Цуьнан хатI бахьанехь а, аниме йезаш хиларна а дешархочунна тIаьхьабевлла Нохчийчохь ницкъахой. Пачхьалкхера дIабахна цуьнан доьзал

Соьлжа-ГIалин йуккъехь полисхой. 2022-чу шеран дечкен-бутт

Соьлжа-ГIалара йахархо Юсупова Ева (кхерамзалла Iалашйеш цIе хийцина цуьнан) Оьрсийчуьра дIайахна шен 14 шо долчу йоIана Алинина полисхойн бIаьрг тIехIоьттича. ЙоьIан телефон чохь карийнера аниме-суьрташ, цуьнан хатI бахьана долуш кочабахнера цунна, тIаьхьо гучудаьлла цуьнан йоIаца уьйр хилар а.

Стохкалера шо довш Евин йоьIан школехь дов даьлча, цуьнан телефон чу хьоьвсинера, ши стаг маракхетта аниме-сурт карийнера цу чохь, хаамбина "СК SOS" кризисан тобано. Оцу тIехула моллас йуьхьйаьккхира Евигара – иштта цо бехк биллира дешархочун йоца месаш а, пирсинг а хиларна. Цул тIаьхьа Алинин телефон сих-сиха толлура школехь, 2023-чу шеран йуьххьехь меттигерчу телеграм-каналашкахь хьийзайора иза "атеизмана" а, Iедална реза ца хиларна а, цуьнан хатI а бахьанехь

Доьзалца йуха а цхьаьнакхийтира молла, цул тIаьхьа Ева а, цуьнан йоI а тIекхайкхира кхиазхойн гIуллакхашкахула йолчу МВД-н цхьахйолчу декъе. Алина ша цхьана кабинет чу йигира, бакъоларйархоша бахарехь, мила йу аша суна йалийнарг аьлла, белхахочо хаьттича, цуьнан белхан накъоста: "Керла нускал" ду аьллера.

Евас бахарехь, полисхоша хеттарш дира цуьнга йоьIан хотIаца доьзна а, доьзалерчу хьолах лаьцна а. И шиъ цIа йахийтира, амма оцу дийннехь вевзаш воцчу цхьана стага тIедожийра Евина, петар дIа а йохкий, ша IадIарна шена 300 эзар сом ахча ло аьлла. Алина йоIаца доттагIалла лелош хилар шена гучудаьлла аьллера цо.

ШолгIачу дийнахь нене меттигерчу полисхочо хаийтинера, Алиница ницкъахойн интерес хиларх – оцу дийннахь Нохчийчуьра дIайахара иза, тIаьхьо Оьрсийчуьра а.

  • Москвахь Арсамиков Идрис лачкъорна бехктакхаман гIуллакх доло дуьхьало йира Нохчийчуьра талламийн комитетан урхалло. Иза Домодедово аэропортехь дIа а лаьцна, республике дIавигна ву - цул тIаьхьа цунах хилларг хууш дац.
  • Гомофобица а, трансфобица а, биофобица а къийсам латточу Дуьненайукъарчу дийнахь Кавказ.Реалиин реадкцино къамел дира ЛГБТ-н Кавказана мехкашкара кхаа декъашхочунна. Царех шиъ Оьрсийчуьра дIайаханера шайна тIаьхьабовларна. Цара дийцира, пачхьалкхехь шайн бакъо кхийса таро шайна стенна ца го а, ориентацин билгалонца нах муха бойу а. Церан кхерамзалла Iалашйеш турпалхойн цIераш хийцина.
  • 2020-чу шарахь НВО каналехь документалан кино арахийцира "Марша догIийла Нохчийчу" (Welcome to Chechnya) цIе йолуш америкахойн журналисто Франс Дэвида йаьккхина. Нохчийчохь ЛГБТ-нахана тIаьхьабовларх а, гейш а, лесбиянкаш а кIелхьарабохуш оьрсийн жигархоша Кавказан дозанаш тIехь бечу балхах а.