ТIамехь дакъалацарна гечдар: даккхий зуламаш динарш бехказа стенна боху Оьрсийчохь

Кадыров Рамзан а, Геремеев Руслан а

Украинана дуьхьал дакъалаца реза хуьлург Оьрсийохь дакххий зуламаш динарш жоьпалера боху низамна хьалха. Кремльна хетарехь, бехкзуламан гIуллакхашкахула йукъараллехь йоккха гIовгIа эккхийтина хилар бух бац оцу нахана геч ца дан. Муьлхха а зулам ахьа динехь, хьох къинхетам бийриг хиларх шеко йац аьлла хета Кавказ.Реалиино хеттарш динчу эксперташа.

Политовская Анна йийча гIаттийначу гIуллаккхехула таIзар динчу милцо лаьттинчу Хаджикурбанов Сергейна гечдина хенал а хьалха, иза маьршаваьккхина, Украинана дуьхьал тIом беш ву иза. 2022-гIа шо довш тIамтIе вахара иза, талламхойн декъан командир хIоттийра, цул тIаьхьа – батальонан командир хилира цунах. Ахшо даьлча маьршаваккхарх кехат делира цунна, амма тIеман министраллица шен контракт кхин дIа а дахдина, тIемаш боьлхучу меттигехь сецира иза.

Инзаре харцонан акт

РУБОП-н оперативник вара Хаджикурбанов, кегийчу къаьмнех йолчу зуламхойн тобанашна тIаьхьаваьлла вара иза. 2006-чу шарахь ши шой, пхи буттий хан туьйхира цунна, ницкъ а беш, шегарчу бакъонел а тIехваларна. 2009-чу шарахь иза бехкевира Политковская йер вовшахтохарна, амма иза бехказа ваьккхира бехккъасторхоша. Делахь а тIаьхьо лецира ницкъахо, журналист йерна коьрта бехкевечуьнгара – Павлюченков Дмитрийгара, 350 эзар долларшкахь ахча даккхарна; 2010-чу шеран чиллан-баттахь Таганскан кхело оцу гIуллакхехула колонихь даккха 8 шо хан туьйхира Хаджикурбановна.

2014-чу шарахь Хаджикурбанов бехке лерира Политковская йер вовшахтохарна, колонихь даккха 20 шо кхайкхийра цунна. Бехк тIе ца лоцура цо ша, Павлюченковс дийциначунна тIехь дехкина бохура шена бехкаш.

Муьлхха а динчу заламашна  гечдаре дог дохийла йу церан

"Новая газетан" редакцино а, журналистан бераша– Политковская Верас а, Ильяс а дIахьедар арахийцира, Хаджикурбановна гечдар "харцонан а, шайна луъург лелош хиларан а инзаре акт" ду, "шен хьежамаш хиларна а, шен белхан декхар кхочушдарна а дийначу адаман иэс сийсаздар ду" элира цу тIехь.

"Кхузахь дийца хIуммаъ а дац. Цхьангара а жоьпала доьхийла а йац. Бакъдерг лехар а маьIне дац – Iедална дискредитаци йарна карцер чохь къайладаьккхина и. Ткъа чалтачаша шаьш лелон Iеминарг лелор ду кхин дIа а, нах хьийзош, церан гергарнаш, доттагIий, тешаш, кхел, низам балехь латтош, шайгара гIо дехна, шайна гечдина пачхьалкх сил эгIаза хиларна иза а дош хетар дац. ХIар ду-кх историхь дуьсур дерг», - аьлла ду дIахьедарехь.

2006-чу шеран гIадужу-беттан 7-чохь йийра Политковская Москвара Лесная урамера, ша лаьцначу петаран чувоьдучохь. Иза ларйеш Iийначу киллеро герз тоьхнера цунна, иза лифт чу йаьллачу хенахь. Мила вара и зулам дайтинарг, талламан аьтто ца хилира къастон.

