Цхьана шарахь 200 млн сом даьккхина Кадыровн 19 шо долчу йоьIан компанино

Кадырова Табарик

Нохчийчоьнан куьйгалхочун 19 шо долчу йоIа Кадырова Табарика кхоьллинчу "Ирс-Груп" компанино стохкалерачу деклараци тIехь йаздарехь 203 миллионн соьмана мах бина, 196 миллин цIена пайда а хилла цунна. Йиллинчу финансийн чоьтехь хаийтина цунах лаьцна.

2023-чу шеран зазадокху-баттахь схьайиллина йу "Ирс-Групп". Йохка-эцар а, ханна чохь Iен хIусамаш нахе йалар, эцар, латтанан дакъош дохкар – и дерриге а ду компанино лелош.

Пачхьалкхана оьшург оьцучохь а дакъалаца кхиъна "Ирс -груп, махкара МФЦ центре а, пачхьалкхан "Таллархойн бахаман Урхаллига" а, Соьлжа-ГIалин кIоштарчу дешаран декъе а ханна лелон ара-чу ца баккхалун бахам а луш. ХIора контрактан барам бу цхьана миллионна тIера 1,6 миллионе кхаччалц.

Кадырова Табарик мохь дIасакхоьхьу "Соьлжа-ГIалин Такси" организаци йиллинарг а хилира 2022-гIа шо довш.

"Ирс-Груп" компанин уставан 99 процент капитал Кадырован долахь ду. Йохка-эцар а, кхин а 35 тайп-тайпана категореш йу цу компанино лелош - ресторанашна тIера дIайолайелла гIишлошна тIехь урхалла даре кхаччалц.

  • Марсхьокху-баттахь Кадырова Табарикца йоьзначу НКО-на грант кхечира бизнесна гIоьнна кхо миллион гергга сом. Грант кхаьчна коммерцица йоьзна йоцчу "Единство" организаци йиллина Межидова Лаура оцу йукъанна "Ирс групп" йиллинчех лоруш а йу.
  • Украино оханан-беттан хьалхарчу дийнахь керла санкцеш йукъайаьхна. Царна йукъалаьцна цхьаболу Оьрсийчоьнан махкахой а, компанеш а. Цу могIарехь йу Нохчийчоьнан куьйгалхочун йоI Кадырова Табарик а.
  • Чиллан-баттахь "Ахмат" спортан клубан коьртачу директорна, Нохчийчуьра боксан федерацин президентана Висмурадов Рамзанна мидал йелира "Нохчийчоьнан республикина гIуллакхаш дарна". Висмурадов – вице-премьеран Висмурадов Абузайдан кIант а, Кадыровн йоьIан Табарикан хIусамда а ву.
  • Президентан Путин Владимиран омраца национализаци йинчу Danone, "Балтика" компанийн урхалла дан хIоттийра Кавказера бахархой: 32 шо долу Кадыров Рамзанан йишин кIант Закриев Якъуб а, Къилбаседа ХIирийчуьра 70 шо долу бизнесхо Боллоев Таймураз а. Экспертийн жамIашца, оцу кепара Кремлан сацам - муьтIахь йолчу элиташна ресурсаш йекъар ду и.