ТIеман министраллин коьрта спикер? Курскан кIоштана тIелатарх "Ахматан" командиро дуьйцург муха шалха долура

Алаудинов Апти

Курскан кӀоштахь Украинан тӀеман ницкъаша операци йолийчхьана Оьрсийчоьнан эскаран коьрта спикер хилла дӀахӀоьттина "Ахмат" олучу лерринчу ницкъийн буьйранча Алаудинов Апти, шен дӀахьедаршкахь бIостаналлаш йоллушехь. Муха хийцайелира Алаудиновн риторика, хӀунда хилла цунах тӀеман министраллан коьрта официалан спикер - йаздо Кавказ.Реалии сайтан материалехь.

ХӀумма а ца хилла?

Марсхьокху-беттан 6-чу дийнахь Украинан эскаро тӀелетар динчу дийнахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун уггаре а гергарчу бIанакъоста, инарлас Алаудинов Аптис дӀахьедира, мостагӀ Оьрсийчоьнан Федерацин дозана "чуван гӀоьртина", шаьш иза "йухатоьхна" аьлла. Цо дош делира "мостагӀчо гулйина тӀаьххьара резерваш" шаьш катоьхна хӀаллакйийр йу аьлла. Бегашна санна хьийхира попкорн схьа а эций, "вайн халкъо мостагӀ хӀаллаквеш парггIат хьовсуш Iе" аьлла.

Мангал-беттан 7-чу дийнахь Алаудиновс йуха а карладаьккхира, "хӀумма а бохаме хӀума ца хилла" аьлла, чIагIо йира, "гергарчу хенахь и хаттар дӀадерзор ду" аьлла. Цуьнца цхьаьна цо дуьххьара мукӀарло дира, Украинан тӀеман ницкъаш "вайн чӀагӀонашна дикка генахь йолчу кӀошташкахула" чекхбевлла хиларх – и дешнаш дуккха а беламе хиларан бахьана хӀоьттира дуккхаъчарна, шайна йукъахь Z-блогерш а болуш.

Мангал-беттан 8-чу дийнахь Алаудинов Аптис дуьххьара къадийра Украинан тIеман ницкъаш Курскан кӀошта чубахарна жоьпаллехь болчу нахана таӀзар дан дезаш хиларх: "ХӀокху хиламан цхьа да ву, цуьнан фамили а, цӀе а, ден цӀе а йу аьлла хета суна. Со тешна ву, Коьртачу буьйранчас нийса сацам бийр бу кхуьнан. Гарехь, оха а, аша а дийца оьшуш хIума дац, вай даржо оьшуш а дац".

Оццу хенахь Алаудиновс дӀахьедира, Киево шаьш шайн тӀаьххьара тӀеман ресурсаш гулйина бохуш, уьш хӀаллакйийр ю, "кхин дIа дуьхьало йан хӀума хир дац" церан аьлла. Оцу дешнашца инарлас баккъалла а харцдира шен хьалхо дина хилла цхьа дӀахьедар, "йалх танк а, ткъе итт гергга машен а" йеана Оьрсийчоьнан территори тӀе, цара "хӀумма а къастош дац" аьллера цо.

"ТӀеман корреспондентца", пропагандист волчу Пегов Сергейца хиллачу интервьюхь нохчийн буьйранчас дуьххьал дIа критика йира инарлашна, "тӀеман министраллан цхьаболчу куьйгалхоша Ӏехош, Ӏехош, Ӏехош схьадаьхкина хIинццалц, эххар а уьш шаьш Ӏехабелла хиллера" аьлла. Украинхойн дакъошка хьаьжча, Оьрсийчоьнан дакъойн зIе а, вовшашца йукъаметтигаш лелор а дац аьлла, мукӀарло дира цо. Цу тӀехь Алаудиновс цхьана декъехь карладехира ЧВК "Вагнеран" куьйгалхочо Пригожин Евгенийс дина къамелаш, цо кхин а луьра критика йира инарлашна 2022–2023-чу шерашкахь.

Мангал-беттан 11-чу дийнахь "Ахматан" буьйранчас дӀахьедира, хьал "жим-жима дӀанислуш ду", ткъа Оьрсийчоьнан эскарша сацийна Украинан ницкъаш "кхин хьалха дӀабаха аьтто боцуш бисина" аьлла. Алаудиновс хаам бира "контроль йоцуш хьалхадовлар" сацорах а, "Украинан ВСУ-на блок тохарх" мангал-беттан 13-чу а, 14-чу а, 15-чу а деношкахь.

