ТIом бакъбар. Малхбузенан политикийн къамелдарх муха пайдаоьцу Нохчийчуьра пачхьалкхан пропагандо

Нохчийн "Ахмат" СОБР-н эскархо ву оккупаци йинчу украинхойн Мариуполехь, 2022-чу шеран охан-бутт. Гайтаман сурт

Арахьарчу спикерех кест-кеста пайдаоьцу Нохчийчуьра пачхьалкхан пропагандо Оьрсийчоьнан Украинана тIамца чугIортарна бехказабийла гIерташ. Меттигерчу Iедална америкахойн шоухь критика йеш, малхбузенан политикаша къамелдеш видеош кест-кеста гучуюьйлу махкарчу хьаькамийн а, пачхьалкхан зорбанан гIирсийн а агIонашкахь. Спикерийн цхьана декъан шеконе репутаци ю шайн пачхьалкхашкахь, билгалдаьккхира Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь эксперташа.

Публикациш кест-кеста зорбане йахарна, Нохчийчуьра официалан медиаресурсийн фаворит ю америкахойн тележурналистан Карлсон Такеран Fox News каналера шоу. Иза дика вевза президентана Байденна а, демократин партина а шога критика йеш хиларца, иштта кхайкхамбо цо Украинана финансийн а, тIеман а гIо дечуьра совца бохуш. Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира малхбузен дозанашка 190 эзар стаг юкъахь волу эскар озийна хиларх хIуммаъ дац бохуш, хьовсархой тешон гIертара тележурналист Украинана дуьхьал тIеман агресси йолайалале хьалха. Оцу юкъанна америкахойн а, британхойн а талламхоша дIахьединера масех бутт хьалха- тIелатар хир ду аьлла.

Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь Карлсонна критика йира Оьрсийчоьнан пропаганда юхайийцарна. Доккхачу декъанна, цо дIакхийкхадора америкахойн урхалло Украинера, кхераме биологин герз дечу лабараторешна ахчанца гIо до бохуш. The Washington Post-ан фактчекерша харцйира и информаци.

ТIом болабелча оцу сохьта Mother Jones ресурсо гайтира "зорбанан гIирсашна а, комментаторшна лерина рекомендацеш", дIахьедарехь, Путинан администрацино медиан куьйгалхошна дIасайаржийна йолу. Царна тIехь кхайкхамбора Карлсон Такеран "эфирашкара фрагментех шайн ма-хуьллу пайдаэца" аьлла.

Консерваторшна тIеIаткъам бар

Оьрсийчоьнан пропаганде малхбузера Iехавеллачу комментаторх Карлсон ша цхьаъ хилла ца Iа

Нохчийчоьнан зорбанан министро Дудаев Ахьмада а, Iедалхошна муьтIахь мел болчу хаамийн гIирсаша а шайн агIонашкахь маса зорбане доху Карлсонан шоу юкъара дакъош, оьрсийн матте а дохуш. Церан аккаунташкахь зорбане доху цуьнан белхан накъостан Хеннети Шонан къамелаш а. Америкахойн тележуранисташкара рогIерчу серишкахь оьрсийн пропаганда хьахош йацахь а, амма америкахойн Iедалхошна йеш критика йелахь, тIаккха а кхиамца шайна оьшучу лейтмотивехь йаржайо уьш, догIучу йозанца.

КХИН А ХЬАЖА: Шо доладелчхьана пачхьалкхан зорбанашна Нохчийчохь дайина 400 миллион сом

Дуккха а шераш ду Оьрсийчоьнан пропаганда Европера а, Американ а консерваторшна а, зорбанан гIирсашна а Iаткъамбан гIерта, Оьрсийчоь "консерватизман тIаьххьара чIагIо" йолуш санна дIагайтархьама, аьлла хета The Jamestown Foundation-н экспертна Кириллова Ксенина.

"Халахеташ делахь а, Кремлан дийцарш юхадуьйцу Карлсон Такера, хуушшехь делахь а, дацахь а. Цуьнан шоухь дукха хьолахь ойла хуьлу, "Малхбузе керстанца тIом беш ю" Украинехь а, Оьрсийчоьнца дуьхьал латтарехь а. Делахь а, Оьрсийчоьнан пропаганде малхбузера Iехавеллачу комментаторх Карлсон ша цхьаъ хилла ца Iа", - боху эксперто.

"Оьздангаллехьа", "доьзалан мехаллашкахьа", "иблисна дуьхьал дин лардархьама" а бен тIом – Нохчийчохь тIеман агресси бакъйеш, пайдаоьцу коьрта тезисаш ю уьш. Америкахойн консерваторша Американ куьйгаллина йечу критикаца чIагIйеш, аьттонца хьалхатоьтту и хетарг.

"Кхузахь, Кремль "нийса" хета Карлсон Такеран къамелашка ладоьгIучарна: "Хьовсал, адекватехь болчу журналисташа а бакъ ма до, Малхбузе вайн динан мехаллашна дуьхьал тIом беш юй, вайн пачхьалкх хIаллакйан гIерташ", - дуьйцу Кирилловас.

