"Тхуна массарна а лаьтта кхерам": кадыровхоша нохчийн оппозиционерашна йуха а кхерамаш тийсар

Нохчийчоь, гайтаман сурт

"Ахматан" лерринчу ницкъийн буьйранчас кхерамаш тийсина нохчийн оппозицин НИЙСО боламан декъашхочунна. Батукаев Зелимхас шен телеграм-каналехь хIоттинйачу видео тIехь жигархочунна кхерамаш тийсира, ша цуьнан ков-керт схьадоккхур ду, "дерриг тайпа а арадоккхур ду" бохуш. И дIахьедар Нохчинчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна луьйш мел болчарна кхерам тасар ду, боху Кавказ.Реалиица къамел динчу эксперташа.

Жигархочо Ансара (редакцино кхерамазаллин бахьанашца цуьнан фамили ца йоккху) тӀечӀагӀдира, оцу видео тIехь тIехь дерг билггал шен цӀа ду, амма цу чохь хӀинца цхьа а вехаш вац аьлла. Ткъа Батукаев дика вевзаш ву цунна, цхьана йуьртахь Iаш дара, бохура цо, ша Нохчинчуьра дIаваххалц.

NIYSO нохчийн оппозицин болам а, телеграм-канал а йу, цу тIехь нахаладоккху Ӏедало лелочу харцонах а, Кадыров Рамзанан уллера накъостийн дахарера хIуманех а информаци йазйо цара, иштта "Ахматан" декъошкахь долчу хьолах лаьцна а дуьйцу. Иштта, цу канало хаддаза хаам бо ницкъахоша лечкъочу республикерчу бахархойх лаьцна а.

Хьалха Батукаев оьрсийн-нохчийн тӀемашкахь федералан эскаршна дуьхьало йеш дакъалоцуш вара, амма оппозицин нохчийн блогеро Халитов Хьасана цуьнца цхьана гIуллакх деш хиллачийн дийцаршна тIетевжаш, бохура "ша ха дечу цхьана буьйсанна веддера иза шайчех".

ТӀаьхьо Батукаев шозза кхело бехкевира – 2011-чу а, 2016-чу а шерашкахь. Дуьххьара - низамехь доцуш герз дохкарна, шолгӀа - талор дарна, стаг верна а, нехан бахам хӀаллакбарна а. I9 шо хан туьхийра цунна уггаре лакхара кхерамазаллин хьал латточу колонехь даккха. NIYSO-но бинчу хаамца, Батукаев ша мукъавелира ЧВК "Вагнерна" йукъа а вахана, цул тӀаьхьа инарла Алаудинов Апти коьртехь волчу "Ахмат" спецназах дӀакхеттера иза.

Кхерама туьсуш йаьккхина видео Батукаевгара кхаьчна йас Ансаре, боху шен цӀе йовзийта ца лууш волчу NIYSO боламан жигархочо. Цо дийцарехь, доттагӀаша йахьийтина хилла Ансаре кадыровхочун телеграм-каналехь йолчу публикацин линк.

Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна луьйш болчу нахана кхочуш болчу дуккхаъчу кхерамех цхьаъ бу хIара. Амма уьш дукхахьолахь массо а оппозиционерашка хьажийна бу – цӀераш ца йохуш, йа организацин билагл ца йоккхуш. И кхерам къаьсташ бу шен чулацамца а, хьажорца а, цуьнца Кадыровс йуха а баьццара серло латийна блогершна тIаьхьадовла аьлла, бохура Европерчу "Цхьааллин ницкъ" олучу Ичкерин боламан векала Сулейманов Джамбулата : "Видео, хьалха дӀайазйора Даудов Мохьмада (нохчийн Ӏедалан премьер-министро, Кадыровн гергарчо). – Ред.), Делимханов Адама (Нохчичоьнан цIарах Пачхьалкхан Думан депутато, Кадыровн улора накъост. – Ред.), амма хилла дац Батукаев санна лахарчу эскархочо видеоца окхерамаш тийсар".

Батукаев Зелимха

Ткъа Ансарна хетарехь, NIYSO боламера цуьнан накъосташа хаам бо "Ӏовдало Батукаевс дӀайазбина и кхерамаш, шен долахо реза вархьама".

Цуьнан телеграм-каналан агIонгара информацина тIехь цхьа а хIума дац, цунна тIаьхьабовла бахьана хила. Цу хьокъехь башхо йолуш ду, масала, блогер Халитов Хьасанан гIуллакх. Нохчийчоьнан куьйгалохочун йоIе Кадырова Iайшате телефон а тоьхна, хилла къамел зорбане даьккхира цо. И бахьана долуш, марсхьокху-беттан 28-чохь лечкъийна бигина цуьнан да а, вежарий а ницкъхоша дIалаьцна латтош болу 60 сов де ду. Цо дийцарехь, цуьнан гергарчарна таIзар дарна кхерам туьсуш, ша бен болх сацийна ца Iаш, шега информаци кхачош болу берриг а нохчий схьабийцар тIедожийна цунна.

