкахула дIатардира эскаран дакъош. Жимачу ярташкахь уьш дIанисбира эвлан администрацешкахь а, культурин хIусамашкахь а, яккхийчу ярташкахь – хIора керташкахь, меттигерчу доьзалашкахь. Оцу юкъанна хIусамашкахь дIатарбинчийн Iалашо йитира доьзалийн бахамах дIаяздан, уггар хьалха хьайбанех, говрех, устагIех, котамех, иштта кхин дIа а. Нохч-ГIалгIайчу баьхкиначарех дукхаберш бара НКВД-н дакъошкара, церан зеделларг дара кхарачой а, гIалмакхой а, Поволжьера немцой а махках бахарх. Уггар а дукха къаьмнаш долу Къилбаседа Кавказера тоба – ахмиллион сов стаг махках ваккха кечам беш яра арми.

1944-чу шеран Зазадоккху-беттан 7-чохь кечдинчу СССР-н Лакхарчу Советан Президиуман "Нохч-ГIалгIайчоьнан АССР дIайохорах" указа тIехь яздина дара, мича буха тIехь вовшахтоьхна ду боллу нохчий а, гIалгIай а махках бахар. Пачхьалкхан вукху декъана хьалха Iедал гIоьртира депортаци ечарна дискредитаци ян. Оцу хенахь немцойн эскаршца тIом ловш болчу СССР-н бахархошна, мостагIца юкъарлонаш лелорах а, дезертир хиларх а муьлхха а хьахор, оьгIазаллица, цабезамца тIеоьцуш дара.

Коллаборационизмана бехкебира Iедалхоша нохчий а, гIалгIай а. Амма Нохч-ГIалгIайчоь цхьана дийнахь а ца хилла немцойн армин оккупацехь. Малгобекан малхбузера дакъа дIалацаро (тIемаш буьйлабалале эвакуаци йинчу йоллу гIалин терахь дара 12,5 эзар стаг) цхьана а агIор ца хуьйцура сурт – республикан дозана тIехь цхьана дийнахь а тIечIагIйина яцара немцойн оккупацин Iедалан администраци. Юкъарло лело цхьа а вацара нохчийн а, йа гIалгIайн а, шайн бIаьрга немцой царна гина цахиларна муххале а.

Коллаборационизмех къамел дойла а яцара, хIунда аьлча, Нохч-ГIалгIайчоьнан АССР-н дакъа дIалаьцна а дацара, билгалдаьккхира Советан заманахь къаьмнаш махках дахар теллинчу Поляна Павела.

"ХIокху маьIнехь нохчашна а, гIалгIашна а депортаци яр -депортаци-бекхам бар дацара, масала, цхьадолчу махках даьхначу къаьмнех ала тарлора, уьш бехаш хилла территореш оккупацин зонехь хиларна. Иштта олийла дац цхьана а агIор Нохч-ГIалгIайчоьнах, цундела кхузахь цхьа тамашена эдар ду: дина доцчух бина бекхам", - боху къамел дечо.

Кхин дIа документа тIехь боху "Немцошна гIоьналла латторах", и хатIдоцург ду, хIунда аьлча, НКВД-н 1942-1943-чу шерийн хаамашца, Кавказан кIоштахь тIом хиллачу заманчохь немцойн Абвер къайлахчу сервисо Нохч-ГIалгIайчу кхоьссира 80 гергга парашютисташ, царех 50 Кавказера вара, ткъа боллу парашютисташлахь нохчех а, гIалгIайх а вацара 20 стаг а. НКВД-н зерашца, кIадин метта пайдаоьцу парашют бахьана долуш, нохчаша ларйора охьахуу десант.

"Дезертираллех". Официалехь нохчий а, гIалгIай а эскаре кхайкхина ца хилча, муха бехкебийр бу дезертираллина? Нохч-ГIалгIайчуьра ши полк яра вовшахтоьхна шайн лаамехь. Царех цхьа дакъа оцу полкера арабевлира, хIунда аьлча, тIаме бохуьйтучу меттана уьш хьовсийнера Моздокан кIошта окопаш ахка. Автоматан метта церан кара бел еллера, цхьахйолчу оцу полках дIатоьхна хиллачу Эвтарарчу вахархочо дийцарехь, нохчех цатешар, сийсазалла яра иза.

ТIом а болабалале тIеман эскаре кхайкхиначара тIемаш бора, массара а санна. Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран дешнашца: "Дуккхаъчарна ца хаьа, Брестан гIап ларъечарех кхоалгIа дакъа гергга нохчий хиллийла". КхоалгIа дакъа царлахь нохчий бара ала хала ду, амма Брестан кIошта гулдинчу шина декъехь, гIап ларъечарлахь а ши эзар сов нохчий а, гIалгIай а хилла хиларх документалан тоьшалла карийна.

Махках баха де тIекхачалллац газеташкахь яздора, дуьненан ШолгIачу тIамехь Нохч-ГIалгIайчуьра бахархоша гойтучу хьуьнарех. Эзарнаш нохчий а, гIалгIай а эгна ЦIечу армин могIаршкахь тIамехь. Масала, Нурадилов Ханпашас вийна 920 фашист, тIеман шерашкахь арахецначу СССР-н почтин марки тIехь дуьйцура цунах лаьцна. Нохчо Висаитов Мовлади хьалхарчех вара Эльбе а кхьчна, Американ урхалло Легионан сийн орден еллачех. Устарханов Iалавдис (нацистийн концлагершкара кхечу нохчашца веддарг) тIом бина фанцхойн Дуьхьалонехь, ткъа шен махкахошца цхьаьна Италин Дуьхьалонан боламехь совгIатца билгалваьккхира Юсупов Мохьмад. Царех а, кхечу эзарнашкахь хиллачу кхечарех а цхьаьннан а хаа йиш яцара, уьш баьхна бевлира, цхьанна а ца бевзаш ийгира, хIунда аьлча, нохчий а, гIалгIай а пачхьалкхан мостагIий бу бохучу, пачхьалкхан юкъарчу идеологи юкъа ца богIура уьш.

Махках бахарх указа тIехь билгалдаьккхина дара, нохчий а, гIалгIай а "Советан Iедална дуьхьал хилла бу герзашца" аьлла. Оцу кепара факташ йоцу меттиг карон хала дара СССР-хь, Нохч-ГIалгIайчоь а юкъараяьккхина яцара. Герзашца йолчу вовшахтохараллийн а, декъашхойн а терахьо цхьана а пунктехь республика лидерийн могIаре ца йоккхура регионехь. Луларчу субъекташкахь терахьаш дикка лакхара дара.

ТIаьххьара бехкбиллар дара, нохчаша а, гIалгIаша а "зуламхойн тIелетарш дар луларчу кIоштийн колхозашна". Къаьмнашна депортаци яр нийса дара ала гIертачийн а аьтто ца белира и факташ бакъян йа хьалха а, йа тахана а.

РСФСР-н Лакхарчу Советан Президиуман "Нохч-ГIалгIайчоь дIайохорах а, ГIирмин кIоштахь ГIирмин АССР кхолларх а" указ араделира 1946-чу шеран Мангал-беттан 25-чохь, и хилам иккхина ши шо даьлча.

НКВД-н "Чечевица" операци

Депортацехь беллачарна Назранехь хIоттийна мемориал

Нохчий а, гIалгIай а махках баха республике хьажийнера чоьхьарчу гIуллакхийн наркоматан (НКВД) 96 073 эскархо. Эскарехула наркоман гIовс волчу Аполлонов Аркадийс халкъан комиссарна Берия Лаврентийна довзийтира НКВД-н эскарш тIегулдарх шена хетарг. Пачхаьлкхан кхерамзаллин органашкахула а, чоьхьарчу гIуллакхашкахула а билгалваьккхира 19 эзар оперативан белхахо.

