Ца ваьллачу денна доттагIалла? Кадыров а, дозанал арахьара нохчийн спортхой а

Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан Кадыров а, Канадехь веха боксхо Бетербиев Артур а

Пачхьалкхал арахьа беха нохчийн спортхой кест-кеста мехкан куьйгалхочуьнгахьа бистхила буьйлабелла. Кавказ.Реалии сайто зийра, и тенденци стенца йоьзна йу.

Даймокх дIатесна нохчийн спортхоша пачхьалкхаш йовзуьйту доллу дуьненахь – Европехь, Азихь, Къилба Америкехь. Царех дукхахболчара кхиамаш боху кеп-кепарчу дуьненайукъарчу къийсадаларшкахь. Даим а интересе бара уьш а, кхинболу а спортхой Кадыров Рамзанна. Ша церан коьрта спонсор волуш санна а гойтуш, шена ма-хетта уьш лелабо цо.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо спортхойх пайдаэцаран коьрта кхо Iалашо йийцира Къилбаседа Кавказехула аналитик волчу Чемберс Гарольда: спортвошинг олург (пропагандин кеп, спорт бахьана долуш репутаци тойан лерина йолу), къонахчун васт кхоллар, ша дош лелаш хилар дIагайтар

Кадыровх доьзна ду, муха нислур йу нохчийн латархойн уьйраш, церан нах бехачу дай баьхначу лаьттахь

Оцу бухахь нисбеллачу нохчийн латархошна, боксхошна ийначу кепера латархошна "кест-кеста деза совгIаташ до", билгалдаьккхира дозанал арахьа вехачу йукъаралхочо Кутаев Руслана.

Делахь а, цхьана ахчанах гIоьртина хIума хилла ца Iа хIара: америкахойн Iедалхошца йоьзна йоцчу Jamestown Foundation организацин аналитико Гобл Полана хетарехь, кхечу пачхьалкхийн цIарах дакъалоцучу нохчийн спортхошна Iаткъам бо Соьлжа-ГIалара схьа.

"Нохчийчохь церан гергара нах хила тарло, царна ца лаьа, Кадыровс шайн нахана зенаш дойла", - элира аналитико.

Цунна тIетов Кавказ толлуш волу Словакера Баранец Томаш, йозуш йоцчу талламабаран "Стратегин анализан Центр", "Йуккъерчу Европан Институт" организацийн эксперт ву иза.

"Шен политикана луьйш болчарна а, церан гергарчарна а, бевза-безачарна а шен Iаткъам бойла хиларх масийттазза дIагайтина Кадыровс. Цундела спортхой, дукха хьолахь церан политикаца бала а ца хуьлу, цунна генахь хила а хьийза уьш, декхаре хуьлу иштта лела, Соьлжа-ГIалахь реза а ца хилла, шайгара бехкбаккхарна кхоьруш", - билгалдаьккхира къамелдечо.

"Паччахьна "суждане ваха

Дозанал арахьа уггар а хьалха кхиамаш баьхна, цул тIаьхьа Кадыровн байракха буха хIиттинчу нохчийн спортхойх хьалхара ву Дугазаев Тимур, 2011-чу шеран ийначу кепехь латарийн Европан чемпион велира иза. Немцойн Килехь диаспоран куьйгалхо вара иза, ткъа 2014-чу шарахь дуьйна ша Нохчийчоьнан урхалхочун Германира векал ву ала волавелира иза. Кадыровца йукъаметтигаш цо лелорна 2020-чу шарахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа санкцеш йехира Дугазаевна дуьхьал, цо дерзийра Европера цуьнан гIуллакхаш.

Соьлжа эвлахь вина ийначу кепехь латархо Тайсумов Майрбек 2002-чу шарахь дуьйна Австрихь вехаш вара, оцу пачхьалкхан байракха бухахь йолийра цо шен карьера а. 20I6-чу шарахь дуьйна, Кадыровца цуьнан гергарло тасадаларна, дозанал арахьа цуьнга болу хьажам хийцабелира: Тайсумовн проблемаш хилира Америкехь виза йоккхуш, оцу тIехула цо дIахьедира цу пачхьалкхехь хуьлучу турнирашкахь дакъалаца аьтто цахиларх. 2019-чу шарахь массо а цецвоккхуш, Мароккон пачхьалкхалла тIеийцира цо.

