Оьрсийчохь 2022-чу шеран оханан-баттера 2023-чу шеран оханан-батте кхаччалц цергийн лоьрийн хьаштех мехаш 15 проценте хьаладевлла. Делахь а цхьайолчу регионашкахь, масала, ГIалгIайчохь а, ГIалмакхойчохь а цхьацца позицешкахула мах тIекхетар дикка хаалуш ду, йаздо RTVI гIирсан публикацихь.
Пачхьалкхехь уггар чIогIа кхеманаш дар дазделла хилар къаьстина ГIалгIайчохь – 256%, ГIалмакхойчохь изза мехаш 30 проценте девлла. Цул совнах, цергийн ботт йийриг ГIалмакхойчохь 133% лакхабаьлла мах, ткъа кариесна дарба дийриг 71,5% - рекорде гайтамаш бу уьш.
Оцу йукъанна дуьххьара цергийн лоьрана тIевахча лун мехаш жимма охьадевлла Астраханан кIоштахь а, Къилбаседа ХIирийчохь а – 4% а, 3% а.
Хаамехь билгалдоккху, кхечу пачхьалкхехь йина пломба оьшучохь а, ца лазавен маха тухург а, цергийн импланташ хIитториг а мехаш къаьсттина дистина хилар. Мехаш тIекхетар цергийн лоьраша дузу Оьрсийчоьнна дуьхьал йаьхначу санкцешца а, уьш бахьана долуш логистикин проблемаш хIиттарца а.
- Росстата далийначу зерашца, Оьрсийчохь 2023-чу шеран дечкен-зазадокху а беттанашкахь йуккъера алапа официалехь хилла 52 эзар сом, оцу йукъанна Къилбаседа Кавказан йоллу республикашкахь кхин а шозза лахара ду и – уггар а кегий алапаш хилар къаьстина ГIалгIайчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а.
- Регионашлахь долчу белхазаллин хьолах хIоттийначу рейтингехь тIаьххьара йу ГIалгIайчоь. 2022-чу шеран тIаьхьарчу кварталехь и гайтам бара болх бан йиш йолчу нахалахь 28,4%. Росстатан зерашца, оцу муьрехь йоллу Оьрсийчуьра белхазаллин тIегIа 3,7% йара.
- Оьрсийчохь хьаштонан сурсатийн мехаш деста дуьйлира 2022-чу шарахь, Оьрсийчоь Украине чугIоьртича, динчу хьесапашца. 11,9 процент тIекхеттера – иза 2015-чу шарера схьа лерича рекорде гайтам бу.