"Цхьаьна ца догIу бехкаш". Терроризмана бехкевинчу нохчочо дIахьедо гIуллакх бух боцуш хиларх

Висаев Апти

Норильскехь вехачу 37 шо долчу нохчочун Висаев Аптин хьокъехь Красноярскан кIоштан къайлахчу сервисийн урхалло (ФСБ) беш хилла таллам бирзина. Иза бехкево, "терроран тохар дан стаг юкъаийзорна" а, и кхочушдеш гIодарна а, иштта бакъо йоцуш герз латторна а. ХIинца цуьнан гIуллакх кхеле дIакхачон дезаш ду. Велла дIаваллалц набахтехь яккха хан тоха кхерам бу цунна, амма цуьнан гергарчара чIагIдо, юьхьанца дуьйна и гIуллакх бух боцуш, цара шаьш айдина ду бохуш.

Къайлах теш

Талламан версица, Оьрсийчохь йихкинчу "Имарат Кавказа" организацин агIонча ву Висаев, "радикалан дин лелош" а ву. Бехкзуламан гIуллакх дуьхьал даккхарх хIиттийначу кехаташ тIехь яздина ду, "хаа а хууш", Беккаримов фамили йолу шена вевзарг Норильскерчу Турпалхойн Иэсан майданахь 2020-чу шарахь Стигалкъекъа-беттан 9-чу дийнахь хIотточу парадехь теракт дан бертавало гIиртина иза аьлла. Герзашца джихад даккха дезарш хиларх телеграмехула а, инстаграмехь а цуьнга йозанашкахь дийца а дуьйцуш. Ткъа гIалин Iедалхой оцу шарахь парад хIоттон дагахь а ца хиллера коронавирусан пандемина тIехула.

Цуьнан хIусамнанас Мутаева Iайшас бахарехь, шайггара тиллинчу "Беккаримов" фамилина бухахь лечкъина ву церан доьзална вевзаш волу Садыков Радмир. Цуьнца йозанашкахь къамелаш динера Садыковс, Мутаевас дийцарехь, WhatsApp мессенджерехула – машенна оьшучу гIирсех а, дахаран хьелех а лаьцна.

Садыков ФСБ-ца уьйраш йолуш ву аьлла, шеконаш ю Висаевн а, цуьнан хIусамненан а, хIунда аьлча, гIуллакхан материалашна юкъахь долчу йозанашлахь аудиош а ю билггал Висаевс цуьнга кхехьийтина йолу, амма инстаграмехула а, телеграмехула яц, вотсапехула кхехьийтина ю. Оцу юкъанна цхьа а "криминалан" хаам оцу гIуллакхехь бац. Терроризме кхайкхамаш барх а, герзах а лаьцнарг – эххар а Висаевна дуьхьал даьккхина коьрта тоьшалла ду.

ФСБ-н урхалин белхахоша хаамбира, Беккаримов оцу гIуллакхехь къайлах теш санна ву аьлла. Висаевн адвокат и стаг гучуваккха бохуш, тIера ца волура, амма талламо цунна дуьхьло йира.

Висаев Апти шен зудчуьнца

Болташ а, молха а

Талламан версица, Охан-беттан юьххьехь Висаевс йовзийтина хилла Беккаримовна аьчган ведарх, монтажан чопанах, молханех, болтех, гIишлошъяран хьастамех а оьккхуьйтург муха йо хьоьху инструкцеш, шен цIийнан лармичу хIоъмолха схьадан вахийтина а хилла цо иза.

2020-чу шеран Охан-беттан 14-чохь оперативан белхахоша теллира Норильскера, Висаев вехачу цIийнан ларми. Протоколца а догIуш, цигахь карийнера дIадиллина герз: оьккхуьйтург, чаччамаш, цамзанех тера даьндаргаш – дерриг а, йозанашкахь ма дийццара.

Бехкевечуьнгара телефон дIаяьккхира кIира даьллачул тIаьхьа, Охан-беттан 22-чохь Пятигорскехь, шен доьзалца цхьаьна садаIа а, дарбан дан а веана иза лоцучу заманчохь.

Мутаевас дийцарехь, цуьнан цIийнда меттигерчу декъан полисхочунна тIекхайкхинера, Фучик Юлиусан номер 11 йолчу ураме вола аьлла.

Оцу адресца полицин дакъа хила а ца хиллера. Цунна а фабрикаци йинера талламхоша

"Оцу адресца полицин дакъа хила а ца хиллера, - дагалоьцу Мутаевас.- Цунна а цхьаьна фабрикаци йина хиллера талламхоша. Такси тIехь тхойша цига дIакхаьчча, тхуна тIелатар дира ФСБ-н белхахоша. Iуьйранна 8:50 минот яьлча дара иза. Апти лецира. Ткъа протоколехь иза лацаран хан ю 14:25 минот. ХIетахь Пятигорскехь оха льацначу петарахь талламбира, оцу хIусаман долахо цхьаьна воцуш хьовса йиш йоцушшехь".