Нохчех волчу Австрера дзюдон кхечу спортхочо Борчашвили Шемала 2021-чу шарахь баркалла элира Кадыров Рамзанна "массо а агIор гIо латторна", ала догIу, цхьана а кепара цуьнца гIуллакх деана а вацара иза хIетталц. Дзюдон спортхочун позицино диаспорехь берш цецбехира: Борчашвили Австрин байракхца лелаш велахь, цига дIабаханера цуьнан доьзал Нохчийчуьра хьал бахьана долуш 2000-чу шерашкахь, стенна баркаллаш боху цо Кадыровна, шен махка дIа а стенна ца воьду иза?

Репутацих а, цхьана принципех а долу къамелаш – таханалерачу спортхойх дуьйцийла дац

Гоьваьлла кхин а цхьа Кадыровн спортхо ву, ийначу кепехь латарийн чемпион Чимаев Хьамзат. Ша кхиазхо волуш дуьйна Швецихь вехаш, цигахь спорт карайерзош вара иза, амма тIаьххьарчу заманчохь Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца а, цуьнан доьзалца а гергарло тесна цо. 2023-чу шеран гурахь дIакхайкхийра, спортхо Iарбойн Цхьаьнатоьхначу Эмиратийн цIарах летар волуш ву аьлла. ТIаьхьо, Дубайхь летарш дирзича, ринга тIехь лаьттачу Чимаевс массарна а хезаш, дехар дира Кадыровга, "Палестине" вахийтахьара ша, "бусалба вежаршна хьалхара вала" аьлла.

Боллу нохчийн спортхошлахь цIе йаххана ву, карарчу хенахь дозанал арахьа леташ волу боксхо Бетербиев Артур. Дагестанехь вина ву иза, 2008-чу а, 2012-чу а шерашкахь Оьрсийчоьнан цIарах летира иза Олимпиадин ловзаршкахь. Шен доьзалца цхьаьна дуккха а хан йу иза Канадехь веха, хIетте а, 2021-чу шарахь Кадыровс совгIатна машен йелира цунна, ткъа нохчийн коьртачу шахьаран кхеташоно Сий долу Соьлжа-ГIалин вахархо аьлла, цIе тиллира цунна.

Квебекехь, рогIера толам баьккхинчул тIаьхьа, 2024-чу шеран дечкен-беттан 14-чохь, ринга тIера нохчийн маттахь вистхилира Бетербиев шен фанаташка: "Чечня –сила, Ахмат-сила, Рамзан – чемпион, Дала Iалашйойла Нохчийчоь" аьлла. Оцу дешнаша эргIад бахийтира Канадера украинхойн векалаллехь берш. Шена йинчу критикана жоп делира спортхочо: "Аса вониг хIуммаъ ца дина. Низамаш лардо, некъан бакъонаш ца йхохайо" аьлла.

Европехь вехачу дуьненайукъарчу классан тренеро, шен цIе йаккха ца лиира цунна, тIечIагIдо, дукха хьолахь спортхошна хала хуьлу Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца "доттагIаллехь" ца хила аьлла.

"Кадыровх доьзна ду, даймахкаца нохчийн латархойн уьйраш муха нислур йу, цигахь бехаш ма бу церан гергара нах. Вукху агIор, оцу тайпа йукъаметтигийн кеп тIеэцаро массо а агIор эвсаралла ло царна, йоллу комаьршаллица. Ткъа репутацих, цхьана принципех долу къамелаш – таханалерачу спортхойх лаьцна дойла йац", - дерзийра къамелдечо.

  • Кадыров Рамзана дIахьедира, меттигерчу спортхошца а, блогершца а "шога болх" бан безарх, цаьрга, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна ма-хеттара, нохчийн халкъан гIиллакхаш, ламасташ лардайтархьама. Кавказ.Реалии сайто къастийра стенна оьшу республикехь шена хетарг ма-дарра дIаолучаьрца "болх бан".
  • 2023-чу шеран гIадужу-баттахь Абу-Дабихь хIоттийначу UFC 294 турнирехь толам баьккхира ийначу кепехь латархочо Чимаев Хьамзата. Спортхочун гIуллакхе жигараллица хьожуш ву Кадыров Рамзан, Кавказ.Реалиино теллира, стенна тIехь лаьтташ ду церан доттагIалла.
  • Нохчийчоьнан урхалхочун кIанта-кхиазхочо куьйгйаздина ийначу кепехь латарийн нохчийн лигаца контрактана. Биллгал цунах спортхо ван хьийза-те да, цунах лаций деша кхузахь.