Оьрсийчоьнан юридикан министралло "арахьара агент" кхайкхийна Туркойчохь куп тоьхна гIалгIайн маршонан Комитет. И бехкейина "арахьарчу структурашца йукъарлонаш лелорна" а, "пачхьалкхан цхьаалла йохо кхайкхамаш барна" а.
Шо хьалха гучуйаьлла и организаци, шайн уггар а коьртачех Iалашо лору Комитето Оьрсийчоьнах шайн мохк дIакъастор а, цуьнан суверенитет а. Украинан Лакхарчу Радин депутатийн тобано хьийхира хьалхо, шайн пачхьалкхалла хила гIалгIайн бакъо хилар къобалдар.
Республикехь а, цул арахьа а бечу балхах, йукъараллин дIахIоттамах, Оьрсийчоьнан пачхьалкхаца йолчу йукъаметтигех а дийцира Кавказ.Реалиин редакцина йеллачу интервьюхь гIалгIайн суверенитетан Комитетан хьалханчас Гаркхо Ансара.
– Уггар а хьалха хотту аса: ГIалгIайчоьнан бахархошна оьшуш йуй суверенитет? Хьо Малгобекера ву, нагахь санна, хьан махкахочуьнга – пачхьалкхан белхахочуьнга, хьехархочуьнга, йохкархочуьнга Оьрсийчоь республикера дIагIур йу алахь, цуьнан жоп муха хир дара?
– Со вина а, кхиъна а ву Малгобекехь. ГIалгIайчуьра дIавахна со 2017-чу шарахь. 2008-чу шарера дуьйна социалан а, гIоьналлин а проекташ тIехь белхаш бина ву со. Цундела, хIокху темехь керла стаг вац со, хьолах пайда а оьцуш, суверенитетан Комитет кхолла лиънарг а вац. Йа чу вуллур ву хьо, йа вуьйр ву аьлла, сайна кхерамаш тийсинчул тIаьхьа дIавахна со махкара. [Ницкъахоша] сан цIерачу ларми чу воьллинера со, букъа тIе автомат хIоттош. Цул тIаьхьа со кхийтира, цигахь виса сайн йиш йоций.
Оцу шерашкахь гIоьналлин "Афия" фондаца а, иштта кхечу организацешца а цхьаьна белхаш беш дара тхо. Тхайн белхашкахь кест-кеста цхьацца хьелашца Iитталора тхо, масала, маьждигаш дечу хенахь халонаш нислора. Iедалхоша дуьхьалонаш йора, хьуьжарш йечу хенахь: бакъо ца лора, таро йоцчу нахана хIусамаш йечу заманчохь латта ца кхочуьйтура, шайн Iедална тхоьгара билггал кхерам гора царна.
Оцу хиламашна йуккъеъь вара со, республикера дикачу дахаре гIертачу нахалахь, суна гора чохь хуьлуш долчун йоллу аспекташ. Диллина и хеттарш дийцаредан йиш йацара тхан, амма тхан цхьаъ бен йоцу Iалашо йара, оьрсий тхан латтанаш тIера дIа а бахна, гIалгIаша шайн мехкан шаьш доладан, шайн кхолламийн дай хилийта адамаш. Тхуна гуш дара, тхоьца цхьаьна болх бен нах кийча бара вовшахкхетта шайн мохк шайн караэца.
ХIетахь а бахархошлахь йолу жигаралла шога дIайоккхура. Оьрсийчоьнан Iедалхоша шайн терго гIаттамхой бу бохучарна тIера дIа а йаьккхиа, бакъоларйархошна, журналисташна, йа жигархошна тIеейерзийра. ХIетахь мехкан куьйгалхо хилла Евкуров Юнус-Бек гIоьртира тхо дерриш а ГIалгIайчоьнан фондийн Союзехь вовшахтоьхна, оцу шерашкахь кхоьллинчу Кегийрхойн кхеташонна йукъаоза. Оцу гуламера хьала а гIевттина, дIабаханера тхан векалш, оккупацин Iедалца йукъарлонаш оха цкъа а лелор дац аьлла.
– Бахархоша хоттур ду шуьга: дика ду, гIоьналла- цхьаъ ду, суверенитет лахь, вай муха хене девр ду?
– И чIогIа говза доцу хаттар ду. Цхьа а пачхьалкх йац, дIа а къаьстина, мацалла йелла. Цхьа а пачхьалкх йац, шайн лааме а йаьлла, цхьа пхи шо, йа итт шо даьлча: "Тхуна иштта дика ца хета, йухаэца тхо" аьлла. Дуьненахь а хилла дац оцу тайпа хIума.
