ГIалгIазакхий халкъашна къахьбеш ву губернатор Ткачев

"ТIаме боьлху гIалгIазакхий", вевзаш воцу суртдиллархо

Краснодар-мехкан губернатор Ткачев Александр, хьалха а санна, дΙахьош ву шен кавказхошна дуьхьало ен некъ. Цкъа хьалха Месхетан туркой шаьш долчуьра лаьхкина, Канаде дΙакхачабайтира цо. ТΙаккха гΙаланашкахь хΙитто болийра паччахьан чалтачийн Евдокимовн, Лазаревн, кхиболчу а Кавказ яьккхинчу инарлийн хΙолламаш. Дукха хан йоццуш Краснодар-махкахь полицица цхьаьна къепе латто арахеца долийна гΙалгΙазакхийн ханаш. ХΙинца оцу тобанийн каралуш ду герз а.


Ткачев Александр, ГΙубан-мехкан губернатор, ша тайпа кавказхой дарбен жухург ю Кремлан политикан театрехь аьлла хета дуккхаъчу оьрсийн эксперташна а, оьрсех боцчу Оьрсийчоьнан векалшна а.

Ша хьалхо гΙаланийн, яртийн кхерамзалла чΙагΙъян арадоху аьлла, урамашка хецна гΙалгΙазакхийн хаш хΙинца герзах дула дагахь ву Ткачев. Цо бахарехь, деса куьйгашца - церан карара шодмаш нехан низамалла совдоккху гΙирс лоруш а бац губернатора – 200 зулам дечуьра юхатоьхна, маситта эзар стаг кега-мерса кийтарло дечуьра юкъахваьккхина цара.

Ткъа и гΙалгΙазакхий герзах а буьйлича, маьршша наб йойла ду гΙубанхойн. Бакъду, йийр яц цигахь наб маьрша оьрсех боцчу наха - шайн, оьрсийн, лоруш долу и латта кавказхойх Ιалашдан кхоьллина шаьш и тобанаш бохург, лечкъа а ца деш, дуьйцу тахана цигарчу Ιедалша хаамийн гΙирсашкахула.

Ткачевс бахархойн коьрте гΙалгΙазакхий бахар хΙинца кавказхошна хьайна а ца Ιа. Стенна боху уьш махкаллин даржехь хьала, шаьш хΙун оьшуш ду царел боху ойланаш яржийна зорбанехула гΙезалоша а, башкираша а. Цара чΙагΙдо, «гΙалгΙазакхи», «атаман», «есаул» а, кхийолу а башхаллин терминаш шайн маттара а ю, шайн дай а хилла гΙалгΙазакхий, ткъа шаьш ца гΙерта, оьрсех схьабевлла гΙалгΙазакхий санна, цхьанненна а коча ховша, яздо оцу шинан къоман векалша интернет яьккхина.

Оцу хьокъехь къамел хилира Маршо Радион Казанерчу Университетан профессорца, историн Ιилманан докторца Исхаков Дамирца. Цо иштта дуьйцу гΙезалойн а, башкарийн а гΙалгΙазакхаллах лаьцна.

Исхаков: «Этносех дерг аьлча, гΙалгΙазакхий цхьана къомах а ца хилла. Къилбехь - украинахой, тюркаш а хилла, Урална а, Идална а герга баьхначу нахалахь Оренбурган а, Уралан а гΙалгΙазакхийн эскарш хилла, ткъа уьш доккхачу декъанна гΙезалойх, башкирех лаьттина. Иза гойту 18-чуй,19-чуй бΙешерийн историн документаша а. Басалбанийн тобанаш а хилла цаьрца. ХΙинца а ю церан ярташ, иэсехь йисина гΙалгΙазакхаллин ларш а.

Башкирашлахь а хилла и тобанаш, Сибрехарчу гΙезалойх лаьтташ а хилла дукха даккхий гΙалгΙазакхийн эскарш. Цундела гΙалгΙазакхаша шайх олу дешнаш «казак», «атаман», «есаул» - тюркийн бух болуш терминологи ю».

Амма беламе хир дара, боху Исхаков Дамира, тахана шайн къоман нах а, Ткачевс кхоьллинарш санна тобанаш шайга а кхоллийта, аьлла, арабевлча.