Эскархошна гIоьнна иштта тIеозийнера ворхI эзар дагестанхойх а, кхо эазр хIирех а лаьтта партин актив. Къаьмнаш махках дохуш йоьдучу операцехь верриг а Нохч-ГIалгIайчохь вара 125 эзар стаг, аьлча а, 11 кхийсархойн дивизи. ТIамтIе боьлхучу меттана, зударшна а, божаршна а, къаношна а, берашна а депортаци еш бара уьш.

Архиверчу документашца а догIуш, операцина юкъаозийнера йоллу пачхьалкхера НКВД-н ницкъаш – Ереванера Мурманске, Москвара Генарчу Малхбузен мехкашка кхаччалц.

Чиллан-беттан 22-чохь Дагестанерчу Хасав-Юьртара Къилбаседа ХIирийчуьра Беслане дIакхаччалц болчу аьчкан некъан бохалла дIахIиттийнера нах тIеботта кийча йолу эшелонаш. Хьайба дIасадуьгучу вагонех йина яра уьш.

Чиллан-беттан 23-чу буча 12 сахьт даьлча Iуьйранна 3 сахьт даллалц йоллу республикехь дIакхайкхийнера операци йолийна хиларх. Нах бехачу эвланийн юккъехь гулло аьлла, тIедиллинера божаршна, омрех дIахьедан. Шайна тоьпаш тохарна кхоьруш болу зударий а, бераш а диссира эпсарийн а, салтийн а (цул хьалха массо а керташкахь дIатарбинчу)закъалтехь, шайн доьзалех дIакъастийнера божарий. Хьалхарчу кхаа денна юург- молург а, йовха бедарш а схьаэца кхо сахьт делира зударшна а, майдане баха гIора ца хиллачу къаношна а. ХIора эвла ялийна машенаш яра, мехкан ламанашкахь бехачарна говр-вордий яра, аьчкан некъа тIе нах дIакхачон.

Нохчашна а, гIалгIашна а депортаци ярх дина дIахьедар

НКВД-н конвойн эскарийн хьаькама, инарла-майора Бочков Виктора 1944-чу шеран Зазадокху-беттан 21-чохь Берия Лаврентийн цIарах динчу дIахьедарехь билгалдаьккхинера, ерриг а вовшахтоьхнарг 180 эшелон яра, хIора а 65 вагонех лаьтташ яра (ерриг а 12 525 вагон). ХIора вагон чу тарван везаш вара 42-нна тIера стаг. Вагонан цхьана агIонца терхаш йинера багаж охьайилла а, дIавижа а, царна тIехь нисделлера бераш, цомгаш нах, къаной. Чиллан-беттан 23-чохь йолийна операци яхъелира Зазадокху-беттан хьалхарчу деношка. Некъахь цара даккха дезара юккъера аьлча, 16 дей, буьйсий.

Оцу юкъанна 70 вагон тIаьхьаряьккхира, депортаци ечу нахалахь тиф яржарна.

Операци дIахьочу юкъанна лецира 2016 стаг, дIадаьккхира 20 072 герз. Доллу къам аьлча санна лаьцначул тIаьхьа, церан карахь эххара а виссира, депортаци нийса йина алийта, цара лоьхуш хиллачу "бIеннашкахь зуламхой", эзарнаш дезертираш аьлла, НКВД-н белхахоша центре дIахьедина ахмиллион нохчех а, гIалгIайх а 2 эзар гергга стаг

Хьайбах, нохчийн Хатынь

Депортацин бохаман символ хилла дисина НКВД-н эскарша нохчийн лаьмнашкарчу ГаланчIожан кIоштара Хьайбахахь дина зулам. Чиллан-беттан 23-чохь коьртачу майданахь гулбира юьртан а, гергарчу хотешкара а бахархой. Де хьалха диллинчу лайно йохийра лаьмнашкара нах республикан шерачу меттиге охьа а биссина, аьчган некъа вагонашка ховшон хилла Iалашо.

Чиллан-беттан 27-чохь операцина тIехь куьйгалла дечо сацам тIеийцира байъина дIабаха оцу эвлара нах. Мальсагов Дзияуддина (Нохч-ГIалгIайчоьнан юстицин наркоман гIовс) чIагIдарца, иза теш хилира ГаланчIожан кIоштахь хиллачу бохаман. Хьайбахахь гулбира Нашхойн юьртан советан массо а хотешкара а, кхечу ярташкара а, шаьш лаьмнашкара охьабиса гIора ца хилла: доккхачу декъанна, цомгаш нах, бераш, къаной, зударий. Говраш латточу божала боьхкира уьш, Мальсаговс боху масех бIе стаг вара уьш. Пачхьалкхан кхерамзаллин 3-чу ранган комиссаро Гвишиани Михаила омра дира, уьш багабе аьлла, ткъа оцу чуьра бевдда бовла гIертачарна тоьпаш тоха. Шайн ма-хуьллу дуьхьало ян гIиртира Мальсагов а, Громов фамили йолу кхин цхьа эпсар а, амма гIуллакх ца хилира. Оцу трагедех лаьцна Сталине яздира Мальсаговс, цунах лаьцна дийцира ССР-н коммунистийн партин лидерца Хрущев Никитица хиллачу цхьанакхетарехь Казахстанехь а.

Массарна а тIехь зулам талла дуьххьара сацамбира Хрущев волчу хенахь. Бохам хиллачу меттиге хьовсийнера партин а, коьртачу аппаратан а лаккхарчу даржашкара хьаькамаш а, прокуратура а. ЦК КПСС-н административан органийн декъан секторан куьйгалхочо В. Тикуновас а, Коьртачу тIеман прокуратурин белхахочо Г. Дорофеевас а 1956-чу шеран ГIадужу-беттан 31-чохь яздинчу кехата тIехь дина жамI цхьа маьIна долуш дара: "Хьайбаха дахча тхо тийшира цигахь хилла бохург бакъ дуйла". ХIетте а бехкзуламан гIуллакх ца диллира.

СССР-н тIаьххьарчу шерашкахь Нохч-ГIалгIачуьрчу Хьалха-Мартанан кIоштан прокуратуро схьадиллира, депортаци йоьдучу заманчохь дуккха а нахана тоьпаш тоьхна хиларх бехктакхаман гIуллакх. Хьайбахахь дагийначу говрийн божалан меттехь гулйира факташ, иштта оцу конвойх бевдда, юьртана гонахарчу хьуьнхахь лечкъинчу тешийн кийтарлонаш а.

ЦIикарой эвлара депортаци йоьдуш байъина нах дIабоьхкина меттиг

Дуккха а нахана тоьпаш йиттина аьлла, цхьа Хьайбахахь тоьшаллаш гулдина ца Iара. Цигахьчул а кIезиг нах хIаллакбинера лаьмнашкарчу кIошташкахь Майстахь а, Мелхйистехь а, ЦIикаройхь а, Пешхойхь а, махкарчу лаьмнийн кхечу юкъараллашкахь а.

Махках бохучу деношкахь байъинарш НКВД-но хIиттийначу кехаташкахь дукха хьолахь дуьхьало йинера Iедалхошна депортаци ечу заманчохь аьлла, билгалбаьхнера.

"Зуламхой а, нах буу нах а": депортацехь хиллачийн дагалецамаш

Докудаев Ахьмад, 1946-чу шеран вахархо

- Со депортацехь вина ву, цигахь кхиъна, ГIиргIазойчохь школе вахана. Тхан эвлахь дуккха а бара оьрсий. ГIиргIазошца даим а дика юкъаметтигаш яра. Церан баха меттиг яцара, шайн гIуллакхаш уьш листина бовллалц, тхоьца, махках даьхначаьрца цхьаьна Iийра уьш. Сиха дIатасаелира доттагIаллин уьйраш. Масала, тхан цIа чохь дийнна шарахь ала мегар долуш гIиргIазойн доьзал Iийра, тхан ден доттагIчун. Оха цхьана а хIумана тIехь къеста ца бора уьш, цхьатерра бакъонаш а йолуш бехара уьш.

