ЭрдохIанна реза бац феминисташ олу зударий

ЭрдохIан Реджеп

Кху деношкахь Iамерка дуьххьара Колумбана а ца карйеш, бусулбачарна карийна аьлла волу туркойн президент Эрдоган Ражип хIинца а кхин цкъа а юхьаралаьцна хаамийн гIирсаша.

Ши кIира хьалха дара Туркойн махкан президента Эрдогана Iамеркан континент дуьххьара карийнарг, массарна а ма-моттара Колумб вац, бусулба нах бу аьлча. Анатолехь керла дешаран тушпхьа схьайоьллуш ша вистхуьлуш цуо билгалдаьккхира, Колумб Iамерка кхачале хьалха цигахь бусулба нах хиларан тоьшалла ду, Колумба шен йозанашкахь шена Куба гIайренна тIехь маьждиг гира аьлла яздина хилар аьлла.

Хууш ма-хиллара, официала Iамерка 1492-чу шарахь Испанерчу хIурданекъахочунна Колумб Христофора, ша нохчийн кицанехь олуш ма-хиллар, Шара ваха а ца кхуьуш Шикъара вахар бахьана долуш карийна ю. Шен дагахь Инде воьду аьлла новкъаваьлла волу иза тил а велла, Iамерке кхаьчнера.

Амма дуккхаъ Iилманчаш бу дуьненчохь, и официала верси къобал ца еш. Иштта, масала, дуккхаъ тоьшаллаш ду, Колумбал а хьалха Скандинавера викингаш Iамеркехь хилла хилар гойтуш долу. Цундела, цецвала хIуммаъ дац аьлла хета, шайн хIурданекъаш дарца бевзаш хиллачу хьалхалерчу бусулбачийн лараш цу меттехь карийча а. Амма Эрдоган бег ваккха бахьана лоьхучарна цуьнан цу дешнех лоьхуш карийна кхача хилла аьлла хета.

Бакъду, туркойн президент ша а вац башха шех кхаьрдачарна дийцар ца доккхуш Iен хууш. Иштта кху деношкахь цуо кхин цхьа а дIахьедар дира, дуьненан хаамийн гIирсаш ира-кара хIоттош долу. „Зударий, божарий цхьаьна тIегIанна тIех хуьлийла а дац, - элира цуо Стамбулехь зударийн бакъонашна леринчу саммитехь вистхуьлуш. - Вайн дино зудчуьн меттиг билгалйаьккхина ю – наной хиларехь ю иза“, - аьлла.

„Цхьаболу нах ца кхета цунах, масала, феминисташ. ХIунда аьлча, нанолла сийлахьа хилар цара тIе ца оьцу. Ас сайн ненан когах барташ дохура, хIунда аьлча церан хьожа – иза Елсаманин хьожа ю. Ткъа цунна эхь хетар ас иза дича, наггахь елах а озалора иза“, - иштта буьйцура Туркойн президента шен дагалецамаш.

Феминисташ а, бусулба динца доьзна долу массо а хIума емал дан кийча Iаш болу аьтто хьежамаш берш а, ткъа иштта «охьатаIийна йолу бусулба зуда маьрша яккха» сатуьйсуш болу Малхбузера либералаш а ца хьехош, Эрдогана дешнаш шаьш тидаме эцча, цигахь, кхин хIара аьлла тамашийна хIумма а ца карадо.

Боккъал а Дала зуда а, боьрша стаг а цхьатерра ца кхоьллина, иза хьераваьлла воцчунна иштта а кхеташ ду. Кхеташ ду иштта, Iаламан бахьанашца цхьаццадолу божарийн ларалуш долу белхаш зударшка ца далуш хилар а. Нагахь санна и зуда нохчийн зуда яцахь-м тешна а.

ХIетте а, тамашийна ду, муьлхачу а бусулба регионехь, вуон а, дика а бусулба динна векалалла деш болу нах Iедале кхачахь, кхин цу махкахь я доллучу дуьненчохь гIайгIа а, бала а боцуш санна, и нах уггаре а хьалха гендерийн хеттарш дийца а, зударийн меттиг царна дIагайта гIертар а. Кхин цхьа а тодан дезаш хIума дац теша Туркойн махкахь цкъа хьалха, аьлла хетало.

Масала, хIара карара 2014-гIа доладелча дуьйна схьа оццу туркойн махкахь доьзалшкахь шайн хIусамдайша 200 сов зуда йийна боху меттигерчу адамийн бакъонашларйархоша. Дуьне мел долу и тайпа терахь мел доккха ду бохург дуьйцийла а дац. Бусулба динехь сел дера дихкина долу и тайпа зуламаш дийцаре дарна метта, амма, Эрдоганан урхаллерчу вице-премьеро Аринч Бюлента хьастагIа кхайкхам бира туркойн зударшка, юкъараллехь хезаш дела ма делахьара шу аьлла. Бахьана — цу «имансизаша» сел суьпа йолу меттигера юкъаралла иманах йохоран кхерам кхоллар ду.

