Буьззинчу барамехь Украине чугIортар долалуш Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира омра делла хиллера Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане, Киевера пачхьалкхан гIишлонаш дIа а лаций, Украинан президент Зеленский Владимир вен аьлла.
Украинерчу тIамехь Кадыровс дакъа лацарна леринчу материалехь дуьйцу цунах лаьцна, йаздо The Wall Street Journal зорбано, украинхойн талламна а, кхерамазаллин сферерчу хьаькамашна а тIетевжаш. Путинан пресс-секретара Песков Дмитрийс пачхьалкхан ТАСС агенталлина комментари луш "вуно чIогIа харц бира" и хаамаш, цо царах "аьшпаш" элира. The Wall Street Journal хьостано Кадыровга комментари ло аьлла динчу дехарна жоп ца делира.
The Wall Street Journal зорбанан арахецарехь иштта билгалдоккху, кадыровхойн эскарш Украине даьхкира чиллан-беттан 25-хь гIагIдиллинчу техникан кхаа ковранца. ЦIе йоккхуш воцучу Кадыровн уллерчу хьаькамо хIетахь видео дIайазйина хиллера, тIаккха Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга йахьийтина хиллера и. Украинхойн таллархошка кхаьчначу видео тIехь цо боху: "Нисса шийтта сахьт даьлла хIинца. Новкъадовлу тхо. 1500 сов эскархо, тоьлла эскарш, тоьлла латархой". Зорбано дийцарехь, тIаьхьо царах цхьа ковра йерриг аьлча санна йохийра Киевна уллохь, йиссинчу шиннан саца дийзира, кхечу меттигашка дехьабовлархьама.
- Лахьан-баттахь Евробертан депутаташа Оьрсийчоь терроризмана ахча латторан пачхьалкх лоруш резолюци тIеэцна - цара иштта тIедожийна, Кадыров Ахьмадан цIарх йолу "Север" санна йевзаш йолу 141-гIа леррина полк террорхойн ларар. Буча, Ирпень, Гостомель гIаланашкахь маьрша нах байъарна охан-баттахь украинхойн Iедалхоша бехке ю аьлла иза. Украинан дозанехь "Север" полк хилар тIечIагIдира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана - цо дуьххьара цунах лаьцна чиллан-беттан 26-хь дIахьедира.
- Стигалкъекъа-беттан йуьххьехь Reuters гIирсо ша бина таллам арахийцира, цигахь чIагIдо, Буча гIалина оккупаци йечу йукъанна цигахь Нохчийчуьра мел кIезга а кхо дакъа а, Росгвардин спецназхой а ("Витязь") хилла хиларх. Бучера Оьрсийчоьнан эскарш арадевллачул тIаьхьа, украинхойн Iедалхоша а, журналисташа а хааме даьккхира, гIалин урамашкахь дуккха а байинчу нехан декъий хиларх, иштта иттаннашкахь нах цхьана каше дIабоьхкина хилар а. Оцу тайпа къизаллаш лелоран тоьшаллаш гайтича Малхбузенан пачхьалкхаша кхин а тIечIагIйира Оьрсийчоьнна дуьхьал йолу санкцеш.
- Украинан кхерамазаллин сервисо (СБУ) хьалхе дIахьедира, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, цуьнан куьйгкIелахь волчу Мартынов Даниила а, Межидов Хьусейна а тIеман зуламаш лелийна хиларх кхоччуш тоьшалла гулдина бохуш. ТIом болорна, иза агрессица дIабахьарна а, Украинан дозанаш хийца Iалашонца, шена хаа а хууш, гIуллакхаш лелорна а, конституцин къепе йохорна а, дуккха а нах хIаллакбеш, кхиндолу чолхе зуламаш бахьанехь а СБУ-но лахьан-баттахь лехамашка велла Кадыров Рамзан.
- Цул хьалха украинхойн лерринчу сервисо кхиазхочунна тIехь Iазап латтийна аьлла бехк баьккхира Нохчийчуьрчу Росгвардин лерринчу мобилан отрядан (ОМОН) буьйранчера, Нохчийчоьнан куьйгалхочун накъостера Бисаев Анзорера.