Дерриг а дика дара ала ца гIерта со, амма, сайгара а, сайн ден-ненан дийцаршца а, чIагIо йойла ду сан, тхуна гIиргIазоша чIогIа гIо дора аьлла. Суна хIинца а дагахь лаьтта. ГIиргIазойх лаьцна дуьйцуш гуттар а хазахета суна. Ас царна сагатдо, хаамашкахь цхьаъ яздича, самукъадолу церан кхиамех.

Джабраилова Мизан, 1937-чу шерара

- Сайн ненан нана йолчахь яра со депортаци ечу хенахь, цул а масех де хьалха нана дIайоьллинера оха тхайн, ненан нанас ша йолчу дIадигинера тхо. Махках дохучу заманчохь со а, жимахйолу йиша а цуьнца дIайигира, деца а, гергарчаьрца а къаьстина нисъеллера. Новкъахь севцначу хенахь вагончуьра араялийта сайн да лаха аьлла, дийхира ас, амма дIадуьйлалуш ду аьлла, омра хезча кхийтира со, массо а вагонаш вовшех тера юйла.

Салташа хаьттира соьга: "Хьенан ю хьо?", оцу эшелонан тептарехь ца хиллачу сайн ден Джабраилов Iазиза цIе яьккхира ас. Оцу мIаьргонехь тхан Гермчигарчу цхьана зудчун терго хиллера сох, цо дехар динера салташка ненан агIор болу гергарнаш буьгучу вагонна тIехьада пурба доьхуш. Цул тIаьхьа хиира суна, хIора социйлехь тхан да а, деда а хиллера тхо лоьхуш, Гермчигара ворхI а, шиъ а шераш долу ши йоI гирий бохуш, масаьрга а хоьттуш.

Казахстанерчу Кизил-Ордан кIоштахь дIатардира тхо. Юьхьанца къоман мостагIий санна тIеоьцура тхо, цатешамца хуьлура кхелхина баьхкинчаьрца, цкъацкъа мостагIаллица. ТIаьхьа депортаци йинчарна хиира, меттигерчу бахархошка хьалхо дуьйна дIахьедина хиллера "бага бахана зуламхой" а, "нах буу нах" а бу балош, цара массо а дойъур ду бохуш. Цхьа хан яьлча казахаш кхийтира, цхьаммо а цхьа а ца вуий а, ца воьй а, мелхо а кхелхинарш шаьш буйла дийнна доьзалашца леш. Шело дIаелира къинхетамца, сингаттамах кхеташ, гIо дан лаам а хуьлуш.

Масех шо дIаделира, сайн ши шо долчу йишица суна юха тхайн да ца гуш. Казахстанан кхечу кIошта веанера тхуна тIаьхьа тхан деваша Рашид, цо дIайигира тхойша.

Аренашкахь кешнаш

Хьалхарчу шина шерачохь махках баьхначу нохчашна а, гIалгIашна а баккхий эшамаш хилира нах баларца. Нах балар лахделира нохчашлахь ялхолгIа шо доладелча – 1950-чу шарахь, гIалгIашлахь – 1949-чу шарахь. Депортаци ечу дийнахь дIаяздина хилла къоман терахь хьалхалерачу гайтаме дирзира 1959-чу шарахь, пхийтта шо даьллачул тIаьхьа.

ГIалгIайн ГаздиевгIеран доьзал, шайн еллачу йоIана уллохь. Казахстан, 1944-гIа шо

ГIад дайна хьал дара кхалхийначаьргахь хьалхарчу шерашкахь. Казахстанан Акмолинскан кIоштахь 1946-чу шеран Товбеца-баттахь дийр ду аьллачу эзар хIусаман метта 29 цIа дира. Талды-Курганан кIоштахь дийр ду аьллачу 1400 цIийнан метта 23 цIа хьаладира. Джамбулан а, Карагандинскан а кIошташкахь кхалхийначарна аьлла, гIишлошъян буьйла а ца белира.

1946-чу шеран Гезгамашин-беттан юьххьехь бохийначу 31 эзар доьзалех 4 973-нна бен хIусам ца елира. Керташкарчу рагIу кIел хан йоккхуш бара царех дукхахберш.

Депортацехь кхелхинчийн лараран кехат

Бохийна баьхкинчарна леринчу рожан низамашца а догIуш, уьш берриш а, хIинцца дуьненчу девлла бераш а цхьаьна, цхьана лерринчу тептаре язбора. ХIора баттахь декхаре бара уьш шаьш бехачу меттигашкарчу Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан спецкомендатурашкахь куьйгаш яздан. Шаьш бехачу меттигера дIасабовла бакъо яцара церан коменданато бакъо ца елча. Юьхьанца кхо километар гена ма довла аьллера цаьрга, тIаьхьо кхийтира, иштта царна бан болх карор боцийла, тIаккха 20 километар аьлла, дIаяхйира.

Депортаци йинчу нахаца Советан Iедало лелийна политика теллинчех цхьаъ волчу Советан заманахь гIараваьллачу историко Некрич Александра билгалдаьккхира, бертаза махках бахарна дуьхьал йолчу коьртачу формех цхьаъ яра даймахка идар аьлла.

1948-чу шарахь Лахьан-беттан 26-чохь СССР-н Iедалхоша бовдучарна ден таIзар чIагIдира, иштта СССР-н Лакхарчу Советан президиуман "Даймехкан тIеман хенахь Советан Союзан генарчу мехкашкара бохийначу нахана уьш бовдахь тIе жоьпалла дожорах" указ тIеийцира. Оцу тIехь билгалдаьккхира, нохчий, кхарачой, гIалгIай, балкарцаш, кхиндолу репрессеш йина халкъаш а, "шаьш хьалха дехаш хиллачу меттигашка юхабаха бакъо а йоцуш, гуттаренна а кхалхийна бу" аьлла. Веддачунна юкъадаьккхина таIзар шога дара – 20 шарахь каторгашкахь белхаш бар. Амма цо а совца ца бора, хIуъа дина а шайн даймахка кхача гIерта цхьаболу майра нах.

Исбаьхьаллин-историкан "Архипелаг ГУЛАГ" книги тIехь Солженицын Александра къасттош билгалъяьккхина нохчийн амал:

"Шайн цIа баха лаам хьулбеш, шайн Iалашонашкахь, дахарехь шина декъе декъаделлера кхиндолу къаьмнаш. Доккхачу декъанна уьш муьтIахь хилира рожана, комендантан Iедална шайгара хьовзам ца боккхура. Амма цхьа къам дара олалла тIе ца оьцуш - цхьацца вацара, бунтхой бацара, доллу къам дара. Уьш – нохчий бара.

Бохийначарех, ас эра дара, цхьа нохчаша гайтира шаьш шайн сица тутмакхаш санна. Цхьана дийнахь ямартлонца шаьш дехачу меттигера дохийначул тIаьхьа, кхин цхьана а хIуманах тешаш бацара уьш. Шайна саьккалш йира цара – лоха, бодане, декъаза, мийр Iоттахь а- юхур йолуш. Иштта бара церан боллу бахам а – хIокху цхьана денна, хIокху цхьана баттана, хIокху цхьана шарна аьлла, гул ца беш, тIаьхьенан ойла а йоцуш.

Тамашен дерг – массо а царех кхоьрура. Иштта баха царна новкъарло йойла дацара цхьаьнан а. Ткъе итт шарахь оцу пачхьалкхан урхалла дечу Iедалан а ницкъ ца кхечира шайн низамаш цаьрга ларийта".

"Тхо хIинца а диссаза ду оцу цIерпоштара": бохийначийн дагалецамаш

Бетишев Хьусайн, 1938-чу шарера

- Халла дагадогIу суна махках даьхна де, цхьа гIенах долуш санна, дахкарлахь. ДагадогIу, тхан нанас со а, сан ваша а дIахьарчийра, чохь мел йолчу бехчалга юкъа. Шийла де дара, лайш, дукха хьалхе а доладелира и де. Вагон дагайогIу суна, тхо тIедаьхна. Цу чохь йовха хир ю моьттура, амма массо а херошна юккъехула чуоьхуш шело яра. Со тIаьхьа кхийтира, нах дIасалелон вагонаш яцара уьш, хьайбана лерина хиллера уьш. Нана а, цигахь хилла кхинберш а гIиртира и Iуьргаш дIадукъа, шайца схьаэца ларийначу хIуманашца. Ткъа схьаэцнарг кIезиг яра, масех де даьлча яа хIума а яцара, яккхийчу соьцийлашкахь луш ерг бен. Дика дагадогIу суна, сан нана суна тIетасаеллера. Боллу некъахь со дIа ца хоьцура цо, суна схьахетарехь, цуьнан карахь висира со, голаш тIехь, йа цуьнан карахь наб еш.

