Къилбан тIеман гонан гарнизонан кхелаша керла гIуллакхаш теллина, Украинерчу тIамера контрактхой бовдаран хьокъехь: дукхахболчу эскархоша шайн могушаллица дузура иза, амма кхелаша иза тIе ца дуьтура. Арахь йаккха йиттинчу хенашна тIера набахтехь даккха йалх шаре кхачалц хуьлура царна кхайкхийна хенаш. Фронт йитаран хенан йохаллица а, йуха а Украине ваха лаам хиларца а боьзна хуьлу сацамаш.
Фронтера ведда аьлла йалх шарна набахте хьажийра Новочеркасскан гарнизонан тIеман кхело № 93922 йолчу тIеман декъан эскархо Копытко Евгений. Кхелан сацамехь дийцарехь, "ЛНР-хь" долчу тIеман декъехь волчу йукъанна тIеман позицешка ваха дуьхьал хиллера иза, цуьнан метта Украинин оккупацехь долу доза шен лаамца дIетессира цо, тIаккха чекхваларан пунктехь ницкъахоша лецира иза. Копыткос кхелехь дийцира, ша волу меттиг шен куьйгалхочунна хууш йара – "Гюрза" цIарца вевзаш волчу эпсарна. ТIаккха шен могушалла бахьанехь кхин армех виссалуш вацара ша, аьлла цо. Гарнизонан кхело тидаме ца ийцира и кийтарлонаш, и сацам къовса а аьтто ца хилла цуьнан.
Дагестанера вахархо Магомедов Гаджимурадна цхьаъ, ахшо арахь даккха туьйхира, шен лаамца тIеман декъера дIавахарна. Цо Украинехь тIом бина хилар а, йуха а фронте кхача лаам болуш хилар а тидаме эцна ХIинжа-ГIалин (Махачкала) гарнизонан кхело. Зазадоккху-беттан 28-хь дIавахара контрактхо фронтера, тIаккха ши кIира даьлча йухавеара: кхелехь дийцира цо, шен дагар дара, цундела амбулаторан дарба лелош дара шена ХIинжа-ГIалин Централан дарбан цIийнахь. ТIеман министраллин векалша дийцира кхелехь, ша цомгаш хилча контрактхо лоьрийн роте орца деха декхаре вара.
Дагестанера мобилизаци йина волчу Магомедов Iабдулмаликна оццу гарнизонан кхелехь арахь йаккха шо хан туьйхира, иза охан-беттан 5-19 деношкахь тIеман декъера дIавахарна. Пехшца йолчу чолхечу вирусан цамгаро декхаре вира ша цIаверза, аьлла дийцина цо. Шена дарба хилча масех дийнахь шен гергарчаьрца виссира иза, тIаккха шен лаамца йухавирзира тIеман декъе. Украинерчу тIамехь дакъа лацарна Суворовн цIарх цунна орден йалар а, тIаме йухаверза лаам хилар а лерира кхело цуьнан бехк кIадбаран билгалонаш.
Набахтехь даккха шо тоьхна Нальчикерчу гарнизонан тIеман кхело контрактхочунна Куготов Хизирна, шен лаамца тIеман дакъа цо дIатассарна. Охан-беттан 25-хь тIамера ведира иза шен гергарчу нахаца цхьаьнакхетархьама. Ши кIира даьлча цига йухавирзира иза, делахь а, кхело баккъала йолу хан тоьхна цунна чохь йаккха.
- Украинерчу тIаме буьгуш мобилизаци йолийначул тIаьхьа Ростовн махкахь 156 бехктакхаман гIуллакх долийра чIагIйинчу артиклашкахула: дезертиралла, омра кхочуш ца дар, тIеман дакъа дитар. Сибирь.Реалии зорбано дийцарехь, пачхьалкхехь шолгIа терахь ду иза.
- Мобилизаци йина волчу Камагуров Павелна тоьхна хан тIечIагIйина Къилбан тIеман гонан хело – баттахь сов йолчу ханна шен тIеман декъера дIавахарна бехкевина иза, тIаккха йуккъерчу рожан колоне хьажийра ворхI шарна. Оьрсийчоьнан къилбехь бевзаш болчу кхелан сацамех уггар шога бу иза карарчу хенахь. Цхьана ханна куптоьхна долу шен тIеман дакъа (тIеман министралло ишта цIе йоккху оккупаци йинчу Украинан латтанаш тIерачу эскаран тобанех) дIа в тессина, шен Новочеркасскерчу гергарнаш болчу ваханера Камагуров. ТIаьхьо иза ша веара тIеман комендатуре, цаьргара тIаме йухавола аьлла тIедиллар кхаьчна хиллера цуьнга. Амма мобилизаци йинчо тидамза дитина иза, тIаккха тIеман комендатурин белхахоша цуьнан хIусамехь лецира иза.
- ГIебарта-Балкхаройчуьра ефрейторна Кабалоева Мадинина йалх шо тоьхна йуккъерчу рожан колонехь даккха, тоъал бахьанаш доцуш, мобилизаци йоьдучу йукъанна тIеман декъе схьа ца йарна. Ша доьзалхочух хиларна цхьана ханна битинера цо шен болх. Оьрсийчохь дуьххьара кхелан сацам бу иза зуда-эскархочунна дуьхьал.