Зударий чохь Iе беза, бераш кхиорий, кхача кечбарий бен кхин хIуммаъ ца деш, - иза ду бусулба дино хьоьхург бохуш верг бусулба дин харцахьа доккхуш ву бохуш чIагIдо Австрин бусулбачийн коьртачу Кхеташонан куьйгалхой цхьаъ йолчу Багажати Амина Карлас. И къамел деш волчуо цкъа хьалха шен динан истори Iамо еза, боху цуо, тIаккха цунна гур ду дуьненчохь уггаре а цIеяххана болчу бусулба Iелимнахана хьоьхуш хиллачарна юккъехь зударий хиллийла. Ткъа Пайхамаран, Делера салам-маршалла хуьйла цунна, зударий юкъараллин дахарехь мел жигара дакъа лоцуш хилла бохург-м иштта-вуьштта а массарна а хууш ду.

Багажати Амина Карла: «Вайга бусулба зуда чохь Iе еза, нана а хилла, чуьра гIуллакх деш бохуш верг муьлха а цкъа хьалха Умматан Наношка хьажа веза, уьш муха хилла-теша аьлла. Со цецйуьйлу, масала, Хадижатех, шен хIусамдена Пайхмарна, Делера салам-маршалла хуьйла цунна, оццул гIортор хилла йолчу. Цу зудчо оццул цуьнгахьа гIо ца лаьцнехь, мел халоха хилла хир дара цунна шен пайхамаралла цу кепара дIакхехьа!

Даима бусулба боцучаьрга а дуьйцу ас, Хадижат шен майрчул дуккхаъ йоккхах хилар, цуо ша цуьнга ша маре юьгур ярий ахь аьлла хабар дахьийтина хилар, ткъа Пайхамар цкъа хьалха, иза хьаькам а йолуш, цуьнан белхахо хилла хилар.

Иштта Умм-Саламах цецйуьйлу со. Худайбияхь барт бечу хенахь, дагадогIий шуна, Пайхамар къурайшин цIийнах болчара Макка хьажийн цIа ца вохийташ сацийча? ХIетахь Пайхамар вуно холчу хIоьттинчу хенахь, цунна хазнесанна хьекъале хьехар динарг Умм-Салама яра, кху шарахь хьажа цIа бахар хир доцийла цхьа дийнат дерца гайта нахана аьлла. Дукха чIогIа беркате политикан тIаьхьалонаш а хилира цу хьехаран. Пайхамаро иза тIе а ийцира. Иза а хета суна вуно исбаьхьа — зудчо делла долу политикан хьехар Пайхамаро тIеэцар!»

Туркойн президенто зудчун меттигах лаьцна дина дIахьедар, кхеташ ма-хиллара, доллучу дуьненчохь а либерала хьежамаш болчара гIадбахарца юхьаралаьцна. Кхин цкъа а марсайолуш ю социалан машанашкахь а, юкъараллехь а дискусси, хила йиш юй бусулба динехь зудчуьн божаршца цхьатерра бакъонаш, я и дин зударшна гIело яран дин ду бохуш йолу.

Австрерчу бусулбачийн Кхеташонан векал йолчу Багажати Карла Аминас дуьйцу, и тайпа дийцарш, къаьстина уьш, даима а санна, Европерчу консервативан политикийн гуонаша марсайохуш хилча, хазнесанна эхь ца хетарца а, харцдерг дийцарца а, шалхонашца а кхелина хуьлу.

Багажати Амина Карла: «Цу тIехьа лаьтташ ерг дукхахьолахь масала доцу шалхалла хуьлу. ХIунда аьлча къаьстина и бусулбанаш критике беш берш, - Европерчу аьтточийн векалш, - уьш шаьш ма бу шайн зударех болу кхетам модернан зама тIекхачале ма-хиллара болуш: чохь а Iаш, зуда бераш кхиош хила еза, балха а ца йоьдуш аьлла хеташ. Цундела сан дог кхаьрда, масала, оцу аьтточу ницкъийн спектрерчу наха шаьш зударийн бакъонашна сагатдеш болчуха кеп лелийча.

Эмансипаци хьакха а ца елла цара лелочу политиках. Масала, Австрехь зударий, божарийн цхьатерра шансаш хилар схьаэцча. Кхузахь зударша божарша санна болх бича царна божаршна чул дуккхаъ кIезгох ахча ло».

Бусулбанаш бехачу меттигашкахь динца гергарло долу ницкъаш Iедале кхаьчча, халахеташ делахь а, Iадат а хилла дIахIоьттина, цара уггаре а хьалха бакъйолу пачхьалкхана а, юкъараллийна а Iаьткъина йолу проблемаш дIаяхарехь къагерна метта «атта дерг атта ма дуй» бохучу хьесапехь зударийн хаттар айдеш хилар.

Иштта дара ша йозуш йоцуш бусулба пачхьалкхе кхайкхинчу Нохчийчохь, иштта дара ОвхIанехь тIалибаш Iедалехь болчу хенахь цигахь а. Иштта дара Мисрехь «Бусулба вежарий» цIе йолу парти Iедале еъча. Ткъа хенан йохалла цу кепарчу бусулба дин сийсаз дарх хуьлуш дерг гойту цу Iедалашца хиллачуо.