Тхо тхайх ца кхоьру, оха тхешан некъ хаьржина

NIYSO болам дуьххьалдIа кхерамаш тийса билгалйаьккхина йу, хӀунда аьлча, Нохчийчуьра кегийрхошца зIе йу церан, цо сагатдо Кадыровн, аьлла хета Сулеймановна. Цунна хетарехь, кадыровхочо кхерам тасар- гайтаме хIума ду, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна дуьхьалболчаврна ца моттийта, ша эгIаза ву, йа цхьана хIума шен тидамера даьлла аьлла.

"Украинера тӀамехь "Ахматан" эшамех лаьцна резабоцу дӀахьедарш гучудийла дуьйладелира йукъараллехь. Кадыровна хета, репрессеш лелош ца хилча, нах шех кхоьручуьра совцу аьлла. Иза кхеташ ву, хӀара дерриге а лайн межарг саннна кхуьуш хила тарлуш хиларх, ткъа нагахь санна, цхьа хIума галдалахь, цуьнан бераш а, йа цуьнан ницкъаллин структураш а, йа цуьнан тӀаьхьене а нис лур долуш дац хьал", - аьлла, комментари йо йукъараллин жигархочо.

Оппозицин дог-ойла йолчу нохчашна кхечу пачхьалкхашкахь а тIаьхьабевлла леллашехь, Кадыровна товш боцчу нахана кхин тIаьхьабевлла хааделла дацара ЯнгулбаевгIеран доьзалан кочабахна, церан нана Мусаева Зарема Iедало лаьцчхьана.

Оьрсийчоьнал арахьа волчу къамелхочо, шен цӀе йовзийта ца лаьа цунна, редакцига дийцира, шена а Нохчийчуьра кхерамаш кхачарх. Цундела, бохура цо, ша вехачу пачхьалкхан Ӏедало и тидаме эцна, ша ларвеш ву аьлла. Масийтта бутт хьалха республикехь цуьнан гергарнаш лачкъийна дIабигинера, амма цо цунах лаьцна нахала ца доккху, хӀунда аьлча, республикехь шен гергарчарна дуьхьал кхин а къизаллаш лелорна кхоьруш. Иштта а шен дуккха а накъостий бу и хIума бахьана долуш Iад Iаш, тешна ву иза.

Кадыровна хетарехь, адам хьийзлш ца хилча, нах цуьнах ца кхоьру

Цо дагадоуьйту Европехь нохчий байъар: Хангошвили Зелимха вийра киллеро Красиковс Берлина йуккъехь, блогер Умаров Мамихан "Венера Анзор" цӀарца вевзаш волу, герз тоьхна вийра Австрин коьртачу шахьаран йистехь Алиев Ӏимран, Мансур Старый цIарца блог леош вара иза. Вийра Францерчу Лилль гIалахь.

"Тхан тобанан декъашхо вехачу пачхьалкхан къайлахчу сервисашкара информаци йу тхоьгахь, иза вен беш кечам барх лаьцна, и зулам сацо аьтто белира. Тхуна массарна а тIехь лаьтташ бу кхерам",- бохуш, тIечIагIдо NIYSO-н жигархочо.

Украинехь тӀом болабеллачул тIаьхьа Кадыров кхечу нахана кхерамаш тийса волавелира, билгалдоккху "Мемориалан" куьйгалхойх цхьаъ волчу Черкасов Александра: "Критикашна тIера шен тидам цо тIебахийтира федералашна а, кадыровхошна а дуьхьал къийсам латточу Украинера лаамхошна-нохчашна. Амма, схьагарехь, приоритеташ йуха а хийцайеллачух тера ду, цундела Кадыров хIинца йуха а блогершна тIевирзина".

  • 2020-чу шеран чиллан-баттахь Швецехь тӀелатар дира оппозицин блогерна Абдурахманов Тумсона. ТӀелатар динарг, Абдурахмановн петаре чу а вахана, цо наб йечу хенахь, жIовца вен гӀоьртинера. Амма тӀелатар юхатоха аьтто баьллера блогеран, цо полице кхайкхира. Абдурахмановс тӀелатархочун видео яьккхира. Тумсо вен шега "омра" динарг Соьлжа-ГӀаларчу Ӏабдурахьман цIе йолуш стаг ву, дуьйцу зуламхочо цу видеотIехь. 2021-чу шеран дечкан-баттахь кхело сацам бира тӀелеттачунна Мамаев Русланна 12 шо, цуьнца накъост хиллачу Шапиаева Эльмирана – 1,5 шо хан тухуш.
  • 2020-чу шеран гIура-баттахь немцойн къайлахчу сервисаша новкъарло йира, Германера нохчийн бакъонашларъяран “Вайфонд” ассоциацин Германера векал Абдурахманов Мохьмад верна. Абдурахманов Тумсон ваша ву иза. 2023-чу шарахь марсахьокху-баттахь Мюнхенерчу Лакхарчу кӀоштан кхело Нохчийчоьнан орамаш долу Дадакаев Валид бехке хилар тӀечӀагӀдира, Абдурахманов вен гӀортарна -цунна 10 шо хан а тухуш.
  • Товбеца -баттахь Нохчичуьра ницкъхоша лачкъийна 20- гергга меттигера вахархо, йаздора оппозицин телеграм-каналаша. Кавказ.Реалии сайт зӀене йелира жигархошца, хиллачух лаьцна кIорггера хаа, ишта дийцийта, йуха а нах лечкъон буьйлабалар хIун бахьанаш долуш ду.