Исхаков: Оьрсийн имперехь гΙалгΙазакхаша шатайпа декхарш дΙакхехьна, уьш империн Ιедалан эр-жΙаьлеш хилла, вайн исторера дика хаьа уьш халкъан маршонехьа болу гΙаттамаш хьоьшуш леллийла. И хΙетахьлера гΙалгΙазакхийн бакъонаш хΙинца а меттахΙитто гΙертар лелаш хΙума ду, вуно вон хΙума а ду. И санна йолу тобанаш демократин юкъараллехь хуьлийла а дац, иштта дΙа аьлча».

Махкара къепе совйоккхуш, Ткачев гΙалгΙазакхашна тΙетийжар харцо ю – Ιедал пайдабоцчу доккху хΙума а ду, аьлла хетачу политикех ву Маршо Радионо къамел дина «Славянийн Цхьанакхетаралла» шех олучу боламан Адыгеяра лидер Каратаев Владимир.

Каратаевна олийла а дац, иза гΙалгΙазакхашца гома ву – «Славянийн Цхьаьнакхетаралла» дика евза шен кавказхошка безам бацарца а, национализман хьажамашца а. Амма цунна а ца хета Ткачев Александра лелориг дош.

Каратаев: «Пачхьалкх гΙорасиз хилар го-кх суна цуьнца. Бюджето кхобуш йолу официалан структураш низам латто ницкъ боцуш ю – уьш коррупцино лаьцна ю, церан дола ца дало хан хене мел йолу а. Хьалхалера цΙе «полици» аьлла хицаро уьш халкъах кхин а дΙа хербина. Ткъа хΙинца лелориг – и санна йолу кхин а урхалла кхолла гΙертар ду».

Мила ву гΙалгΙазакхи? Кавказхочунна хета дезий цунах шен мостагΙ? И хаттар дукха зама ю къаьсттина Къилбаседа лаьтта. Оцу хьокъехь къамел хилира Маршо Радион шен схьаваларца масех дегара дуьйна гΙалгΙазакхи волчу, Къилбаседа Кавказан аьчка некъийн урхаллехь пресс-секретарь волчу Левченко Сергейца. Сергейн хьажам а бац ГΙубан-мехкан губернаторан Ткачев Александр къобавлвеш.

Левченко: «ГΙалгΙазакхийн могΙаршка оьцуш хилла массо а къаьмнаш – гΙалгΙай а, гΙалмакхой а, цигонаш а. Къам башха а ца хилла, дин а ца хилла башхаллехь. ХΙинца гΙалгΙазакхаллах тайнигийн ловзар дина. Суна хаь, Дон-йисттехь лаьттачу базин хехочух гΙалгΙазакхийн инарла-лейтенант вина меттиг а. Тайнигийн мидалш-совгΙаташ, оцу хΙуманех со ца веша».

Стенна оьшу Ткачевна гΙалгΙазакхех ловза а, царех эскарш дан а бохучу хаттарна иштта жоп ду Маршо Радиоца къамел диначийн.

Каратаев Владимир, "Славянийн Цхьаьнакхетаралла": "Милицин метта юкъабохуш болу гΙалгΙазакхийн уьш банне а бац гΙалгΙазакхий, иза моттаргΙа ю. Федералан Ιедало ледара болх беш хилар гойту цо".

ГΙалгΙазакхи Левченко Сергей: "ГΙубанехь гΙалгΙазакхех полици еш ю. Ткъа цара шаьш къам ду а ма боху, и муха нисло, къомо къомана тΙехь хадешший? Муха хир дара, масала, ХΙинжа-ГΙалахь, урамашкахула хадеш беккъа цхьа даьргΙой лелча? Я Соьлжа-ГΙалахь беккъа цхьана нохчийн бен ца хилча хадан бакъо? Цндела нийса дац оцу тобанех гΙалгΙазакхийн хаден тобанаш алар. Ца хаьа суна-м, полици ю, къепенах жоп дала а дезаш йолу. Цо дала деза-кх урамашкарчу а, ярташкарчу а низамах жоп. Амма халкъо дан дезаш ма дац иза».