Политковскаяс дукха йаздора федералан эскархоша Нохчийчохь тIом боьдучу заманчохь адамийн бакъонаш хьешарх, Кадыров Рамзанца боьзначу ницкъех а.

Хаджикурбановна гечдар – Оьрсийчохь ахьа муьлхха а зулам дарх, Iедалхошкара гечдаре дог дохийла хиларан тоьшалла ду, аьлла хета америкахойн аналитикана, Jamestown Foundation экспертана, Къилбаседа Кавказ толлучу Гобл Полна.

"Дуьххьарлера Оьрсийчоьнан зулам кхин а тIе чIагIдо хIокху леларо, Путинан рожан агентийн кхин а цхьа билгало йу хIара, цхьана хIумана уьш бехказа баха Кремлана ша декхаре хетахь а, шаьш муьлхха а зуламаш леладахь а, шайх къинхетам бийриг хиларх", - боху Гобла.

Кадыровс кочайоьхкина кандидатураш

Iаламат чIогIа гIарадаьллачу гIуллакхан кхин а цхьа фигурант ву, Немцов Борис вер ду кхузахь дуьйцург, Геремеев Руслан – «Север» батальонан командиран хилла гIовс.

Оьрсийчоьнан оппозиционеран гергарчара а, бIанакъосташа а чIагIдора, Нохчийчоьнан куьйгалхо ву иза верна гунахь бохуш, ткъа и зулам вовшахтоьхнарг лорура Геремеев. Делахь а, оцу гIуллакхехула теш лоруш ву иза, таллам дIахьочу заманчохь цкъа а хеттарш ца дира цуьнга.

Федералан центр эгIаза хиларца доьзна ду Кадыровс "кочабухку" кандидатураш дIахIиттор

Геремеев – Оьрсийчоьнан парламентан депутатан Делимханов Адаман гергара ву, Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан сенатор волчу Геремеев Сулейманан вешин кIант ву иза. Кадыровс масийттаза элира Немцов вейтинарг ша ву бохкуш, шеконаш хилар бух болуш дац аьлла.

2019-чу шарахь Геремеевна дуьхьал йехира Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн финансийн министраллин санкцеш, оцу зуламана иза бехке хила тарло аьлла, ткъа ЕСПЧ-кхело талламбар эвсара дацара элира.

Украинехь тIом болабеллачул тIаьхьа Геремеевх бIаьрг кхийтира тIемаш боьлхучу меттигехь. 2022-чу ушеран зазадокху-баттахь украинхойн Мариуполь йоккхучу тIамехь чIогIа лазийнера иза. 2023-чу еаран охан-баттахь Кадыровс Нохчийчоьнан Турпалхо цIе йелира Русланна.

2023-чу шеран гIадужу-баттахь Кадыровс дIакхайкхийра керла батальон вовшахтухуш хиларх, бохура Оьрсийчоьнан тIеман министраллин декъехь и хир йу а, Шейхан Мансуран цIарах батальон хирг хиларх а хаийтира цо. Керлачу тIеман декъан командир хIоттийна Геремеев Руслан.

Кадыровс кочабухку нах хIиттор федералан центран эгIазаллица доьзна ду аьлла, лору политолого Савва Михаила. Федералан Iедална цхьана а агIор репутацица боьзна кхерамаш бац, хIунда аьлча, постсоветан Оьрсийчохь репутацин институт вовшахкхетта йац, ткъа Пктинан рожехь хIаллакйина йу, билгалдоккху цо.

"Кадыровна хаалуш йу федералан центран эгIазалла, иза кхеташ ву Iаткъамбар чIагIдан дезий, - кхетадо къамелдечо. – Украинехь тIом баьккхинчу Кремлан таро йоьхна оьшучу далахь Оьрсийчохь сепаратистийн дог-ойла охьатаIон, цунна ресурсаш йац, нохчийн арми вовшахутуш цара мел йина харж лерича къаьсттина»

"Кадыровн арми" Кремльна уггар а потенциале коьрта кхерам бу аьлла хета Саввина. Раж ледара йу, Кадыровн Iаткъамна дуьхьало йан гIора дац, боху политолго.

