Даханчу шоьтан дийнахь вер-ваккхар хилла Кисловодск-гIалахь. Дийцарехь, летта кавказхой а, урамашкахь ха деш лела гIалгIазакхий а. Цхьа эрмало а, гуьржи а вийна, кхарачо вуочу хьолехь дарбан-цIийнахь ву. Тешаша чIагIдарехь, гIалгIазакхаша чов ечу герзаца а, уьрсаца а вийна и шиъ. Оьрсийн хаамийн гIирсаш цхьабосса гIалгIазкахашкахьа гIо даккха долийна, арсаш хьекхар церан амалехь дац, церан духар доьхна кхин нах хилла цигахь, бохуш.
Шоьтан сарахь Кисловодскана юккъехь дов иккхина хилла кавказхошний, гIалгIазакхашний юкъахь. И сурт гинчу, йохка-эцаран базарахь лаьтташ хиллачу наха дийцина тIееfнчу полицега, жима ши стаг лата волавелча, цуьнан тIаьхье ишта ирча хир ю ца моттара шайна, бохуш. Миноташкахь дов гена а даьлла, урс-тапчий даьккхина, вовшех летта ши тоба. Шингехь а арсаш хилла. Оцу латаран жамI ду вийна волу 19 шо хилла эрмало а, 25 шо долу гуьржи а. Кхин а цхьаъ, 25 шо долу жимастаг дарбан цIийнахь ву, реанимацехь. Цуьнан хьал чIогIа ледара ду боху. Тешийн хьесапехь, Сихаллин гIоьнан машен схьакхачале ши жимастаг лаьттахь Iуьллучехь дIавелира. Царах цхьанненна логах урс хьаькхнера.
Тешаша кхайкхина полици тIекхоччушехь, чевнаш йина накъостий охьа а тесна, леташ хилларш бевдира, бохуш дуьйцу. Ша верриг а леташ хилларг пхийттех стаг хилла. Царах цхьа дакъа камуфляж йолу барзакъ доьхна хилла, шаьш гIалгIазакхий ду, боху йоза тIехь а долуш.
И Iотта-баккхам ма иккхинехь, оьрсийн хаамийн гIирсашкахь дийца долийра, гIалгIазакхий ца хилла леттарш, церан метта питана даржон арабевлла нах хилла, аьлла. Цунна бахьанаш далош, церан амалехь дац, бохуш дуьйцу цара, логах арсаш хьекхар. Кхузахь ала догIу, охьадиллина ши дакъа кавказхойн а доцуш, гIалгIазакхий хиллехь, кавказхойн цхьа а аьтто хир бацара, оьрсийн хаамийн гIирсашкахь бехказабийла.
Пятигорскечу журналиста Сароян Эдгара бахарехь, цкъачунна йолчу версица, къаьмнашна юкъахь питана таса леррина долийна хIума ду иза.
Сароян Эдгар: Кисловодсках лаьцна аьлчи, цигахь гIалгIазакхийн цхьа онда позици ю эр дацара аса - ара а бевлла, уьстагIашна санна, тIех мел волучунна арсаш хьекха йиш йолуш бац уьш. Дуьйцуш-м ду кхузахь, "цхьа нах бара тIе доьхна "гIалгIазакхий" аьлла йоза тIехь долу барзакъ долуш. Питана ду боху иза, «къаьмнашна юкъахь дов далийта лелош. ГIалгIазакхашца цхьа а уьйр йолуш нах ца хила тарло уьш,» боху.
Маршо радио: Курорте оьхучу нахах ехачу Кисловодскехьа дац, уггар а дукха адам тIетатталучу хенахь, цу кепара ирча дов даржийтар. ГIалин Iедалша сихонца массо а къаьмнийн хьалханчаш вовшах а тоьхна, профилактикан маьIна долуш, къамелаш дина.
Сароян Эдгар: Питана ца даржийта масо а къаьмнийн хьалханчаш вовшахтоьхна. Царца къамелаш дина боху, тIаьхьалонна хьал чолхе ца далийта. Официала кхийдочу информацино бахарехь, бехк хиларна шеко йолуш 3 стаг лаьцна. Кхин сов даьккхина цхьа дош ца олу, уьш муьлаш бу, муьлхачу къомаха бу, зуламхойн тобанера бу-бац, аьлла. Дош дашера а даьлла хилла буй-тIарий дара боху иза. Дош дашера даьлча урс доккхий ма ца лета, дош ма дац иза.
Маршо радио: Кхечу цхьана а къаьмнийн тобанашна ца магош долу, гIалгIазакхийн тобанашна бакъо елла оьрсийн Iедалша шайн герзийн тобанаш кхолла, бюджетера ахча а латтош. Гуттар а церан хьашташ хьалхадаьхна лелаш ву, Къилбаседа Федералан Гонан куьйгалхо Хлопонин Александр а. Цундела буйла а хаац оьрсийн хаамийн гIирсаш, хIун ду мила ду а къастадале, уьш Кисловодскерчу цу зуламехь бехке хиларан чIогIа кIезга бахьанаш ду бохуш, цхьабосса дIахIиттина.
Интернетехь гIалгIазакхий бехказа бохучу артиклшна бухахь язъечу комментареша а гойту, оьрсийн хаамийн гIирсаша дIакхоьхьучу шалха политиках нах дика кхетий.
Оццу хенахь, Кисловодскера дов гена дериг хиларан бахьана ца го шена элира, Маршо радиоца къамел динчу журналисто Сароян Эдгара.
Сароян Эдгар: Бакъдерг дийцича, кхана ара а бевлла, "Iаьржачарна я кхечу нахана" арсаш хьекха долор ду аьлла, кхерам бац. Дош дашера а даьлла, цхьа пайда боцчу хIуманна тIера доладелла хила а тарло иза. Делахь а, цIеххьаша иза хилла хиларна, сиха гена даьлла гIуллакх. ТIех кегий бу, хьекъалш дац. Цхьаьнгахь урс хилла, вукхуьнгахь тапча хилла... Вуьшта, урамашкахь волавелча, ха деш, соьгара кехаташ талла йиш йолу гIалгIазакхийн тобанаш суна ца гина. Низамца иза мел догIуш ду а-м ца хаьа суна. Кхеташ ду, полицино уьш толлий. Амма беккъа гIалгIазакхий цкъа а ца гина суна кехаташ толлуш лелаш.
Талламо а, полицино а билгалдаккхарца, Кисловодскехь хиллачу латарехь царна я динца, я къаьмнашка болчу цабезамца а доьзна бахьана ца го.