Пентагонан бюджет совйоккхур ю

Iамерк -- Цхьаьнатоьхначу Штатийн президент Трамп Доналд, Дечкен-бутт 27, 2017

Iамеркан Пачхьалкхан департаментан бюджет 28 % хада а йина, Пентагонан – тIеман департаментан – ерг 10 % хьалаяккха дагахь ву Трамп Доналда. Цунах журналисташка брифингехь хаамбира КIайчу ЦIийнан админстративан-бюджетан урхаллин директоро Малвэни Мика. Конгрессана хьалхайуьллур йолу бюджет тIеэцахь, Пентагонан керла бюджет хьалайоккхур $54 миллиардана.10 % хьалаяьккхинчул тIаьхьа, цуьнан ахчанан барам хир бу 603 миллиард доллар. Цул сов, къоман кхерамзаллин министераллана даханча шарахь деллачул, 6% сов ахча дала лерина ю Трампан администраци.