РогIера кӀира долалуш хийцайелира инарлин прогнозаш. "Попкорн схьа а эций, хьовса" аьлла, бинчу кхайкхамна тӀера, эскаре дӀакхайкхинчу нехан дай-наношна критика йан волавелира иза, церан бераш " мостагӀ тӀелетча а даймохк ларбан" кийча дац бохуш. Цуьнан прогнозаш а хийцайелира: Курскан кӀоштара тӀемаш ши-кхо бутт баьлча бен доьрзур дац, элира Алаудиновс китайхойн тӀеман корреспондентана Лю Югуанна йеллачу интервьюхь.

"Забаре аспект"

ХIокху доллу деношкахь Курскан кIоштахь шайн хилар шордора украинхойн эскархоша, тIе а леташ. Бозуш боцчу хаамийн гIирсаша цуьнан тоьшалла дина ца Iаш, Оьрсийчоьнан "тIеман корреспонденташа" а цхьана до, оцу тIехула Алаудинов Аптис шога критика йира, шена хетарехь, мостагIчуьнгахьа болх бечу каналашна. Z-блогерша ВСУ-н Курскан кIоштахь тIелатар а доладалале бехкбиллира "Ахматна", салтийн баккъаш тIехьа лечкъина лела бохуш.

Кавказ.Реалии сайтана йеллачу интервьюхь тӀеман аналисто Шарп Давида билгалдаьккхира, хаамийн гӀирсашна дукха хьолахь "Ахматан" тобанаш къастон хууш цахилар. Алаудинов Апти куьйгалла деш ву Кадыров Рамзанан ден цӀарах йолчу Росгвардин спецназан тобанан, оцу йукъанна тIеман министраллина чуйогIуш уьш йу иттех сов. "Ахмат" цӀе йолу тӀеман министраллан иттех дакъош ду. Цуьнца цхьаьна, билгалдоккху эксперто, мелла а тамашийна хета Алаудиновн тобанна "спецназ" боху цӀе лелор, хӀунда аьлча, могӀарерчу спецназан функцишна йукъа ца догӀу мостагӀ чӀагӀонашкахь латтор.

Ур-атталла Z-блогерша даим а бегаш бо Кадыровн "тикток-эскарех" лаьцна

"ТӀелетар долийначу йуьххьехь Оьрсийчоьно буьззинчу барамехь дуьхьалойо йеш йацара, украинхой кIезигчу ницкъашца генна кIоргене чубаьхкина ца Iаш, Курскан кӀоштахь чӀагӀбелира. "Ахматан" дакъоша, хетарехь, дакъалаьцна хила тарло цуьнан Iалашйарехь, амма хIун дакъа дара царна тIехь а, уьш маса стаг хиллера а хууш дац", - бохуш, жамӀ до Шарпа.

Дукхахболу Оьрсийчоьнан "тӀеман корреспонденташ" – "идейне бу", цундела уьш Ӏадда ца Ӏа, шайна ма-барра аьшпаш гуш хилча, билгалдоккху цо. Иштта дара, масала, Суджа дӀалацарца а: Украинан тӀеман ницкъаша баккъалла а йуьхьанца дуьйна Ӏуналла деш дара гӀалин, цунна го а бина. Курскан кӀоштана тӀелатар динчу хьалхарчу деношкахь шаьш цигахь хилла доццушехь. Оцу йукъанна Алаудиновс гӀалахь дисинчу Оьрсийчоьнан эскарх лаьцна аьлла дешнаш беламе хетара, бохуш дуьйцу цо кхин дӀа а.

"Суна ца хета Алаудинов Аптин официозал арахьа цхьа авторитет йу аьлла, ур-атталла дуккха а Z-блогерша хаддаза забарш йо, цкъа а ошучу меттехь хуьлуш доцчу Кадыровн "тиктокан эскарех" лаьцна. Цкъа Пригожинан йолахоша схьайаьккхинчу Ростове ца кхочу уьш, некъаца машенийн раьгIнаш латтарна, йа украинахой царна уллохула тӀехбуьйлуш дӀасалелаш хуьлу", - билгалдоккху политолога Жаворонков Сергейс Кавказ.Реалии журналистана йеллачу комментарехь.

"Эхьан йургIа шена тIеозийна"

Курскан кIоштана динчу тIелетарх ша шена пиар йеш пайдаэцна Алаудинов Аптис, аьлла хета нохчийн бакъоларйархочунна Янгулбаев Абубакарна.

"Кадыров ма вац, луьра аьлча, оцу хьолехь юьхьӀаьржа хӀоттан везаш верг. Тидам бехьа, "тӀеман корреспонденташа" "Ахмат" эшаме хиларх а, Курскан кӀоштарчу доллу хьолах а ден хеттарш Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга деш дац, Алаудиновга до. Цо жоьпалла шена тӀеэцна, шена тӀеозийна цо "эхьан йургӀа", кхидӀа а муха-хIун дан деза ала бакъо шегахь хилийтархьама", - чӀагӀдо Янгулбаевс.

