ТIамах бакъдерг дуьйцура цо: Джейн Биркина нохчашна гIодарх

Джейн Биркин, архивера сурт

Парижехь кхелхина 77 шаре йирзина францхойн актриса, йишлакхархо Джейн Биркин. Иттаннашкахь фильмашкахь дакъалаьцна цо, йазйина иллеш тIехь долу альбомаш а. Амма кIезиг нахана бен хууш дац, цо нохчийн мухIажаршна жигара гIо диний, нохчийн маттахь дIайазйина йиш лекхний а. ТIаьхьо шен концерташкахь локхура цо и йиш. Историко Вачагаев Майрбека дуьйцу, муха хьийзира Джейн Биркин Нохчийчохь боьдучу тIамна а, нохчийн дахарна а терго тIеозон.

Товбеца-беттан 16-чохь кхелхина Джейн Биркин "францхойн икона" йара аьлла президенто Макрон Эммануэла. Цхьа наггахь бен хуьлуш дац, оцу аларца дуккхаъболу бахархой реза хуьлуш. Цхьаболчарна йевзара иза, ингалсан-францхойн гоьйаьллачу актрисин цIарах Hermès аьллачу маркин модехь болчу тIоьрмигца, кхечарна – исбаьхьчу Серж Генсбурган дог ирахӀоттийнарг санна.

Делахь а, дукха нахана ца хаьа, нохчашца цуьнан хиллачу дикачу йукъаметтигех. Вайна гоьйаьлларг санна дегнашкахь ца йиссина иза, республикехь боьдучу тIамна дуьхьбал шен аз даьккхинарг санна йиссина.

2000-гIа шераш довш, Нохчийн республика Оьрсийчоьнан хIоъ-молханаша этIочу хенахь, Франци кхечира со, хIетахь Парижан йуккъехь хIоттийначу митингехь нислуш. Оьрсийчоьнан агрессица къийсам латточу нохчийн гIо лоцуш вовшахтоьхна хиллера иза. ДагадогIу суна, хIетахь со цецваьккхира политикин, кинон, эстрадин оццул дукха седарчий цу акцихь гулдаларна.

ХIоттийначу трибуни тIера микрофон каракхечира философера Глюксманн Андрегара актрисе Катрин Деневга, цуьнгара – Бернар-Анри-Левига, цунна тIаьххье вистхилира Европарламентан депутат Оливье Дюпюи.

Amnesty International йукъараллера митинг вовшахтоьхначара дуьхьало латтайора, шайн политикин а, культурин а озабезамаш болу, амма Нохчийчуьра къиза тIом йемал бен Францин зорбанашкара хьалхарчех журналисташ тIе ца кхочуьйтуш.

Керлачу дахаре тхан некъ сирлабаьккхинчех, шеко йоцуш, йара Джейн Биркин

Жима а йолуш, эгIаза зудче дош делла, дайн озаца иза гулбеллачаьрга йистхилила йолайелча, соьга элира: "Джейн Биркин йу иза". Сайна иза йевзаш санна кеп хIоттийра аса, бакъдерг дийцича, Глюксманн а, Денев а доцург, эзарнашкахь Жорж Помпидун цIарахчу къоман кхоллараллин а, культурин а ЦIенна хьалха гулбелларш кхин суна бовза а ца бевзара. "Сацабе Нохчийчуьра тIом", "Путин – нах бойург" тIе йаздина транспаранташ йара гулбеллачийн карахь.

Коьрта ду кхузахь билгалдаккхар, Оьрсийчоьнан керлачу президенто жимачу Нохчийчоьнца болийначу тIамна францхойх дуккхаъберш чIогIа жигара дуьхьал бара. Нохчийчоьнан гIо ца лаьцначу францхойн интеллектуалера йукъаралло бехк баккха тарлора. Оцу тIехь коьрта билгало йара Францин кхечу муьлххачу а европахойн пачхьалкхе диллича.

