Цкъа а ца хилла импери: Кавказехь гуннийн истори а, тIаьхьало а

Гуннаш, Шалоне тIамехь (Франци) гайтаман сурт

ХӀун бахьанаш хилла гуннаш Малхбузехьа шордаларан? Муьлхачу халкъан мотт бу цара гергара лоруш? Билгал мичахь хилла Кавказехь гуннийн паччахьалла? "Хроника Кавказа" подкаст дӀахьош волчу Вачагаев Майрбека дийцаре до Канадерчу азербайджанхойн историкца Джафаров Юсифца.

Джафаров Юсиф

Ширачу заманан а, юккъера бӀешерийн юьхьан а историк ву Джафаров Юсиф. Цуьнан Ӏилманан интересаш йу Кавказехь хилла йолу этнополитикан процессаш, Къилбаседа Кавказан “кхерсташ”(кочевник -ред) къаьмнийн а, Къилбехьара Кавказан пачхьалкханаш а къамнийн хилла юкъаметтиган историца, къаьсттина Аранца (Алвани- ред). Цул совнаха, хӀинцалерчу азербайджанхойн халкъан этногенезан Iилманча Джафаров Юсиф. Иштта а, дуккха а Ӏилманан белхийн автор а, шайна юкъахь гуннийн историн хьокъехь а белхаш долуш.

– Лераме Юсиф-бей, гуннаш муьлш бу? Мичара баьхкина уьш Кавказе а, Европе а?

– Гуннех лаьцна чIога кIеззиг хьостанаш ду. Вайгахь долчарах китайхойн а, европан а, грекийн а, латинийн а хьостанаш ду, иштта археологин, меттан Ӏилманан хаамаш. ХӀетта а, вайн чӀогӀа хьашт ду, "кхерстачу" къамнийн а, гуннийн а истори йовза. Тайп-тайпанчу пачхьалкхашкара, Юккъерачу Азера а, Кавказера, Туркой мохк а Венгрина тӀекхаччалц дуккха а талламхоша лору гуннаш шайн халкъийн дай, вуьшта аьлча, этногенетикан процессийн дакъалацархой.

ХӀунда бу гуннаш? Гуннаш, хьалхарчу юккъера бӀешерашкахь уггаре а гӀарабевллачу тIемлойн къаьмнех цхьаъ хила. Церан гӀараваьллачу баьччас Аттилас, Къилба-Малхбален Европера халкъаш кхерамехь латтийна ца Ӏаш, йаккхий дуьненан цивилизациш а – тӀаьхьара Риман импери а, Византи а кхерамехь латтош йара.

Тамаша бац, массарна а лаар, гуннаш шайн къаьмнийн дай санна ган а, массо а гуннех схьабевла хилла лууш бу. Цу юкъана, шаьш гуннаш оццул дукха а ца хилла, Юккъерачу Азин, Сибрехан, Поволжьен, Кавказан а, Туркойн а, Венгрин маттахь йолчу финно-угорийн тобанан а, массо а туркойнн мотт буьйцучу къаьмнашна дай хила. Амма цхьа хаттар ду: тоъал Ӏилманан тоьшаллаш дуй церан, шайн концепцина а, шайн дайша лелийна шира истори сийлахь йан а? Цхьа лаам тоьаш бац. Тешаме историн материалаш тӀехь лаьтташ йолу чӀогӀа Ӏилманан аргументаш оьшу.

Ткъа, "хунну" йа "сюнну", Китайн хьостанашкахь ма-гайттара, дуьххьара гучуйолу Китайн исторехь, вайн заманал а пхи бIе шо хьалха. Дуккха а бӀешерашкахь хуннана кеста-кеста новкъарло йора Стигланан империн тIелатарш лелош къилбаседан дозанера (Стигланан импери — ма-дарра гочдар ду китайхойн маттера: тянь — стигал, ся — лахахь. — Кхузахь а, кхидӀа а, редакторан тидам). И тIелатарш бахьана, Китайн паччахьан Цинь Ши Хуанан заманахь бина бу гӀарабаьлла Боккха Китайн пен. Оцу юкъанна, вайн заманл а хьалхара бӀешо долалуш, коьрта хуннийн тобанаш эшийра китайхоша а, шира монголийн Сяньби халкъо а (Чоьхьара Монголехь дехаш хилла шира монголийн кхерсташ тукхамаш). Монголера арабаьхна малхбузехьа йолчу Малхбален Казахстанан а, Къилбаседа Сибрехан а аренашка. Хетарехь, цу аренан кӀошташкахь хенан йохалла кхоллало, тӀеман-тайпан тукхаман коьрта дакъа, тӀаьхьо хьостанашкахь "гуннаш" ала долийна.