Цхьа а пачхьалкх йац, дIа а къаьстина, мацалла йелла
Республика тахана хьалхарчу меттигехь йу Оьрсийчохь белхазаллица, тIаьххьарчу меттигехь йу – зуламаш дарехь. Цо а дIагойту ГIалгIайчоьнан йукъараллин оьздангаллин хьолах дерг. Ас и боху, мацалла хIоьттича оха вовшийн йиттина, дойур ду бохучух лаьцна.
ГIалгIай – къаьркъа моьлуш бац, дукхахберш прагматикаш бу, хьуьнаре бу, харцахьа лелаш бац уьш дахарехь. ГIалгIайн философи иштта йу: зуда йало лаьий – хьо декхаре ву цIа дан, машен эца а…И дерриге а бухе дехкина хIуманаш ду, дуккха а шерашкара схьа дуьйна…
– ГIалгIайн маршонан Комитет тахана стенна тIехь болх беш йу? Мила ву цуьнан декъахь, маса сатг ву?
– Доккхачу декъана гIалгIайн жигархойн а, гIалгIайн халкъан цхьана декъан а имидж кхолла хьийза тхо. И позици къегина хила лаьа тхуна –хьалхо дакъошкахь охьайазйина йацара и, кхечу проекташкахь, къаьсттина нохчийн, дIасайаьржинера. ХIинца тхан ала йиш йу: хIара тхан Iалашо йу, хIара тхан байракх йу, хIорш тхан мехаллаш а йу.
Украинан политикан лаккхарчу урхаллица цхьанакхетарш хуьлу тхан, ГIалгIайчоьнан дозанан цхьаалла а, суверенитетан цуьнан бакъо хиларх а сацам тIеэцийта.
– Ичкери Оьрсийчоьно цхьана ханна дIалаьцна мох бу аьлла, Лакхарчу Радехь къобалдира. ГIалгIайчоьнан хьокъехь а изза низаман проект тIеэцар ду ахь дуьйцург?
– Цуьнан цIе иштта йу "ГIалгIайн халкъан йозуш йоцу маьрша шен пачхьалкх кхоллар, Оьрсийчоьно гIалгIашна духьал лелийна зуламаш йемалдар, ГIалгIайчоьнан дозанан цхьааалла йухаметтахIоттор къобалдарх сацамбаран проект". Лакхарчу Радехь луьстуш йу и проект, цуьнгахула кхаьжнаш тесна бовларе хьоьжуш ду тхо.
– Йукъараллехь цхьаболчийн хеттарш кхолладала тарло: хIун лур ду цо? Оцу кепара низаман тахана хIун маьIна ду?
– Цкъа делахь, цо кхетам ло украинхойн йукъараллина а, доллу дуьненна а, ГIалгIайчоь маршонехьа гIерташ хиларх. Билгалонца дIайаздина хир ду и. ШолгIа делахь, цо юридикан платформа ло украинхойн пачхьалкхана гIалгIайн суверенитетан Комитетаца болх бан. ТховкIело йоьхучийн, иштта Европехь а, аьтто хир бу оцу низаман буха тIехь дуьненан Iалашдаре дехар дан – цунах йоккха тIетовжийла хир йу, гIелонех уьдучарна а
– Ахь элир-кх, Комитет кхолларехь триггер хилира Украинана дуьхьал Оьрсийчоьно болийначу тIамах. Муха дузу ахь и ши хIума: тIом а, суверенитет а?
– Чиллан-беттан 24-гIа де тIехдаьллачул тIаьхьа хууш дара, Орсийчоьно оцу тIамехь толам боккхур боций, тIаккха сацамбира оха диллина политикан майдане довла. Оцу гIуллакхна бух болуш бара. Муьлххачу а ракетина йагорг оьшу дIаэккха, кхузахь боллу хаамийн гIирсаша маьхза и луш йара. Украинан тема йара йуьйцург, тхайх лаьцна а, ГIалгIайчоь маршонехьа гIерташ хиларх а дIахаийта таро хилира тхан Истанбулехь хьалхара Комитетан съезд хиллачул тIаьхьа. Тхоьга телефонаш йеттара, кехаташ йаздора, боккха тергам тIебахийтира тхуна, оцу цхьанакхетаран видеога бIеннашкахь эзарнаш нах хьоьвсинера.
– Хьан интервьюна йечу комментарешкахь критикаша бехкаш дохку шуна, Комитет Туркойчохь хиларна, ткъа цуьнан декъашхой – Оьрсийчохь цахиларна, цуьнца а догIуш, дозанал арахьа бехачу нахана хIун хаьа ГIалгIайчохь бехачийн лаамех а, царна дезачух а.