Вачагаев Майрбек

2000-чу шарера 20005-чу шаре кхаччалц тIамна дуьхьал латтийна митингаш могIарера хIума дара Парижехь. Политикин, эстрадин, бизнесан цхьана а гоьваьллачу стагаца бартбан ца оьшура, нохчаша машарехьа бечу тIамна тIехIоттахьара аьлла. Тоаме дара, хIокху дийнахь, оцу меттигехь нохчашкахьа хIоттош митинг йу алар - доллу дуьненахь бевза нах шаьш схьабогIий, лаьттара митингашкахь. Наггахь, уьш ца бевзачу акцин декъашхоша дIасатоьттура уьш. Тхо хIетахь йоккхачу, тахана а башха кхин йовзазчу Францихь дахар долош дара. Керлачу дахаре тхан некъ сирлабаьккхинчех, шеко йоцуш, Джейн Биркин а йара.

Цкъа тIехволучу сан аьтто хилира 2002-чу шарахь цуьнца къамел дан. ХIетахь францхойн журналистан Милен Солойн гIоьнца берийн "Даймохк" ансамбль йалийнера Франци. Со а хилира цигахь. Биркинна вовзийтира со Нохчийчоьнан Ичкерия республикин Оьрсийчуьра хилла векал санна – суо лацар бахьана долуш вада дийзира сан пачхьалкхера.

Массо а агIор хоьттура цо Нохчийчуьра хьолах лаьцна. Биркин цецйаьллера, доллу дуьне кхоьручу пачхьалкхана дуьхьал тийсабала муха баьха нохчий бохуш. Доьзалийн дахарх а хоьттура цо, зудчуьнга мел ларам бу а. Гуш дара, чIогIа оьшура цунна бах-бахара а доцуш, цигахь ваьхначун дийцарш. Дукха хеттарш дора цо, оцу йуккъехула кхуьура иза берашна тIехь Iуналла дан а: цара йаахIума кIезиг йуу аьлла хетара цунна – Джейна сагатдора берийн ансамблан декъашхошна.

Махкара йарташкара схьагулдина ткъех бер, бина кечам а боцуш далийнера Париже – боьдуш тIом а болуш, хала хиллера Соьлжа-ГIалахь репетицеш йан. ТIама йуккъера даьхна нохчийн бераш-хелхарчаш йоллу йукъараллин тергонехь дара, адамаша терго йора берийн, царна гIо а дора.

Бераш бехачу новкъадохуш йуург йиллинера царна – консерваш, хиш, Франци дIакхаччалц тоьар йу аьлла. Даим хуьлуш ма-хиллара, кIиранна новкъайаьккхина йуург, бераша шина-кхаа дийнахь чекхйаьккхинера.

Парижехь хIора а царна цхьаъ йала, уьш бузон гIертара. Шайн бераш дуьхьалхIуьттура цаьрга хьоьжучу францхошна, цундела йуучуьнца проблема маса йирзира. Цунах лаьцна шена хиъначул тIаьхьа, Джейна делкъе кечйайтира къоначу хьешашна. Йедда-хьаьдда лелара иза гонах, йуург кIезиг хир йу, массарна а тоьар йац бохуш, кхин а тIе керла сэндвичаш кечйора цо, стоьлтIехь долчу дааршна тIе. ХIора берана тIе а уьдуш, хьан-хIун йиъна терго йеш, царна компоташ йуттуш хьийзара иза. Ансамблан куьйгалхочо, "варийлаш, харцахьа ма лелалаш" бохуш, шайна тIедехкина декхарш дицделла, бераш шаьш бераш хиларе терра лелара.

Ша церан хенара йолуш санна, цаььрца ловзура Джейн, ахсахьт хьалха шаьш цхьа баккхий нах санна гайтина бераш, цуьнца уьдуш, буьйлуш, самукъадоккхуш лелара. Шаьш тIама йуккъера девлла дахкар а дицделлера царна цу суьйранна.