Бакъо йу, йукъарадаккхар дац

2020-чу шеран дечкен-баттахь Кемеровехь шен хилла йезар къизаллица йийра Канюс Владислава, 23 шо долу Пехтелева Вера. 100 сов уьрсаца чевнаш йинера цо цунна, хьийза а йина, итун шнураца садукъийнера. Кхело оцу тIехула набахтехь даккха 17 шо туьйхира цунна.

ХIетте а йийначун дена-нанна аьхка хиънера, шайн йоI йийнарг маьрша ваьккхиний, цуьнан суьрташца а, кхечу хаамашца а, Оьрсийчоьнан тIеман министралло тутмакхех вовшахтоьхначу "Шторм Z" декъехь гIуллакх деш хиллера иза.

ТIаккха Пехтелева Верин нанас кехат дахьийтира Федералан таIзарш кхочушдаран урхалле (ФСИН), цара жоп деллера, 2023-чу шеран охан-баттахь Канюс Ростовн кIоштара хьукматан коьртачу урахллин "куьйгакIел дехьаваьлла" аьлла. Фейсбукера шен агIонехь бакъоларйархочо Попова Аннас хIоттийначу прокуратурера жоьпа тIехь йаздина ду: охан-баттахь тутмакхна гечдина Оьрсийчоьнан президенто, ткъа товбеца-баттахь бехкалара ваьккхина иза.

Украинерчу тIамера  тутмакхех лаьцна тема чIогIа йуьйцучех йу, шен "Вагнерца" Пригожинал тIаьхьа а йуьйцуш йу

Къилбаседа ХIирийчохь амнисти йеллачул тIаьхьа цIа веара, 2035-чу шере кхаччалц чохь хан йаккха везаш хилла полисхо лаьттина Техов Вадим. Шен зуда йерна бехкевора иза – 22 шо долу Гагиева Регина. Украинана дуьхьал тIемашкахь дакъалаьцначул тIаьхьа амнисти йелира цунна, тIом боьдучу хенахь оккупаци йинчу дозанаш тIехь наркотикашца лаьцна воллушехь.

Бехктакхаман гIуллакхаш тIехула йукъараллехь гIуллакх нахаладалар бахьана дац, "лерринчу операцихь" дакъалаьцначу таIзар динчарна геч ца дан. Официалан Кремло, Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретарь коьртехь волчу, иштта комментарий йитира резонансе гIуллакхашкахула гечдарх лаьцна.

Армихь ницкъан къоьлла хилар дIадайа гIо до Iедалхошна тутмакхаш хилла нах а, "эрзац-вовшахтохараллаш" а йукъаийзорца, аьлла хета украинхойн стратегин коммуникацийн а, информационан кхерамзаллин а Центран экспертана Майоров Максимана.

2022-чу шеран бIаьстанан-аьхкенан кампанин жамIашца къаьстира, Оьрсийчоьнан кадрийн арми ларийна цахилар, тIом кхин дIа бан оьшура дуккха а эскархой, кхин дIа дуьйцу цо. Салтий хьийсор бац аьлла, биина дуй бара, ткъа цхьана декъана мобилизаци кхайкхийна а йацара. ХIетахь Оьрсийчоьнан тутмакхех Украинана дуьхьал бечу тIамехь дакъалаца кадрин база хилира, билгалдоккхура Майоровс.

"ХIара вариант чIогIа дика йара белла дIабовллалц, йа йаккхий хенаш йиттинчу тутмакхашна – маршонан дуьхьа стенна а реза хуьлийла ма дара. Хууш ду, оцу кепара хенаш йолу коьрта тутмакхийн контингент – нах байинарш, талорхой, рецидивисташ бу. Ткъа къаьсттина оцу "тIеман" агIонийн тидам бора вербовка йечара", - тIетуьйхира къамел дечо.

