Царнаев фамили хиларна нохчийн журналист лаца гIоьртина Дагестанера полици

Said Tsarnaev Russian photographer

Атта дац массерна а гIарьялла йолу фомили лелон. Кхин а хала ду нагахь и гIарваьлларг во хIума дина, я Оьрсийчоьно шен мостагI лоруш валахь. Кху деношкахь Дагестанан полицин белхахой гIоьртира дIалаца везвзаш волу фотокорреспондент Царнаев Сайд-Хьуьсейн. Цунна бехке диллинрг дара генарчу Iамеркехь лелхийтарш динчу ЦарнаевгIера фамили цуьнан хилар.
Низамашца, зуламан дарна бехке воцчу стеган, цхьанна а агIора Iаткъам бан йиша яц, иза зуламхочуьнна мел уллера гергара валахь а. Амма, Оьрсийчохь нийса бIостнехь хуьлу. КIирандийнахь, Хинжа-гIалара Нохчийчу цIа вогIуш хилла волу суртдаккхархо Царнаев Сайд-Хуьсейн лаца гIоьртина, гарехь официала хилла низамхой. Журналиста Маршо радиога ша дийцира хилларг.

Царнаев Сайд-Хьуьсейн: « Селхана со командировкера цIа вогIуш вара Хинжа-гIалара. Со цига кесст-кесста хуьлу,футболан ловзаршна суьрташ догIу ас. Герзель олучу постехь, сацийра со чохь волу Газель машен. Шай кехаташ а, гойтуш дацара цара, ян шаьш муьлша ду а ца элира. Герз долуш а , иза доцурш а бара царна юккъахь.

Дийна тоба яра иза. Божаркара паспорташ дийхира. Ас сай белхан тоьшал гайтича а, соьгара паспорт дийхира. Юха, массера а паспорташ схьаделча, сайниг схьа ца делира. Соьга машена чуьра вахьвосса элира цара. Со ца воьссира. Бахьанаш схьадийца элира ас цаьрга. Суна герз тIелецира. Аш со вехь а , со машена чуьра вуссура вац элира ас».

Ша цара ка а тоьхна, машщена чуьра вахьваккхахь, лар йоцуш ша ца вайта, шен цIе а фамилии а, хIун болх беш ву а дийцина Царнаев Сайд-Хьуьсейна, цу чохь болчу нахе. Шена хаара, ишшта дIалаьцначул тIаьхь, стаг хийлуза вийна карийнийла, вуйла, аьлла кхин дIа а дийцира журналиста Царнаев Сайд-Хьуьсейна.

Царнаев Сайд-Хьуьсейн: «Аса цу чохь болчу нахе кхайкхам бира, со Царнаев а ву, со «РИА-новости» агенталлийн белхахо ву аьлла.Цхьа бахьан доцуш, со вахьваккха уьш гIерташ бу, элира ас. Ас, сайн редакци а, белхан накъосташка а дIасатуьхира телефон. Суна хетарехь, лаккхарчу хьакамаша, шайга телефонаш тоьхча, уьш хийцабелира. Боьхна бара уьш.

Дуьненахь сан фамилии дукха вуочу агIора йийца буьйлабелла. Со цхьаъ хилла Iаш бац и фйамили йолуш вай махкахь. ХIиришна а, азербайджанашна юккъахь а бу уьш. Са ала йиша хилла, ишша дуьненахь дIакхайкхо, амма, сан гергарчеран ишшта аьтто хира бац. ХIара хIун ду? Фамилди ишшта ю бохуш адамш хийзор? Мича кхача бахка?».

Цхьанатоьхначу штатехь, Бостон гIалахь ЦарнаевгIеран шина вашас дина лоруш долчу оцу эккхаран хьокъехь шорта дIахьедарш дина Царнаев Сайд-Хьуьсейна. Хилла долу терроран тIелатар, Оьрсийчоьнан а, Iамеркан а къайлахьчу сервисаш, цхьа барт а бина дайтина ду аьлла дIахьедар даржийнера, оцу шина кIентан гергарло долчу Царнаев Сайд-Хьуьсейна.

Нохчийчохь дуккха а масалш ду, фамили цхьаннчуьнах тера ю аьлла, нах хьийзина. Ишшта хилла, хьалхара тIом болчу хенахь, Соьлжа-гIалара араволучу воьвзучу актераца Дудаев Мусаъца а. ХIара сацийначу эскархочо, рации чухулла хаза а хеташ хаам бина, ша Дудаев Джохаран да дIалаьцна аьлла. Вукху, шен амалца, забар а еш аьлла цуьнга, ша цуьнан да хилар сов, цхьа фамили а йолуш вац аьлла. Иза ДудАев ву, ткъа ша ДудаЕв ву.