Милена гIоьнца ша нохчийн маттахь кечйина йиш лакха хьийзара Джейн, шен британхойн-францхойн акцентах бераш дийла а деш. ХIетахь цхьанна а ца моьттура, забаренна дIалекхначу эшарх цхьа хан йаьлча студихь дIа а йаздеш, "Даймахкана сагатдар" (Nostalgie Pour la Terre de Nos Peres) аьлла цхьа хаза илли хир дуйла. Marcho dogila ("Марша ДогIийла") цIе йолчу францхойн организацин нохчийн эшарех гулама йукъахь арадаьккхира илли. Цул тIаьхьа масех шарахь Джейн Биркина йоллу пачхаьлкхехула лелаш, ша лучу концерташкахь локхур йу и йиш.

Джейна бераш Iехочу йукъанна, цуьнан нанас йуха а йоккхачу тергонца кечйира царна новкъайаха сэндвичаш. Ган безара цуьнан бIаьргаш, доглазарца, къинхетамца…

Цхьа эгIаза, амма доккхачу доьналлица зуда санна дагайогIу иза дукхаъчарна

Бераш Франци дахкар вовшахтоьхначара сацам бинера, бераша концерт профессионалан хIусам чохь лур йу аьлла. Цхьаммо а ахча ца дийхира чоь лоцург, йа инструментех а: францхойн доллу дуьне тIом боьдучу Нохчийчуьра даьхкинчу берашна гонах сецнера. Баккхийчийн бIаьргаш чохь хиш гуллуш, цхьахйолчу театран гIишло чохь хIоттийра концерт. Джейн Биркина а, Глюксманан а, кхинболу гоьбевллачу наха а къайлах бIаьрхиш дIа а дохуш, йирзира концерт.

Къоман амал гойтуш, тIом бечу нохчийн доьналла гойтуш дора хIора хелхар къоначу ламанхоша. Уггар а жимачун, пхи шо долчу ансамблан декъашхочун хелхаро велхийра массо а. Оцу беран леларехь экспресси хаалора, оццул жима воллушехь воккхачо санна дIагойтура цо маршонан а, оьздангаллин а са, цо дегнаш дашадора хьовсархойн, цецбохура уьш. Ца кхетара уьш: "И кIант къарван хьийза Путин?" бохуш.

Дуккха а барамаш вовшахбиттира Милен Солуас а, Джейн Биркина а нохчашна гIо дархьама. 2003-чу шарахь, Милена инициативаца йуха а Франци даьхкинчу "Даймохк" ансамблера берашца йукъахь концерташ лора Джейна престиже йолчу Парижера Cabaret Sauvage зала чохь.

Милена баркаллица дагалоьцу, оцу шерашкахь шена Джейн Биркина а, Глюксманн Андрес а, кинорежиссеро Гупель Ромена а, кхинболчара а гIо дар. Нохчийн берех цецйаьллера Джейн, цо йовзийтира Миленна "Театр дю Солей" йуккъера Мнушкина Ариана. Иза йара 40 хелхарча, пхи музыкант, ши хореограф Франци валош гIо динарг, иштта Францихула церан концерташ вовшахтоьхнарг а. Балетан кIархаш деанера Джейна массо а берана, царех хIоранна а, шен нанас гIо а деш, беран цIе тIейазйеш, суьрташ дехкинера цо.

Оцу хенахь берийн ансамбль йеача, Джейна а, Арианас а, Глюксманна а, Милена а ассоциаци кхоьллира "Марша ДогIийла" аьлла.

2007-чу шарахь Джейн тIетайра Миленна "Культурин караванан солидаралла" кхоллийта, "Бабель Кавказ" проектан коьрта проект хилира цунах. Кхаа пачхьалкхехула чекхбевлира уьш: Гуьржийчоьнах, Азербайджанах, Польшех. Биркина лечкъа ца дора, шена Соьлжа-ГIала йаха лаар. Цигахь концерт йала лаьара цунна, нохчийн маттахь йиш а локхуш.

Нохчийн бохамна, церан сингаттамна кIорггера сагатдора Джейна

ТIаьхьа, нохчашна гIо дарца доьзначу муьлххачу а бахьаница, уггар а хьалха цуьнга орца доьхура. Оьрсийчоьнан куьйгалле, 2017-чу шарахь Нохчийчохь вайна иллиалархо Бакаев Зеламха схьалохуш гIо де аьлла, йаздинчу кехата бухахь а цуьнан куьг ду.