ХIинца тутмакхаша дIадузуш ду кхечу, муьтIахь болчу йолахойн могIарш, ЧВК "Редут" санначу, ткъа "Шторм Z" тобанаш – оцу практикана ЧВК-хь йеш йац легализаци, йийр йу Оьрсийчоьнан ТIеман ницкъашкахь, кхин дIа дийцира Майоровс.

Экспертана хетарехь, Украинерчу тIамера тутмакхех лаьцна тема чIогIа йуьйцучех йу, шен "Вагнерца" Пригожинах лаьцна дуьйцччул а сов, йа цхьана декъана мобилизаци кхайкхийначул тIаьхьа а дуьйцучех коьртаниг ду.

  • Оьрсийчохь низам тIеэцна мангал-баттахь, цо бакъо ло таIзар динчарна контрактаца тIеман гIуллакх дан. Оцу йукъанна дихкина ду терроризмана, шпионаж лелорна, пачхьалкхъана йамартваьллехь, терроризмана а, экстремизмана а кхайкхамаш бинехь, кхиазхой хьийзийнехь, иштта шога, деза зуламаш динехь а.
  • 2014-чу шеран мангал-баттахь Москва гIалин кхело велла дIаваллалц чохь йаккха хан туьйхира Нохчийчуьра шина вахархочунна Махмудов Рустамана а, Гайтукаев Лом-Iелина а. И шиъ бехккъасторхоша бехкевира Политковская йер вовшахтоьхнарг а, йийнарг а ву аьлла. 2017-чу шарахь Гайтукаев велира колонихь. Политковская Аннина тIехь терго латтийна аьлла, кхеле озийначу МахмудовгIеран шина вешина ИбрахIимна а, Джабраилна а 12 а, 14 а шераш туьйхира. Йукъарло лелийна ву аьлла, лерира Хаджикурбанов, цунна колонихь даккха 20 шо туьйхира. Официалехь 2034-чу шарахь маьршавала везаш вара иза.
  • Политковскаян гIуллакхехула 11 шо хан кхайкхийра Москвара милицин хиллачу белхахочунна Павлюченков Дмитрийна, цо мукIарло дира журналист йоьду-йогIуш тIехь терго латтийнера аьлла. Цо динчу тоьшаллашца бехкевира зуламна Хаджикурбанов а, Гайтукаев а, МахмудовгIеран вежарий а.
  • 2021-чу шеран гIадужу-беттан 7-чохь чекхйаьлла "Новая газетан" журналист Политковская Анна йер талла магийна хан. Иштта жоьпаллех бевлла, и зулам дайтинарш, талламо хIинца а цIе йаьккхина йац церан, билгалдоккху "Ноавая газето". "Шайн ма-хуьллу хIокху хене дахдира талламо, иза йен кхайкхор – политика йу. Схьагарехь, йоккха политика йолчух тера а ду", - йаздира коьртачу редакторан гIовс волчу Соколов Сергейс.
  • Оппозицин политик, Оьрсийчоьнан урхаллин хилла вице-премьер Немцов Борис вийра 2015-чу шеран Чиллан-беттан 27-чу сарахь Доккха Москварецкан тIай тIехь, Кремлана уллохь. Вер вовшахтоьхнарш, иза тIедиллинарр а карийна бац хIинца а. Зулам дарна бехке лаьрра, лецира Нохчийчуьра Дадаев Заур, вежарий Анзор а, ШахIид а ГубашевгIар, Эскерханов Тамерлан, Бахаев Хьамзат а. Царна II-на тIера 20 шаре кхачалц чохь яккха хенаш йиттира.
  • Немцовн гергарчарна а, цуьнан коллегашна а хетарехь, зулам вовшахтохарна а, бехкенаш лечкъорна а гунахь бу президентан Путин Владимиран гонера нах а, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а.