Нохчийчуьра схьаваьллачу ийначу кепехь латарийн спортхочо Чимаев Хамзата зорбане йаьккхина шеконечу криптовалютан реклама, цуьнан тобано бакъ ца до латархочо оцу бозбуанчалин схемашкахь дакъалацар.
Спортхочо йовзитйина шен Smash криптовалюта шен агIоне йазбеллачарна- Чимаевс реклама йинчул тIаьхьа цуьнан мах хьалабаьлла 1,35 долларшка, ткъа 24 сахьт далале 90% сов охьабаьлла. И бахьана долуш миллион гергга ахча даьккхина и схема вовшахтоьхначара, йаздо Sport24 телеканало. И бахьана долуш фанаташа бехке вина латархо криптобозбуунчаллаш лелорна, яздо LowKick MMA портало. Дукха хан ялале Чимаевс дӀаяьккхира и реклама тӀехь йолу видео.
Латархочунна гонах хиллачу скандална комментари йина цуьнан куьйгалхочо Мехди Шаммас. Цо дӀахьедира, шена цхьа "нах тӀебаьхкинера", шаьш Чимаевн фанаташ ду аьлла: "Царна лаьара шайн проектан реклама ян жима видео дӀаязъян Со реза хилира цу гӀуллакхана. Аша со Iехийна хила а тарло. Хьамзат оцу гӀуллакхна юкъагӀерташ а вацара, хьуначул кхин сов хууш а вац иза". Латархочун векало тӀетоьхна, тIетуьйхира, "жоьпалле болчу наха цунах лаьцна шаьш кхеторе хьуьйсуш ду" аьлла, иштта гечдар дийхира Чимаевга.
Чимаев Хамзат Нохчийчохь вина, шен 18 шо долуш эмиграци йира цо Швеце. Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца йолу юкъаметтигаш бахьана долуш масийттазза ира критика йина цунна. Ӏаьнан муьрехь Чимаевс Ӏамийна Нохчийчоьнан куьйгалхочун кӀентий уьш 16 шо долчу Кадыров Ӏелица цхьаьна гуш бара Тайландехь. Ша Чимаевс иштта дийцира шен Кадыровца йолчу юкъаметтигех лаьцна: "Нагахь санна паччахьо соьга схьавола, шеца делкъанна хӀума яа аьлча, со гIур ву иза волчу".
- 2022-чу шеран гIадужу-баттахь шведахойн нохчех схьаваьлла UFC-н латархо Чимаев Хьамзат а, Нурмагомедов Хьабибан ваша Абубакар а леттера Абу-Дабихь. Цул а хьалха Чимаевс а, Нурмагомедовс а вовшашка шогаллица кхийсарш йинера социалан машанашкахь, Чимаев Хьамзата, цунна лаахь, "Хьабиб вовшахвоккхур ву" ша аьлла, дош делча. Делахь а, цул тIаьхьа масех де даьлча Нурмагомедов Абубакара "бусулба ваша" элира Чимаевх.
- ТIаьххьара ша леттачул тIаьхьа Чимаев Хьамзат вистхилира Кадыровга дIахьедарца, ша "хьалхарчу могIаршкахь болчаьрца Палестине ваха кийча ву", "бусалба-вежаршна хьалхара вала" аьлла.
- Нохчийчоьнан къоман маршонах лаьцна долчу нохчийн бардан Муцураев Тимуран иллица йукъавелира Чимаев Iусман Камаруца лата, билгалдаьккхира sports.ru гIирсо. Оцу йукъанна социалан машанашкара Муцураевн иллешка ладоьгIначу Оьрсийчуьра бахархошна таIзарш до, иштта Нохчийчохь а, цуьнан иллех 30 ду экстремистийн материлех дIатоьхна.