Гуннийн импери V-гIа бIешарехь

Тахана а къовсамехь йу Къилбаседа-Малхбален Европан аренашкахь уьш гучубевла хан. Цхьацца хьалхара гайтамаш бу ширачу желтойн авторшкара - масала, Дионисий Птолемей вайн эран II бӀешарера - ткъа иштта хьалхара эрмалойн авторшкара III бӀешарера вайн замане кхаччалц. Амма Ӏилманехь юкъара тӀеэцна уггаре а нийса хронологин хаамаш бу тIаьххарлера 60-гӀа -70-гIа шерашкара IV-гIа бӀешаран. Ткъа Европерчу гуннийн хаамийн истори декхарийлахь йу щира антикан-латинан Iилманчана, историкана Марцеллин Аммиана.

ТӀаьхьарчу хенахь гуннех лаьцна девзаш долчух дерриг аьлча санна, уггаре а хьалха, археологин а, меттан Ӏилманан а хаамаш бу. Хьалхарчу меттехь, Къилбаседа Кавказера Венгрин аренга кхаччалц гуннийн дӀабоьхкина меттиган археолаган хаамаш, цара коьртачу декъехь тӀечӀагӀдо хьалха йевзаш хилла атрибутикан материалаш.

ШолгӀачу меттехь лексико-статистически классификаци кӀорггера кхиор а, Уралан-Алтайн шира туркхойн тайпанан меттанашна ретроспективан дустаран таллам бу. Ткъа оцу талламо аьтто бира, чувашхойн мотт кхечу меттанех дӀакъастарца йоьзна йолу пратуркойн мотт бохаран процесс къасто. Дукха хьолахь, чувашхойн мотт а булгарийн меттанийн тобара дакъа санна лору, цу юкъабогIуш бу шаьш гуннаш а.

– ЖамӀ дича, гуннийн дай цхьана кепара билгалбаха йиш йуй? Ма-дарра аьлча, тахана хьан ала йиш йуй, Ӏилманан агӀор хьаьжча, муьлш бу гуннийн тӀаьхье?

– Гуннийн дай "хуннан" къаьмнаш ду, шира шерашкахь, праболгарийн меттан тоба кхоллайлале пратотуркхойн мотт буьйцуш хилла.

Муьлш лара мегар ду гуннийн тӀаьхье? Цу хаттарехь, вай билггал дийца йиш йу чувашийн маттах а, чувашийн къаьмнех а, протобулгарийн меттан а, протобулгарийн къаьмнийн, культурин, кхин йолчу билгалонашца а дӀакхоьхьуш берш санна. Тахана кхин къовсаме дац иза, гуннийн генара тӀаьхье чувашан къам хилар: маттаца а, къамца догIуш.

– Импери кхоьллина гуннаш хила тарлой йоза а доцуш? Аьлча а, гуннаша шаьш дитина йозанан хьостанаш дац?

– Цкъа делахь, ас эр дацара, гуннаша импери кхоьллина аьлла. Импери — чӀогӀа лаьтташ йолу политикан а, пачхьалкхан а кеп йу, бӀешерашца кхуллуш, цхьана бӀешарел сов латта йезаш.

Гуннан импери дукхах дерг - метафора а, литературан кеп а йу, бакъдолчунна цхьа а бух боцуш. Гуннаша, шаьш тIамца кога кIел даьхначу тайп тайпна меттанаш дуьйцу, кхерсташ а кхи долу къамнех, чӀогӀа тӀеман-политикан барт кхоьллира. Амма, цхьа а политикан а, экономикан а кепашца вовшашца зӀе йоцуш. Цундела йоьхна "гуннийн импери", Аттила а, цуьнан кӀентий а дӀакхелхинчул тӀаьхьа, цу сохьта бохург санна,

ШолгӀа делахь, вайна ца хаьа, гуннаша шайн йоза лелийна дуйла, шайца Монголин аренашкара Венгри кхаччалц схьадеана хилар а. Ас бохург уггар хьалха "рунин" йоза олуш дерг ду. Ӏилманан литературехь и къамелан тезис бакъйан гӀертарш дукха хилла, амма иза гена ца дахана, дукха хьолахь лаамаш санна бисина бу.

