Ткъа шо чохь даьккхина нохчо йуха а лаьцна Москвахь

Гайтаман сурт

Бакъо йоцуш герз латтийна аьлла, бехкзуламан гIуллакх дуьхьал айдина Москвахь 43 шо долчу Нохчийчуьра Асланбек-Шерипово эвлан вахархочунна Довлетмурзаев Ильясна. 2004-чу шарахь колонихь даккха 20 шо хан тоьхнера цунна. 2021-чу шарахь Довлетмурзаевн нана туьйлира Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхелехь – геннарчу набахте кIант дIахьажорна компенсаци хIоттийнера цунна.

Товбеца-бутт бовш дуьйна лаьцна ву Довлетмурзаев. Таллам бечу заманчохь СИЗО иза дIахьажор къовса гIоьртира адвокат. Цо билгалдаьккхира, оцу гIуллакхан тешаш МВД-н белхахой бен бац, Нохчийчуьра вахархочуьнга уьш къарлур бац аьлла. Цул совнах, цунна дIасавалар доьхкучу хенахь кхело тидаме ийцира йеххачу заманчохь иза маршонах хьегна хилар, амма цунах бух бойла дац йуха а иза чохь сацош. Москва гIалин кхело сацам хийцаза битина. Оцу гIуллакхах кхиндолу хIума хууш карарчу заманчохь хууш дац.

Нагахь санна, гIуллакх кхеле кхачадахь, Довлетмурузаевна кхаа шаре гергга хан тоха хьесап ду.

2004-2005-чу шерашкахь лаьцна Нохчийчоьнан вахархо бехкевинера къола дарна а, ницкъбеш талораш лелорна а, документаш лечкъорна а, харцахьа леларна а, герз лелорна а. Латкъамбан гIоьртира иза шена динчу таIзарна, Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхеле а велира, амма дина таIзар йухадаккхийта ницкъ ца кхечира Довлетмурзаевн.

Соьлжа-ГIалахь йехачу Довлетмурзаевн ненан Сапаева Зулайн иск листира Европан адамийн бакъонаш Iалашйаран кхело 2021-чу шарахь. Архангельскан кIоштара номер 5 йолчу колони дIавуьгучу заманчохь шен кIентан бакъонаш талхорах дIахьединера цо. ФСИН-н урхалла пачхьалкхан кхечу йистехь йу, къеначу ненан гIора дацара кIант волчу эха. Цуьнан бакъонаш хьешна аьлла, лерира ЕСПЧ-кхело. Сапаевана 6 эзар евро компенсаци хIоттийра.

Европан Кхеташонна йукъара йаьккхина Оьрсийчоь 2022-чу шеран зазадокху-беттан 16-чохь Украинана тIелатарна. Дуьхьал жоп лучу Москвано цул тIаьхьа дуьйна ЕСПЧ-н сацамаш кхочушбийр бац шаьш элира. Цу кепарчу омрана куьгйаздира Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира.

  • Оьккхуьйтург йина аьлла, бархI шарна хан тоьхначу Кхарачой-Чергазийчуьра вахархочо Коцеба Николайс дIахьедира ша бехке цахиларх а, меттигерчу ФСБ-н оперативникаша гIуллакх шайггара айдина хиларх а.
  • Астрахань кIоштара боккхачу доьзалан дена Гусейнов Эльвин Табриз оглына йукъарчу хьелашкара колонихь даккха йалх шо а, 80 эзар сом гIуда а кхайкхийна, геригаш йуьйлу Ф-1 граната цIахь дIайиллина латторна. ТаIзар динчо дIакхайкхийра, ша бехке вац, ФСБ-н белхахоша шайгара долийна гIуллакх ду аьлла. Цуьнца цхьаьна Гусейновна бехке диллина тIемалойх дIакхетта, цунна вевзачу стагана мотт ца тоьхна аьлла. Оцу гIуллакхехула таIзар кхайкхоза ду.
  • Дагестанера Хасав-Йуьртан кхело луьстуш ду ХIинжа-ГIаларчу Навальныйн штабан хиллачу координаторан Атаев Эдуардан гIуллакх. ду Дагестанерчу кхелехь дIахьош. Цунна бехке диллинарг бакъонза наркотикаш а, тIеман гIирс а лелор ду. Атаевс и гIуллакх харц тоьшаллашца вовшахтесна ду боху. Шена йевзаш йоцу хIуманаш шена тийсина йу, лаьцначул тIаьхьа бертаза кара граната йиллира шена бохуш, чIагIдо цо.
  • ГIалгIайн динан батIалхьажойн вежараллин векалша дечкен-баттахь йаржийра видеокамераша дIайазйина видео. Цу тIехь, цара чIагIдарехь, суфийн йукъараллин декъашхочун Белхороев Ахьмадан цIийнах хьовсучу заманчохь цунна граната тосуш гуш ду.