Дийнахь цкъа вагон схьайоьллура, эскархой чу богIура. ДагадогIу, шина декъах яра неIарш, схьа а еллалора шина а агIор. Дагара ца долу суна, тхуна юрг лучу кеда тIера гIуьтту Iа. ХIинцца йохлур ю чоь, бохуш санна хетара цу Iаьнаро. Амма йох ца лора. Тхан вагончуьра стаг валар а дагадогIу суна. Иза дIа ца воллийтира, цуьнан дакъа дIаийцира, ара ма довла аьлла, омра а деш.

Хан яьлча кхийтира, и мел эрчо яра: масала, нишка ваха меттиг бацара: зуда йа стаг хиларх, хьайн гIуллакх дан дезара ахь адамех тIех юьзначу, юькъачу вагон чохь. Нишка ваха лаьттах херо яьккхина меттиг хьулъян гIертара юргIанца.

Тийна дара вагон чохь, Деле доьхучу нехан доIанаш бен хезаш хIума а дацара. Сан боллу дагалецамаш – шело-мацалла-шело-мацалла-шело...иштта дIа бара чакхе а йоцуш.

Суна дага ца догIу, тхо муьлхачу дийнахь дIакхечира. Суна дагардан а ца хаьара. Амма воккха ца вийра дIакхаьчча а. Гонах даккхий лайш дара (Казахстанера Курганскан кIоштара Черная речка эвла), салазаш тIехь вокзалера юьртан йистте дIадигира тхо. Колхозера бежнаш чохь латтон цхьана хIусамчохь хан яьккхира оха хьалхарчу шина шарахь.

Аьчкан пхьар вара сан да, цундела цунна сихха болх карийра шен куьйгашна бан. Алапа цхьаммо а ца лора, амма цхьаволчо бепиган юьхк лора, иза а доккха ловзар хетара. Божалахь ас а, сан вашас а лоьхура ялтанийн буьртигаш, гуттар ца нислора цIена, бежнаша дааза, наггахь кхелли юкъара лехьадора.

Жимма арахь йохъелча юург лаха аттох хуьлура. Тхуна уллохь охьадогIуш хи дара, тхуна гарца, жима дацара иза, цуьнан бердашкахь кхуьуш эрз хуьлура. Цхьана олхазарша, уьш хIун олхазарш дара а ца хаьа суна, бенашкахь хIоаш юьстахдохкура цара. Со а, сан ваша а хи чу охьа а вуссий, логе кхочуш хилара наггахь, хIоашна тебачу текхаргашца цхьаьна, уьш лардеш, лахьош хуьлура, цIахь той хIоттадора тIаккха. Денна ца нислора, йа хIора кIиранах а. Амма аьтто баьлча, тхан доьзал буьзна хуьлура, тхошинна гора, тхан да-нана тхох даккхийдера.

Казахийн бераш юьхьанца тхох геннара бIаьргбетташ хуьлура, хан яьлча тхо цхьана ловзура. Казахстанехь шолгIа Iа долуш, тхан дас нохчийн салаз йинера – бухахь эчикца къевлина Iодан кепехь ши гIаж яра иза. Канкеш санна хIума яра, гIаж куьйгашца лаьцна латтон езара, водий, маса тIе а хуий, гу тIерачу ша тIехь хехкалора. Дуьххьара кхузахь кхийтира тхо: ахча даккха йиш юйла: казахийн берашкара цу тIехь хехкалург юург йоккхура.

Хьалхара ши-кхо шо чIогIа ирча дара. ДIауьйчу оцу муьрехь массо а чекх ца велира, 1946-чу шарахь велла сан да а цхьаьна. Иза цIахь Iуьллуш волчу хенахь тхо массо а тешна дара, цунна гIоле хир ю аьлла. Бевзачара лор валийра цунна тIе, цо аппендицит ю элира. И бохург хIун ду ца хуучу дас нохчийн матте гочдар дийхира, иза кхетийра, йоьхьан совнах долу цхьа дакъа ду аьлла, цецваьлла да дуьхьал хилира дарбан цIийне ваха, Дала кхоьллинчу дегIаца совнах хIума хуьлуш а ца хуьлу аьлла. Кхо де даьлча кхелхира иза.

Дуккха а шераш девллачул тIаьхьа кхийтира со, тхан нанас хала лайра и эшам. Да велла ши кIира даьлча иза а юьжира. Цуьнга хьажа стаг а вацара. Со а, сан ваша а бераш дара, кхечу эвлахь марехь яра йиша, тIеман коменданташа терго латтайора дIасалеларна тIехь. Меттах ца хьовш иза маьнги тIехь Iилларна, даI даьллера цунна, нанас сихо йира. Тхо даьхнчу божална гена боцчу гу тIехь дIавоьллира да, циггахь нана а дIайоьллира.

Сан вашас Iайндис элира соьга, ден а, ненан а кошана юккъехь доллу денош дIадахьа деза вайшиммо, и шиъ стиглара охьа вайшинга хьоьжур ду аьлла. Суьйранна дIавижа божала схьавогIура тхойша. Цунах лаьцна хиъначу, тхан Гермачигара Iумар цIе йолчу нохчочо, ша волчу дIавигира тхойша. Ша а меца лелаш волчу цо сацамбира, тхойшиъ хьалакхио.

Цхьана дийнахь цIеххьашха Iедалан векалш баьхкира тхо долчу, тхан дейишас тхойшиъ дIавуьгуш ву аьлла, хаамбира. ТIаьхьо хиира тхошинна, шен ваша кхалхарх кост дIакхетта хиллера цунах, тIаккха Iедалшка яьллачу цо 1947-чу шарахь ша йолчу дIавигира тхойша.

1948-чу шарахь со школе вахийтира цо. Иштта, тхан юьртахочо тIелацарна а, цул тIаьхьа дейишин бала кхачарна а, берийн цIийне дIавигаза велира тхойша.

… Школера хьалхара де дагахь лаьттира, директоро мохь а хьокхуш, бага гIаттае аларца, бага хьаьжначул тIаьхьа сан 10 шо ду аьлла, хьесап дира цо. Депортацера Нохчийчу тхо цIа даьхкинчул тIаьхьа тIечIагIделира иза, тхан дас коран уьна тIе дIаяздина хиллера шен бераш дуьненчу девлла шераш – сан а, вешин а, йишин а.

Школехь боксах лата марзвелла со, массо цецвоккхуш, сан доттагIчуьнца Казахстанан ийначу тобана юкъахь нисвелира – Соьлжа-ГIалахь дIахьош хиллера чемпионат. Цига дIакхаьчначул тIаьхьа и барам вовшахтоьхнарш кхийтира, муьлш бу баьхкинарш, тхойшинга дакъа ца лацийтира. Ведда Гермчига вахара тхойша, цигахь латта гулдира охашиммо. Тхойша юхавеача, хIора нохчо цунах куьйг Iотта гIертара, хьожа йохура, цуьнан цхьа хьожа хила езаш санна. Эхь хетара, баккхий нах оьхура, хIоразза а юх-юха дийца дезара. Массо а хIума хоьттура цара, царна мехал дара хIора хIума.

Оцу шерашкахь ши нохчо вовшахкхетахь, бен дацара гергара, вевза-везаш вацахь а, салам-маршалла хаьттинчул тIаьхьа, хоттура: "Вайн цIа дахийтарх лаьцна хIуммаъ ца дуьйцу вайн махкахь?" Цхьаъ бен доцу хаттар дацара иза, Делах кхоьруш ца хиллехь, уггар а хьалха и хоттур а долуш.