Амма гуннаша, кхечу къаьмнашца юкъаметтигаш лелош, шира желтойн а, латинахойн а меттанаш а, йоза а лелош хилла. Дунай тӀехь хиллачу гуннийн цхьаьнакхетарехь, Аттила а, цуьнан тIаьхье коьртехь хиллачу хенахь, кхин а дуккха а тайпанаш а, къаьмнаш а хилла цу юккъехь: масала, немцой, готаш, герулаш, гипидаш, шайн германхойн мотт буьйцуш, долматаш, эллирийцаш, фракицаш, геташ, иштта а хила тарло цхьайолу параславянийн тобанаш. Амма цара массара а иштта шайн абат а, йоза а ца лелош, дукхахдерг желтойн мотт лелош хилла.

Цундела, гуннаш йоза-дешар доцуш халкъ хилла, амма цара лелош хилла ширачу заманахь а, антикан хенахь а, юккъера бӀешерийн юьххьехь желтойн а, латинан а абат. ХӀетте а, шеко йоццуш, цу абатах пайда а оьцуш, шайн мотт дӀаязбан а, дӀасабаржо а аьтто хилла церан. Ткъа иза тӀечӀагӀдо хьостанашкахь, масала, Аранера, вуьшта аьлча, Азербайджанера, Къилба Азербайджанера керста динан миссионерийн къинхьегамца, ЙалхолгIа бӀешо юккъе даьлча, Каспийн гуннашна юкъахь гуннийн маттахь йаздина тептар даьккхина, вуьшта аьлча, гуннийн маттахь гочдина Керла а Шира а керстан весет (Новый и Старый завет - ред.).

Амма хууш дац, муьлхачу абатца йаздина хилла и весет гуннийн маттахь. Хила тарло, шемахойн, желтойн йа албанхойн йозанца, вуьшта аьлча, "аранан" йозаца йаздина, хӀунда аьлча, Алванехь а, Аранехь а, пхоьагӀа бӀешо юккъе даьлча дуьйна, шайн албанхойн йоза хилла.

– Лераме Юсуп-бей, вай ладогӀархоша хоьтту гуннашна юкъахь даьхначу - язы тайпанах лаьцна. Кавказца цхьа а уьйр йуй церан?

- ХӀаъ, йу дера. "Ясы", йа "Ос" йа "Асы" – доьалгIа бӀешеран шолгӀачу декъехь гуннаш тӀелатале хьалха а, цул тӀаьхьа а Къилбседа Кавказан аренашкахь даьхначу сармата-аланийн тайпанех цхьаъ ду. Ала дашна, "оси" йа "овси" бохучу этнонимах схьайаьлла йу ХIирийчоь боху цӀе, гуьржаша церах а, церан махках а олуш ма-хиллара: ос бохучу дашах - хӀорш, гуьржаша йоккхучу цIерах алана Осетин- оси - овси а, гуьржийн топоформантехь -уьш. Цу ясох-асох жима дакъа, дукхах долчу хьолехь, гуннийн цханакхетаралла юкъа а йаьккхина, гуннаша Дунай тIе дӀадаьхьна.

Кхин цхьа доккха дакъа "ясов-асов" нах хаабелла, Дунай тӀехь а, Венгрехь а, дуккха а тӀаьхьа, кхойттолгIа бӀешарахь монголаша тӀелатар динчул тIахьа. Мотт йа венгрхойн меттан генаш, "скифан-сарматан-аланийн" меттан тӀаьхье ю. Цкъацкъа цунах олу хӀинцалерачу хIирийн (осетинан-ред.) меттан диалект.

Амма асышна а, ясышна а, церан меттана а санна ассимиляци хилла, цара бицбина шайн мотт вуьрхIитталгIачу бӀешерашкахь, венгрхойн мотт тIе а эцна.

– Асыхой гӀажарийн мотт буьйцуш бацара?