Цхьа эгIаза, амма доккхачу доьналлица амал йолу, къар ца луш бакъонехьа гIиртина зуда санна дагайогIу иза дукхаъчарна.

Къийсаман символ хетара Бельгин йиллинчу университетан профессорна Одд Мерлинна Джейн. Цо дагалоьцу, Клермонн Ферран гIалахь ларамза нисйаларх Джейн, ткъа оцу деношкахь Нохчийчуьра тIамах лаьцна гайтам хиллера цигахь.

"Массо а цецвоккхуш, концерт йолайалале схьакхечира иза, хIоранца а къамел дора цо, концерт-гайтам вовшахтоьхначаьрца а, хьешашца а. Доггах сагатдора церан лазамна, - дийцира соьга Одда. – Шен концертан хьалхара дакъа Нохчийчоьнна а, нохчашна а лерина хилийтира цо, йуха а лекхира нохчийн маттахь йиш".

Одда дагалоьцу, мел кIорггера Джейна сагатдора нохчийн бохамна, церан лазамна. "И лазам бара цуьнца", - бохура цо.

Джейн Биркин а, Одд Мерлин

Адамийн бакъонаш Iалашйаран "Мемориал" Центран куьйгалхойн декъах волчу Черкасов Александра доцца элира Биркинах лаьцна: "ЧIогIа оьзда, дика адам дара иза, кхунах мейнстрим а хилале, зуламна дуьхьал тийсайелла йу".

Александр тешна ву, Францин артистийн гонашкахь хуьлуш ма-хиллара, йукъараллина тIехь жоьпалла ду аьлла, тешна йара иза. Нохчийчохь хуьлуш долчунна тIе терго озон хьийзара Биркин: 1999-чу шарахь Андре Глюксманна хIоттийначу кехатна куьйгашйаздинчу францхойн интеллектуалийн тептарехь цуьнан дуьххьара гучуйаларо, Оьрсийчоьно тIом болийначу Нохчийчохь адамийн бакъонаш Iалашйаран боламан декъашхо йира цунах. Иштта дагалоьцу иза Черкасовс.

Черкасовна, цо ша дийцарехь, дуьххьара йевзинера иза, хIара Париже пресс-конференци веанчу заманчохь. 2000-чу шеран чиллин-баттахь Керлачу Алдыхь лелийначу эрчонех дуьненна дIахаийта веанера иза. Александрна хетарехь, цо дакъалацаро мехала хилийтира и барам.

"Керлачу Алдыхь хиллачух бакъдерг францхойн йукъараллина дIахаийтинарг иза йара", - боху бакъоларйархочо.

Джейн Биркин хьошалгIахь йу "Мемориалехь", 2005 ш. (архивера сурт)

ТIаьхьа, 2005-чу шарахь, Черкасовс дагалоьцу, Москвахь Джейн Биркинца цхьаьнакхетча, нохчийн трагедих иза дIаийча санна хеттера цунна: "Дуккха а шерашкахь оцу хаттарна тIаьхьайаьлла ша лелча санна, кIорггIера цунах дерг хаьара цунна. И шен гIуллакх долуш санна, дуьйцура цо".

"Маршонан символ хилла а ца Iара иза, - боху Черкасовс. – Нохчийчоьнан бакъдерг дара цо дуьйцуш, ша жоьпаллехь йу аьлла а хеташ, - и наггахь бен хуьлуш доцург дара, оцу кепара тIегIанехь болчу нахана йукъахь".

Францхойн стиглара седарчий довш ду тIаьхьий-хьалхий, амма церан къегина серло йуьсур йу даимна а. Доза доцу баркалла царна, цара гIоьналлин куьг мел кховдийначаьргара, церан дахарехь хала мур болчу заманчохь шайн дегнийн йовхо ца кхоорна. Дженй Биркин – оцу седарчех цхьаъ йу.

"Авторан бакъо" рубрикехь йаздинарг редакцина хетачуьнца догIуш ца хила а тарло.