Маршо Радион суьйлин редакцин корреспондента къамел дира Iамеркарчу Бостонехь лелхийтарш дарна бехке вечу шина вешин Царнаев Тамерланан а, Джовхаран а деца Царнаев Анзорца. Цунна хетарехь, ши кIант дац зуламан новкъа шайн кхетамца а, шайн лаамца а ваьлла хуьлийла.
"Цхьамма леррина дина иза, леррина, стенна дина ца кхета со. Бераш сайн девза суна, муха до цара иза, воккхах верг маьждиге лелара, жиманиг аьттехьа а вацара оцу х1уманашна, доьшуш вара. МоттаргΙа ю иза цхьамма кечйина, моттаргΙа. ...ХΙун Нохчийчоь, хIун Нохчийчоь, иза Нохчийчоьнна аьттехьа хилла а ма вац..." ЛадогIа дуьззинчу къамеле...
Your browser doesn’t support HTML5