ХIусамнанас бахарехь, цаьргара телефонаш дIаяьхна оперативникаш шаьш инстаграмехь Apti4947 никца йиллинчу аккаунте бевлла хиллера.

"ТIаккха тхан адвокато кехаташ чуделира, уьш чубевлла хан хаа лууш, амма тхуна дуьхьало йира. И хаа аьтто баларо тоьшалла дийр дара, иза Апти ца хиларх. ДIаяьхначу телефонийн биркийн йозанан хатI толлуш экспертизаш яйта а реза ца хилира. Царна тIера куьйгашъяздар, Аптиниг а цхьаьна, тардина ду. ТIаьхьо биркаш дIаехира гIуллакхна юкъара", - кхин дIа дийцира Мутаевас.

Норильскерчу доьзалан петарехь талламаш бира шолгIачу дийнахь. Протоколца а догIуш, цигахь "карийнера телефон а, сим-карта а. Зал чохь – таллархочун тоьпан ялх патарма, берийн чохь - ноутбук, ванни чохь – баьццарчу басахь хIума чохь йолу тIоьрмиг. Иштта хIусамехь карийнера, йихкинчу литературин тептарера "Бусулбачун гIап" книга а.

Талламо чIагIдо, петар чохь карийначу сим-картица йиллина ю, Висаевс а, Беккаримовс а йозанаш дина аккаунташ бохуш, ткъа Мутаевас дIахьедо, шен хIусамден инстаграмехь къаьстина аккаунт яцара, – шиммо а лелош цхьаъ яра, бохуш.

Цул совнах, Мутаевас боху, кхелан санкци а йоцуш хьоьвсинера шайн хIусамах – тIаьхьо бакъо елла хиллера оперативникашна.

Таллам бар хIоттийначу протоколца а догIуш, Висаевс пайдаийцира вист ца хила бакъонех, Конституцин 51-чу Iедалан къепена тIетевжина, ца дийцира, стенгара даьллера цуьнан хIусамера герз а, экстремистийн литература а. Ма-дарра аьлча, кхетадо Мутаевас, цуьнан майрчо хIеттехь дIахьедира, карийна хIуманаш шен яц аьлла.

Талламхочо протокола тIера ручкица дIадайира сан хIусамден дешнаш, дийца дуьхьал ву аьлла, яздеш

"Талламхочо протокола тIера ручкица дIадайира сан хIусамден дешнаш, дийца дуьхьал ву аьлла, яздеш. Ткъа таллам бечу заманчохь хеттарш деш ца хуьлу, бехкевечо аьлларг дIадойъуш муххале а ца хуьлу", - боху Мутаевас.

Оцу дийннехь Висаевна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх даьккхира террорехула йолчу Iедалхойн къепехь, тIаьхьо бакъо йоцуш герз лелийна аьлла, кхин цхьа гIуллакх а тIекхийтира царна.

Билгалонан "Poka"

Протоколашкахь яздарца, инстаграмехь хиллачу къамелашкахь Apti4947 аккаунто экстремистийн литература а, "Имарат Кавказа" тобанан тIемалойн суьрташ а, террорхочо-Iожалхочо ша шена эккхийтар деш дIаяздинарг а кхоьхьуьйтуш хиллера, иштта радикалан дин лелош боцчу нахана дуьхьал джихадан идеологих лаьцна а дуьйцуш.

Оццу документашкахь талламо аьлла ду, Беккаримов дакъалоцуш хиллера оперативан экспериментан гурашкахь, и бохург ду, ФСБ-н агент иза хилар а, Висаевс лелочух а, дуьйцучух а къайлахчу сервисашна дIакхачон информаци гулъеш хилар а.

Мутаевана хетарехь, Apti4947 аккаунт кхоьллина оперативан белхахоша. Дечкен-бутт бовш оцу аккаунте язбелларш дIабайра, ткъа "Апти" цIеран метта "Poka" аьлла, йоза гучуделира. Висаев лаьцна ву, телефонна тIекхочийла а дац цуьнан. Цундела, тешна ю Мутаева, талламбар дерзийначул тIаьхьа боллу хаамаш дIабайина цхьаммо, билгалоне "Iодика а еш" аьлла.

Мутаева Iайша

ГIуллакхан материалашкахь ша тидам бинчу кхин а цхьа могIа кхачамбацаршна терго тIеийзайо Мутаевас. Цо дийцарехь, Охан-беттан 14-чохь дIабаьхьначу оперативан-талламан барамийн протоколехь Висаевн ларми чохь карийнера аьллачу бомба яран гIирсашлахь хьахийна бац тоьпан ялх патарма. Амма ФСБ-н говзанчан, оцу дийнахь суьйранна куьйг таIийначу дерзорехь патармаш хьахийна ду.