"Политикан маргиналаш"

Нохчийн пачхьалкхан хаамийн гIирсийн агIонаш тIехь гучубуьйлу иштта немцойн а, америкахойн а политикаш, оцу посташкахь дийцарехь, "Малхбузен идеологин харцонах кхеташ болу". Царех цхьаъ ву – Барч Дитмар, Бундестагера Die Linke фракцин лидер. Радикалан оппозиционер ву иза, Германин а, Евробертан а политикана Iаткъам беш воцу, дуьйцу редакцица къамел дечара. Цуьнан парти къаьсташ ю Оьрсийчоьнехьа хьежамаш болуш хиларца, 2014-чу шарахь Украинера хиламаш бахьана долуш Евроберто Оьрсийчоьнна дуьхьалйаьхна санкцеш юхайаха боху цара.

Шен пропагандистийн сюжеташкахь Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсех Барча пайдаоьцу дикка хан а ю. Масала, 2019-чу шарахь Украинехь харжамаш болчу хенахь Киселев Дмитрийца "КIиранан хаамаш" программехь немцойн депутатан комментарих пайдаийцира "Евробертан дог даьлла Украинех" аьлла далочу бахьанашлахь. ЧIагIдора, пачхьалкхера харжамашца фальсификациш лелийна боцу нах а лоруш бохуш.

Нохчийчоьнан пачхьалкхан медиашна дукхавеза кхин цхьаъ ву Риттер Скотт, шен Оьрсийчоьнехьа йолчу позицица дика вевзаш волу. Z-каналаша йаржочу видео тIехь Риттера чIагIдора, зIе а, аьчкан а, автомобилан а некъаш Оьрсийчоьно Украинехь хIаллакдеш дац, хIунда аьлча, Украинехь дIахьошйерг спецопераци ю, тIом бац бохуш. Эфир арайолучу заманчохь бахархойн инфрастуктурана дина дукхахдолу тохарш аьлла, тIечIагIдина дара, тIаьхьо хазахетарца шаьш Оьрсийчоьнан пропагандисташа а хаамбора тохарш дарх.

Цуьнца цхьана заманчохь Москвано кхин дIа а чIагIдора, Оьрсийчоьнан эскарша "нийса хьежош тохарш до" Украинан тIеман гIишлошна, "маьршачу бахархойх ца хьакхадала а гIерташ" аьлла.

КХИН А ХЬАЖА: Кадыровхойн пропаганда: нохчийн дешархой Оьрсийчоьнан эскархошна тIера ламазаш дан декхаре бо

И боллу спикерш боьзна бу Москваца, йа бац, хадам боллуш олийла дац, боху шен Кавказ.Реалиин редакцица хиллачу къамелехь америкахойн советан пачхьалкхашкахула эксперто Гобл Пола.

"Цхьаберш дуьйцучух тешачух тера ду, кхинберш – тамаш бу-кх. Москвана дика хаьа, стенца, хьаьнца шайн гIуллакх ду. И нах хийцалур бу, малхбузехь дукхахболчарна хетарг а хийцалахь. Царна лаьа, шаьш дозуш доцуш а, кхечарех тера доцуш а хета, тера дац уьш Москван агенташ хилар, карарчу хенахь церан лелар агенташ долуш санна делахь а", - дийцира эксперто ингалсан маттахь.

Украинана немцойн "Леопард-2" танкаш йала дагахь бу аьлла, дIакхайкхийначул тIаьхьа Оьрсийчоьнан а, регионалан а хаамийн гIирсийн эфирашкахь а, аккаунташкахь а гучувохура аьтту популистийн "Альтернатива для Германии" (АдГ) партин Бундестаган депутат Бистрон Петр - цо критика йира немцойн канцлеран сацамна. "Германин арахьарчу политикан фундаменталан хьелех къаьстинчу" Шольцна цо бехкаш дохкуш дечу къамелан дакъа даржийра пачхьалкхан медиаша.

Бистронан фракци Оьрсийчоьнца юкъарлонаш хила лууш ю, иштта тIедожадо цара Евробертан санкцеш юхайахар а. 2020-чу шеран дечкен-баттахь АдГ-н делегаци Москвахь тIеийцира Оьрсийчоьнан МИД-н куьйгалхочо Лавров Сергейс. Бертельсманан Фондо бинчу хаттамца, Ад.Г-н агIончех кхозлагIа дакъа чIагIо йоллуш аьтту экстремистийн хьежамаш болуш ду. 2021-чу шеран зазадокху-баттахь конституци Iалашйаран Федералан урхаллин иштта шеконаш кхоллайелира партих аьтту экстремизмехь хиларх. АдГ-н тIехь терго латтош ю хIинца урхалло.

Къилбаседа Кавказехула волчу аналитикна Дзуцати Валерийна хетарехь, йоллу Оьрсийчоьнан пропагандехь лелош ду малхбузен политикийн къамелаш.

