Нохчийчоь тIеман кIуьрлахь
Нохчийн гIаттамхо божийначу Ленинан хIолламна гергахь чIерий лоьцуш ву Соьлж-ГIалахь, 1991 шо.
Оьрсийн эскарш Соьлж-ГIалина гергахь. Маршо яьккхина нохчийн къам кхерийна юхадаккха дагахь яра Москох, амма дуьхьал хIиттира гIаттамхой. ТIом болалуш, 11ГIу1994.
Нохчийн къано шен лаамехь ваьлла маршонан гIароле. Соьлж-ГIала. Федералан эскаршна нийсса дуьхьал а буьйлуш, тIом бора могIарчу бахархоша.
1995 шо, Дечкен-беттан 10-гIа де. Соьлж-ГIаличу гIоьртинчу 120 танканах 105 йохийра нохчийн гIаттамхоша.
Нохчийн тIемалой урамашкарчу тийсадаларшкахь.
1995 шо Дечкен-беттан 1-ра де, бохийначу оьрсийн тIеман гIирсе, байинчу салташка хьоьжу бахархой.
Шен цIенна гергахь байина нах го йоккхачу стагна. ГIала йоккхуш Iаламат дукха бомбанаш йиттира оьрсийн кеманаша. Яккхийн тоьпийн эзарнаш хIоьънаш диттира Соьлж-ГIалина тIе.
Оьрсийн артиллерино латточу кхерамах ца къаьхкаш, шен цIенна хьалха лаьтта йоккха стаг. Дукхахболчу нохчийн аьтто бара ярташкахь тIамах лачкъа, амма Соьлж-ГIаларчу оьрсийн яцара и таро.
Денна бомбанаш етта Соьлж-ГIала жоьжагIатан куьцехь ю.
Масех кIиранах бомбанаш йиттинчу Соьлж-ГIалара гIаттамхой лаьмнашка хьалабевлира. Цара йитинчу гIала даьржина оьрсийн эскарш. 6Чил1995.
1995 шо, охан-беттан 1-ра де. Соьлж-ГIалахь Ленинан портретна гергахь оьрсийн салтий.
1996 шо, Стигалкъекъа - бутт. Нохчийн тIемалой лаьмнашка хьалабевлча, ярташкахь къизалла гайтира оьрсийн эскарша.
Юьртан тергоеш лаьтта оьрсийн танк.
ТIом мел марсабаьлла хиларх а, ламазаш ца дуьтура нохчийн тIемалоша.
1995 шо Мангал-беттан 14-гIа де. Оьрсийчоьне тIом сацабайта Буденновске кхаьчна, цигахь берийн цIа дIалецира нохчийн тIемалоша, закъалтехь вара 1800 стаг.
Вовзанза висинарг ву Буденновскехь берийн цIа дIалаьцначу нохчийн тIемалошца бертан дийцаршка воьдуш. ТIемалойн лаамна "цкъа а гина йоцу къизалла, цинизм" цIе тиллира президенто Ельцин Бориса.
Чуьра 150 стаг а вуьйш, Буденновскерчу бераш дечу цIенна тIе хIоьънаш диттира танканаша.
Нохчийчоьнан бахархой Соьлж-ГIалахь. Европана Дуьненан ШолгIа тIом бирзичхьана схьа гина йоцу гIалин херцарш.
1996 шо, Мархьокху-беттан 30 де, Хасу-Юьрт. Машаран кехат тIечIагIдеш ву нохчийн эскарийн баьчча Масхадов Аслан а, Кремлан векал Лебедь Александр а.
1997 шо, маршаяьллачу Соьлж-ГIалахула воьду вахархо. 2001-чу шаре кхаччалц статус къастоза йитира Нохчийчоь Хасу-Юьртахь бинчу берто. Амма бартбина ши шо даьлча бахьана а карийна, тIелетира Оьрсийчоь. Оцу тIамна "ШолгIа тIом" цIе тиллира. Иза болийнарг вара рогIера президент - Путин Владимир.