- Нийса ду. Гуннаша, уьш шайх дIатоьхна. Къилбседа Кавказехь хилла "аланин барт" эшийна, аланех цхьа дакъа шайн хӀоттамна юкъа а эцна, цаьрца цхьаьна Дунайна тӀе дӀабахна. Ас юьхьанца дуьйна ма-аллара, гуннаш (хӀетта а, схьагарехь, 20 гергга къаьмнаш хилла) оццул дукха бацара Къилбаседа Кавказера Дунайхула, Ӏаьржа хӀордан йистехула, Сибрехара Дунай кхаччалц, оццул инзаре гена меттигашхула дIабаха. Ткъа цигахь Византин имерина дуьхьало йа а.

– Гуннаш малхбузехьа дӀакхалхаран бахьана хӀун дара? ХӀунда бахана уьш шайн историн даймахкана оццул гена?

Гуннан б1ачан дохар (Казахстан)

– ЧӀогӀа дика хаттар ду. И хIума Ӏилманан литературехь дика теллина ду. Кхерсташ долу къамнаш малхбалера -малхбузехьа дӀакхалхаран бахьанаш, вовшех башха къаьсташ ца хилла, хӀунда аьлча, гуннаш, малхбузехьа дӀакхалхар - исторехь дуьххьара ца хилла. Царна хьалха, изза некъ дӀабаьхьна, хӀиндо-иранхойн орамах болу къамнаш а, изза скифаш а, сарматаш а, массагеташ а, аланаш а.

Царна тӀаьхьа беана тюркойн мур: гуннаш, Малхбузен каганатера туркой, цул тӀаьхьа печенегаш, хазараш, огуз-сельджукаш, кипчакаш, Чингисханан а, Батуханан а монголаш а, тӀаьххьара а Тамерлан а.

Амма башхаллаш хилла. Нагахь санна вай гуннаш бен ца бийцахь, тӀаккха юьхьанца уьш малхбузехьа дӀабахаран бахьана доьзна хилла, кхерсташ къамнийн хуннийн цхьанакхетарлла, китайхоша эшийна Монголин аренашкара дӀабахар.

Ткъа Европехь уьш гучубовлу гуннаш санна, вуьшта аьлча, керла кхерсташ къам санна. Ткъа кхидаIа а церан боламан историно универсалан кеп эцна, дерриге а политикан, экономикан, арахьарчу, чоьхьарчу бахьанашца. ХӀора бахьана шен-шен кхолларан тенденцеш а, эволюци йу, Царех цхьадерш а бахархойн терахь алсамдалар а, арахьара тӀеӀаткъам бар а. Ас сайга хаьттича, билгалла докхур дара оцу къаьмнийн юкъаралийн политикан цхьаьнакхетараллин кхиар, чоьхьарчу политикан тенденцешна цхьацца хьалха дӀахӀоттор хиллехь а, церан дахаран кеп а, экономикан хьашташ а тидаме а оьцуш.

– Гуннийн тӀелатарийн тӀаьхьалонаш йийцича, мел хийцина цара дерриге а шаьш гучубевлла меттигашкахь?

– Гуннийн тӀелатар, халкъаш кхечу меттигашка кхалхорах- цхьа кеп хилла. Вуьшта аьлча, Евразин континентехь тайп-тайпана кхерсташ долу а, доцу а даккхий къаьмнаш кхечу меттигашка болам дӀаболийна исторехь мур ду иза. Юкъараллехь тӀеэцна ду, халкъийн доккха кхалхор, Германин тайпанаш дӀадолийна хилар, къаьсттина готаш, гипидаш, вайн эра шоалгIа бӀешарахь, ткъа Скандинавин къаьмнаш кхалхор - Ӏаьржа хӀордан аренашка кхаччалц.

Ткъа кхузахь, царна дуьхьал Iитттабела гуннийн а, кхи долу а къамнийн тобанаш, къаьстина сарматан-аланийн къамнаш, малхбалера-малхбузехьа кхелхаш. Хьалхо гуннаша генна малхбузехьа аратеттина бара уьш. Ас ма-аллара, гуннаша, цхьана декъехь, шайн тӀеман -политикан ницкъашна юкъатоьхнера и къаьмнаш, шаьш Европехула Византин импери дозанашка болам болийча. Гуннийн болам бахьанехь, Къилбехьара-Малхбален Европан аренашка кхаччалц, этнополитикан процессашкахь боккха хийцамаш хилар, оцу шуьйрачу аренан историн кхиарехь. Иза ду халкъан "доккха кхалхаран" заманан тӀаьхье а, маьӀна а, цуьнан дӀакъаста йиш йоцу дакъа - малхбалера -малхбузехьа гуннийн кхалхар.

