Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан а, Оьрсийчоьнан берийн омбудсменан Львова-Белова Мариян а йукъара проект кхочушйаран коьрта центр хилла Нохчийчуьрчу лаьмнашна уллохь йолчу Ойтрарчу "Горячий ключ" пионерийн хилла йолчу лагерах. "Патриотикан кепехь кхиорхьама" пачхьалкхан кхечу регионашкара бераш схьадаладо кхуза.
"Кхиазхошца массочу кепара системехь болх барна" лерина йу и программа, цара чIагIдарехь. Мел кIезга а Оьрсийчоьнан итт регионехь лакхарчу классашкарчу берашна лерина центраш схьайелла дагахь ду Iедал. Нохчийчоь йоцург, Къилбаседа Кавказехь иштта центр схьайелла мега Дагестанехь.
Лахьан-баттахь Нохчийчоьно "патриотикан кепехь кхиорхьама" 15 регионера 150 бер тIелецира, царах кхоалгIа дакъа Оьрсийчоьно Украинан оккупаци йинчу дозанашкара дIадигина дара – шаьшша дIакхайкхийна йолчу "ДНР-ра", "ЛНР-ра".
Гайдай Сергей коьртехь волуш, Луганскан кIоштан официалерчу Iедалхоша шаьш саготта хилар хаийтира, бераш Нохчийчу дIадигарна. Цара бахарехь, 16-17 шераш долу бIеннаш кхиазхой бу буьйцурш.
Кхиазхойн гIуллакхашкахула болчу инспекторийн чоьтехь лаьтташ бу аьлла билгалбаьхна лагере мел бахкийнарш, "кхиорца халонаш йолу" бераш аьлла цIе тиллина царна. "ТIеман-патриотикаца а, оьздангаллица а кхиор" дара царна лерина кечдина. Уьш Нохчийчохь болчу йукъанна Гуьмсарчу спецназан университет олучу хьукматера хьехархой хилира церан кураторш.
Нохчийчоьнан къоман политикан департаментан директоро Мунаев Сурхос чIагIдора: "Берашна чIогIа интересе хир ду. Церан кхиор хийцарна а, дахаран керла маьIанаш а, хьежамаш а царна дIагайтарна а" лерина йу программа.
Берриг хьешашна тIе "Ахмат сила" аьлла йоза а, Кадыров Рамзанан сурташ а тIехь долу кIайн кучамаш йуьйхира.
Милитарийстийн хьежамашка йолу ойла жим-жима хийцалуш йу Нохчийчохь
Йевзаш йолчу бакъоларйархочо Ганнушкина Светланас оцу барамна комментарий еш билгалдаьккхира, шена гина йац ша программа, цундела "кхиор хийцаран" эвсараллин мах хадо хала ду.
"Йукъарадаккха йиш йац (и лелош верг мила ву хиъча), оцу барамо барт кхиорна меттана агресси кхолла мега. Со кхоьру оцу берийн дахарах, хIунда аьлча, Нохчийчуьрчу уьдучу нахаца болх беш йу со", - аьлла къамелдинчо.
ТIеман кепехь кегийрхой кхиорна лерина йолчу лакхарчу классерчу дешархошна йукъахь конкурсаш дуьххьара хIиттош йац Нохчийчохь. Масала, гIадужу-беттан йуьххьехь Соьлжа-ГIалахь IV-гIа ловзарш хIиттийра "Наша сила в единстве" цIарца, тIеман сий долчу 15 гIаланашкарчу берашна йукъахь хIиттийна дара уьш.
Оцу Гуьмсарчу спецназан университетехь дIадаьхьира и ловзарш а. Лаккхарчу классера бераш къийсалора дIахIиттарехь, хьажийна герз кхийсарехь, Iад кхийсарехь, гранаташ лесторехь.
2018-чу шарахь Кадыровс чIагIдора: "Оцу тайпа барамаш вуно мехала, пайде бу". Оьрсийчоьнан школашкахь "къоначу латархочун курс" йукъайаккха аьлла идейца вистхилира иза, тIаккха тIеман тематика йолу ловзарш Нохчийчохь хIора шарахь хилийта а бохура.
Республикан Iедало кегийрхой кхиоран рогIера ламасташ иэдина Оьрсийчоьнан таханалерчу политикица, аьлла хета Сулейманов Джамбулатана - Европерчу нохчийн диаспоран политик а, "Единая Сила" боламан хьалханча а ву иза.
"Нохчочунна а, кавказхочунна а 15 шо кхаьчначул тIаьхьа дуьйна, ламасташца а догIуш, герз лело хууш тIемало хила кийча хила везаш валахь, амма Оьрсийчоьнна и цкъа рогIера хIума хилла дац. Нохчийчохь герзе а, милитарийстийн хьежамашка а йолу ойла жим-жима хийцалуш йу. Европехь эскарехь говзанчаш бен бац, кегийрхой лаххьийна армех ца буьгу, школашкахь тIеман гIуллакхаш ца Iамадо", - билгалдаьккхина Сулеймановс.
2021-чу шарахь нохчийн Iедалан омраца кхоьллира, нохчийн кегийрхой тIеман-патриотикан кепехь кхиоран регионера "Авангард" центр. КIошташкарчу военкоматашца пхеа дийнахь болу тIеман гуламаш хIитто деза цо лаккхарчу классашкарчу берашца.
Цул сов, республикехь лелаш 174 "Юнармин" тоба йу, верриг бархI эзар сов декъашхо ву царлахь. Регионехь 8 шарера 18 шаре кхачалц долчу берийн терахь тIера кхо процент гергга бу уьш. Оцу гайтамца Нохчийчоь 70-чу меттехь бен йац Оьрсийчоьнан субъекташлахь. 10-11 классашкарчу дешархошлахь божарий бархI эзар сов бу.
