Ичкерин Iедалан цIарах Туркойчохь хилла волу векал Онлу Медет вийра Хонкарахь стохка Стигалкъекъа-беттан 22-чу дийнахь. Полицин хьостанаша хаам бира, иза шина стага вийна, царех цхьаъ уьш тΙехь баьхкина машен лелош хилла, шолгΙачо, Онлуна цуьнан белхан меттигехь, офис чохь тапча йиттина, аьлла.
Онлу Медет вийна аьлла хезча Маршо Радион корреспонденто Чабаев Лемас боцца таллам бира хилларг къастош. Иштта бара цуьнан чулацам.
Чабаев Лема: "Хиллачу бохамах лаьцна иштта дийцира телефонехула Онлу Медетан доттагΙ волчу ХΙонкарарчу ЧΙанга Джамила.
ЧΙанга: " Шен ламаз дан кечлуш хилла Медет. Баьхкинчара ара а вехна тапча йиттина вийна. Дала цунна гечдойла. Сан доттагI ма вара иза. ЧIогIа дика стаг а вара. Полици лохуш ю и вийнарш. Хетарехь, цунна карор а бу. Гергарчарна а, массарна а хета, телевизионаша а боху, иза Кадыровн ницкъаша вийна хила тарло".
Уьстмаларчу Маршо Радион корреспондента Исаев Сосламбека а довзийтира шена хаа аьтто баьлларг.
Исаев: "Вийна шимма, цхьаъ машен лелош хилла, шолгIаниг и вен неIаре вахана. Ламаз дан кечлуш вийна тапча йиттина. Массара а дуьйцург ду иза Оьрсийчуьрчу ницкъаша вийна бохург. Массо а нохчийн гIуллакхе хьожуш ма вара иза. Дукха нохчий хIаллакбина кху тIаьххьарчу хенахь.Деношкахь лазийна цхьаъ ву хIинца а дарбан цIийнехь".
Онлу Медетан 63 шо дара. Цуьнан дай, шайн Даймохк а битина I9-чу бIешарехь кхаьчнера Туркойчу.
Кху деношахь Онду Медетан хIусамнанас дIахьедар дина шен хIусамдена герз диттина иза MIT олучу Къоман Талламан организацин а, Къоман полицин Талламан декъан а белахойн тергонехь а волуш аьлла.
Цу хьокъехь Онлу Лайлаъа латкъам бина Хонкъаран прокуратуре. Мухха а делахь а, Iедалан кхерамазаллин сервисаш жоьпаллехь ю аьлла хета шена хиллачунна элира цо Маршо Радионна ша еллачу интервьюхь.
Онлу Лайлаъ: «Царна хаар олийла дац. Делахь а цо хIун болх бо а, массо а (хIума) хууш ма ду царна. Олуш ду цара, вайна карор бу олий. Хоьжуш бу, лохуш бу олий, гуттар а цара олуш-м ду, делахь а карийна стаг-м вац».
Онлу Медетан накъосташа гIо а деш дIабаьхьна иза вийна зуламхой къастош болуш болх. Цуьнах лаьцна иштта дийцира Онлу Лайлаъа.
Онлу Лайлаъ: «Цунна тIаьхьалелан цуьнан шен накъостий а, нах а ма-бу. Болуш бу. Цара дика болх бина а бу. Делахь а, хIара доккха гIуллакх долуш дела хала а ду».
Туркойн хаамийн гIирсаш дийцарехь, Туркойчоьнан полицина хиина Медетана кхузза тайпча тоьхнарг нохчийн орамаш долу Кемал Руслан хилар. И стаг лоьхуш ву полицино. Амма Онлу вийна цхьа шо сов хан яьллехь а и зуламхо схьалаца аьтто ца баьлла.
Гарехь, иза махках а ваьлла дIалечкъинчух тера ду аьлла хета Туркойчохь бехачу вайнахана. ХIунда аьлча и стаг лохуш юкъаозийна бу туркойн талламан сервисан тоьлла ницкъаш, ткъа Ичкерин консул юкъаметтигаш лелийна вара Туркойчоьнан премьер-министрца ЭрдохIан Реджепаца.
Туркойчохь зорбане долучу Hurriyet Daily News газето яздарехь, Онлу Лайлаъа прокуратуре яздинчу кехат тIехь дуьйцуш ду, шен хIусамда вийна иза нохчийн кегийрахой Шема тIаме бахарна дуьхьал хиларна бохуш.
ОнлугIеран адвокато Доган Эрдала дийцарехь, церан доьзало дехар дина прокуратуре Медет верна куьгбехке болу нах сихха схьалийца аьлла. Онлу Медет вуьйчу дийнахь камераш яьккхинчу видео тIехь гуш ву ши стаг. Царах цхьаъ ву Оьрсийчура Езбулатов Ризван.
Важа ву EG аьлла элпашца билгалваьккхина волу Туркойчоьнан махкахо. Цул сов, Онлу Лайлаъа дехар дина прокуратуре, туркойн талламан сервисийн белхахоша шайн белхан декхарш кхочуш деш ледарло гайтина хилар а талла аьлла.
Онлу Лайлаъа дийцарехь, Медет Нохчийчоь маьрша хиларан агIонча вара. Иза шуьйра вевзаш вара Туркойчохь а, махкал арахьа а. И бахьана долуш цунах тешар адам, цунна тIе а гIертара нохчех доглозуш болу нах. Махках бевлла дхар доьхна лелачу нохчашна накъосталла дарна 2005-чу шарахь Ичкерин президенто Туркойчохь волу Нохчийчоьнан лараме консул аьлла дарж деллера цунна.
Цо цкъа а ца лелийнера низамца доцу, я эхье долу, я товш доцу хIуманаш. Цо цIена кхочуш дора шен бусулба стеган а, Туркойчоьанан махкахочуьнан а декхарш аьлла ду, Онлу Лайлаъа прокуратуре хьажийначу кехатан тIехь.
Цо дийцарехь, Онлун доьзал даиман а бара туркойн кхерамазаллин сервисийн Iуналлехь. Цундела иза эхь ду цаьрга зуламхо лаца ца ло бохург, шаьш кхеташ хIума дац иза боху Онлу Лайлаъа.