– Вайн регионах, Кавказах, Каспий-хӀордана уллорчу гуннийн паччахьаллехь лаьцна дуьйцуш хилча, хӀун ала мегар ду оцу хаттарх лаьцна, эрмалойн географица?

Атилла (Венгри)

– Кавказан гуннийн исторехь вуно доккха а хаттар ду иза. Вайна эрмалойн географера хууш долучулла а дуккха шуьра ду аьлла хета суна Каспий-хӀордана йистехь хиллачу гуннийн пачхьалкхах лаьцна хаттар.

Азин Сармати йийцаре йеш, географин авторо билгалдоккху, оцу меттехь ламанан дукъ хӀордан йисте кхочуш хилар, цигахь лаьтта Дербентан пен а, Черскан гIалан а чехккхволу меттиг а, хӀорда юккъехь йина "Йоккха чӀагӀо" а (Черский проход и Великая твердыня-ред) . Дербентана къилбехьа, хӀордана уллохь йу гуннийн паччахьалла. Кавказан Малхбузехьа уллохь йу, гуннийн гIаланаш Варачан, Чунгарийн а, Месендер а (хетарехь, Семендер бохург хилла), малхбалехьа беха Савираш Атил хина тӀекхаччалц, Азин Сармати Скифех аренашках къастош (изза ду Апахтар я Туркестан). Царех цхьаболчарех Хаган олу, паччахьан зуда Хагана-Хатун. Ма-дарра аьлча, иза хууш дерг ду, нагахь санна, вай эрмалойн географин хаамашна тIетоьвжаш делахь.

Цу юкъана, Дагестанан аренахь гуннийн паччахьалла кхоллайала йолало, Къилбаседа Кавказехь гуннийн-булгарийн цхьанакхетар, гуннаш-анагураш коьртехь а болуш, доьхначу муьрехь. Цара кхоьллина йу, дуьххьара шаьш куьйгалла а деш гун-болгарийн цхьаьнакхетаралла. Оцу процессо дIайолийна Малхбале Кавказехь кхерсташ къаьмнийн цхьанкхетар а, "Сабираш" коьртехь болуш керла тӀеман-политикан барт кхоллар а.

Цу хьокъехь, Сабираш Каспий-хӀорданехьа Дагестане кхалхор хенан коьрта кхо мур къасто йиш йу.

Хьалхарчо дӀалоцу, пхоьалгIа бӀешеран 60-гӀа шераш чекхдовллалц йолу хан. Цу хенахь, хетарехь, "Сабиран пачхьлкх" йара "Кума" а, "Терек" а хишна юккъерачу аренашкахь.

ШолгӀаниг – пхоьалгIа бӀешеран 60-гӀа шераш чекхдовлуш дуьйна йоьалгIа бӀешаран юьххье кхаччалц. Сабиран къам Дербентан а, Даръялан а агIонехь шорло хан цхьанакхетта церан цхьаьнакхетаралла кхуллучу хенаца. Цу муьран аз билгадаьлла тIаьххара доьалгIа декъан пхоьалгIа бӀешерехь Закавказьера хиламашкахь а, Къилбаседа Кавказехь 481—485 шерашкахь Сасанидийн ГӀажарийчоьнна дуьхьала гӀаттам биначу хенахь.

КхоьалгIа, ишта а тIаьххьара мур, сабир шаьш кхоьллинчу цхьаьнакхетараллин коьртехь лаьтташ Кавказан дукъал дехьа а шайн ницкъ баржо гӀертар.

Цундела, тӀехдаккхар хир дац аьлла хета суна гуннан-сабиран тIема-политикан цхьанакхетаралла шайн коьрта Варачан гӀала а йолуш, эрмалойн географехь хьахийна йолу гуннийн паччахьалла йу аьлча.

Кхузахь тӀетоха лаьа суна, цу пачхьалкхах лаьцна дийцарш VII бӀешеран мур дӀа а лоцуш, Каланкатуин Алвани Мусас йаздинчу исторехь ду. VI—VII бӀешерашкахь Къилбаседа Кавказехь хиллачу историн хийцамашкахь дакъа лаьцна ца Ӏаш, Ӏаьрбийн-хазарийн тӀемашкахь мехала дакъа лаьцна гуннийн пачхьалкхо шен Iуналла дIахотто гIерташ Къилбера Кавказехь.

