ТIамана дайъинчу ахчанал а пхоьазза лахара хилла Кадыровн фондан активаш 2023-чу шарахь

Кадыровн резиденцихь дIахIиттийна эскархой

Оьрсийчоьнехьа хиллачу Нохчийчоьнан президентан, карарчу хенахь мехкан урхалхочун ден Кадыров Ахьмадан цIарахчу регионалан фондо 2023-чу шарахь деклараци тIехь билгалдаьккхина финансийн боллу гайтамаш лахбелла хилар. Оцу йукъанна организацино, мехкан Iедалхойн дIахьедарца, Украинерчу тIамана дайъина 28 миллиард сом – фондан йоллу активел а пхоьазза лакхара ду и ахча.

Кадыровн фондан активаш 2023-чу шарахь 5,2 миллиард сом йара, аьлла ду официалан деклараци тIехь. 2022-чу шарца дустуш аьлча, организацин баланс 17 проценте лахйелла. Го боккху активаш – тахана пайдаоьцурш а, гергарчу хенахь пайда бохьун берш а – жимйелла 19% стохкалерачу шарца дуьстича, царна кхочу 3,7 миллиард сом. Кхин а 1,6 миллиард го ца боккху активаш йу, аьлча а, йеххачу хенан активаш. Цхьана шарчохь уьш а лахйелла – 11 процентана.

Фондана официалехь коьрта пайда хилла 280 миллион соьмана "кхин долчу тIедеъначух", кхин а 112 миллион даьккхина цо йохкар лелорна а, цхьацца хьелаш хIитторна а, ткъа ара-чу ца баккхалун бахам ханна пайдаэца луш даьккхина фондо 42 миллион. ЦIена са хилла 1,5 миллион соьмана: ши шо хьалха 9,1 миллионан тIегIанехь гойтура хилла пайда. ТIаьххьарчу шарахь гайтам лахбелла шозза аьлча санна – 86%. Цул хьалха дахначу кхаа шарахь а санна, фондо декларацихь ахча кхаьчна дац аьлла, билгалдаьккхина, иштта сагIина а цакхачар.

Украинана дуьхьал бечу тIамехь дакъалоцучу Нохчийчуьра дакъошна оьшург латтон Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондо дайина 28,6 миллиард сом, дIахьедира регионера парламентан спикеро Даудов Мохьмада. 2022-чу шарахь организацин хиллачу йоллу активел а, махкахь гулйечу мел йолчу йасакхел а масийттаза сов ду и терахь.

  • Муьлххачу а организацин финансийн гайтамех уггар а коьртачех лору активаш – долара боллу бахамца цхьаьна. Масала, йиллинчу хьасташкара хиъна, Кадыровн фондо Нохчийн пачхьалкхан филармонига ханна пайдаэца гIишло йелла хилар хIора шарахь 50 миллион гергга соьмах. Йуьйцург йу Соьлжа-ГIалин йуккъера Лорсановн урамера Омаев Дагунан цIарах тойнаш хIиттон йоккха хIусам. Оцу ара-чу ца баккхалун бахаман мах бу кадастрехь 900 миллион сом гергга бу.
  • 2022-чу шеран зазадокху-беттан йуьххьехь Кадыровс хаамбира, оккупаци йинчу "ДНР-н" а, "ЛНР-н" а куьйгалхошна Пушилин Денисана а, Пасечник Леонидана а, "Спарта" батальонан командирана Жога Артемана а организацино гIагI диллина Toyota Land Cruiser 200 машенаш йелла хилар. Комплектацига хьаьжжина церан мах хила йиш йу хIораннах а 20 миллион сом. ХIеттахь фондо сепаратисташна УАЗ "Патриот" 50 машен йелира – хIоранна а мах бу 1,5 миллион сом. Иштта Нохчийчоьнан куьйгалхочо дIахьедира фондо амуници, молханаш, кхачанан сурсаташ, техника, транспортан гIирсаш белла хиларх, церан мах хаа йиш хир йара, цо мел йелла хаийтинехь.
  • Регионера йукъараллин Кадыров Ахьмадан цIарах фонд Американ Цхьаьнатоьхначу санкцийн тептарехь йу 2020-чу шарера схьа дуьйна. Организаци масийттаза бехкейира фонде дуьллу ахча цIена дац бохуш, иштта пачхьалкхан белхахошкара нуьцкъаша гулдеш хиларна а, амма Кадыровс и бехкаш тIе ца дуьтура.
  • Нохчийчоьнан куьйгалочун 70 шо долу нана Аймани дуьххьара нисйелла Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцешна бухахь. Цунах лаьцна хааамбира америкахойн финансийн министралло марсхьокху-баттахь. Жоп лучу цуьнан кIанта америкахойн Iедалхошна тIедожийра шайн сацам хийца аьлла, чIагIо йира "иштта дуьтур дац" ша аьлла. Редакцино хеттарш дина эксперташ тешна бу, сил чIогIа цо реакци йар доьзна хир ду Iарбойн пачьалкхашкара КадыровгIеран доьзалан активашна кхерам латтарца. Делахь а и активаш билгалйаха хало хир ду, хIунда аьлча, шайн дозанал арахьара бахам къайлахьош Оьрсийчоьнан элито чолхе схемаш лелош йолу дела.