Уггар а кIезиг алапаш оьцучу регионашлахь ю Нохчийчоь а, Дагестан а

Бахархойн юкъаралла кхиочу Фондо бинчу талламашца, уггар а лахара алапаш оьцу Оьрсийчоьнан регионашлахь Нохчийчохь - 30 эзар сом, Дагестанехь 32,3 эзар сом, ГIебарта-Балкхаройчохь - 32,6 эзар, ГIалгIайчохь - 35,1 эзар сом. "Известия" газето зорбане даьхна талламан хьесапаш.

Ткъа уггар а дукха белхан алапаш кхочучу лидерийн тептарехь ю Ямало-Ненецкан автономин го - 143 эзар сом, Чукотка- 132 эзар, Магаданан кIошт - 118 эзар, Камчатка - 107 эзар, Москва - 105,2 эзар сом.

  • Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан тешна ву республикехь дуккха а белхан меттигаш йолуш ю бохучух. Амма нахана болх бан ца лаьа, аьллера цо кху шеран Стигалкъекъа-баттахь хьаькамийн, ницкъхойн, динан дайн кхеташо йоьдуш.
  • Ткъа белхазаллин рейтингехь Оьрсийчуьрчу субъекташлахь шолгIаниг ю Нохчийчоь. "Хазахета вайн адамашна "Болх бац" олуш. Амма ца лаьа царна болх бан. 20-40 эзар алапа лучу балха баха а реза ца хуьлу дукха хьолехь. Болх бан луучунна болуш бу иза. Дуьйцурш малончаш бу", - элира Кадыровс хIетахь. Цо бахарехь, "нах биллина дIакхойкху белхашка, царна даккхий алапаш а хIиттош", амма уьш реза ца хуьлу. Кадыровс чIагIдарехь, тахана Нохчийчохь "долуш ду хьаннал ваха хьелаш".
  • 2020-чу шарахь Оьрсийчоьнан регионашлахь уггар йоккха белхазалла йолу мохк бара ГIалгIайчоь – 29,8%, шолгIачу меттехь яра Нохчийчоь - 18,5%. Банкашкахь наха ахча латторца Оьрсийчохь массарел тIаьхьара субъект ю Нохчийчоь. Юккъерчу барамехь цхьана вахархочо гулдина ахча ду 11,8 эзар сом.
  • Кегийчу а, юккъерчу барамехь йолчу а ярташкахь оьцучу алапийн барам массанхьачул лахара болу регионаш ю Зазадоккху-баттахь хIоттийначу рейтингехь Нохчийчоь а, ГIебарта-Балкхаройчоь а.
  • Жимчу а, юккъерчу хьесапан а бизнесе нах ийзорах лаьцна хIоттийначу рейтингехь массо а регионел тIаьхьа ю Нохчийчоь а, ГIалгIайчоь а.
  • Нохчийчохь а, Забайкальски махкахь а беха массарел къен пенсионераш, 20I9-чу шеран терахьаша гайтарехь.