– Коьрта гӀала Варачан йу элира ахь, мичахь йара иза?

– Дагестанерчу Тарки юьртан кӀоштахь. Массо а цу тӀехь барт хиллачух тера дара, Дагестанан археологаш а реза бу оцу хӀуманна. Цундела, хила тарло, цкъачунна ала йиш йу, Варачан цигахь хилла аьлла.

– Малхбузе Европара хьостанашкахь гуннех лаьцна вай дешча, уьш цхьа луьра нах гойту, Европан бахархошна инзаре кхераме хилла уьш?

Гуннан-сарматан кешнаш (Алтай)

– Гой хьуна, европахошна хьлха дуьхьалкхетта бацара цу тайпа тӀеман корматалла а йолуш, малхбалера баьхкина нах. ЦӀеххьана Iаламат йохкха нехан тоба гучайолу, шайн куц-кепца а, тӀом дӀабахьарца а, тӀеман тактикица а, шайн культурица а къаьсташ долуш. Гуннаш монголоидаш хилла. Аьлча а, и хӀума тоьшалла дина дукха хан йу.

Цундела, дуьххьара гуннашна дуьхьалкхеттачу европахошна, и дерриге а чӀогӀа тамашийна хетара. Цхьа керла тайпа адамаш дозанехь гучудаьлла. Оцу сохьта, европхой и нах талла буьйлабелира. Гой хьуна, европахошна керла дара иза, керла адамийн тайпа, цIеххьана, мичара бевлла хууш доцуш. Шаьш хӀорш Iилма долуш византийхой хиллехь дешна желтой, римахой, цу хенахь литература, иштта философи йолуш.

– Римхоша гуннашкара герз тӀеэцна ала мегар дуй?

– Римхойн а хилла сека-Iад герз. Церан леррина цхьа дакъош хилла, кхерстачу къамнийн а санна.

Гуннийн чӀогӀа дика хилла чIу туху герз. Цул сов, тамашийна дерг а, гуннаша шайн чIу буьххье даьӀахках йеш хилла хилар, йаздо Марселин Амина. Цул сов, цу даьӀахкийн чаккхенаш тӀехь Ӏуьрг доккхуш хилла, чIу тоьхча, цо чIогIа ирча шок тухуш хилла, мостагӀий кхерош.

Дуккха а чIунаш детташ, эскарийн гӀашлошна, йа говрахь долу эскаран тIелатарна, инзаре мостагI кхера а веш, иза гуннойн тIеман тактика йара. Амма вуьшта, римхоша гуннашкара кхи хӀумма а схьаэцна аьлла ца хета суна.

Римхойн а, византийхойн а тIеман говзалла кхин йара, кхерстачу къамнийн тактикаца йууьстича, башхалла йолуш.

– Ахь масийттазза хьахийра церан уггаре а гӀараваьллачу куьйгалхойх Аттилах лаьцна; царна юкъахь кхин а иштта гӀарабевлла куьйгалхой хилла ала мегар дуй?

- Дера хилла, цуьнан кӀентий а бара иштта. Цуьнан кӀентий хилла Ирнакъ, Денгизих. Уьш тӀаьхьо тIамехь байъинера.

Уьш кхелхинчул тӀаьхьа, ма-дарра аьлча, гуннийн импери, олуш ма-хиллара, йоьхна. Амма, ас лакхахь ма-аллара, импери ала йиш йу аьлла ца хета суна цунах, хӀунда аьлча, импереш шайн хьалханча веллачул тӀаьхьа йухуш йац.

Подкастехь дийцаре деш долчу хаттарех лаьцна кхин дӀа а хаа луучунна оха хьоьху тхан хьешан йаздина белхаш: Джафаров Юсифан болх. Гуннаш а, Азербайджан а. Баку, Азербайджанан пачхьалкхан зорба "Азернешр", 1993 шо.

Йазло подкасте "Кавказская хроника с Вачагаевым" Кавказ.Реалиин сайтехь, ладогIа Apple Podcasts Spotify - YANDEX MUSICYOUTUBE, ишта кхечу аудиоплатформаш тIехь а.