"Ларми чохь талламбарх хIоттийначу протоколехь яздо эчиган хIоьънаш чохь долчу банкек лаьцна, тIаьхьа карийначух йинчу экспертизехь тIетуху патармаш а. Стенагра девлла уьш – кхеташ дац. Оцу банки чу уьш тарлур дацара, ткъа кхин тара цигахь карийна а яцара", - дуьйцу Мутаевас.

Цул совнах, билгалдоккху цо, Висаевс йозанаш дина хилла боху телефон гIуллакхехь йоцуш ю. Иза гучуделира, цуьнан адвокаташа социалан машанашкарчу оригиналан йозанийн экспертиза йе аьлла, дехар дича. Талламо юхатеттира дехар, ткъа хIинца кхелехь юха а и тIедожор ду адвокато.

Вайл тIаьхьа сийна цIе ялахьара

Висаев лаьцна а, цIийнах хьоьвсина а дукха хан ялале, талламо дIахьедира кхераме зуламхо лацарх. ФСБ-н юкъараллашца йолчу зIенийн Центро интернетехь а, телехьожийлехь а яржийра оперативан видео – Пятигорскехь зудий-майрий лоцуш а, церан хIусамех хьовсуш а яьккхина йолу.

ТIаьхьо оццу оперативникаша, Норильскерчу ФСБ-н декъан куьйгалхочо Пшеничников Александра а, лакхарчу векало Ахметов Александра а, гIуллакхехь билгалдаьккхира, петарехь таллам бечу заманчохь видео яьккхина яц аьлла.

Протоколехь язбинчу нахалахь вац оператор. Цигахь бакъо йоцуш нисвелла хуьлу-кх иза, делахь".

"Федералан хаамийн гIирсаша гайтинчу кадраш тIехь тоьшаллаш ду, талламо кхачамбацарш дитарх а, Висаевна дуьхьал даьхна бехкаш бух боцуш хиларх а, - кхетадо видео юкъара "яйна" кадраш коьрта хиларх дуьйцучу Мутаевас. – Дика дара, таллам беш яьккхина ролик ас сайгахь ларйина хилла. Маьнги бухара схьаоьцу патармаш, нуьйдашца лело телефон а. Протоколехь охьаязбинчу нахалахь оператор билгалваьккхина вац. Цигахь бакъо йоцуш нисвелла хуьлу-кх иза, делахь".

Мутаевас чIагIдо, уликашца фальсификаци лелийна хиларх а тоьшаллаш ду роликца, бохуш.

"Охан-беттан 23-чохь тхан хIусамехь ванни бухахь молха карийнера боху. Ткъа тхо дIадахна ши кIира даьлча компанин урхалхочо тхоьга телефон туьйхира, петар чохь хи дIаихна, биргIанаш лилхина, балконан неI йиллина хиларна аьлла. Петар шелъелла, биргIанаш лилхинера. И хуьлийла дац. Тхо балкон къовла дицдина дIадахана хиллехь, де-буьйса далале лилхина хир яра уьш. И бохург хIун ду, леррина и хьал хIоттийна ду", - кхетадо Мутаевас.

Тоечу сервисийн белхахоша каскашна тIехь видеорегистраторш лелайо, царна тIехь гуш хуьлу, ванни бухахь дерг а цхьаьна.

"Ас йийихира цаьргара видеош, - боху Мутаевас. – ХIусамчуьра лаьтте гойту ролик йоца ю, итт секундехь бен яц. Лаьттахь хIуммаъ а дац. Ткъа талламбечу заманчохь цигахь карийра, боху, молха чохь тIоьрмиг. Собар дехьа, ткъа дIаихна хи? Аптин дехарца, и хиллачул тIаьхьа, талламаш бан масех де а долуш, цуьнан доттагIчо дIацIанйинера цу чохь, цунна а ца гинера цхьана а кепара пакеташ. Ткъа хIинца боху оперативникаша, хьахийна роликаш хилла а яц".

"И со вац"

Висаевн гIуллакхехь теш санна доьазза левина ву Садыков Радмир. Цо тIе ца дуьту, ша талламца юкъахь болх беш хилар, чIагIдо, Висаевс шега кхехьийтина хаамаш материалашна юкъахь муха нисбелла а, хууш вац ша бохуш.

"Шен могушаллина а, дахарна а кхерам"латтарна Висаевна дуьхьал а веана, къамелехь дакъалаца дуьхьал хилла Садыков. ГIадужу-баттахь шега хеттарш дечу хенахь Садыковс дIахьедира, Висаев бехкехиларх ша ца теша, цуьнан хIусамнене а ша цуьнах лаьцна хIинцале а аьлла, бохуш.