Тхо Оьрсийчохь ца хиларна луьйш бац тхуна, тхо Оьрсийчуьра набахтехь цахиларна лоь
– Тхо Оьрсийчохь ца хиларна луьйш бац тхуна, тхо Оьрсийчуьра набахтехь цахиларна лоь. Тхан нах Оьрсийчохь бехаш бац, хIунда аьлча, цигахь церан дан хIума дац. Тхан агоIнчаш а, жигархой а ГIалгIайчохь бу. Уьш кIезиг бац, доллучух а диллина дуьйцийла йац сан, хIунда аьлча, мохк жима бу, дерриг а массарна а хууш ду. Тхан агIончаш а стенгахь Iаш бу, мичахь болх беш бу ас къадош алахь а, оцу сохьта тIекхуьар бу, тхуна хала хир ду тхайн нах Iалашбан.
Тхуна хаьа, Оьрсийчохь мила ву. Навальный, масала. ТIаккха? Цунна дукхох хаьа Оьрсийчоьнах лаьцна?
– Къоман маршонан арми кхолла Iалашо хиларх дIахьедира Комитето. Таханалерачу дийнахь хуьлуш дерг хIун ду? Шун боламан декъашхой буй Украинехь тIемаш беш?
– Оцу кепара арми кхолларх дIакхайкхош, тхуна лаьара боллу гIалгIайн тIеман зеделларг долу ницкъаш цхьанатоха, цхьаммо буьйралла а деш, йоллу тобанаш вовшахтоха. Цхьана жигарчу тIемашкахь цара дакъалоцуш дацахь а, тхан цхьаалла хилийта а, тIейогIучу заманна тхешан тIеман планаш хIиттон а деш ду оха и.
ГIалгIайчуьра нах бу Украинехь, цара мохк Iалашбеш дакъа а лаьцна, Оьрсийчоьнан эскаршна дуьхьал операцеш дIайаьхьна, тахана а тIамехь дакъалоцуш а бу.
– Оьрсийчоь йухучу далахь а, гIалгIайн интересаш йовзийта Iалашонца вовшахтоьхна йу Комитет элир-кх ахьа. Иштта сценарий хьуна муха го?
– Цкъа делахь, йухучу далахь, йа формат хуьйцуш хилахь аьлла дацара и. Тхуна ца лаьа бакъонза Iедал караэца. "ГIалгIайн суверенитетан Комитет" оцу цIарца а бу алсам кхетам, цуьнан Iалашо йовзуьйту. Тхо политикан парти йу аьлла, кхайкхам бина бац оха, и дан дозанал а арахьа векалалла йац гIалгIайн. Тхан бух ботта Iалашо йу, гIалгIайн пачхьалкх кхолла, и болх боьзна бац Оьрсийчоьнан йохарца.
ТIамехь Оьрсийчоьно толам ца баккхахь, и йухур йолуш йу ша эшаран а, чохьарчу проблемийн а йозаллина бухахь.
Путинна тIехь кхоьллина ду Оьрсийчуьра Iедал, цунна цхьаъ хилахь, йоллу система хIаллакхир йу, хIунда аьлча, цуьнан цхьанан авторитета тIехь лаьтташ хиларна. И паччахь ву, вайна лаахь а, ца лаахь а. Паччахь велча, пачхьалкхехь бунт гIотту, ткъа оьрсашна ца хаьа пачхьалкхаш кхолла: цара хIуъа а йахь а, эххар а тиранийн монархи хуьлу цунах. Колониалан пачхьалкх йу хIара, кхинйолу колониалан пачхьалкхаш а санна йухур йу хIара а.
– ГIалгIайчоь шен лаамехь пачхьалкх хилахь, цигахь дерриг а шариIатца, исламан бакъонца хир долуш ду?
– Колонизаторшна дуьхьал адам гIаттон церан дог ира-кара хIоттон, шайн пачхьалкх йан йеза, идеологи оьшу. И йацахь и дерриг а хуьлийла дац. Къоман идеологи хила а тарло и, йа динан, йа цхьа "инноваци" хила, коммунисташа ма-хьеххара. ГIалгIайн йукъаралла кхачам боллуш къоман хьежамашца йац, шога къоман идей йац цигахь, кара герз а эцна, шайн гIалгIай хилар лардан арабовллал. Демократаш а бац ГIалгIайчохь, демократигахьа бала лууш. Нахана моьтту, демократи – Оьрсийчоь а, Малхбузе а йу аьлла.
ГIалгIай- консервативе, кIорггера дин лелон халкъ ду, цундела ислам –ша цхьаъ бен йоцу идеологи йу, цо пачхьалкх кхолла таро лур йу. Цундела, ГIалгIайн исламан пачхьалкх хила йеза иза. И бохург дац, цхьаболчарна хеташ ма-хиллара, цхьа хьирчина, муьлш бу цахуу нах автоматашца ара а бевлла, нах хьийзош лелар бу.
Цкъа а, цхьаммо а хьоьхур дац ГIалгIайчохь кхеле йа прокуратуре гIо аьлла, алахь а- цунна жоп лур ду: "Хьо Iовдал-м вац?"