Суна тахана а эхь хета, цхьана дийнахь бепиган юьхк яккха лиъначу ас, юьртара яхархочун, казашкин дехарца, даьлла лела цициг дийра ас. Цо чIагIонаш йора, хIинцца дина шен кIорнеш дойу цо аьлла. 80 шо а даьлла цул тIаьхьа, тахана а эхь хета суна, даим а Деле доьху ас, гечде ахь суна, бепиган цастар бахьана долуш бехбоцу дийнат дийна-кх ас, бохуш.

Советан заманара депортаци

Исмаилова ПетIамат, 1931-чу шарера

Чиллан-беттан 23-гIа де тхуна доладелира сатосуш кхо сахьт долуш. Ца хаьа суна стенна, буьйса йоллушехь, тхан а, лулахойн а са долу хIуманащ меттахъевллера. Бежнаш Iоьхура, къаьсттина тхан гомаш Iоьхура, даим а синтеме хилла йолу. Котамаш а цхьаьна, сатесна а доццушехь, меттаххьуьйш яра. Говраш кхераеллера, кертара арайийла гIертара. Тамашен дара. Баккхийчу зударша бохура, юрт дIатосучу шайна тIаьхьа доьлхуш ду дийнаташ.

ЧIогIа неI туьйхира, юьрта юккъерчу маьждигна хьалхарчу майданахь гулло аьлла, омра дира. Юург а, мерг а, бедарш а, шайн гихь шайга дIаяхьалур ерг, схьаэца элира. Пхи сахьт даьллачул тIаьхьа маьхьаршца а, хIаллакдийр ду бохучу кхерамашца а хIусамашчуьра арадовла бехира.

Доьзалца тхо майдана схьакхаьчча, цигахь тхан юьртахой бара. ЦIевзина Iуьйре яра, тIеда ло а дара тIедогIуш. Буьйсанца де хийцалучу заманчохь тхоьга омра дира Нажин-Юьрта агIор дIагIо аьлла.

Оцу тIкъаршехь новкъадевлира тхо. 25 киламетар яра кIоштан юккъе кхача, зударех, берех, цомгашчу баккхийчу нахаца йоьду церан ковра дийно сарралц дIаиха дизира цига.

Садовш дIакхечира тхо Нажин-Юьрта, эвлана уллорчу цхьана аренца билгалбаьккхина меттиг бара юьртан бахархошна аьлла. Тхо санна, тайп-тайпанчу хотешкара схьабалийна нах бара цигахь.

ЦIевзинчу буьйсанна цIе лато бакъо елира, йоллу буьйса оцу цIеран гонах хевшина яьккхира цара, бохбалархьама. ХIора тобана диг деллера, уллохь долчу бIарин диттех дечиг даккха бакъо елира.

Тхан тобанарчу божарша декъа ду аьлла хета генаш дехира, царна тIе кхин цкъа а бIар латор доций хууш. Иштта дIаяьхьира оха и йоллу буьйса, салташа а, эпсарша а го бина.

Iуьйранна, сайн дахарехь дуьххьара машен гира суна, гуттаренна а дагахь лаьттина суна иза - студебеккер (Американ СССР-на гIо, Советан урхалло эскарна а, тIамехь болчу салташна а аьлла яцара, царех пайдаийцира нохчий а, кхиндолу къаьмнаш а шайн махкара арадохуш -Редакцин билгалдаккхар.).

ТIехула гата а хьарчийна яра машенаш. КIоштан юккъехь гонах гулбеллачийн хIора тобана тIаьхьий-хьалхий машенаш тIеоьхура, нах чухийшабора. Аьчкан некъа тIе яьхкира машенаш, вагонна улло, тхуна омра дира машенчуьра охьа а дуьсуш, оцу вагонаш чу хьаладовла аьлла. Цигахь дIакхайкхийра тхоьга, Юккъерчу Ази дIадуьгуш ду аьлла.

Некъаца кхелхира церан юьртан администрацин секретарь Абу-Салман. Баккхийчара дуьйцура, цуьнан дакъа салташка дIаделла, ткъа цара боьра чу кхоьсина бохура, лайца хьулдеш. Некъан йистошца ло дара адаман дегIе кхоччуш. ЦIерпошт дIакхачийра ша кхача безаче 12-чу дийнахь.

Тхо дуьгучу меттиге дIа ма кхеччи, вагончуьра ара мел бевлларш, божарий - къена а, къона а ламаз дан хIиттира. Цуьнах цецбевллера гIиргIазой. ТIаьхьо дийцира цара, обаргаш, зуламхой балош бу баьхна хиллера цаьрга, амма ламазна хIиттина божарий гича, дог паргIат даьлла хиллера церан, баьхкинарш бусулба буй кхетча.

КхоалгIа йа доьалгIа де дара, оцу колхозе тIебаьхкинчех баккхийнаш балха дIахьовсийра. ХIетахь а колхоз дика, хьал долуш лоруш яра, цуьнах гIо хилира тхуна кхелхина даьхкинчарана а. Шаьш гIиргIазой чIогIа бакъахьа нах хиллера.

ГIиргIазойчохь уггар хьалха тхан колхозехь кхелхинарг вара, 70 шо долу сан деда Абдулаев Хьаьжамурд, цунна тIаьххье тхан юьртара стаг а. Дохийначу хьалхарчу шерашкахь велира сан да Исмаил, цул тIаьхьа шина шарахь бен ца ехира тхан нана а. ТIаьхьо кхелхира диъ шо долу йиша Белкхист а, ялх шо долу ваша Узайр а.

1940-гIа шераш доьрзуш, оха къахьегар бахьана долуш, тоделира кхелхина баьхкинчийн дахар, жимма бахам а вовшахкхийтира. Юкъахдаьлла хилла ГIурба деран ламаст а карладаьккхира. "ОьгIазе нохчий" дика бевзинчул тIаьхьа, гIиргIазоша олура "мимандар келды" (динах тешарш баьхкина) , "яхши чечен муслим (нохчий дика бусулбанаш бу).

Магомадова Iайнаъ, 1938-чу шарера

- Буса 12 сахьт далча самадехира тхо, тхан кхаа вешина тIаьхьа салтий баьхкича, уьш юьртан юккъе дIабигира, кIоштан маьждигехь божарий дIагулбече. Тхан чохь бераш дара, нана а, къена да а вара. Iуьйранна исс сахьт долучу заманчохь маьждигехь мел хилларш а, цIахь шайн сал-пал схьагулбеш хилларш а Сангири олучу, тхан цIенна гена йоцчу керта дIагулбира. Сихаллехь нана йицъеллера дакъийна жижиг чохь долу гали схьаэца. Нанас салтичуьнга дехар динера, и гали схьадохьуш, шена гIо дахьара аьлла, хIунда аьлча, некъаца яа схьаэца кхин хIуммаъ яцара. ТховтIера и гали схьаэцна ца Iаш, оцу салтичо кхин а бухахь дуьсу дакъийна йоьхьаш а схьадеана, тхан нене дIаделла хиллера. Кхета со, тхо цхьанхьа дуьгуш дуй, чIогIа йоьлхура со, йоьхьаш а, жижиг чохь долу гали схьадеанчу салтичо хоьтту соьга, хьо стенна йоьлху. Сан воккхахволчу вашас эли, тайнигаш чохь долчу тIоьрмигана йоьлху иза, уггар а оьшург схьа а эцна, нанас тIоьрмиг схьа ца эцийтина цуьнга аьлла.

И хезна салти шолгIа а тхан цIа а хьаьдда, тховтIе хьала а ваьлла, тайнигаш чохь долу сан жима тIорказ дохьуш, юхавеанера. Цаьрца ловзура со тхо дIакхаьчначул тIаьхьа.