"Оцу хIоьттинчу хьолехь жимма цуьнан догэца лиира суна, - кхетийра Садыковс. – Ас элира, и йозанаш цуьнан хуьлийла дац. Мутаевага а ас дIахаийтира, бакъволчу бусулбачо яздийр дац "Делан воI" бохуш, хеттарш дечу заманчохь талламхочо суна гайтинчу хаамашлахь цхьаъ бацара Висаевс соьга кхехьийтинчух".

Бакъду, хьалха шега хеттарш деш, протоколашкахь яздарехь, Садыковс чIагIдина, шена дага ца догIу Висаевс кхехьийтина уьш йа ца кхехьийтина. Цуьнан дешнашца, мацахлера ду къамелаш, цо дIадайина уьш. Иштта Садыковс ютубехь кхайкхамбира, Висаевна ша ямартваьлла бохуш, бехкаш дохкучаьрга.

"Социалан машанашкахь суна тIе нехаш хьоькху аш, бехкево ямартлонна, - боху Садыковс. – Со теш санна ву, Висаевна дуьхьал гIуллакх даьккхинарг вац со. Со суа а кхеташ вац, иза стенна лаьцна. Сан Аптица доттагIаллин уьйраш яра".

Садыковс бахарехь, ФСБ-н белхахоша хаттарш дан тIекхайкхинера иза, Висаев лаьцна ши бутт баьллачу хенахь.

"Суна хьалха цкъа а гина бац уьш, ас цаьрца цкъа а дина къамел а дац. Низаман гурашкахь хеттарш дира талламхочо, бехкзуламан гIуллакхан гурашкахь ас жоьпаш а делира. ГIуллакхна фабрикаци ярна со юкъара ву бохуш, бехкево аша. Талламхочо соьга элира, къайлах теш ву, Аптис низамна дуьхьал долчу гIуллакхна юкъаийзийна. Со вац иза, ас доьху Аптин хIусамнене а, нене а соьца гамо ма латтайе", - чIагIдо Садыковс.

Мутаева Iайша

Оцу юкъанна, Европерчу адамийн бакъонийн кхелехь (ЕСПЧ) шен хIусамден интересийн векал хилла Мутаева Iайша. Адвокатехула шен хIусамнанна бакъо луш, кехатна куьйгъяздина Висаевс, тIаккха цо ЕСПЧ- кхеле латкъамбира Оьрсийчоьнан Iедалхоша Европан адамийн бакъонашкахула йолчу конвенцин "Iазап цамагорах", "маршонан бакъонах" лаьтта Iедалан къепе йохийна хиларх.

Висаевн дешнашца, масийттазза психологин тIеIаткъам бира цунна. Иштта Мутаевас боху, Норильскерчу талламан изоляторехь цунна йиттинера.

Висаев лаьцна итт гергга беттанашкахь цкъа бен шен хIусамда гина вац зудчунна

Цо дехар дира Красноярскерчу номер 1 йолчу СИЗО-н хьаькаме, ЕСПЧ-кхеле деллачу арзан хьокъехь дийцаредан цуьнца цхьанакхета пурба доьхуш. Дуьхьало йира цунна. Висаев лаьцна итт гергга беттанашкахь цкъа бен гина вац зудчунна. Иза Iалашван бакъо а къуьйсуш, иза бехке цахиларх тешон хьожур ю ша аьлла цо.

Хьалха Висаев терроризмана тIехула набахтехь хан яьккхина ву. Дейтта шо ахшой хан текхна цо набахтехь. Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело 2005-чу шарахь бехкевира иза бакъо йоцуш герз лелорна а, Оьрсийчоьнан ницкъхошна тIелатарна а, теракташ дарна а. Бехкаш дахкаран бухехь нисделира хIетахь бехкевечо ша дина мукIарло. Кхел йоьдучу хенахь Висаевс дIахьедарехь, бехкаш тIелацийтира цуьнга тIехь ницкъ а бина. Цунах лаьцна дIахьедира цуьнан нанас а, Нохчийчуьрчу яхархочо Устарханова Хьавас а. Цо дийцарца, къиза етташ хиллера цунна, садукъош, ток йоьттуьйтуш, шело а, мацалла а хьоьгуьйтуш, масех дийнахь-буса камера чохь батарейх тесна. Висаевн доллу дегI муонех дуьзна ду.

Адвокаташа а, бакъоларъярхоша а дечу тоьшаллашца, тIемалой хиларна бехкебеш жоьпе ийзиначу наха дукха хьолехь кхелашкахь хаам бо, шайга ницкъаша дареш дайтина, олий.