ТӀаьххьарчу кхаа шарахь мехаш хьаладовларца шолгӀа меттигехь йу ГӀалгӀайчоь

ГIалгIайчоь. Гайтаман сурт

2021-чу шарахь дуьйна ГӀалгӀайчохь 27% хьалабаьлла сурсатийн мах - иза махкахь шолгӀа меттиг йу Алтайл тӀаьхьа. Росстатан тӀаьххьарчу хаамашца Къилбаседа Кавказерчу кхи йолу республикашкахь а хилла Оьрсийчоьнан йуккъерчу барамел а лакхара мехаш.

Кавказ.Реалиин редакцино буьстина нахана уггаре а дуккха хьашт йолу хIуманийн мехаш- оцу гайтамна юкъабогӀу кхачанан а, духаран а 83 хӀуманан мехаш, ткъа иштта коммуналан а, цӀийнан а сервисийн а, молханийн а, цӀийнан гӀирсийн а мехаш - тӀом балале 2021-чу шеран гезгамашин а, кху шеран гезгамашин-беттанашкахь а.

Мехаш уггаре а алсам хьаладевлла Алтайн махкахь йолчу регионашна йукъахь (28%), шолгӀачу меттехь йу 27,6% хьалайаларца ГӀалгӀайчоь — кхаа шарахь кхузахь мах хьалабаьлла 2018 шарера дуьйна. 14 - 20 эзар сом стагана баттахь .

Пачхьалкхан йуккъерчу барамел лакхара (20%) мах хьалабаккхар билгалдаьккхина нахана уггаре а хьашт сурсатийн комплектана, сервисийн мехаш иштта Краснодаран махкахь (23%, 18 эзар сом тӀера 23 эзар сом кхаччалц), Ростовн кӀоштахь (22% гергга, 17 эзар сом 2021-чу шеран гезгамашин-баттахь а, кху шарахь 22 эзар), ГӀебарта-Балкхаройчоь (21%, 16-21 эзар сом), Кхарачойн-Чергазийчоь (21%, 16-20 эзар), Къилбаседа ХӀирийчоь (22%, 15-20 эзар ), Ставрополан кIошт (22% гергга, 17-22 эзар сом кхаччалц).

Юккъерчу барамехь йерриг а пачхьалкхехь 2024-чу шеран гезмашан-баттахь сурсатийн а, сервисийн а мах бу 22,9 эзар сом.

Аналитикаша а, шаьш оьрсаша а билгалдаьккхира Украинехь тӀом болчу боллу муьрехь нахана уггаре хьашт йолу сурсатан а сервисийн а мехаш чIогIа хьалабахар, ткъа тӀеман харжаш алсамйаларо инфляци сихйира.

  • Товбеца-баттахь Оьрсийчуьрчу йаккхийчу гӀаланашкахь лучу алапан барамца хIоттийначу рейтингехь Элиста гIалано тӀаьххьарлера меттиг дӀалаьцна, индустри тидаме эцча – уггаре а дукха ахча доккху цигахь пачхьалкхан белхахоша. Иштта тӀаьххьарчу меттехь йара Майкоп а, БуьрийтIе а, Черкесск а, Соьлжа-ГIала а, Магас а, цигахь лакхара алапаш оьцурш а бу даржхой.
  • 2023-чу шарахь белхан алапийн тIегIанехула хIоттийначу рейтингехь ГIалгIайчоь, Кхарачой-Чергазийчоь, Къилбаседа ХIирийчоь, ГIалмакхойчоь тIаьххьарчу могIаршкахь нисйелла. Кузахь къаьсттина дукха бу 20 сов эзар сом ца кхоччуш алапа баттахь оьцурш.
  • 2024-чу шеран хьалхарчу эхашарахь йаккхийрий гIаланашкахь лучу белхан алапийн рейтингехь Нальчик тIаьххьарлерчу меттигехь нисйелла. Ишта тIаьххьара могIарерчу иттанна йуккъе йахна Соьлжа-ГIала а, Черкесск а, Майкоп а аьлла билгалдаьккхина ду пачхьалкхан РИА "Рейтинган" аналитикехь.