Пхийтта дей, буьйсий даьккхира оха некъаца. Хала дара, хIунда аьлча, нана могуш йоцуш хиллера, лерга тIехьа хIума яьллера цунна, цо хала лайра некъ, ур-атталла, гIатта а ца луш, хиъна а ца Iалуш.

Вагон чохь буржуйка олучу пеша уллохь мотт биллинера цунна, иза гIора ца яйта. Цхьацца соьцийлашкахь бен яа хIума а ца лора, иза а массарна а кхачам болуш ца хуьлура, екъа езара. Амма тхайгарчу юучух, жижигах а, йоьхьех а тоам хуьлура. ТIаьхьалонна аьлла, юург нанас схьаэцар бахьана долуш, тхайца вагон чохь болчаьрца масаьрца а йоькъура оха. Тхоьца вагон чохь хиллачу мехкан лаьмнашкарчу ярташкара нехан аьтто ца баьллера хIуммаъ а схьаэца, цхьаболчаьргахь янне а яцара юург.

Дуьххьара некъаца велира шичин кIант, тIаьхьо цуьнан да а, сан шича, сан йоккхахйолчу йишин маьрйишин кIант а кхелхира, хьехархо вара иза. Салташа вагонаш чу а оьхуш, декъий араоьцура. ЦIерпошт лаьттачу юкъанна тхуна гора, уьш дIабохка гIерташ цхьа а воцийла, лайшна буха дохкура некъаца, казахийн аренашкахь тIехула гIум а тосий, къайладохура. Цхьаммо а дIа ца бухкура. Иштта лайн оьлашна бухахь бисира уьш.

Эрна арахь охьадоьхкира тхо, аьлча а, социйла яцара иза, эрна аре яра, Быстренка олучу, нах бехачу меттигна гена йоццуш хилла. Машенаш ялийра вагонашна тIе. Нана меттахь хиларна, иза машен чу йиллина, райцентре дIайигира. Массарна а машенаш ца тоьара, диссина тхо вордана ховшийра, иштта дIакхачийра тхо а райцентре. Цул тIахьа дукха ца ехира нана. ДагадогIу суна, дIайолла нана схьаялийча, хIусаман долахочо бакъо ца елира дакъа шен чу дан, арахь дитта кIел дита элира цо. Цунна наб кхетийтина, дас корах чуийцира нана, сахиллалц цунна уллохь хан яьккхира оха, сатесча, хIусамнана самаялале ненан дакъа араэца. Са ма тоссура, нана еллий хиъна, нохчий баьхкира иза дIайолла. Со суо яра, сан йижарий сол а баккхий бара, уьш нехан цIентIехь а бара, нана дIайоьллинчул тIаьхьа баьхкира уьш тхо долчу. Со ненан коша тIехь карийра царна, наб еш яра со оцу тIехь.

Да а, кхо ваша а колхозехь белхаш беш бара сан, Iаьржа бепиг а, чорпа а лора царна, цул совнах царна лора кхехкийна буракъ а, иза дас цIа йохьура. Дена эхь хетара шен жимма а баа межарг хиларна, хIунда аьлча, цунна гора, хаьара, луларчу колхозашкахь мацаллина нохчийн доьзалш леш буйла. Некъа йистехула тайп-тайпана яраш яра, суна ца хаьа, церан цIе муха яра, нохчаша гул а еш, кхехкайора уьш, юура, мацалла ца бала (эрз хила а тарлора иза -Редакцин билгалдаккхар.).

Тхан аьтто хиллера, да а, сан вежарий къинхьегамна тIера буй хуучу складан хьаькамо цига Iен дIакхайкхира уьш, циггахь ха а деш, циггахь буьйсанаш а йохуш. Хан яьлча рогIерчу вашас а зуда ялийча, гена доццуш жима саьккал йира, уллохь хилархьама. ЦIа даха хан кхаьчча, маьхза дIадоьхкира оха цIенош, меттигерчу бахархойн а дацара иштта цIа.

Дуккха а тханг махкахой дIабоьхкира дас а, сан вежарша а юьхьанца церан а ницкъ бацара цхьацца уьш дIабохка, цкъацкъа доккха цхьа каш а доккхий, масех цу чохь дIавуллура. Мацалла леш бара. Хезна а доцуш хаьа суна, кхелли юкъара хьажкIан буьртигаш лоьхура. Цхьана дийнахь йиша йолчу йоьдуш яра со, тхан эвлара ТIаусах бIаьргкхийтира сан, некъа йистера буц лехьош яра иза. Ас хаьттира цуьнга, хьо хIун деш ю аьлла, амма цхьа чIогIа эхь хеттачу цо, нанас котамашна буц лахьайе аьлла, яийтина ша элира цо.

Амма котамаш цхьаьнне а яцара, кхеташ дара, стенна лахьош ю. Хьаьдда юха цIа а яхана, кхаа межаргах ка а тоьхна, йишина хьош бу аьлла, иштта жимма кучан юха дама а эцна, ТIаус йолчу дIахьаьдира со. И ерриг а цуьнга шега дIа яхьалур яцара, со яхара цуьнца, мацалла гIора эшна цуьнан нана гира суна. ТIаьхьо сайн ма-хуьллу, складера цхьаъ оьций, цхьа картол хьош а, кхин яхьа хIума яцахь, буц лахьайой, йоьдура со цаьрга.

Соьга хоьтту: кест-кеста дагайогIий хьуна и хан а, меттиг а? Дера йогIу, цхьана бIаьргаца хьаьжна а оцу меттиге бIаьргтоха а ма лаьара, оха 13 шо даьккхинчу. ГIиргIазоша гIо дира тхуна. Амма шаьш а бацара уьш кхин атто хьоьгуш.

Кхин хIуммаъ ца хуьлуш дацара тхан юхадахкар а. ГIиргIазойчуьра цIа ма даьхкки, цIеххьашха цомгаш хилла, елира сан кхо шо долу йоI. Иза дIайолллина а ялале, кIира даьлча кхелхира сан шо долу кIант а.

ЦIехьа бахбелла некъ

1953-чу шеро дегайовхо елира кхелхина баьхкинчарна. Велира пачхьалкхан куьйгалхо Сталин Иосиф. Джабраилова Мизана дагалоьцу, Сталин кхелхина аьлла хезча, мила маса сахьтехь вилхира бохуш, хьехархочо хеттарш дарх. Нохчийн йоIана рагI тIекхаьчча, цо дIахьединера, шаьш ца дилхира, мелхо а шаьш "дуьйлуш, хелхадийлира" аьлла. Мизана боху, массара а самукъане вовшашка олура: "Талу кхелхина". Массарна а цхьа билгало хийтира цунах, шайн дахарехь цхьа хийцамаш хир бу аьлла хеташ.

Сталинан валар а, керлачу, Хрущев Никита коьрте хIоьттинчу, Iедало зуламе омранаш гучудахаро а, бакъо елира нохчашна а, кхечу махках даьхначу къаьмнашна а шайн даймахка юхабахка. СССР-н куьйгалло дохийра нохчашна депортаци йина Указ. (50-60-гIа шераш, ХХ-гIа бIешераш).

1957-чу шеран Дечкен-беттан 9-чохь маса зорбане даьккхира ши документ: СССР-н Лакхарчу Советан президиуман Указо юхадаьккхира шаьш 1944-чу шеран Зазадокху-беттан 7-чохь арахецна Нохч-ГIалгIайчоь дIайохош Указ а, РСФСР-н Лакхарчу Советан президиумо билгалдехира керла дозанаш, амма Къилбаседа ХIирийчоьнан Пригородный кIошт цхьаьна а йоцуш, гуттар а цигахь баьхна бара гIалгIай. ХIуммаъ а ца дуьйцура, хьалха Дагестанехь, Iовхойн кIоштахь баьхначу иттаннашкахь эзарнашкахь нохчех а.