ГIалгIайн йукъаралла шариIатца йеха: наха доьзал кхуллу, шайн проблемаш луьсту, велларг дIа а вуллу – и дерриг а исламан низамашца хуьлуш ду. Нагахь санна, девнаш нислахь а, хууш ма-хиллара, Оьрсийчоьнан бакъонца ца луьсту уьш. Цкъа а, цхьаммо а хьоьхур дац ГIалгIайчохь кхеле йа прокуратуре гIо аьлла, алахь а - цунна жоп лур ду: "Хьо Iовдал-м вац?" Массара а олу, шарIехь ма-бохху дерзаде вай хIара гIуллакх. Суна хетарехь, и хIуманаш а пачхьалкхан дIахIоттамехь тIечIагIдина хила дезаш ду. Масала, школашкахь а, университеташкахь а изза дешаран программа йита йеза, цу йукъара дIайаккха мегар дара динца йогIуш йоцу меттигаш, иштта Оьрсийчоьнан пропаганда а.
– Тахана дуккха а дуьйцу Нохчийчоьнан маршонехьа боламах лаьцна. Аш ойла ца йина, Ичкерин боламца цхьанакхета, цу тIе церан гIуллакх дикка гIарадаьлла а ду.
– Кхузахь масех коьрта аспект йу, тхо цхьана болх беш цахиларан. Цкъа делахь, коьрта хьежамашкахь цакхетамаш бу тхуна йукъахь. Тхуна ца лаьара цхьана а ийна, тхешан болам йукъара хила. ШолгIа делахь, идеологин агIор аьлча, гIалгIайн йукъаралла цхьана агIор негативе хьоьжу гIалгIашкара схьа йоцчу инициативашка.
Йукъараллехь дукха хенахь дуьйна дуьйцуш ду хаттар, зен диний-те ГIалгIайчоьно Ичкерин хаттарна, йа, пайда биний-те, бохуш. Тхуна ца лаьа цунах лаьцна дийца. Стенна оьшу и? Цундела тхешан гIалгIайн болам кхоьллина оха, йуьхьанца дуьйна тхешан некъ а буьллуш.
– Комитет "арахьара агент" дIакхайкхор муха нисур ду шун балха тIехь?
– ДIоггара цо новкъарло йийр йу аьлла, ца хета суна. Цу тIе, тхайн организацин гурашкахь бакъоларйаран департамент кхолла лууш а ду тхо. Цо гIо латтор ду бехк боцуш лоьцучу нахана, Оьрсийчоьнан дехарца Интерполон лехамашка беллачарна. Оьрсийчохь тхо "арахьара агент" лараро мелхо а ойбу тхан болх, цо гойту тхо нийсачу новкъахь хилар
– ДIабахначу жигархойн Оьрсийчохь беха гергарнаш Iиттабелла Iедалхойн Iаткъамех. Шу муха ларадо оцу тайпа хIуманашца?
– Хууш дара, ишта хир дуйла. Европехь а бу тхоьца йукъарло долу нах дийнна чаташ йу. Тхоьга олу: "Тхо шуьгахьа ду, амма кхоьру тхешан гергарчу нахана вон болх хиларна".
Тхо кхеташ ду, и жоьпалла цхьаммо шена тIелаца дезаш дуй. Тхо цхьа теза адамаш дац, селхана политика йукхъа а гIоьртина, маршонехьа къамелаш долийна. ЦIахь, ГIалгIайчохь долуш а, талламаш бора тхан хIусамех, лецара тхо, тхуна тIаьхьабевлла лелара. Тхан организацихь нах бу, цхьа тIом гина ца Iаш, дукха а хIумаааш дайна, уьш кхета, шаьш дечух, лелочух.
- Украинан Лакхарчу Радера депутатийн тобано хьалхатеттина шайн пачхьалкх кхолла гIалгIайн бакъо хиларх низаман проект. И документ тIеэцар билгалонан гIулч хир йу Оьрсийчуьра къаьмнийн шайн пачхьалкх кхолла, билгалдаьккхира эксперташа.
- Римехь а, Берлинехь а дIайаьхьира гIуран-беттан 11-12-14-чохь постОьрсийчоьнан маьршачу халкъийн иссолгIа Форум. И лерина йара, Оьрсийчоьнна децентрализаци йинчул тIаьхьа хинйолчу керлачу къаьмнийн пачхьалкхашна. Цигахь дакъалецира нохчийн, гIалгIайн, ногIийн, гIалмакхойн къаьмнийн боламаша. Кхул а хьалха хиллачу постОьрсийчоьнан къаьмнаша форумаш хIиттийра Польшехь, Швецихь, Бельгихь, Чехихь, Японихь. Оьрсийчоьнан пропагандо а, цхьа могIа бозуш боцчу эксперташа а критика йира царна.