Оьрсийчуьра хьолах шаьш ледара кхеташ хиларе терра, кхин а чIогIа Оьрсийчоьнехьа хуьлу уьш

"Нохчийчохь а царех пайдаоьцуш белахь, и бохург ду, Москвахь а, Соьлжа-ГIалахь а и пропаганда кечйийраш цхьа нах бу. Хьал кхузара атта ду. Карлсон Такерна а, Хеннети Шонна а моьтту, Оьрсийчоьнах шаьш Американ чоьхаьрчу политикан Iалашонашкахь пайдаоьцу, ткъа Оьрсийчохь кхин моьтту, шаьш царех пайдаоьцу", - билгалдаьккхира Кавказ.Реалии редакцица хиллачу къамелехь эксперто.

КХИН А ХЬАЖА: Хьераваларан градус. Украинехь тIом боьдучу заманчохь муха хийцалора Кадыровн риторика

Билгалйаьхна политикан партиш Германихь "америкахойн империализмана" дуьхьал ю, цундела муьлхха а цунна дуьхьал болу ницкъ цара реза хуьлий тIеоьцу, боху The International Institute for Strategic Studies дуьненаюкъарчу институтан лакхарчу Iилманан белхахочо, Парижера Sciences Po политикан Iилманийн институтан профессоро Гордадзе Торникес.

"ХIара [АдГ и "Die Linke"] политикан ницкъаш, Европера муххале а, - маргиналан бу. Уггар хьалха "мейнстрима" дуьхьал бу уьш- Iедалан демократин партишна. Ткъа Оьрсийчоьнехьа позицеш йовзийтар – шайн Iедалхошна критика йан бахьана ду. Уьш чIогIа ледара кхета Оьрсийчохь долчух. Оьрсийчуьра хьолах шаьш ледара кхеташ хиларе терра, кхин а чIогIа Оьрсийчоьнехьа хуьлу уьш.

Iарбойн дуьне – тIамехьа ду?

Iарбойн дуьнено къобалйина Оьрсийчоьно Украинана дуьхьал йолийна тIеман агресси аьлла, ойла хьалхаттархьама, нохчийн пачхьалкхан хаамийн гIирсаш тIеийзабо Гергарчу Малхбалера спикерш. Шо доладаелчхьана мел кIезиг а кхоъ хилла уьш.

Цхьахволу спикер – палестинхойн тIеман эксперт, аналитик Васеф Орайкат (واصف عريقات) ву, кириллицехь гуглехь цуьнан цIе лохуш кхо сайт схьагойту: нохчийн "Путь", "Вайнах" телеканалаш а, "Вести республики" меттигера газет а. Оцу спикерх лаьцна Iарбойн сегментехь тоъал хаамаш белахь а, хала ду, ЧГТРК канало "дуьненаюкъара эксперт" Акке Ашраф аьлла вовзийтинчух лаьцна информаци карон.

Телехьожийло зорбане бохучу спикершлахь Гергарчу Малхбалера кхин а цхьаъ ву, - тIеман эксперт, шемахойн Iедалхойн эскаран хилла инарла Iаббаз Мухьаммад. Видео тIехь, ЧГТРК-но цуьнан дешнаш гочдарехь, Оьрсийоь Украине гIоьртина боху цо, "шен дозана тIе зарратан ракеташ ца йахкийта" Iалашонца (дешнаш бакъхилар тIечIагIдина дац. –Редакцин билгалдаккхар.). Iарбойн ресурсаш тIехь дуккха а къамелаш ду Iаббас Мухьаммадан, масала, цуьнан дешнаш даладо Iарбойн маттахь йолчу Sputnik оьрсийн ресурсо а.

***

Украинана дуьхьал тIемаш бечу нохчийн вовшахтохараллех Малхбузенан а, Европан а медиашкахь кест-кеста олу оьрсийн зорбанаша "кадыровхой". Кавказ.Реалии сайто талламбира, церан леларх лаьцна муха дуьйцу арахьарчу гоьбевллачу гIирсаша.

Кавказ.Реалии редакцино тергойира, Украинехь тIом болабелчхьана муха хийцайелира Нохчийчоьнан куьйгалхочн риторика: "Киевна штурм йоло омра де" бохучунна тIера Оьрсийчоьнан тIеман министраллина критика йарна а, зарратан герзах пайдаэца бохуш, провокаци лелорна а, маьршачу гIаланашна тIе бомбанаш йеттар къобалдарна тIекхаччалц.

Оьрсийчоьнан эскаран декъехь тIемаш бечарна оьшург латтон Кадыров Рамзана 20 миллиард сом хьажийна аьлла, дIахьедира республикерчу парламентан спикеро Даудов Мохьмада Соьлжа-ГIалахь дIахьочу кхеташонехь. Муьлха валюта ю юьйцург, цо ца къастийра, хууш дац иштта, регионан урхалхочо дайина боху ахча – Нохчийчоьнан бюджетера дара, йа цуьнан шен кисанара ду.