"ТӀеман корреспонденташа" Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга ца хоьтту "Ахмат" эшаме хиларх а, Курскан кӀоштарчу йукъарчу хьолах а, Алаудиновга хоьтту

Нагахь санна официалан нахах уггар а хьалха гIалат даларна мукIарло динарг хьо велахь, хьо дуьххьара гӀалат тӀеэцна хьаькам велахь, рогӀера гӀулчехь авторитетца иза нисъян некъаш кховдон йиш йу хьан бохуш, дуьйцу цо кхидӀа а. Цо мах хадорехь Алаудиновс говза пайда эцна ситуацех "100% карьерист" волчо санна. Цуьнца цхьаьна цо вуно кӀедачу кепехь критика йо тӀеман министраллан куьйгаллина, ЧВК "Вагнер" кхоьллинчу Пригожин Евгенийх хилларг ца хилийта шех.

"И дерриге а оьшуш ду Алаудиновна, шеггара карьера йан. ТIеман министраллех воьзна хила кийча ву иза, инарлин погонашца цуьнан винт хила а реза ву, амма Кадыровх воьзначуьра дIаваьлчхьана. ХIунда аьлча, доллу цуьнан дахар "паччахьан" карахь ду: цо совгIатех дIавуза тарло иза, вуьшта охьатаса а йиш йу, бетах хьаькхна горгам санна. Алаудинов цунах дукха дика кхеташ ву".

Нохчийн бакъонашларъярхочунна хетарехь, Къилбаседа Кавказана а, "кӀорггера халкъана" а товш йолу Кремлан компромиссе фигура хилла дӀахӀоьттира "Ахматан" буьйранча. Цо дика буьйцу оьрсийн мотт, цхьа могӀа Кадыровн накъосташка ладоьгIча. Ичкерин йахначу заманах хьакхавелла а вац иза, бохура цо.

Охан-баттахь, могушалла чIагIйелла йогIу цуьнан бохуш хабарш даьржинчу йукъанна, "Новая газето" хаамбира, Оьрсийчоьнан президентан администрацихь эххар а билгалваьккхина хиларх Кадыров Рамзана метта хIоттон стаг. Нохчийчоьнан рогIера куьйгалхо хила тарло бохуш, цIе йаьккхира редакцин хьасташа Алаудинов Аптин. Оццу заманчохь хIоттийра иза Оьрсийчоьнан тIеман министраллин коьртачу урхаллин хьаькаман гIовс а.

  • Оьрсийчоьнан эскарехь гӀуллакх деш хилла Нохчийчуьра бахархой йийсаре лаьцна Курскан кӀоштахь Украинан эскарша тIелатар динчу хенахь. ТӀемаш болабеллачул тӀаьхьа "Ахмат" спецназан буьйранчас Алаудинов Аптис а, Кадыров Рамзана а дӀахьедира, дозанан кӀошт ларъечу меттигехь дакъалоцуш бу республикера эскархой аьлла. Оццу хенахь Оьрсийчоьнан "тӀеман корреспонденташа" чӀагӀдо, кадыровхой салтийн букъа тӀехьа а лечкъаш, хӀиттийна видеош йохуш хилла аьлла. Кавказ.Реалии сайто къамел динчу тӀеман аналисташа тӀечӀагӀдо: ахматхой билггал кест-кеста буьсуш хилар тӀемаш бечу меттигашна дикка генахью
  • • Нохчийчохь дӀатардина Росгвардин дакъош, формалан кепехь федералан урхаллан структурашна йукъадогIуш делахь а, ма-дарра аьлча, Кадыровна муьтӀахь ду. Украинехь Кадыровн эскархой гӀарабевлира "тиктокан эскарш" аьлла: тӀеман говзанчаша а, тергамчаша а дийцарехь, нохчийн салтий хӀинцале а Оьрсийчоьно дӀалецначу дозана тӀехь бу. Американ тӀом толлучу институто (ISW) чӀагӀдора, нохчийн тобанаш тӀеман гӀуллакхашкахь дакъалоцуш йац, коьртачу декъана тылехь лелайо уьш бохуш. Изза элира Украинан агӀор тӀом бечу Къилбаседа Кавказера бахархоша а.
  • Марсхьокху-беттан 9-чохь Нохчийчоьнан куьйгахочо Кадыров Рамзана элира Курскан кIоштара тIамах лаьцна дуьйцуш, цхьа ши де даьлча "дика жамIаш хир ду" аьлла. Цунна хетарг нис ца делира – хIетахь дуьйна тIемаш бен майда шорйелла йогIу.
  • "Ахмат-Нохчийчоь" тобанан пхи тӀемало йийсаре лаьцначул тӀаьхьа царех цхьаммо Украинерчу "Лаха шайнаш" телеграм-каналан авторе Золкин Владимире дӀахьедира, нохчийн тӀемалой эскаре кхайкхинчу салташца цхьаьна позицешкахь бу аьлла.