Оьрсийчоьнан кхечу регионашкара Нохчийчу лакхарчу классашкара дешархой бахкоро республикана пачхьалкхан коьртачу берийн тIеман центран имидж кхуллу.
Кавказ.Реалиин редакцино масех республикерчу хьехархошца къамел дина, герз а, гранаташ а кхийсарна дешархой Iаморах лаьцна церан ойлах лаьцна хеттарш делла.
Карахь герз долу латархо, тIемало, тоьллачу хьолехь молла а оха кхио везаш санна хетало
И. Зарета (кхузахь а, кхин дIа а къамел дечу нехан цIерш хьулйина йу, церан кхерамазалла ларйархьама. - Ред. билг.) Теркйистерчу кIоштерчу цхьайолчу школан директоран кхетош кхиорехула гIовс болх беш йу. Цо билгалдоккху, дешаран хьукматехь доккха дакъа дIалоцу патриотикан кхиорна: хIора оршот дийнахь Оьрсийчоьнан а, Нохчийн республикан а байракхаш хьалаайбарца йуьйлало урокаш, оьрсийн а, нохчийн а гимнаш лакхийтарца.
Цул тIаьхьа "классан сахьт" ца хIоттийча йиш йац, даймохк ларбарх лаьцна а хуьлу церан тема. Классашна йукъахь конкурсаш хуьлу, цигахь хелхарш до, йа даймахке болчу безамах, и ларбан безарх лаьцна гайтамаш хуьлу. Толамхой кIошташкарчу, республикерчу къовсамашка буьгу оцу тематикехула къийсамашка.
"Тайп-тайпана комиссиш хуьлу сих-сиха – дешаран департаментера, министсраллера, мэрера, кIоштийн куьйгаллера, ур-атталла муфтиятера. Карахь герз долу латархо, тIемало, тоьллачу хьолехь молла оха кхио везаш санна хетало", - боху Заретас.
КХИН А ХЬАЖА: Кадыровхойн пропаганда: нохчийн дешархой Оьрсийчоьнан эскархошна тIера ламазаш дан декхаре боГ. Тамара Гуьмсарчу цхьайолчу школехь классан куьйгалхо йу. ТIехьоьжучу органийн ойла дешаран процессана тIехьажорна меттана, патриотикан кхиорна хьажийна хиларна реза йац иза.
"Царна вуно ладаме ду, школахой Кадыров Ахьмадан цIарх музейхь хилла, йа ца хилла, цуьнан дахаран некъах, цо лелийначух лаьцна довзуьйтуш муьлха конкурсаш дIайаьхьна бохург. И дерриг цуьнан кIентаца доьзна хила деза гуттара а – республикан таханалерчу куьйгалхочуьнца. ХIинца, Украинера тIом болабелча, "турпалхойн иэсана" лерина урокаш дIайахьар тIедуьллу цара. ХIора школана цхьа вийнарг билгалвоккху, тIаккха цунах лаьцна цхьаъ дийца деза, амма дийца хIума а доцуш дуьссу. Оцу хьолах кIадделла тхо", - латкъамаш до къамелдинчо.
Чеченарчу школехь истори хьоьхуш ву Р. Аюб. Дешаран процессана бен хан ца йойъуш бераш долчу Европе ша ши шо хьалха вахча гиначуьнца дусту цо шен кхузара зенделларг.
"Амма кхузахь тIеман легерехь санна ду. Цундела деша ца лаьа берашна, халла цхьана классера вукху классе текхадо оха уьш. Сан уггар чогIа беркат ца хилла, хIунда аьлча, школашкахь къаьсттина истори (литература санна) хета дешархой идеологица кхиоран коьрта урок. Наггахь бераша шатайпа хеттарш ло, оха шайга хIун дуьйцу тIаьхьа а кхиъна, и шайн доьзалехь, республикан урамашкахь а хуьлучуьнца дуста гIерта уьш. Бер системина муьтIахь хилийтар ду суна тIедиллинарг. Амма берашна дукха дика го баккхийрачу нехан аьшпаш. Къаьсттина Нохчийчохь бен дац аьлла ца хета суна и, йерриг Оьрсийчохь ду и хьал", - боху Аюба.
- Нохчийчохь масех баттахь дуккха а нах гулбеш Украинерчу тIамехь долчу оьрсийн эскарна лерина ламазаш до. Хьалха маьждиге бахкар меттигерчу бюджетхошна бен тIедиллина ца хиллехь, тIаккха хIинца оцу барамашна йукъаийзабо школашкара а, берийн бошмашкара а дешархой. Кавказ.Реалиин редакцино хеттарш динчу эксперташа дийцира, стенна оьшу и меттигерчу Iедална.
- Оьрсийчоь буьззинчу барамехь Украине чугIоьртиначул тIаьхьа Дагестанехь бераша дакъа а луьйцуш, тIеман-патриотикан акцеш хIиттайо. Керлачу шеран совгIаташ до цара эскархошна, кехаташ йаздо, церан агIо лоцуш Z а, V а элпашца дIахIуьтту. Оцу кепарччу акцешкахь дакъалаца бераш йукъаийзор низамца догIуш дуй, дайша-наноша муха тIеллоцу и, теллира Кавказ.Реалиин сайто.
- UNICEF-н (ООН-н берийн фонд) хаамашца, Оьрсийчоьнца хилла тIом дIабаьлча, 1994-чу шарера 2004-чу шаре кхачалц Нохчийчоьнан дозанахь эккханза йиссинчу снарядех а, минех а зен хилла 3140 стагна.