Оьрсийчоьнан къилбан а, Къилбаседа Кавказан а регионашкахь лоьцуш бу Оьрсийчоь Украине гIортарна дуьхьалберш. Оцу кепарчу хиламийн мониторинг йо Кавказ.Реалии сайто.
- Черкесск гIалин кхело 30 эзар соьмана гIуда тоьхна Карданов Юрийна. "ВКонтактерчу" социалан машанехь "ЧП Черкесск/КЧР" йукъараллин масех посташна бухахь масийтта тIамна дуьхьал комметареш йазйинера цо. Публикацеш хаайеллера республикера чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин экстремизмаца къийсам латточу Центран белхахошна. Кхелехь Кардановс бехк тIе лецира, дохковаларх а хаийтира.
- Сочин кIоштан Коьртачу кхело 40 эзар сом гIуда хьарчийна метигерчу йахархочух Верхососова Ольгех. Протоколехь билгалдаьккхина: хIордан портехь хиллачу цо хIордакеамана тIера радиолокацин социйла телефона тIе дIайазйеш хиллера, цул тIаьхьа цу тIерачу эскархошка хьаьжна "Сий хуьлда Украинин! Сий хуьлда Турпалхойн" аьлла, мохь тоьхнера. Сочин йахархочо кхелехь аьлла, ша цхьана а кепара кхайкхамаш беш йацара, и алар хезнера шена, цундела и йуха ала сацам хиллера аьлла.
- Тоха дезачул а лахара гIуда тIедожийна – 15 эзар сом – Адыгейра Майкопан кIоштан кхело Баражникова Евгенияна. Цуьнан гIуллакхан материалашкахь йаздарца, товбеца-беттан 17-чохь "ВКонтактехь" тIамна дуьхьал комментарий йитира цо. Кхелехь Адыгейн вахархочо бехк тIелецира, амма хаамбира шец психикаца лазар хиларх а, тIедогIу рицкъ лахара хиларх а. Цундела кхело кIезиг гIуда тоьхна витина иза.
- Лахьан-беттан 30-чохь Краснодарера Темрюкан кIоштан кхело гIуда туьйхира "дискредитаци йарна" Бершадский Александрна. Карарчу хенахь оцу гIуллакхах лаьцна кхин совдаьккхина хууш дац, кхелан сацам зорбане баккхаза бу.
- Оццу артиклехула протокол хIоттийна иштта Новороссийскера Афанасьев Иванна а. ГIаларчу Октябрьскан кIоштан кхеле кхаьчна материал, и листа сацам бина гIуран-беттан 14-чохь.
Хьалхо Астраханера Ахтубинскан кIоштан кхело гIуда хьарчийра 30 эзар соьмана Иващенко Влаимиирх – 31 секундехь йолу "Важные истории" гIирсан ролик хIоттийнера цо WhatsAppе-хь. Кхелан версица, цу тIехь "харцахьа йоху, дискредитаци а йо СВО-н Iалашонашна" – иштта олу Оьрсийчохь Украинана дуьхьал бечу тIамах.