Шерашка дIадахделира даймахка юхадахкар. 1957-чу шарахь 140 эзар нохчо а, гIалгIай а цIа веанехь, махках баьхначех кхоалгIачу декъан цIа бахка таро яцара, уьш бохийна хилла меттиг баха йихкина зона хилла йиссарна. Оцу кепара кIошташ хилира Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а ламанца долу дакъош. ХIетте а, Iедало шайна даймахка кхачон гIо даре ца хьоьжуш, нохчаша а, гIалгIаша а шаьш ахча лоьхура, Казахстанера Нохчийчу дIабаха. Адам кхоьрура, мичча хенахь а политикан хьал хийцадаларна цундела мел а маса Казахстан а, ГIиргIазойчоь а дIатесна, цIа баха хьийзара уьш.

РогI-рогIана шаьш цIа дахийтаре а ца хьоьжуш, нохчий а, гIалгIай а цIа гIуртур бу ца моьттура пачхьалкхан Iедалхошна.

ЦIа бирзинчул тIаьхьа шайн хIусамашкахь Оьрсийчоьнан Юккъерчу агIонгара а, Украинера а схьакхалхийна нах карийра царна . 13 шарахь кхеран хIусамашка а, латтанашка а марзбелла, ца хетара, шайн лаамехь и цIенош цара дIа а хецна, хIусамдай чу буьтур бу. Уьш шаьш а бара кхелхинарш, Казахстанехь а, ГIиргIазойчохь а нохчий а, гIалгIай а санна. Цхьацца йолчу меттигашкахь нохчийн а, гIалгIайн а дийзира шайн хIусамаш мах а луш, юхаэца. ХIора цIа чохь шаьш бу долахой бохуш, нах хилча, кегийрхойн гуттар летаро, хьал синтемах доьхна хиларо а шаьш хIаллакхилла аьлла хоьтуьйтура, дуккха а оьрсий тапъаьлла махкара дIаэха буьйлабелира, Iедалхоша шайна дихкина доллушехь.

Республикехь оьрсийн мотт буьйцучара дуьхьало йира нохчий цIабахкарна. 1958-чу шеран Марсхьокху-баттан 23-чохь меллачу нохчочо шина оьрсичунна урс диттича, царех цхьаъ Степашин Евгений велира чевнех, Соьлжа-ГIалахь массо а оьгIазвахара. Бехкениг милцоша лаьцнашшехь, Марсхьокху-беттан 25-26-чохь веллачунна хIоттийначу тезетахь махкара къепе йохийра. Эзарнаш нах гIалин урамашка бевлира, нохчо ве, белхан кварталашкара нохчий махках баха аьлла, тIедожош. Суьйранна йоццачу ханна бунтхойн аьтто белира Нохч-ГIалгIайчоьнан КПСС-н обком дIалаца, цигахь цара лоьхура нохчий.

Дарбеллачу нахаца къамел дан гIортарх а гIуллакх ца хилира Iедалан. Гулбеллачара маьхьарий деттара: "Арабаха нохчий Соьлжа-ГIалара", "Тхуна тIе Хрущев ваийта, цуьнца къамел дийр ду оха", "Ехийла Грозненскан кIошт!!, "Оьрсийчуьрчу мухIажарех дIаюза Грозненскан кIошт", иштта кхин дIа а, бохуш.

ШолгIачу дийнахь Соьла-ГIаларчу Ленинан цIарахчу коьртачу майданахь вовшахкхийтира 10 эзар гергга стаг, цара штурм а еш, дIалецира партин обком, почта, МВД-н ши гIат, уьш дIалоьцуш лазийра, гулбеллачара йиттина, бIеннашкахь нах. 1958-чу шеран Марсхьокху-беттан 27-чу буса бунт дIайохийра, гIали чу эскарш далийна, цара дIасалаьхкира жигархой а, дуьххьара буьйлабелларш а лоьцуш. Проблема ерзон гена хиларх Москвана билгало яра иза.

1944-чу шеран Чиллан-беттан 23-чохь нохчий махках баьхчхьана йолаелла ю Iовхойн проблема. 1957-чу шарера схьа дуьйна Iовхойн кIошт юха кхолларх хаттар хIоттош ду нохчаша Дагестанан а, Оьрсийчоьнан а Iедалхошна хьалха. Революци хилале хьалха и латтанаш Теркскан кIоштарчу Нагорный округна юкъадогIуш дара, йохийначул тIаьхьа – Теркскан кIоштарчу Хасав-Юьртан округан юкъа догIу. 1921-чу шарахь Iовх Дагестанан кIошта юкъа яхийтира. Казбековн кIоштара ши юрт: Iовх-Юрт а, Акташ-Iовх а къаьсттина къовсаме ю, Iовхойн кIошт юхавовшахтохаран хаттарехь. Нохчийн уггар а доккхачу тайпийн дай баьхна ярташ ю уьш –Аккхий а, Пхьарчой а.

Трагеди ю гIалгIашна Пригородный кIоштан проблема. ГIалгIайн ярташ, Къилбаседа ХIирийчоьнан дозанехь йолу, йихкина яра депортацера цIа богIучарна. Шайн Владикавказерчу петарш чубаха йиш ца хилира церан, 1934-чу шаре кхаччалц цигахь Iийна болу. Нохч-ГIалгIайчоьнца дозанашкахь йолчу ярташкахь а реза ца хилира цаьрца цхьаьна баха, церан хIусамашкахь дIатарбелларш. Юьйцурш ю, гIалгIайн къам гонах дIатарделла ярташ, оьрсийн маттахь этносна цIе елла Ангушт юрт а, дай баьхна Базоркино, Яндиево, Габадоршево, ГIалгIай-юрт, кхиерш а ца йийцича а. Шайн ярташка берза аьтто цахиларна вас хиллера гIалгIашна, 1973-чу шеран Дечкен-баттахь кхаа дийнахь митинге делира и гIулакх

1973-чу шарахь Соьлжа-ГIалин коьртачу майданахь цIеххьана гIаттийна гIалгIайн къоман митинг хилира. Оццу шеран Дечкен-беттан 16-чохь делкъа хан хуьллуш гIалгIаша дIаюьзира Нохч-ГIалгIайчоьнан КПСС-н обкоман гIишлона хьалхара майда. 10 сахьт даьлча йолийна митинг лаьттира Дечкен-беттан 19-чу дийнахь Iуьйранна 4 сахьт даллалц. Митингойн лозунгаша дIахьедора, шаьш партица а, Советан Iедалца а цхьаьна хилар. Трибунех хьарчийна транспаранташ дара "Дала нийсо толайойла!", "Ехийла ЦIен ГIалгIайчоь – Къилбаседа Кавказехь Советан Iедал дIахIоттарехь авангард хилла йолу", Ленинан а, Орджоникидзен а, Кировн а, хIетахь хиллачу политбюрон декъашхойн а портреташ а дара.

Митингехь дийца леринарг цхьаъ дара –Пригородный кIошт ЧИАССР-е дIало, йа оцу кIоштахь даха гIалгIашна тоьхна дозанаш юхадаха аьлла. Дуккха а нах вовшахкхетта, маьрша митинг дIахьош йоллушехь, шога дIайохийра иза. ГIалгIай дIасабоха дагахь боций а, шайна партин а, советан а гIалгIайх болчу куьйгалхоша тIеIаткъам бан тарлой кхеттачу цара, ницкъаца митинг дIайохо сацам бира. 1973-чу шеран Дечкен-беттан 19-чохь дан а дира иштта. Чхьонкаршца а, тIе хи детташ а.

Регионера хьал мел а дуладелла дуьсу проблемаш ерзийна цахиларна, 1992-чу шеран гурахь Къилбаседа ХIирийчохь – Пригородный кIоштан дозана тIехь дуккха а нах хIаллак хуьлуш, бохам хиллачу хенахь а санна, тайп-тайпанчу кепашкахь юха а цхьаъ эккха тарло.

Iедалхойн иэсца тIом

Иэсан хаттар уггар а лазамечух хилла даьлла хIокху доллу шерашкахь. Нохч-ГIалгIайчоьнан пачхьалкхан университетан историн факультетан студенташна, дIадохур ду бохуш, кхерамаш а туьйсуш, доьхкура депортацех лаьцна дийца. ХХ-чу бIешерийн 80-чу шерашкахь студенташа и бехкам дIабаккхийтира, ткъа махках бахар нийса дара аьлла хетачу хьехархошна дихкира шайн факультетехь хьеха, царна тIетайра кхечу факультеташкахь а. Республика меттахIоттийна 30 шо даьллачул тIаьхьа хилира иза.

Нохчийчоьнан республика Ичкерия йолчу ХХ –чу бIешерийн 90-чу шерашкахь Соьлжа-ГIалахь уггар а дагах кхеташ Мемориал хIоттийра депортацехь беллачарна. Цу юкъа дахийтинера, къам махках доккхучу хенахь дохийначу кешнашкара, цул тIаьхьа тIаьш а, некъаш а деш, пайдаэцна хилла керийна бIеннаш чурташ. Депортацехь дийна биссинчийн а, церан тIаьхьенан а девиз хилла "Доьлхур дац! Духур дац! Дицлур дац!" аьлла дешнаш, тIеяздинчу Мемориалан автор вара Хасаханов Дарчи. Карарчу хенахь хIоллам бохийна, цуьнан дакъойх пайдаийцира Соьлжа-ГIалахь кхин мемориал хIоттош.

Соьлжа-ГIалахь депортацина хIоттийна хIоллам

Аьтто ца белира, Хьайбахахь хиллачу бохамах дуьйцуш, 2014-чу шарахь дуьххьара яьккхинчу исбаьхьаллин "Приказано забыть" фильман а, иза гайтар дихкира Оьрсийчоьнан территори тIехь. "Къаьмнашна юкъара гамо марсайоккху" аьлла, хийтира Москвахь. Фильман продюсер Коканаев Руслан а, режиссер Эркенов Хьусейн а аьттехьа а реза вацара оцу билгалонна, цара яржийра кино социалан машанашкахула.

2010-чу шарахь дIакхайкхийра, Нохчийчохь хIора шарахь билгалдоккхур ду Чиллан-беттан 23-гIа де иэсан а, баланан а де санна аьлла. ХIетте а, шо даьллачул тIаьхьа сацам хилира, депортацехь беллачийн иэс, мехкан къаьмнийн иэсан а, баланан а де санна, республикехь билгалдоккхучу Стигалкъекъа-беттан 10-чу дийне дIататта деза аьлла.

Цхьана мIаьргонехь Нохчийчоьнан Iедалхошна хийтира, депортацех лаьцна дийца а ца деза аьлла, цундела 2014-чу шеран Чиллан-баттахь дIаяьхьначу конференцин декъашхошна тамашен хийтира, конференци хIоттийначу, республикехь вевзаш волчу политологна Кутаев Русланна тIаьхьабевлча.

Нохчийн Iедалхоша, Оьрсийчоьнан Iедалхошна лазаме хила тарлучу оцу темаца Москва дар ца ян, ларлуш юкъабаьхна барамаш хила тарло уьш. Ма-дарра аьлча, бакъ дац иза, хIунда аьлча, оцу заманчохь цхьаммо а юха ца ийзира ГIалгIайчоьнан Iедалхой, махках дахарца доьзна хIора шарахь барамаш хIитточу хенахь.

Дагестанехь нохчашна Iовхахь тезетан барамаш хIитто ца дехкар а санна. ГIебарта-Балкхаройчоьнан а, Кхарачой-Чергазийчоьнан а, ГIалмакхойчоьнан а мехкийн Iедалхоша хIора шарахь жигара дакъалоцу депортацехь белларш дагалоьцучу деношкахь.

Нохчийчуьра хьал хийца доладелира 2018-чу шарахь, Iедалхоша Хьайбахахь, бохам хиллачу меттигехь мемориал хIотто еза бохуш, дийца даьккхича. Шо даьлча, 2019-чу шарахь, Соьлжа-ГIалахь дIахьедира, и де дуьсур ду "баланан де санна дуккхаъчу тIаьхьенна а, бIешерашна а", "Сталинан а, Бериян а кликан ямарт зулам" ду элира цунах лаьцна. Эххар, 2021-чу шарахь, нохчийн Iедалхоша 2012-чу шарера схьа дуьххьара жигара дакъалецира, депортацица боьзначу дагалецамийн барамашкахь. Оцу терахьна реабилитаци а йина, тIейогIучу хенахь ийзалуш, и де ца хьехош тIех а долуьйтур дац аьлла хета. Чиллан-беттан 23-чу дийнахь къам махках даккхарх ойланаш ца яйта йиш яц, йиссинчу йоллу пачхьалкхана цу дийнахь деза де делахь а.

Пандемица хIоьттина хьал бахьана долуш, шина шарахь нохчийн диаспорашкахь, хьалха санна, билгал ца даьккхира и де – митингашца, бежнаш дойуш, дагалецамийн суьйренашца, мовлидаш йоьшуш. Кху шарахь а дагалецаман цхьанакхетарш дIадахьа сацамбина Парижехь а, Нантехь а, Ниццехь а, Страсбургехь а, Венехь а, Ослохь а, иштта кхечу гIаланашкахь а.

Лайначу баланан билгалонаш тIаьхьенца

Хетара, дерриг а тIаьхьа диссина яхначу заманахь аьлла, дуккха а тешаш белла, биссинчара Казахстан а, ГIиргIазойчоь а довхачу дешнашца дагалоьцу, шаьш ца кхиъначара шайн доьзалашка доьху, шаьш хан яьккхинчу меттигах хIун хилла а, шайн гергарчийн кешнех а, и дуьне хIокху тIаьххьарчу шерашкахь муха хийцаделла хьажахьара бохуш.

Нохчийчохь тIемаш боьлхучу 1994-1996 а, 1999-2000-чу шерашкахь цхьаберш тIамах бевдда Казахстане а, ГIиргIазойчу а дIабахара. Луларчу мехкашка дIабахначул а дукха бацара уьш. Цигахь ца биссира уьш, шайна хеттачу хенахь шайн даймахка юхабаьхкира, амма и ша факт билгала ю цигахь хиллачийн тIаьхьенна а иэс карладаккхар санна.

Депортаци бохучух шу муха кхета аьлла, махках баьхначийн доьзале а, церан берийн берашка а хаьттича, жоп луш олу "геноцид". Хаттам бинчех цхьана декъана шен ден-ненан хилла ца Iаш, шен а, шен къоман а "йоьрзуш йоцу чов" ю боху, вукхара Чиллан-беттан 23-гIа де "тезетан а, иэсан а", "Iедалхойн зуламийн де" а лору.

"Оцу хенах дуьйцуш, оха гуттар а олу "тхо махках даьхча", тхо депортацехь дина а доцушшехь", - тидам бира цхьахволчу респонденто.

Шен дейишин дешнаш далийра къамел динчу цхьаммо: "Тхо хIинца а охьадиссаза ду оцу цIерпоштара". Цунна хетарехь, депортацера цIа баьхкинчул тIаьхьа дуьненчу яьллачу хьалхарчу а, шолгIачу а тIаьхьенах ала тарло и дешнаш.

Доккхачу декъанна, 78 шо хьалхалера бохам хIораннан шен лазам бу элира респонденташа.

Тахана дуьнена-бакъонан бух бу, депортаци йинчу къаьмнийн векалшна шайн нийсонан бакъо къийса. Европарламенто тIеэцначу резолюцино боху, "доллу нохчийн къомана Сталинан омраца 1944-чу шеран Чиллан-беттан 23-чохь Юккъерчу Ази депортаци ярх геноцид ала тарло, Гааган !907-чу шеран конвенцица а, ООН-н Коьртачу ассамблейно !948-чу шарахь тIеэцначу геноцидан зуламаш совцорах конвенцица а догIуш".

И документ цхьана а Европан Союзан декъашхочо чIагIдина дацахь а, доккха бакъонан а, историкан а маьIна ду нохчашна хилла ца Iаш, Советан заманахь махках даьхначу массо а къаьмнашна а цхьаьна.